Куьце аларш...
2) Стогаллин бен бу, яхь, яхьан куьзга ду, эхь.
3) Къонахчуьнан, стогаллин амал эшалур яц,
цхьаннига а, хьашалур ю, осалаллийца.
4) Дай-наний лоруш волчу доьзалхочунна тоьшалла,
т1аьхьено дийр ду.
5) Эхартан не1 йоьллуш долу дог1а, 1ожалла ду.
6) Жималло ша лелаво, воккхалла лело дезаш ду.
7) Г1иллакх долуш волчо, бераца а леладо и.
8) Т1ом а бина баьккхинчу толамал а мехала бу,
собарца баьккхина толам.
9) Шен махкана дина дика а доцуш вахар, вахар а дац,
дайн кешнашкахь барз боцуш дерг, валар а дац.
10) Ла дог1а ца хуучунна, хьеха а хуур дац.
11) Хьанал детий мехала ду, хьарамчу дешил а.
12) Селхане йиц а ца еш, таханалера хила .
13)Дика лулахо бахам, вон лулахо бохам.
14) Мотт г1айба набаран доттаг1а, могшаллин мостаг1а ду.
15) Адамашца лераме хилар, шен сий лакха даккхар ду.
16) Иман, собар, хьекъал долуш волу стаг шен махкахь кхиар,
Дала цу махкана дина совг1ат ду, и совг1ат лерина мохк, декъала хилла бу.
17) Вон лара цахуучунна, диканах ирс эца а хуур дац.
18) Дуьненачохь ваха г1ирс оьшу, вала ирс оьшу.
19) Валарал а хала ду, эехьаца ваха.
20) Дуьне к1ордош волчунна, эхарт а сиха к1ордор ду.
21) Деган кораш, б1аьргаш ду.
22) Деган, хьекъалан барт иг1ина хан йог1у, деган г1ора кхачийча.
23) Даш санна язъелла заманан ч1ург,
Т1е керчи дахарна охьата11ош букъ.
24) Шен синлаамна маршо ялар, стаг ледара хилар ду.
25) Шен г1алатна къера хилар, са ц1андар ду.
26) Хьекъал долчу стагца, мотт бийца хала дац,
и ду моьттуш волчуьнца ду хала.
27) Дахар дуьненан дагчухула болуш, эхарта воьду некъ бу.
28) Г1уллакх деш волу стаг, шен дахарах кхеташ ву,
Г1уллакх ца деш верг, шен дахарах леташ ву.
29) Буьстича дахаре безам,
яьккхинарг к1еззиг хан хета.
Яханчу заманан хьехам,
схьалаьцчи, йохаллех кхета.
30) И ю=кха тешаме г1айре,
Баланех д1алечкъа ц1а.
Муьлххарг а йийцахь а къайле,
Ненан дог ду мерза са.
31) Делан дуьхьа лелаш верг,
Сина парг1ата хуьлу.
Йолан дуьхьа лелаш верг,
Сингаттамца вуьсу.
32)Адамаллех дуьзина адам са меца ца хуьлу,
Ткъа адаман кеп цкъа а ца юзу.
Культура, хазнаг т1еэцар а, вон дерг д1аттар а ду.
Свидетельство о публикации №213030501396
Асламбек Гайтукаев 30.10.2016 20:49 Заявить о нарушении