Снежная сказка Из произведении А. Шаврин

Туьйра
Жимачу тхинан т1адамах а....
Автор:Алексей Шаврин
Перевод:Резвановой Айзы
С русского на чеченский язык

Жимачу тхин т1адамах…..

1-ра дакъа

Бехаш хилла жима тхинан т1адам. Цуьнан 1ер-дахар а хилла сийначу баца т1ехь а, зезагаш т1ехь а, юькъачу хьаннийн сийначу г1аш т1ехь а. Тхинан т1адам жима цуьриг хилла. Цуьнан дуккха а доттаг1ий хилла. Уьш а хилла иштта зезагаш т1ехь а,бецаш т1ехь а, диттин г1аш т1ехь а бехаш. Жимачу цу тхинан т1адаман самукъа долуш дерг, 1уьйренца схьакхетачу малхана куьзга а хилла, шена чохь жима малх къагор хилла.
Цкъа цхьана аьхкенан дийнахь, ч1ог1а йохъелча,тханан т1адам д1абайна.  Иза цхьана йоккхачу мархин ц1а чу, стигла кхаьчна хилла. Стиглахь шелонгахь иза шаллуш, г1орийна. Цунна шех шийла, ира ба1 хилча санна хетта. Амма цунах хаза, забаре лайн седа хилла. Цкъа дуьххьара кхерабелла и тхин т1адам, шех хилларг х1ун ду ца хууш. Т1аккха шега а хьаьжана, цо аьлла:
-Эх1-х1ай, ма хаза бу-кх со.

Шолг1а дакъа:

Марханан х1усамехь, жимачу лайн седана гина ша санна долу лайн седарчий цхьанхьа д1а оьхуш. Иза т1аккха царна т1аьххьа х1оьттина д1а бахана. Ша стенга кхаьчна ца хууш, цо хаьттина, шена уллехь лаьттачу ша санначу лайн седане.
-Со стенга кхаьчна, дийцахьа суна?
-Хьо школе кхаьчна, лайн седарчашна лела 1амош йолчу.
-Хьан ц1е х1ун ю?- хаьттина цо юха а, лайн седане.
-Сан ц1е лайн седа, Алена ю!-жоп а делла,т1аккха Алёнас хаьттина-Ткъа хьан ц1е муха ю?
-Сан ц1е,-аьлла, озийнаа, ша х1ун ала деза ца хууш,- Жима лайн седа ю,-цул т1аьхьа аьлла тхин т1адамах хиллачу,лайн чимо,-Вайшимма доттаг1алла леладей?
-Дика ду,-реза хилла Алёна.
Иштта доттаг1алла тесина цу шимма.

Кхоалг1а дакъа:

-Хьох  жима лайн седа олу?-хаьттина Алёнас.
-Олу,- жоп делла доттаг1чо.
-Делахь хьуна тилла ц1е лаха еза вайшимма,- аьлла, Алёнас.
-Ткъа стенгахь лохур ю вайшимма иза?
-Вайша цхьнхьа яхана къа хьега дезаш дац иза лоьхуш. Вайшимма ойла а йина, хоржар ю хьуна тилла ц1е,-масалла: Анечка, муха хета хьуна?-хаьттина Алёнас.
-Суна хаза хета и ц1е. Со реза ю и ц1е сайх яккхийта,-жоп делла жимачу лайн седано.
-Боккъалла а алахьа, хаза хетий хьуна и ц1е?-юха а хаьттира Анечкас.
-Бакъ долуш хаза ц1е ю иза,-аьлла цо юха а.
-Делахь-х1ета, кхул т1аьхьа Анечка боху ц1е йоккхур ю хьох,-аьлла барт хилира цу шиннан.

Доьалг1а дакъа:

Цхьана дийнахь лайн седарчий Алёнка а, Анечка а «Лайн чимийн» ишколе яхара. Дешаран класса чу яхача Анечка сихха шен керлачу доттаг1чунна, Алёнкина улле, цхьана парти т1е  охьахиира.
Кестта горгалли бийкира. Хьалхара урок , кхиссадала 1амор яра.
Класса чу еана хьехархо, Боккха лайн седа хилла иза, Вера Владимировна шен ц1е а йолуш. Массо а лайн чимаш хьалаг1евттина.
-Маршалла ду шуьга, сан кегий лайн седарчий!-аьлла цо.
-Марша йог1ийла хьо!-жоп делла кегийчу лайн чимаша цхьабоьсса.
-Баркалла! Х1инца охьаховша,-аьлла цо. Лайн чимаш охьахевшина. Цул т1аьхьа хьехархо классачохь 1ачу берашка дикка д1асахьаьжина, уггаре а хаза кечъелла 1аш йолу лайн седа, Алёнка, шена т1е а ехна,-цуьнга аьлла цо.
-Лекха бог1ам т1е хьала а яллий,нийса чу муха кхоссаяла еза гайтахьа тхуна. Сихонца, лекхачу бог1ам т1е  хьала а яьлла, лайн седа, Анечка, лаха чу хецаелира пийлиг санна техка а техкаш. Ша хьехархочунна улле д1ах1оьттича:
-Иштта кхоссаяла еза аьлла хета суна ,- элира цо.
-Нийса гайти. Охьахаа, пхиъ ду хьуна,-аьлла хьехархочо.
Цул т1аьхьа цо гайтинчу кепара, хьала а дуьйлуш лаккхара чу кхийса делира, массо а лайн чимаш а.Цу хенахь юха а бийкира горгаллий.
Лайн чимаш х1ума яа даг1ара т1аккха. Кхачанан ц1а чохь тахана массарна а луш болу кхача шурий, морожниший яра. Уьш йиина дойллачул т1аьхьа, лайн седарчий дешаран класса чу юха даьхкира.
Шоллаг1а урок, бамбийн чимех 1ена 1амош яра. 
Юха а класса чу еара хьехархо, Вера Владимировна. Х1инца цо ша йолчу т1е  лайн седарчех кхаъанга кхайкхира; Алёнка а, Петя а, Гнеб а.
Хьехархочо царга хаттар дира:
-Муха хила деза аьлла хета шуна, бамбийн даккхий чимашца чу эгар?
Кхоьийа, ссиха бог1ам т1е хьала а даьлла, цхьаний мохь а тухуш, ша-ша чу кхоссаделира,-иштта кхиссадала деза аьлла хета тхуна,-олуш.
-Жоп нийса дац!-элира хьехархочо,-Даккхий бамбийн лайн чимех 1енаш, вовшен ме1игаш а лаьцна, вовшах хьаьрчина хила деза. Цо муха хила деза гайтира массо а лайн чимашна а. Т1аккха элира:
-Кхин цкъа а нийса кхийсадалар гайта хьажал шу,-аьлла.
Юха а сихха лаккха бог1ам т1е хьала а даьлла, лайн седарчий Алёнка а, Петя а, Глеб а вовшах ч1огг1а маь1аргашца таса а делла, вовшах а хьаьрчина, чухеца делира, дайй, хьийза а хьийзаш лаьтта хевшира уьш. Кхин долу лайн седарчий цаьрга а хьоьжуш, 1емаш дара.
-Хаза гайти аша бамбийн лайн чимийн сурт, охьа ховша шайн-шайн метте,- хастийра хьехархочо. Юха а классехь мел долу лайн бераш кегий тобанашца декъа а делла, лаккха бог1ам т1е хьала а дуьйлуш чу кхийсаделира, бамбийн лайн чимаш хила 1емаш. Урок чекх яьлчи дериге а лайн седарчий кинишкаш 1алашъечу ц1а чу дахара.
Лайн седрчаша: Анечкас а, Алёнас а, Петяс а, Глеба а, Алёшас а еша хаьржира « Лайн туьйранаш»,-аьлла йолу кинишка. Иштта вукху лайн чимаша а «1аьнах», «1аьнан чиллах», «Лайх» лаьцна а кинишкаш хаьржира еша. Массо а шаьш хаьржина кинишкаш буйна а лаьцна дешаран класса чу дахара. Горгаллий бийкира шен хенахь. Т1аккха т1аьххьара урок йолаелира. Х1инца хелхарш 1аморан урок яра.
Массарна а тайнера и урок. Шишша а, кхин  сов а вовшах тасалой, меллаша хьийзаш дора цара и хелхарш.  Хьала айлуш, т1аккха хьийзаш охьа лахлуш,  лайн чимийн хелхарш деш к1адделлехь а, самукъа даьллера массеран а. Т1аьххьара урок д1аяьлча лайн седарчий, охкаелла кхозучу, бамбех терачу мархийн ц1енош чу дирзира.

Пхоьалг1а дакъа:

Х1ора дийнахь кегий лайн седарчий уьдура ишколе. Цара 1амайора эшарш, иллеш а, массо а кепара хелхарш а,лайн чимех чу эегар а. Сиха д1ауьдура денош. Т1е кхечира т1аьххьара  бал а. Нускалех кечделла,  схьагулделира бес-бесара забаре к1айчу лайн чимаш. Горгий буьртигех дерш а, седарчех дерш а, шан-цуьргех а, бамбанех дерш а. Лайн чимийн ишколехь тахана т1аьххьара суьйре яра. Хьехархо хьалха д1ах1оьттира.
-Маршалла ду шуьга, сан кегий, лайн чимаш! Шу тахана къаьсттина хаза а, самукъане а го сунна,-элира хьехархочо, Вера Владимировнас.
-Маршалла хуьлда!-дуьхьал дист хилира лайн чимаш.
Иштта д1айолаелира лайн чимийн синкъераме, т1аьххьара суьйре.
Массарна а совг1аташ дира т1о а, шура а тухуш кечйина мерза морожниш луш. Лайн чимаш даккхийдеш, доьлура. Т1аккха хьехархочо элира:
-Сан хьоме Лайн седарчий!-Буьйса юккъе йоьдуш лаьтта. Вайн къастаран хан т1екхечи. Шуьца къаста хала делахь а, къастаза ца довлу вай. Амма со теша, юха цкъа мацца а вай вовшах кхетарг хиларах. Некъ дика хуьлда шун!-аьлла. Цул т1аьхьа цхьа безамехьа 1аьнан мукъам болабелира, цуьнца хелхарш а. Кхиина девлла лайн чимаш хьехархочуьнан а, ишколан а, мархийн ц1енойн а 1одика а еш, самукъане хелхаре девлира. Шайна 1амийначу кепара цкъа лакха айлуш, т1аккха лаха дуьйлуш, меллаша хьийзаш са хиллалц хелхаршца,  лекхачу стиглара,  лаьттахь цхьа а 1аьржа т1еда ца буьтуш,  к1айчу бамбийн юрг1ех охьадийшира уьш. Теша а ца тешара шайн дешаран хан чекх яьлла бохучух.

Ялхалг1а дакъа:

Лайн дахарах а, тешамечу доттаг1ех а....

1уьйранна сатосучу заманчохь, лайн седа Анечка самабелира. Цо шена т1е куьг хьокхуш тойира шена т1ера к1айчу лайн коч, т1аккха д1а-са хьаьжира иза.  Массо а меттиг к1ай йина, лаьттахь к1айчу лайн, к1еда юрг1а 1уьллура.
Гена йоццуш гуш юькъа хьун яра. Анечкина евзира  и меттиг. Ша даима маьлхан з1аьнаршца ловзуш, ша малхо йохъеш хилла юькъа хьаннаш а, бецаш а, хаза зезагаш а долуш йолу майда. Лайн седанан, Анечкин ц1еххьана б1аьрг кхийтира шелоно г1уорийна, уозаделла, шийлачу ло юккъехь лаьттачу зезагах. Т1аккха иза ч1ог1а холчу х1оьттира,цунна дагадеара, «сан ц1а мА дара иза»,-аьлла. Цул т1аьхьа, ша-ша г1оттуш цу майданахь шен доттаг1ий самабовлуш хаабелира  Анечкина.
Д1огехь г1орийна, хебана лаьттачу бецахелга т1ехь самабелира лайн седа, Алёнка. Д1а яханчу гуьйренан мохо дижоза дисина, шелоно уозийна, дуладелла  лаьттачу зезаган г1а т1ера схьа шен лайн седанан маь1аргаш къагийра, Алёшас. Маь1-маь11ехь сама бевлира важа болу доттаг1ий а; Глеб а, Петя а,София а,Настя а, Герман,Геля а.
Уьш а цец бевлла д1аса хьоьжура.
-Ма хаза меттиг ю х1ара,-элира цхьамма.
-Мел хаза яра вайн т1аьхьаралерачу суьре. Ма самукъне суьйре яра иза,-дагалецира вукхо. Ткъа лайн седанан Анечкин, шен массо а доттаг1ий шена гонаха гина, царах сакъераделлера.
Т1аккха цо самукъане мохь туьйхира:
-Юха а вешан самукъане хелхарш де вай?-аьлла.
-О-ох1ойт-я1!!! Дера де-кха,-олуш, реза хилла , мохо лоькхучу эшарца кхийсалуш, хьийзаш, керчаш, вовшах хьаьрчаш хелхарш дан дуьйладелира лайн седарчий.
Т1аьхь-т1аьхьа дацлуш д1аоьхура 1аьнан денош. Дийнахь лайн седарчий сирла къегара лаьттахь, буьйсанна хьийзаш, хелхаршца х1аваэ дуьйлуш, мохо эшарш а лоькхуш самукъане синкъерам д1ахьора цара.      

Цуьнан чаккхе

Муьлхха а дахаран  мур санна чаккхенга кхечира 1а. Денош дахделира. Малх де-дийне мел дели бохлуш, хьоьжура. Ло жим-жимма дешина д1аделира. Лайн седа Анечка а тхин т1адам а хилла, б1аьстенан зезага т1ехь самаелира. Иза ч1ог1а дог доьхна яра, шен к1ай коч ешана д1аяларна.
-Эх1-х1ай! Кхин к1ай коч а хир яц сан, я сан доттаг1ий а гур бац суна,-аьлла, зезаге йист хилира иза, дог доьхна.
Ц1еххьана Анечкин сингаттам эеккхабеш:
-Маршалла ду хьоьга Анечка!-аьлла генахь доцуш, цхьа гергара аз хезара цунна. Д1ахьаьжначу цуьнан б1аьрг кхийтира сийначу бецахелг т1ехь къегаш, шен доттаг1а Алёшех. Гонаха д1аса хьаьжчи кхин болу доттаг1ий а гучубевлира цхьаццанхьа г1аш т1ехь а, зезагаш т1ехь а, бацалахь ц1ена тхин т1адамаш а хилла, къегаш. Царах самукъадаьлла, седа санна къегира Анечка а. Цул т1аьхьа вовшах ца къаьсташ, 1аьнт1ехь лайн чимаш хуьлуш, б1аьста бецан тхи хуьлуш, бехаш бу и доттаг1ий.

 


Рецензии