Хоршах хаьдда шовда
Цхьа тулг1е техкара, самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира, гергара, езаш:
-Х1ун ду те, хьан сецар, г1айг1ане эегаш?
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзучохь, вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу, цу х1орда чохь, хебаш?
И тулг1еш керча, хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд, хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а, сингаттам хета хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира, сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра, тулг1ено зийзаш.
Ойлане ели со, цунах къа хеташ,
Б1аьргеха уьду хиш, х1орда чу лиегаш.
-"Доккхачу хих кхетар, дозалла хеташ,
Органан хорша ша дирзира, керчаш.
Цо шеца дадийна, Терках д1ахьаьрчаш,
Цу чу ша хийцира, ша цунах г1ерг1аш.
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда ша кхоьсси цо, цу чу ша даьржаш.
Иштта ша къаьстина, Даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь, сатийсарх ловза,
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр долуш доьнза.
Цхьа дехар дара шен, -эли цо т1аккха,
Доьнза ша ца дайта, хьох накъост хилача.
-Цхьа тулг1е схьа эеций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1а тохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь, эеца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхосса бели,
Т1аьххьара шен дешнаш, тулг1ено эли.
-"Хьаннашкахь олхазарш, шакаршца декаш,
Б1аьстенца аренгахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Ма ирсе хиллера-кх, Даймехкан кхерчахь".
2009
Свидетельство о публикации №213031001479