Аллах1 ву соьца

Ас ца лоьху сайн дуьне,Дала делларг ду сан и.
Ас хаьттарш а ца до сайга,Дала ша кхуллушехь массо а
хаьттаршна жоп делларг ю со.
Сий долчу  нохчийн къоман йо1 ю со.
Ирс леха ца дезаш, ирс делла суна Дала кхоччуш,
Могшалла, адамалла, кхетам, рицкъ, собарца.
Ша воцчохь цхьаллийца ца йитина,
Аллах1 ву соьца.
Муьлхха а хало эешо ницкъ, доьналла а делла,
Далла хастам барца.
Алхьамдулиллах1!
Дела хьуна бу хастам!
Со бусулба кхолларна.


Рецензии
Бисмиляхи ррахмани ррахим, переведите это стихотворение пожайлуста.

Андрей Якубов   07.03.2013 20:40     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 3 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.