Дана и Бетса киносценарий на чеченском языке
Дана – 11 классера дешархо.
Бетса – 11 классера дешархо.
Деши – Данин нана.
Дени – Данин доттаг1.
Дуда – Данин ден ваша
Чаборз – Бетсан да.
Сацита – Бетсан нана.
Берс – Чаборзан жимахволу ваша.
Казбек – Бетсан ваша.
Зезаг – Бетсаца цхьана партина т1ехь 1аш йолу дешархо, накъост.
1абдул – 11 классера дешархо.
Мохьалт– 1абдулан да.
Зарема – Дана везаш йолу, 11 классера дешархо.
Пет1мат – Заремин накъост.
Малена – Заремин накъост.
ЭКСТ. ИНТ. ДЕ. ВАЛАРГТ1ЕРА ЦХЬАНА ШКОЛАНА КЛАСС.
11 классехь йоьдуш урок ю. 50-60 шо долуш йолчу хьехархочо ц1ахь бан болх ло дешархошна. Хеза урок чекхйолуш бека горгали. Хьехархочо урок чекхяьлла олий хаам бо.
ЦХЬАНА ПАРТИ Т1ЕХЬ 1АШ ШИ ЙО1: Куц, кеп а долуш тайначу дег1ехь 11 классера ши дешархо Бета а, Зезаг а. Нохчийн кепехь коьрта техкина йовлакхаш, халла къасттал балдех хьаькхина басар ду шинне а.
Зезагас сихлой шен книгаш т1оьрмигна чу юхку. Къайлаха жимчу куьзгана чу а хьожуш, шен уллохь 1аш йолчу накъостана Бетина лерге таь1а.
ЗЕЗАГ.
Бета, сиха лелахь! Йитахь и книгаш партина т1ехь, х1ума а хир дац царна. Арахь дуьне серладаьккхина б1аьстенан малх бу, сиха араялийтахь вайшиъ.
Собар ца тоьуш хьала а г1оттий не1арехьа д1айолало.
БЕТСА.
Елакъежа. Йоьшучу книгана т1ехь п1елгаца билгало йо.
Кестта экзаменаш ю, ткъа хьан дагахь б1аьсте бен х1ума дац! Хьан «садуург» араваьлла хир ма вац х1инца а.
ЗЕЗАГ.
Дера хир ву тоххарехь школан ков ларош лаьтташ-м и!
БЕТСА.
Д1аяло делахь сихло! Со т1аьхьакхуьур ю хьуна жимма 1ийна.
ЗЕЗАГ.
Дика ду делахь. Хьен ма лолахь!
Классан не1арехьа д1ахьоду, кхин цкъа а къайлаха куьзган чу а хьожуш.
Хьехархо а, дешархой а сихбелла арабовлу оцу хенахь
БЕТСА.
Книгаш, тетрадаш т1оьрмигна чу а духкий, араяла д1айолало.
Лекхуочу оьздачу дег1ехь волу классера жима стаг Дана, сиха шен меттера хьалаг1оттуш, йо1ан улло вог1у.
ДАНА.
Бетса, собардехьа цхьажимма.
БЕТСА .
Соьга хьоьжуш Зезаг ю арахь, Х1ун ала воллура хьо, Дана?
ДАНА.
Аса хьайга селхана яздина кехат дийшарий ахьа?
БЕТСА.
Дийшира… Амма эрна яздина кехат ду и…
Жимма эхь хеташ соцу йо1.
ДАНА.
Стенна?
БЕТСА.
Дера вайшинна юкъахь цхьа а юкъаметтиг хилан йиш яц.
ДАНА.
Х1унда боху ахьа иштта? Со оццул ч1ог1а ца веза хьуна?
К1ант ца кхеташ жимма аз доьхна ша лаьттачохь д1асахьаьвза.
БЕТСА.
Хьоьга безама-м муьлхачу а йоь1ан г1ура бу… Амма и тхан да а, ден ваша а ца вевза-кх хьуна.
ДАНА.
Аса хоьттург-м хьан дог-ойла яй. Хьан дена ца лаьа шен йо1 ирс долуш хуьлийла?
БЕТСА.
Со хьоьца къамел деш хиллий хаахь а реза хир вац-кх и тхан да.
ДАНА.
Шун да ца вуьйцу аса-м хьоьга… Хьо хьуо реза юй соьца гергарло леладан. Сан кехатана жоп лохьа, ва Бетса. Х1ара шолг1а де ду-кх аса кехат яздина, сан ойла дешарна т1е ца йоьду. Хьуна ма-хаъъара, жима волуш дуьйна ву со хьан сибат бен х1окху доккхачу дуьненчохь кхин х1ума ца гуш лелаш волу.
БЕТСА.
Арахь б1аьстенан къегина малх ма бу. Ара а валий цуьнга хьажа.
ДАНА.
Хьоьга хьаьжича оцу маьлхан серло эшна хетало-кх суна.
БЕТСА.
Вайн классера Зарема ма-ю хьан ц1е бен кхин дуьненчохь ц1е а йоцуш санна лелаш. Цуьнца х1унда ца лоху ахьа юкъаметтиг?
Классана чохь шаьшшиъ бен кхин стагга а ца хилар гой, сагаттадеш не1арехьа хьожу.
ДАНА.
Зарема-м дика йо1 яра, амма сан ойла хьуна т1аьхьа лелаш ю. Са дан х1ума дац оцунна. Суна чохь са а долуш, кхин и ойла хийцалур йолуш а яц.
БЕТСА.
Дана, иштта ч1ог1а еза хьуна со?
Жимма йоьхна хилар гуш ду йуьхь т1ехь.
ДАНА.
Сайн сил дукха…
Не1 йоьллуш чухьожу Зезаг. Цецйолий бага г1аттийначохь юьсу. Не1 д1акъовлий къевлайолу. Юха а не1 схьайоьллу сиха. Чуйог1у.
ЗЕЗАГ
Бета! Хьоьга хьежа к1адъелла со-м. Хьо х1ун деш ю кху чохь? Вайн паралельни 11 классера 1абдулас хьоьга схьакхайкха аьлла яийтина-кх со. Х1ун ала аса цуьнга?
БЕТСА.
Со д1айог1у… х1инцца.
ЗЕЗАГ
Хьо хьаьнца лаьтташ яра хьан ц1ахь д1ахаахь, хьол декъаза йо1 яц-кх х1окху йоккхачу Валаргт1ехь.
Йо1 корта а ластабой арайолу классера.
ДАНА.
Суна жоп а ца луш, 1абдулас кхайкхича цига д1аяха ма сихъелла хьо, Бетса.
БЕТСА.
1абдул со жима йолуш дуьйна суна хьехош ву церан ц1ерачара… Амма сан т1ехь ойла соцуш к1ант-м вац и, церан тайпа доккха делахь а, церан да а ден вежарий а хьал долуш белахь а. Цхьайтта шарахь, дешарца бала боцуш, кисина ши куьйг а доьллина лелаш ву и наггахь бен классе чу а ца воьдуш.
ДАНА.
Иштта делахь а, цо кхайкхича, и волчу яхан сиха ма ю хьо.
БЕТСА.
Сиха елахьара-м тоххарехь д1аяхана хир яра со.
ДАНА.
Бехк ма биллалахь суна, Бетса. Хьо кхечу к1антаца лаьтташ гар суна ч1ог1а лазам бу!
БЕТСА
Со-м и тергалвийр волуш а яцара, тхан ц1еранаш реза хир бац суна, аса 1абдулас бохург ца дахь. Тхан дена г1алахь хьаькиман болх нисбина 1абдулан дас. Цуьнан ден вежарий а, церан баккхий к1ентий а шаберш даккхийра даржаш карахь долуш белхаш деш бу вайн г1алахь. Х1окху юьртахь уггар доккхачу думхойн тайпана а бу уьш… Йо1ана цу лаха, аьлла боху вайн дайша…
ДАНА.
«Ирс», «безам» боху дешнаш девзаш ца хилла техьа оцу вайн дайшна?
БЕТСА.
Дана, аса доьху хьоьга, сайна бехк ца биллар. Со сайн ц1ерачара бохург ца дича ера яц. Ахьа хьайна кхин йо1 лахахьа. Лахахьа, хьо дешарах а дика кхеташ ву, хьо муьлххачу а институте деша вахалур ву. Оьзда, дика к1ант а ву хьо… Хьоьга сатесина дукха мехкарий бу…
Классера араяла д1айолало Бетса.
Д1айолаеллачу йо1ана йишйоьхна т1аьхьа вист хуьлу Дана.
ДАНА.
Бетса, йо1-м т1орказ чохь лаха безаш болу маха баций. Йо1-м даго хоржуш болу безам буй! Сан даго хьо хаьржина. Цхьаъ.
Б1аьргах даьлла хи д1а а доккхуш классана чуьра арайолу Бетса.
Дана воьхна вуьсу. Партана т1е охьалахло. Ойлане волу.
К1АНТАНА ДУЬХЬАЛА ТОСУ СУРТ: зазадаьллачу диттийн гаьннашна юккъехь йоьлуш йолчу Бетсан сурт. Ц1аьххьана цунна улло кхочу 1абдул. И Бетсага хьожуш велакъежа.
Дана парти т1ера хьалаэккхий, сиха не1арах араэккха.
ЭКСТ. (НАТ.) ДЕ. ШКОЛАН УЬЙТ1Е. БОВХА ХЬАЬЖИНА Б1АЬСТЕНАН МАЛХ. Дана школана коьрта не1арах араволу. Школана уьйтахь ловзуш д1аса уьдуш бераш. Данина геннара го: школана йистехьо, сонехь лаьтташ ду 1абдуллий, Бетсай. Бетсана пхьаьрсах куьйг а тесина уллохь лаьтташ Зезаг а ю. Дана догдоьхина лаьтташ ву геннара цаьрга хьоьжуш.
Данин классера зудабераш дешархой Зарема, Пет1мат, Малена Данина улло г1урту.
ЗАРЕМА
Дана, хьо ма кхоьлина ву х1окху малххьаьжинчу б1аьстенан дийнахь.
Шега луьйш йолу Заремин аз ца хезаш, ойла д1аяхана лаьтта Дана.
ПЕТ1МАТ
Дера, Зарема, оцу к1ентан корта генахь бу моьттуш ма ю
со-м.
Шена халахетар накъостех къайладаккха г1уртуш, Данина улло т1ехуьлу Зарема.
ЗАРЕМА
Дана, хьуна турмал лой аса? Дика гур ду хьуна, Бетса 1абдулана муха елакъежа. Нехан ирсах ма хьегахь, хьайниг лахахь.
Заремас аьлларг ца хеза, ойланашка ваханчу Данина.
ЗАРЕМА
Дана!
ДАНА
Х1а? Х1у элира ахьа? Бетса… Бетса-м суна турмал ца хилча а дика го, седа ца ган йиш юй хазачу буьйсана! Хьо гур ярий техьа цхьанна а телескоп хилча а?
ЗАРЕМА
Дера гур ю, оцу есачу стиглахь буьйсана седарчий а ца лоьхуш, ахьа дийнахь малх лахахь-м!
ДАНА
Ахьа астрономи дика ца 1амийна моьтту суна. Малх а ма бу седа. Амма стиглахь цхьаъ бен бац-кх и седа а.
ЗАРЕМА
Цхьажимма дешар а дитина, хьо гонаха д1асахьажахь гура ду хьуна, гонаха маьлхаш а, зезагаш санна дукха хилар.
Даниний, Зареминий улло хуьлу Малена а, Пет1мат а.
ПЕТ1МАТ
Дера, Зарема, Дана а Ромео санна шен Джульетта бен кхин цхьа а йо1 гуш ву моьттуш яц со. Ромеох хилларг хаьа-кх вайна массарна а.
Зудабераш кхин тергал ца деш, уьш шаьш дуьтуш школана ц1а чу воьду Дана.
МАЛЕНА
Х1ун хилла цунахь?
Шега дуьйцург ца хезаш, Данина т1аьхьахьоьжуш лаьтта Зарема.
ПЕТ1МАТ
Малена, ахьа Вильям Шекспиран «Ромео а, Джульетта а» трагедии ца ешна моьтту суна.
МАЛЕНА
Цо х1ун дуьйцу? Х1окху цхьайтта шарахь хьажимма бен йоцу Тургеневан «Муму» еша а карх ца долуш йолчу аса муха йоьшур ю оццул йоккха произведени?
ПЕТ1МАТ
Аса видиодиск лур ду хьоьга, кино хьажа-м карх дериг ма хир ду хьан?
МАЛЕНА
Дера кхин ахьа а Шекспиран трагеди еша г1ерташ къахьегна моьттуш ма яц со, стенна делахь а. Дискана т1ера кинофильме хьаьжина хир ю-кх.
Х1иллане хьожу Малена Пет1мате.
ПЕТ1МАТ
Х1ун бен дарара иза-м. Чекх муха йолу хиъчхьана.
МАЛЕНА
Ткъа муха йолу и чекх?
ЗАРЕМА
Дана…, аьлча а, Ромео цхьаннена а ца кхочуш чекхйолу-кх.
МАЛЕНА
И бохург х1ун ду? Зарема, Петька! Ма к1амдайша сан са, алийша х1ун хилира Ромеох! Шуна со дика ма евза, со х1инцца иккхина д1аг1ур ю-кх, цунах х1ун хилла ца хаьахь!
ЗАРЕМА
Ромео д1овш а мелла велла д1авелира…
МАЛЕНА
И бохург х1ун ду? И саннарг бусалба стагана мегаш х1ума ма дац!
ПЕТ1МАТ
Хьоьга хьан аьлла ингалсаш бусалба бу?
МАЛЕНА
Ромео ингалсан къомах хилла?
ЗАРЕМА
Хилла дера.
МАЛЕНА
Собар дехьа, керста нахана а ма дац д1овш а мелла вала магош. Ткъа, цуьнан т1ехьийзачу йо1ах х1ун хилира? И 1абдулега маре-м ца яхара, ЕГЭ д1аяллалц собар а ца деш?
ЗАРЕМА
Ахьа х1ун 1абдул вуьйцу? Ингалсехь!
МАЛЕНА
Аса-м ала дашна бохура. Ткъа хьаьнга маре яхара Джульетта?
ЗАРЕМА
Иза а елла д1аелира, ша-шена шаьлта а тоьхна.
МАЛЕНА
Ой, шаьлта ира ма ю. Шена автомат тоха мегар дацара цо, и ира шаьлта а ца 1уьттуш шех?
ПЕТ1МАТ
Хьо гена йолуш йоллу, йо1. Джульетта ехачу хенахь автоматаш ца хилла.
МАЛЕНА
Ткъа мичхьа хилла автоматаш?
ЗАРЕМА
Россехь, Тула-г1алахь заводехь еш, йина йовлаза хилла-кх, Джульетта схьакхачале бохуш.
ШКОЛАНА УЬЙТ1АХЬ ТОКАН ГОРГАЛИ БЕКАШ ХЕЗА. Массо а бераш школана чухьоьлху.
Заремий, Пет1матий школана чуяха д1айолало.
Малена а зудаберашна т1аьхьайолало. Соцунг1а хуьлуш юьсу ц1аьххьана.
МАЛЕНА
Зудабераш! Уггар коьртаниг ма ца элира аша соьга! Ромеос Джульеттина шаьлта х1унда туьйхира?
ИНТ. КЛАСС. УРОК Ю ЙОЬДУШ. Даний, Дени цхьана партии т1ехь 1аш ву. Хабар меллаша дуьйцу шиммо а, хьехархочунна ца хазийта.
ДЕНИ
Дан, хьо кхалла г1ерташ болу 1аж, лекхачу керта т1ехьа кхиъна бу. Бетсан йоккхаха йолчу йишина т1ехула вайн юьртахь хилла дов дага ца дог1у хьуна? Малх-Аьзни шена везаш волчу к1анте маре яха г1оьртинера. Амма цу к1ентан тайпанца геннара дов хиллера думхойн тайпана. Ц1ера ара а дахале хилла дов. Ч1ира!
ДАНА
Сан ма дац думхошца цхьа а дов. Аса мила вийна церан?
ДЕНИ
Ца хаьа суна-м. Бетсан да Чаборз ч1ог1а сонта стаг ву. 1абдулин да Болатсар-м вийца оьшуш а вац. Иза-м ша «новый русский» хеташ ву.
ДАНА
«Новый русский» муха хуьлу цунах «старый» чеченски муцар а йина? Т1ехула т1е «новый русский» мухха велахь а бизнесмен ма ву. Ткъа Болатсарас 1едалан ахча ду лачкъош дериг. Цунах бахамаш а бина охьахиина и. Чаборз а, цуьнан вежарий а шен оцу шайт1ана гуона юккъе уозийна цо.
ДЕНИ
Доттаг1, со-м ахьа дицдина моьттуш вара, церан «тобана» юккъехь Чаборзар а хилар. Уьш цхьана думхойн тайпана бу. Хьайн оза муц1ар а йина оцу думхошна юккъехь товш хир вац хьо, Дан. 1адйита и йо1.
ДАНА
Йо1 ледара юй?
ДЕНИ
Йо1-м паччахьан йо1ах а лур йоцуш ю. И бакъ ду.
ДАНА
Ткъа хьан ваша муха к1ант ву?
ДЕНИ
Хьо ледара к1ант велхьара-м аса иштта са а гаттадийр дацара оцу балхана.
ДАНА
Т1аккха со вухавер воцийла а, хьуна суначул а дика хууш ду-кх.
ДЕНИ
Хьашт доцург-м ду ахьа кегош дериг, амма со хьан доттаг1 ву. Со дуьненчу волуш кхелхина сан нана. Хьан нанас Дешис нанас санна шен шурийца кхаьбна со а, хьо санна. Вайшиъ цхьана агана чохь 1иллина ву шала вина ши ваша санна. Ахьа диначунна т1аьхьа а х1оьттина вала а кийча а ву со. И хьуна хууш ду…
Данас шен куьйг Денин куьйга т1е а дуьллий юкъахдоккху цуьнан хабар.
ИНТ. КЛАСС. Урок чекхйолу, горгали бека. Массо а, шайн т1оьрмигашна чу книгаш а гулйой, арабовлу не1арехьа буьйлало.
Дени книгаш тетрадаш шен т1оьрмигна чу гулдеш хьенвелла.
Дана Денига хьоьжуш лаьттий, не1арехьа д1аволало.
ДАНА
Ден, т1аьхьакхуьур хьо!
НАТ. ДЕ. ШКОЛАНАН УЬЙТ1Е. Школана чуьра арадовлуш бераш ду.
Йистехьуо арахь лаьтташ 1абдул ву, шен накъосташца. И урокехь хилла а вац. Дана волчу аг1ора п1елг а хьажош ца вашарца цхьаъ-м олу 1абдулас шен накъосташка.
Ша волчу аг1ора п1елг хьажош го Данина. И нийсса 1абдулна а, цуьнан накъосташна а т1е воьду.
ДАНА
Салам1алайкум! 1абдул, и п1елг суна т1е хьажийра ахьа?
Ца вешаш велакъежа 1абдул, бат а саттош.
1АБДУЛ
Сайна луъуча хьажон сан п1елг бу-кх х1ара!
ДАНА
П1елг-м хьан бу, амма ахьа и п1елг т1ехьежош волу со вац хьан, Далла бу хастам!
1АБДУЛ
Сан велахьара-м хьайн ирс дара хьан! Хьайн тайпа а, тукхам а долуш стаг хир вара хьо!
ДАНА
Цхьанна а нохчийн тайпана ала-м х1ума дацара, ша х1уьттарена ца алахь. Амма хьо санна болчу нехан тайпа ша-тайпа ду! Оцу тайпана хиллал верстина а вац со! Шу санна нехан къа дууш вехаш а вац со! Хьо саннарчу нехан тайпана хиллал осала а вац со!
1АБДУЛ
Аса хьуна хьажийнарг п1елг бен бацара, амма аса х1инца хьуна хьажон дериг х1ара т1ара ду! И лалой хьажал хьайн бете!
1абдулас ластош т1ара туху Данина.
Т1ара хьакхаделла далале, боцца буй тухий муьшгали санна вожаво Данас 1абдул.
1абдулан накъостий т1елета Данина. Оцу хенахь т1екхочу Дени а. Жимма тасабелчул т1аьхьа бухабовлу 1абдулан накъостий. 1абдулан т1ера ченаш д1айохуш, иза ц1анван х1утту уьш.
Бетах ц1ийш д1аса а хьоькхуш буьрса геннара б1аьргаш къерзадо 1абдулас Данина.
1АБДУЛ
Собар де ахьа! Ас бийр бу хьан болх! Аса «Стечкин» хьуна ца еттахь, аса дуьйцург дош дац-кх хьуна!
Дана самукъадолуш велало. Ца вешаш хьожу 1абдулига.
ДАНА
Хьайн дас нехан къа а дууш эцна йолу тапча тоха воллу хьо суна? Эхь ду хьуна и! Айхьа болх а бина, ахча а даьккхина, цунах эцна тапча тохар-м ша дара. Амма шуна болх х1ун ю-м ца хаьа!
Ц1аьххьана хьаьжаюккъе шед беш хьожу Дана 1абдулига.
ДАНА
Кхин со волчу аг1ора ахьа п1елг хьажабе ахьа, хьуо вахьахь!
Денигахьа воьрзу Дана, оьг1азвахарх васталой самукъне велакъежа.
ДАНА
Вало, сан ваша, иштта сингаттаме а ца хилла х1ара дуьне-м! Хьажахь, малх бац и д1о схьакъерзаш бериг!
Даний, Дений, шаьш тасалучу хенахь охьакхийсина шайн т1оьрмигаш кара а оьций, ц1авахан д1аволало.
ИНТ. ШУЬЙРА ЧОЬ. Ц1ЕНКЪАЮККЪЕХЬ ЛАЬТТАШ СТОЛ. СОНЕХЬ, ПЕШАТ1ЕХЬ КЕЧЛУШ, ЯЙНЧУЬРА 1АЮЬЙЛУШ ХААЛУШ, ЮУРГ Ю. Юкъах йихкина фартук а йолуш, белша т1е оьллина жима гата а долуш, Данин нана Деши ю шен к1ант школера ц1аваре сатесина корах арахьоьжуш лаьтташ.
Арара чувог1учуьнан г1овг1а а хезий дуьхьала йолало Деши.
Оцу хенахь не1 а йоьллуш чуволу Дана.
Нанна велакъежа и. Мараэккха, шаьш ганза дуккха а хан йолуш санна.
ДЕШИ
Ой, ганза шо долуш санна маралелхаш ма ву хьо, ва к1ант! Муха д1аевлира урокаш? Дени мичхьа ву?
ДАНА
Шарахь ца гича санна сагаттделла сан хьуна, нана. Ден х1инцца схьакхочур ву, мерз багийча Сир Дин санна.
ДЕШИ
Хьо-х воккха к1ант ву. Кестта институте деша ваха а веза хьан. Цигахь со хир ма яц хьуна уллохь.
ДАНА
Х1умма а дац, нана, ас ректоре дехар дийра ду: хьо а сайца лекцешка эхийта бакъо ло аьлла. Цхьана доьшур ду вайша, нана!
Къовлуш кхин цкъа а мара юллу нана к1анта.
Деши елало.
ДЕШИ
Вало хьайн куьйгаш дила сиха, «студент». Ас йовха юург столана т1е охьайуьллушехь.
Дана куьйгаш дила дехьа чу волу. Цигара схьа хеза аз.
ДАНА
Нана, аса ойла хийцина сайн. Со деша юридически факультете ца вахача вер вац.
Деши стола т1е юург охьаюьллуш ю.
ДЕШИ
И бохург х1ун ду? Хьо-х жима волуш дуьйна лор хила лууш вара.
ДАНА
Вайн къоман коьшкала а хевшина, цуьнан ц1ий муьйлуш 1аш дукха нах бу. Цаьрца къийсам латталур бац, лор болх а беш.
ДЕШИ
«Адамашна могашалла ялар. Цулла доккха х1ума хир дац!», баьхнарг хьо вацара х1инццалца?
Сехьа чу а волу к1ант.
ДАНА
Вайн махкахь боккха бохам а беш т1ом хилла. Адамаш оцу т1амо човхийна кхерийна ду. Ткъа х1инцалера цхьаболу чиновникаш и адамаш кхин а ч1ог1а охьата1адеш, церан хьакъ дууш бу. Цаьрца къийсам латто беза хьалакхуьучу кегийрхоша. Оцу къийсамца хьекъал долу нах бен ларалур бац. Къийсам законан т1ера а ца волуш д1акхехьан юристан бен ницкъа кхочур бац. Цундела хийцина аса сайн ойла.
Дог доьхна к1анте хьоьжуш лаьтта Деши, юург охьайилла а дицделла.
ДЕШИ
Делахь к1ант ма диканиг ца хьоьху сан даго. Вайн къам иштта 1овдал а ма дац. Шен-шен хан ю х1умана. Цхьа хан йог1ура ю и чиновникаш адамаша шайн гира охьакхуьйсуш а.
ДАНА
И боху-кх аса а. И хан т1е муха кхочур ю, къоман хьекъал долу нах орцаха ца бевлача?
ДЕШИ
Хьо хьуо цхьаъ д1аг1ертарх х1умма а хийцалур дац! Хьо х1аллак хир ву, хьайн да санна. Къар валан хууш вацара иза а. Цхьана стеган ницкъа кхочур бац б1енна дуьхьала къийса. Хьайна лор болх харжахьара ахьа, к1ант. Сан дехар ду хьоьга!
ДАНА
Дика ду, нана, хьан омра суна уггар деза ду х1окху дуьненчохь. Амма соьга-м шиъ-кхоъ а институт чекхъяккхалур ю. Хьан к1ант «Дашо мидална» школа чекхйоккхуш ву! Ницкъа а сан тоьур бу. Са ма гаттадехьа, нана!
Юург стол т1е охьайилла йолало Деши. Соцунг1а хуьлуш к1анте хьожу, цхьаъ-м дагадеъча санна, елаялар а гойтуш.
ДЕШИ
Ванах, Дана, хьо тахана ма тамашена, г1овг1ане ву. Х1умма а хиллий школехь? Алахьа соьга.
Юучу х1умана юккъехула, юуург мерза хилар а гойтуш къежа Дана нанна.
ДАНА
Нана, са ма гаттадехьа цхьана а х1умана. Хьан к1ант ледара велахь со бехке ву-кх хьуна!
Ша кечъйина юург дика нисъяларх самукъадолуш к1антана гунаха хьаьвза Деша.
ДЕШИ
Х1умма яал ахьа. Хьажал, алсама жижг а кхоллуш.
ДАНА
Нана, деша вахале хьалха зуда ялийча х1ун дара техьа аса?
Цецйолуш, куьйг шен бетана т1е хьо Дешис. Соцуш к1анте хьожу.
ДЕШИ
Суна хаара цхьаъ-м хиллийла тахана шун школехь. Т1аккха мила ю и? Дийцал!
Х1ума юучура соций, хазачу ойлано 1ехавой т1емаваьлча санна хуьлу Дана.
ДАНА
Э-э, нана, дера ю и ша и паччахьан йо1 санна хаза а, хьекъал долуш а, дика а …
ДЕШИ
Оццул хьуьнарш долуш-м паччахьан йо1 а ца хуьлу. Йийцал, нанина, мила ю и. Аса эр ду хьоьга и муха йо1 ю-м. Со х1окху юьртахь хьалакхиъна ма ю. Суна ца девзаш кху юьртахь цхьа а ж1аьла а дац.
Шен хазчу ойланашкара стиглара лаьтта вуссуш санна хуьлу Дана.
ДАНА
Деллахь, х1окху юьртара ж1аьлеш а довза дезар ду моьттуш дера ву со, оцу йо1ана т1екхачале-м. Ма тамашена дуьне ду-кх х1ара дуьне. Йо1 дика а, хаза а, оьзда а хуьлу… ткъа цуьнан да ша и бакъдолу ж1аьла санна хуьлу… акха ж1аьла.
ДЕШИ
Ванах, хьена мила ю и? Алий валахь, Дана. Ма диканиг ца хьоьху-кх суна оцу хьан дешнаша.
ДАНА
Чаборзан йо1 Бетса ю-кх. Тхан классехь доьшуш ю и. Дага ца йог1у хьуна, аса тхо хьалхар классехь доьшуш долуш «и йо1 бен ялор яц аса» аьллера-кх цунна.
Шен к1ентан жималла дагайог1ий, елало Деши.
ДЕШИ
Х1а-а-а, дагайог1у суна!
Хьо-м и хьалхара классехь волуш яло г1ерташ вара. Хьажахьа, ма сиха а йоьду хан д1а. Селхана долуш санна ду-кх и.
ДАНА
Оцу хенахь суна схьаялон езаш ма хиллера ахьа и, нана.
Цхьаъ-м дагадог1ий, ша-шен ойланах кхоьлина хуьлу Деши. Йовлакхан маь1игца, ц1аьххьана т1ехьаьдда, б1аьрхи д1адоккху)
ДЕШИ
Дера, к1ант, ж1аьлеш хилла а ца 1а цуьнан дай, ден вежарий-м. Уьш-м бакъйолу акхарой ю. Хьайн ден кхолламах хьо к1елхьара ваккхар доьхуш 1ийнера-кх со Деле. Цхьаъ бен ма вац хьо а, хьайн да санна. Ца къарлуш хьалхарчу т1амт1ехь вайна д1авели.
Ма къонахийн зама яцар-кх х1ара. Къонах ву аьлла хеташ вериг а х1аллакхуьлуш зама ю-кх.
ДАНА
Ма ала иштта, нана. Нохчийн къомана даима а эшна шен дика к1ентий. Нохчийн къомана даима хила а хилла дика к1ентий. Царнна т1ехь лаьтташ ду вайн къам а, цуьнан хиндерг а! Сирла хиндерг! Сирла кхане!
ДЕШИ
Цу Везчу Дала ларадойла вай! Х1ун дина сацон веза техьа аса цхьаъ бен воцу к1ант къизаллан кара ца вохийтуш! Дана, вайн кертахь хьийза рицкъа долуш йо1 яц ахьа хаьржинарг. Ма 1ехавайта хьо безаме.
Майрра велакъежа к1ант.
ДАНА
Нана, хьан к1ант иштта осала а вац, дуьххьара халона т1е ма 1оттавелла вухавала! Аса лохур ду сайн рицкъа.
Т1ехула т1е, хьан к1ант везаш шен са хьаладала доллуш ма ю и йо1! Ас муха юьтур ю и оцу ж1аьлешан карахь! Хьан баьрччехь товш хира ю и ненан дика йо1. Мел хаза ю, хаьий хьуна и, нана! Бетса!
Арахь геннара чувог1учу Денин мохь хеза. Жимма хан юкъаялале чоьхьа волу малх санна вела а къежаш.Дешина мараэккха вог1уш лаьтташехь.
ДЕНИ
Мама, ва мам! Чохь дуй шу? Мама, хьайн шолг1ачу к1антана а лохьа яах1ума. Ахьа йина яах1ума ца йиъча ца вузу-кх со цкъа а! Шо ду-кх суна хьо ганза, мама!
ДЕШИ
Дени, хьо ма хьенвели, х1ун деш ю хьан нана?
ДЕНИ
«Дадийн мамас» хьоьга маршал д1ало бохура.
ДЕШИ
Дела маршал хила хьуна а, цунна а. Десте елахь а, шен к1ант санна лелош ву хьо Седас. «Дадин мама» ма ала цунах. Вало сиха куьйгаш дила, аса юург охьаюьллушехь.
ДЕНИ
Дика ду, мама. Амма куьйгаш дуьлучохь дац х1ара, Данас
шаериг а д1аюур ю, со куьйгаш дуьлуш лелашехь.
Дешис столана улло ца вуьтуш куьйгаш дуьлучухьа д1атотту Дени.
ДЕШИ
Д1авало, куьйгаш дила, ас Данигар 1айг схьабокухур бу, хьо куьйгаш дилина валлалц.
Сиха куьйгаш дила воьду Дени. Дехьачуьра схьа мохь туху.
ДЕНИ
Мама, сан хедар чу ма кховдийталахь и екхарг. Сан хедар чуьра жижиг ма дададайталахь цуьнга.
Деши елало.
ДЕШИ
Дададойтур дац. Х1ара-м вац хьан хедарца бала болуш тахана. Зуда ялон дагадеъна воллуш ву-кх.
Дени сихха, куьйгех хьоькхуш карахь гата а долуш, сехьачу волу.
ДЕНИ
Мама, каравеан х1ара х1инца? Дере дин хьоьга х1окхо? И соьга д1а ца олийтуш х1ара лелаш волу мел хан ю хаьий хьуна? И хьоьга д1адийца мотт к1амбелла со лелаш волу мел дукха хан ю хаьий хьуна, мама?
ДЕШИ
Суна-м и хууш долу дукха хан хилла. Ша хьалхара классехь волуш дуьйна аьллера х1окхо-м, ша и Бетса ялор ю аьлла.
ДЕНИ
Мама, ахьа мукъна а кхетавехьа х1ара тентаг-отличник, и йо1 х1оккхунна йог1уш яц алий.
ДЕШИ
Дера Дала доьг1нарг хуур дац. Аса баха а ца бохуш-м дац хьуна и кхуьнга. Шечунна т1ера вер волуш х1окхуьна да а вацара, х1ара а цунах тера ву моьттуш ю со. Мухха делахь а, собар деха деза шена Делегара.
ДАНА
Нана, йо1, аса ма аллара, со везаш шен са хьаладала доллуш ю…
ДЕНИ
Хьо а вац хьуна кхин оцу йо1ал т1аьхьависина воьдуш-м.
ДЕШИ
Жимма собар дан дезара ду, к1ант. Коьртаниг, экзаменаш
д1аялар ду. Цхьа бутт бен хан а яц уьш т1екхача. И керла юкъаяьккхина ЕГЭ олуш йолу экзамен дукха ч1ог1а хала тешнабехке ю бохуш дуьйцу.
ДАНА
Оцу ЕГЭ-хам ца кхоьрура со.
ДЕНИ
Дешаре-м къурд алийтанера х1окхо, Бетса бохуш йолчу йо1ах кхоьруш вала воллу-кх.
Даний, Деший делакъежа ший а.
ДАНА
Нана, сан да кхузахь ша х1унда нисвелла, шен тайпана генахь? Муьлхачу тайпана-тукхамах вара и билгалла? Х1окху нехан т1аьхьарчу хенахь и тайпанаш вовшен т1ехдеттар бен кхин х1ума а ма дац дуьйцуш. «Сан тайпа доккха дуй! Сан тайпа деза дуй!» Цхьа нохчий дац вай?
ДЕШИ
Дера Далла хьалха-м цхьаъ дара вай, делахь а нохчашна юккъехь иншарахь дуьйна ду-кх и тайпанаш къестор. Къоман барт бохош х1ума-м ду и. Нохчийн къоман мостаг1аша дукхаза вай доькъуш, вайна т1ехь толам боккхуш дижа ца дуьтуш х1ума а ду и. Къоман барт боьхча и къам, доьхна шиша санна, аталой д1адоьдуш ду, кегийра къаьмнаш а хуьлий шех. Иштта вовшахкъаьстина нохчий, г1алг1ай а т1аьхьарчу хенахь. Суьлий махкахь а кхолладелла ткъе итт сов къаьмнаш. Барт боьхначохь даима а ду-кх дов, бохам, харцо. Ткъа вайн къомана юккъехь болу барт хьанна оьшу?
ДЕНИ
Мама, хьо-м бакъйолу философ ма ю.
ДЕШИ
Книгаша хьекъал ло. Дика деша дезара массо а къамо, жимачо а, воккхачо а, т1аккха вай ледан хала хир дара массо а вайн мостаг1ашна а.
ДАНА
Тайпанаш зулам ду бохург-м дац хьан и, нана.
ДЕШИ
Дац дера. Адамана-м шен бух а, шен ворхх1е а ден ц1ераш а, ша мичара схьаваьлла а, шен истори а хууш хилан еза. Шен бух бицбинчу къомах кхечу къаьмнийн лай хуьлу. Нохчийн тайпанаш цхьа а дац ледара, сий дайна. Хьан тайпа а дац, Дана, жима а, кхечарел ледара а. Гуьржехаца долу доза д1акъевлича, хьан тайпана басойн Нохчийчоьнца йолу уьйр мелла а хаьдда. Хьан да вайн г1ала деша веъначохь кхузахь балха а вахана висина вара. Хьан дукха шичохь, маьхчой, гергарнаш бу цигахь. Хьо дешна валлалц бохуш 1ара со, хьо а эцна цига г1ур ю бохуш. Кхечу пачхьалкхе даха ма деза вай. Атта дац и.
ДЕНИ
Мама, тхан школера экзаменаш чекхъяьлча г1ур дуй вай цига?
ДЕШИ
Г1ур ду, Дала мукъалахь! Сайн ший а к1ант а вуьгуш г1ур ю со басойн лаьмнашка. Мел хаза меттигаш ю хаьий шуна цигахь! Мел дика нах бу цигахь 1аш, вай санна вовшен карах бала а ца г1ерташ бехаш. Барт а болуш вовшашца, ларам а болуш вовшашца, безам а болуш юккъехь.
ДЕНИ
1абдулна хаза дезара и дешнаш. Дог иккхина д1авер вара и.
ДЕШИ
И мила 1абдул ву? Х1унда леш ву и?
ДЕНИ
И-м тхан школера цхьа тентаг вара.
ДЕШИ
Дени, схьадийцал шадериг а.
ДЕНИ
Дика ду, мама. Хьан дог ца дохон г1ертара со-м. Бетса 1абдулна хьахийна ю церан ц1ерачара. Школа чекхъяьккхича и цуьнга маре д1аялан тарлуш а ду цуьнан дас Чаборзас.
ДЕШИ
Муха маре д1аялан тарлуш ду? Йо1а х1ун боху, ткъа? Реза юй и?
ДЕНИ
Ца хаьа.
ДАНА
Дас аьлларг ца дича ца йолу ша боху цо. Амма реза-м яц и ч1ог1а оцу 1абдулана.
ДЕШИ
Аса къамел дийра ду оцу йо1ца. Суна хуур ду и йо1 вайн ю, я нехан ю. Ткъа аша шайн экзаменашна кечам бе. Шу х1инца а цхьана баттахь дешархой ду. Шу дешна девлича дуьйцур ду вай кхин д1а дериг.
НАТ. ДЕЛКЪА ХАН Т1ЕХИККХИНА ХАН. НЕКЪАЙИСТТЕХЬ ЙОЛЛУШ Г1У Ю. Г1УНА Т1ЕХЬ БЕРА БУ, З1ЕНА Т1ЕХЬ ВЕДАР А КХОЗУШ. Г1ун т1ера ведар хи а эцна схьайолалуш ю Деши. Ишколера ц1айог1уш Бетса а, Зезаг а ю. Дешина ши йо1 улло нисъелча, х1иллане зудчо ша к1адъелла кеп х1оттош ведар охьах1оттадо. Бетса, шен т1оьрмиг Зезаге д1а а лой т1ейог1у Дешина.
БЕТСА
Деца, хьуна хала-м дац ведар? Аса г1о де хьуна? Схьалохьа соьга ведар.
ДЕШИ
Баркал, йо1. Тахана жимма могуш йоцуш яра со, ведар ахьа жимма д1адеъча г1уллакх-м хуьлура цунах.
Ведар буйнахь Бетса д1айолало Дешица. Зезаг жимма генахьуо т1аьхьайог1уш ю.
ДЕШИ
Йо1, хьо хьенан ю?
БЕТСА
Со Чаборзан йо1 ю…
ДЕШИ
Бетса юй хьан ц1е?
БЕТСА
Ю.
ДЕШИ
Хаза ц1е ю и. Коьртаниг ц1ена нохчийн ц1е ю. Вайн нохчаша шайн берашна ца тохкуш ц1ераш яц т1аьхьарчу заманахь, нохчийнарш йоцург. Г1азкхий, ингалсийн, 1аьрбийн ц1ераш ю нохчашна тохкуш, вайна нохчийн мел дериг дицдалийта г1ерташ санна. Бетса, суна хаьа Данин хьоьга болу безам. Шен ойла хуьцур йолуш к1ант вац и. Хьайн ден ойла ца йохон г1ерташ ахьа хьайна беш болу ницкъах лаьцна а хаьа суна. Вайн кхоллам Делан карахь бу, хьайн даге ладог1алахь. Дала вайн дагна хьехамаш бо. Чохь воллу стаг а д1авулу шен набахтех, амма ирсен дахар ца хуьлу цуьнан, и чохь мел воллу. Х1окху дахарах хьайна набахти ма елахь. Да, наний д1адер ду, хьо айхьа хаьржинчу дахаран карахь юьсур ю. Хьайна к1ант везахь, къовса дахарца. Дала декъала йойла хьо!
БЕТСА
Деца, Дела реза хила хьуна. Сан нана соьга цкъа а ала ца яьхьна дешнаш элира ахьа.
ДЕШИ
Хьан миска ненан бехк бац и. Цо хаьржина шена дахаран набахти, шена ца везаш волчу стагца дахар. Дахаран лай хилла цунах, ткъа лайна ца хаьа маршонан чам, ирс стенах олу. Маьрша ехийла хьо, сан йо1!
БЕТСА
Маьрша 1ойла хьо а, деца! Дала маршалла дойла хьуна!
Дешин ведар кевнах чоьхьа а доккхий, Бетса шен накъостана
Зезагна т1ахьакхиа д1айолало.
ЗЕЗАГ
Бета, хьо-м х1инцале а несала лелош ма ю.
БЕТСА
Зезаг, ма тамашена дуьне ду-кх х1ара.
ЗЕЗАГ
Х1ун хилла? Ахьа х1ун дуьйцу?
БЕТСА
Х1окху дуьнен цхьа 1аьржа бос бу моьттуш яра со х1инццалца…
ЗЕЗАГ
Т1аккха? Бос хийцабелан х1окху дуьненан, хин ведар текхийна аьлла?
БЕТСА
Бос. Бос ахьа бинарг хир бу-кх. Хьо художник ю.
Накъостах къахеташ хьожу цуьнга Зезаг, и маракъовлу цхьана куьйга.
ЗЕЗАГ
Бета-а, ахьа дукха ницкъа бо моьтту суна хьайна, экзаменашна кечамаш беш.
ИНТ. ШКОЛА. КЛАСС. Бетса книга йоьшуш 1аш ю. Зезаг шен книга, тетрадаш т1оьрмигна чу а дехкина араяла кечлуш ю.
ЗЕЗАГ
Бета, яло цхьажимма малхе йолу вайшиъ, йоккха перемена йолучура.
БЕТСА
Хьо хьуо ялахь ара, аса цхьажимма ц1ахь 1амон елларг керлайоккхур яра.
ЗЕЗАГ
Ялохьа малхе, 1амийнарг а велла, ца 1амийнарг а велла боху.
БЕТСА
Со т1аьхьакхуьу хьуна.
ЗЕЗАГ
Мегар делахь, хьенмалолахь.
Шавериг а классана чуьра араволу, Бетса ша юьсу, книга йоьшуш ю. Жимма 1ийча чувог1у Дана.
ДАНА
Бетса, хьоьга вистхила аьтто ца болуш лелара со. Бетса… Бета, вайшинга муьлхха а институт чекхъяккхалур ю… Вайшинге болх а балур бу… Ма ялахьа дакъаза, ц1ерачара бохучуьнга ла а дог1ий.
Бетса елакъежа.
БЕТСА
Ахьа х1у дуьйцу, вай мичхьа ду ца го хьуна?
Дана ца кхеташ, цецволий гонаха хьожу.
ДАНА
Муха мичхьа ду?
Дана ца кхетарах кхин а ч1ог1а самукъадолуш елакъежа Бетса.
БЕТСА
Школехь ду-кх. Вай х1инца а бераш ма ду захлонаш дийца.
ДАНА
Вайний, школаний юкъехь цхьа бутт хан бен ца йисина.
БЕТСА
Цхьа бутт. Эх1, юха а хьалхарчу классе деша яха йиш хилча.
ДАНА
Хьалхара класс… Аса хьалхарчу классехь тхайн нене д1ахьедина хиллера: Аса Бетса бен ялор яц воккха хилча, аьлла.
БЕТСА
Муха?
ДАНА
Суна-м дицделлера и, селхана тхан нанас дагадаийтира-кх, аса хьох лаьцна шена дийцича.
БЕТСА
Хьан нана дика стаг ю. Хала хилла хир ду цунна шена цхьаннийна хьо хьалакхиаван. Дан, хьан да муха кхаьчна Валаргт1е? Шен тайпана уллохь воцуш муха висина хилла и?
ДАНА
Тхан тайпа басой Гуьржеха махкахь 1аш ду. Ткъа сан да Соьлж-г1алахь университет чекхяьккхича Валаргт1е балха хьажийна хилла. Кхузахь тхан нана а евзина цунна. Экзаменаш чекхяьлча тхайн гергарнаш болуча хьошалг1а г1ур долуш ду тхо: сой, Дений, наний.
БЕТСА
Шу-м доккха тайпа хилла.
ДАНА
Тайпанаш-м массера а дара вайн даккхийра… Къам ду-кх вайн жима. Мотт а, дайх дисина г1иллакхаш, оьздангалла а йицлуш, довш д1адоьдуш а ду вайн къам. Вайн мотт к1елхьарабаккха безара, ткъа вай вовшен бакъонца ц1ена дууш дохкуш ду. Тайпанех дозалаш, сонталаш еш ду, ткъа къам довш, бердах доьдуш хилар ца го вайна.
БЕТСА
Дера к1езгачу нехан хьекъал-м кхочу хьуна, Дан, ахьа дуьйцучунах кхета. Со-м тхан дадас школа чекхяьккхича институте деша а ца яхийта мегаш ю.
ДАНА
Муха? Хьо муха ца йохийту институте. Хьоьга кхочуш х1окху школехь дика доьшуш цхьа йо1 а яц.
БЕТСА
Дера тхан нене схьа-м къадийна цо, маре д1аялан еза, майрчунна лаахь деша а г1ур ю аьлла.
ДАНА
Т1аккха-м хьо институте яхана ларахь.
БЕТСА
И бохург х1ун ду?
ДАНА
Хьо соьгий бен кхин цхьанге маре г1ур йолуш яц, ткъа аса, хьуна ца лаахь а институтехь доьшийтур ду хьоьга.
БЕТСА
Ахьа боккъал бохий?
ДАНА
Х1у боху боккъал: хьо соьгий бен маре г1ур йолуш яц, я институте ца лаахь а деша йохийтур ю?
Шен гучуяларах эхь хеташ елакъежа Бетса.
БЕТСА
Шолг1аниг бохура аса-м.
ДАНА
Дала доьг1нехь, хьалхарниг а хир ду, ткъа хьалхарниг хилахь, шолг1аниг а. ЕГЭ дика д1аяла хьажа хьо. Т1аккха гур ду хьуна со сайн дешан да ву я вац.
БЕТСА
Х1окху 11 шарахь ма дика вевзина суна хьо. Дош ца дохон-м хьо лийр а волуш ву.
Ц1аьххьана не1 йоьллуш чу хьожу Зарема и д1а а туьттуш Пет1мат, Малена а.
ЗАРЕМА
Бетса, хьоьга кхойкху.
Заремин букът1ехьара схьакхевда Пет1мат.
ПЕТ1МАТ
Кхойкху!
БЕТСА
Хьа?
ЗАРЕМА
1абдулас.
БЕТСА
Х1инцца д1айог1у алахьа.
ЗАРЕМА
Айхьа ала ахьа. Со хьуна хьадалча-м яц кхин?
Бетса елало зудаберех.
БЕТСА
Кхуза схьахьадалча-м ма хили хьох, д1ахьадалча а хила ца мега хьо?
ЗАРЕМА
Дера, хьан дена, хьо хьаьнца ирахь 1аш яра д1ахаахь, декъаза-м ю хьуна хьо. «Так что», сан мотт к1ам ма бе, йо1.
БЕТСА
Шиннах муьлханиг к1амло боху ахьа?
ЗАРЕМА
Ши мотт лаьхьаний бен хуьлуш бац хьуна!
БЕТСА
И х1ума мукъна а хьуна биологи юккъера дагадог1уш дика ду-кх.
ЗАРЕМА
Цулле а, сихха хьайн хин волчу хозяина хьайга х1ун боху хьажа хьо!
БЕТСА
Делан къайленаш яккхий ю. Хьайна мила кхочур ву а ца хаьа хьуна-м.
ЗАРЕМА
Хьо хьайн г1улкх доцучага а ца кхийдаш 1ад 1ахьара, ас гойтур дара хьуна сайна воьг1нарг мила ву-м! Хьо 1абдулас х1ун боху хьажа йог1у, я ца йог1у?
БЕТСА
Ца йог1у, со урокана кечам беш ю. Новкъарло ма е суна!
ЗАРЕМА
Данас ца йо хьуна новкъарло? Иза а ваккха ара!
БЕТСА
Хьекъал долу стаг новкъа вац цхьанне а.
ЗАРЕМА
Дан, схьаволахь, хьоьга ала дезаш цхьа х1ума дара сан.
Оцу хенахь горгали бека урокана. Ши куьйг д1аса а дохийтий Данас гойту Заремина, шен д1аван йиш ца хилар. Мерах шок а тухуш д1аарахьоду Зарема.
Зарема не1арна т1ехьа къевлайолушехь, классана чоьхьайолу Зезаг. Геннара корта а ластош улло йог1у Бетсана.
Бетсана улло шен метте партина т1е охьахуу Зезаг.
ЗЕЗАГ
Бета, Бета, ма ца бевза хьуна х1ара нах. Ма тешнабехк барна кхоьру со оцу лаьхьано хьуна!
Елакъажар къайла ца даккхало Бетсага.
БЕТСА
Х1ун дийр ду ткъа, иштта ду-кх х1ара дуьне - цкъа 1аьржа, т1аккха к1айн.
ИНТ. СУЬЙРЕ.БЕТСАГ1ЕРАН Ц1А. ЧОЬ. 40 шо сов хир долуш волу Бетсан да Чаборз ву ойланашка вахана кресло чохь 1аш.
Дехьачуьрчу не1арехьа воьрзуш ч1ог1а реза воцуш мохь туху Чаборзас.
ЧАБОРЗ
Хезий хьуна? Схьайоьл!
Арара деса ведар а карахь чуйог1уш гучуйолу 35 шо хир долуш Бетсан нана Сацита.
Сатохам боцуш, кхин цкъа а оьг1азе мохь туху Чаборзас.
ЧАБОРЗ
Схьайола ца боху ас хьоьга! Мичхьа ю хьо цигахь?
НЕ1АРНА ДОЬХЬАЛА ОЬЛЛИНА ДЕЗАЧУ К1АДЕХ Х1УМА: Дехьачуьра Сацитин доьхна аз хеза.
Не1аре оьхкина х1уманаш меттахйохуш гучуйолу Сацита.
САЦИТА
Йог1уш ю… йог1уш… Ахьа кхойкхурий соьга?
ЧАБОРЗ
Елла 1уьллуш-м яц хьо цигахь! Моссаза мохь тоха беза ас хьоьга?
САЦИТА
Со нехаш д1акхийса араяьлла яра. Ца хезар-кх суна, хьо кхойкхуш…
ЧАБОРЗ
И г1ам чудеъний?
САЦИТА
Х1а-х1ан, ишколера чукхачаза ю и х1инца а. Кхочу хан-м яра цуьнан. Кестта кхочур ю хьуна и.
ЧАБОРЗ
Ба-м хьан корта бара ата безаш бериг.
САЦИТА
Ва, Дела! Х1ун хилла? Алахьа, х1ун хилла!
ЧАБОРЗ
Дера хилла хьан йо1 сан дашна т1ера яла кийчча хилар.
САЦИТА
Бакъ дац хьуна и, яьхьар яцара хьуна и хьан дош дохош х1ума шен дагачулаца а.
Чаборзас, хьалаэккхаш, муьшка ластайо Сацитина.
ЧАБОРЗ
Яьхьар яц, хьан да хьакха юуш валла! Яьхьар яцахь, классехь чухула къовла а елла, неха нахаца захлу дуьйцуш стенна 1аш ю и!
САЦИТА
Нехан эладита хир ду хьуна и…
Чаборзас кхин цкъа а х1ума ластайо Сацитийна.
ЧАБОРЗ
Хир ду, хьан да-ваша хьакха юууш валла! Сох эладиташ лехьош вериг веш йоллу хьо, кхин эхь а ца хеташ! Со-х 1аламат доккхачу тайпанах стаг ву! Думхойн тайпанах нах цкъа а ца хилла эладиташ лехьош лелаш!
Ас бийр бу хьуна хьан болх-м!
Кхералуш, хебий пена улло тебий д1ах1утту Сацита.
САЦИТА
Аса-м хьо ца вуьйцу… Нах… нах буьйцу.
ЧАБОРЗ
Нах! Неха-м шайн да хьакхийца валлахьара! Нах мичхьа бу кхузахь! Лайш бу-кх! Тхан тайпана хьалхара бецаш лелаш болу лай! Балхахь а, г1уллакхахь а боцуш тхоьгара саг1адоьхуш лелаш бу-кх х1окху юьртахь мел болу нах!
САЦИТА
Цо х1ун дуьйцу-у… хьаьнца классана чохь къовла а елла 1ийна Бетса? Хьан х1у аьлла хьоьга? Дийцахьа…
ЧАБОРЗ
Хаьнца, хьаьнца! Хьаьнца ала цхьа х1ума а елара и а! Эцца даима а меца лелаш долчу цацинхойн тайпанан нахах йолчу Деши бохучу жерочо хьалакхиош йолу и к1ут1ана ког ю боху-кх вайн керта кховда г1ерташ ериг! Вайн жижгехий, маьхьарехий юьзинчу керта шен и меца муц1ар кхийдош ю боху-кх и пас-пас!
Сацита йоьхна д1асахьийза.
САЦИТА
Вай, со яла хьан дела1! Бетса… Бетса… сан йо1! Бакъхир дац хьуна и… Ши де хьалха ма ду аса цуьнца къамел дина… Цо суна дош ма делира, ахьа аьллачунна т1ера ког д1аса боккхур бац ша аьлла. Нехан маттанаш дукха вон ду-кх… Нехан эладита хир ду хьуна и… Хьа аьлла хьоьга и? Дийцахьа?
ЧАБОРЗ
Тхан тайпанах а волуш волчу, Думалтан йо1ана гина-кх вайн йо1 оцу нехан текхахь хьалакхиъначу х1уманца къамелаш деш 1аш. Зарема олу моьтту суна цунах, Думалтан йо1ах.
САЦИТА
Заремас-м аьлча а бехк бац. И-м Дана везаш са хьаладоллуш ю боху, вайн йо1а дийцина суна и…
ЧАБОРЗ
Ца хаьа суна хьан «Даний-маний!» х1ун ю! Думалт тхан тайпанах стаг ву, цуьнан йо1а аьшпаш буттийла дац! Хьан а, хьан йоь1ан а санна мотт беха бац церан!
САЦИТА
Хьажахьа, сихмалохьа, стаг. Йо1 ц1а мукъна а кхачийтахь. Цуьнга хоттур ду аса.
ИНТ. ЧАБОРЗАН УЬЙТ1Е. Школан т1оьрмиг а карахь доккхачу эчиган кевнах уьйт1а чуйог1уш гуш Бетса ю. Чуйог1уш лаьтташехь, уьйт1ахь новкъахь йолу цхьацца х1ума йистаха а йоккхуш чоьхьайолало.
ИНТ. ЧАБОРЗАН ХЬЕШАН Ц1А. Чаборзий, Берсий ву х1ума кхоллуш, чай молуш 1аш. Сацита ю йистехьуо царна оьшучунна кийчча лаьтташ.
ЧАБОРЗ
Хьажал, Берс, вай ч1ог1а сема хила дезаш зама ю х1ара. Вайн хьоле цергех хи а оьхуш хьоьжуш дукха цхьацца кхечу тайпанашкара нах бу. Вайн ког тасалахь, вайна т1ехьаша т1екхета кийча бу уьш. Вайн даржаш вайн тайпанан барт хилар бахьана долуш кхаьчна ду вайга. Вайн тайпана ваша Махьалт бахьана долуш кхаьчна ду вайга х1ара х1ума карайог1у даржаш.
БЕРС
Деллахь, Чаби, вайна карадог1уш долу и ахчанаш Далла хьалха нийса дуй техьа, бохуш ойланаш ма ю сан коьрта чухьийзаш т1аьхьарчу хенахь. Хьуна х1ун аьлла хета?
Чаборзас хьалха куьйгаш а лоцуш, Делан ц1ейоккху кеп х1оттош бур-бур до шен меракъелахь.
ЧАБОРЗ
Вайн ц1ий молуш 1аш ю пачхьалкха, цуьнан ахча ду вай «йистаха» доккхург. Нехан х1ума лачкъош ма дац вай.
БЕРС
Ткъа нехан кехатан цуьргана т1е печат тухург ахча ма оьцу вай-м.
ЧАБОРЗ
Дера, сан ваша, ахьа дукха совнаха ойланаш йой техьа бохуш ма ву со-м. Оцу наха вайна ца дезахь а, кисана ма те1адо и ахча вайна. Цара дог ц1ена а дина, вайна луш йолу и мелоч, кхин башха йоккха х1ума а ма яц. Бутт хьалха вайна организацина Татарстанера заводера схьахьажийна ц1ена КАМаЗ вай фальшиви кехаташ а дина д1айохкар дагадог1ий хьуна? Иштта доккха ахча вайна кест-кестта карадог1уш дацахьара, оцу справкашна наха саг1ийна луш йолчу кепекех вай даха ховшур дацара. Хьайн са ма даа, сан ваша. Справка язъярна, хьайна наха кисана та1ош йолу, ахчанах х1ума кисана йоллале, «Дала саг1адойла!» алал ахьа. Оцу нехан а и ахча саг1а хир ду, вайна а мелла а меца ца лелал стимулирующи х1ума хир ю.
ИНТ. ШКОЛЕРА Ц1АБОГ1УШ БОЛУ НЕКЪ. Зарема шен накъосташца Пет1матца, Маленица школера ц1айог1уш ю. Школан т1оьрмигаш а ду массеран карахь.
Карх ца долуш, дог ца дог1уш шина накъосташна жимма т1аьхьайисина йог1уш ю Малена.
МАЛЕНА
Ва, ма к1ордийна-кх суна и школа. Маца т1екхочур болуш бу техьа и июнь бутт!
ПЕТ1МАТ
Июнь баттаца цхьана хьайн коча хуун верг мила ву ца хаьа хьуна?
МАЛЕНА
Сан коча? Мила? Школа чекхйоллушехь со маре яха дагадеъна юй тусаделла шуна?
Пет1мат елало шен накъостах.
ПЕТ1МАТ
Э-э-э, хьо яла йистина! Маре яха дагадеъна хьуна! Хьанна оьшу хьо двоечница? Мила ву техьа хьо шен коча йолла дагадеънарг?
Пет1матна сихха улло йог1уш мерк1ела п1елг а хьо Маленас.
МАЛЕНА
Двоечница яц, троечница ю! Большой разниц!
ПЕТ1МАТ
Вайна массарна а двойкаш х1иттадахь, шайолу школаш д1акъовла бен ма ца еза оцу учиталашан. Уьш болх а боцуш буьсур ма бу т1аккха-м! Цундела ю хьо троечниц!
МАЛЕНА
1едало школашна луш йолу дешаран программаш дукха чолхе ю, сан бехк бац и! Сох парфессор ян а ца г1ерташ, эцца цхьана пхеа классехь соьга дешийтича тоьуш ма дара. Дешан а, яздан а 1амийча тоьур дара.
ЗАРЕМА
Деший, яздан хьуна 11 шарахь а ма ца 1емина, пхи шо хьуна муха тоьур ду!
ПЕТ1МАТ
Х1умма а дац, Маленин маре яха тоьур ду и цуьнан «тройка» а.
МАЛЕНА
Цигахь-х хьийзор яций со, урокаш е бохуш!
ЗАРЕМА
Цигахь хьоьга кхин урокаш йойтур ю. Оцу урокех а хьа кхин ч1ог1а самукъадер ду моьттуш а яц со.
Малена хаъъал кхераелла.
МАЛЕНА
Цо х1ун урокаш йуьйцу, ва Петька!
ПЕТ1МАТ
Дера йуьйцу: 1уьйрана ялх сахьт даьлча хьала а г1аьттина, етт озар, дийнахь кхузза-доьаза яах1ума ян дезар, чохь нуй хьекха безар… кхин д1а дагардой хьуна?
Догдоьхна цкъа соцу Малена. Накъосташна юха а т1аьхьайолало.
МАЛЕНА
Ца оьшу, баркал! Ванах, шуна хезний? Школехь берашка 12-13 шарахь доьшийтура ду ма боху.
Зарема, Пет1мат елало шайн накъостах.
Малена ша-шех елало.
МАЛЕНА
Заремочка, со-м декъаза хила кхоьллинера Дала, ткъа хьан «г1уллакхна» х1ун до вай!
Зарема х1иллане елакъежа шен накъосташна.
ЗАРЕМА
Сан ойла ма е ахьа, ас тоххарехь «болх» беш бу хьуна оцу проблемана т1ехь-м!
Шен доттаг1чунна бегашена п1елг ластабо Пет1матас.
ПЕТ1МАТ
Подруга, муха? Суна хаьара, хьуна дахарехь хьайн меттиг карор буй! Атта!
МАЛЕНА
Х1ун д1овш тоьхна ахьа х1инца, Заремочка? Хьанна?
Ша-шех, шен хьекъалах дозалла дар гойту Заремас.
ЗАРЕМА
Д1овш ца тоьхна, и т1аьххьара г1улкх ду, мотт тоьхна!
МАЛЕНА
Хьо ма 1абалахь, хьайн мостаг1ийн бага схьа а йиллина. айхьа цу чу дихлофос ца тоьхча.
ПЕТ1МАТ
Подруга, муха? Алий ялахь сиха!
ЗАРЕМА
Кхин мотт аьлла х1ума а дацара из-м-м!
ПЕТ1МАТ
Ма ийзадехьа са!
ЗАРЕМА
Эцца цхьа деловой звонок тоьхнера аса.
ПЕТ1МАТ
Хьаьнга?
МАЛЕНА
Могшаллин министерство!
Ша цхьа цуьрг а ца яшар гойту Заремас.
ЗАРЕМА
Со сайн ненан йо1 ю! Нене тоьхнера аса «мобилка».
МАЛЕНА
Со кхетаяйша, хьанна тоьхна «мобилка»?
ПЕТ1МАТ
Со кхетта хьуна цунах-м.
МАЛЕНА
Ма к1амдехьа сан са!
ПЕТ1МАТ
Дера, подруга, ю со, тахана вайн Бетса мелла а кхоьлина хир ду моьттуш!
МАЛЕНА
Ахьа х1ун бетса дуьйцу, дийнахь?
ПЕТ1МАТ
Малена, валаргхойн Бож-1елина а дайна, хьо кхетон «вир тховт1е даккха санна хала ма ду»! Хьан подружкас Заремочкас шен, шех тера йолчу, нене телефон тоьхна, Бетса классехь Данькица цхьана ша 1аш яра, аьлла. Ткъа Заремочкин мамашечкин д1овш, «паг1дон», мотт жимма беха бу шен йоь1ачул а.
МАЛЕНА
Деллахь, аша и кегарий ца бича а, иштта а чолхе дар-кха х1ара дуьне!
Ша-шена ч1ог1а реза йолуш, х1иллане елакъежа Зарема.
ЗАРЕМА
ИНТ. ДЕ. ЧАБОРЗЕРАН ЧОХЬ. Сацитина дехьачохь хаало Бетса цаеънийла. И божарий хабаре бевллачура, дехьа чуйолу.
ИНТ. Бетса шен (комната) чоьнна чу йолу. Т1оьрмиг дешаран истолана т1е а х1оттош, шен к1айн фартук схьайоккхуш ю. Сацита чоьхьайолу.
Шен йо1 гой, иза мара а юллуш елхан озайо Сацита.
САЦИТА
Ва, сан йо1, х1ун дина ахьа оцу школехь? Ма ч1ог1а реза воцуш ву и хьан да хьуна!
Шен оьг1азъяхар къайла ца даккхало Бетсага.
БЕТСА
Лаьхьа! Мел сиха а кхиъна и мотт тоха!
Сацита кхералой эгаян йолало.
САЦИТА
Мила? Х1ун мотт?
Иза дуьххьара шена гуш санна, нене хьожу Бетса.
БЕТСА
Нана, нана! Ма декъаза дахар ду-кх ахьа хьайна хаьржинарг! Хьажахьа хьайга, иштта кхоьруш дууш долчу дуьненах х1ун до?
САЦИТА
Ахьа х1ун дуьйцу, сан йо1?
БЕТСА
Б1аьрзечунна дуьне ца гича а бехк буй?
САЦИТА
Хьо х1ун дагахь ю техьа? Ва, Дела, ма кхерамаш туьйсу, йо1, ахьа сан дагчу!
Бетсас нана мараюллу, коьртах куьйг хьокхуш, къахеташ, бера санна хьосту.
БЕТСА
Нана, ма кхера. Ма кхерахь, нана. Шадериг а дика хир ду, Даламукъалахь! Хилла вониг х1умма а дац, хьаъъа а х1уъъа а дийцахь а. Сой тхан классера к1ант Даний классана чохь цхьацца хабарш дуьйцуш 1аш гина оцу лаьхьана Заремина. Цо оцунах эладита динчух тера ду.
САЦИТА
Хьан да ч1ог1а реза воцуш ву-кх… Хьуна ма вевза и…
БЕТСА
Дера вевза-кх наха вийца а ца оьшуш-м. Х1умма а дац, нана, са ма даа хьайн. Жимма мохь а хьекхна д1асоцур вара иза-м х1инццалц санна.
САЦИТА
Ма кхоьру со, сан йо1… ма кхоьру со… кхоьру.
ИНТ.ЧАБОРЗАН ЧОЬ. Х1ума юуш 1аш ву Чаборзий, Берсий.
Ша х1ума юучу хенахь оьшург схьаяла кийчча а йолуш, Сацита латта езаш йолчу соне, не1арехьа хьожу. Зуда ца го шен меттехь. Оьг1азе хьаьжюккъе шад бо.
ЧАБОРЗ
Стенга яха хьо, Делан мостаг1! Даима кхайкха езаш ю-кх хьо! Хьайн меттиг йицъелла хьуна!
ИНТ. КУХНИ ЧОЬ. Сацитий, Бетсай мараиккхина лаьтташ ю. Ц1еххьана дехьачуьра Чаборзан аз хеза. Сацитас д1атотту Бетса, ша цхьа вониг деш йолуш санна. Эгаян йолало. Дехьачу хьоду сихлой.
ИНТ. ЧАБОРЗАН ЧОЬ. Гучуйолу Сацита.
САЦИТА
Х1у боху ахьа? Чай кхехкаш дуй хьажа яханера со-м. Довхха чай дуттий шуна?
ЧАБОРЗ
И х1ун г1овг1анаш ю цу дехьачохь? Ц1а-м ца кхаьчна и г1ам?
САЦИТА
Х1а-х1ан… Х1а-х1ан… Х1аъ… Кхаьчна. Шен чохь ю…
ЧАБОРЗ
Схьакхайкхал цуьнга!
Нанас кхайкхале гучуйолу Бетса, дуьйцу хабар хезий.
БЕТСА
Де дика хила шун! Г1оза юург хуьлда шун!
Шен денвешига Берсигахьа корта берзош йист хуьлу.
Де дика хуьлда хьан, жимаваша!
БЕРС
Далла езийла хьо а. Муха ду г1уллакхаш, пельмяшка?
Реза воцуш, буьрса хуьлу Чаборз.
ЧАБОРЗ
Г1уллакхаш дика ду кхуьна-м! Ч1ог1а дика! Лаьхьа ша ма-барра! Сан дош дош а дац! Со сайн дешан да а вац!
БЕРС
И х1ун ду ахьа дуьйцуш дериг, Чаби? Хьан дош дош дац бохург мила ву? Соьга вийца и, ас къастор ду цуьнца дерг-м!
ЧАБОРЗ
Оцу хьайн вешин йо1 ю бохучу лаьхьанца къастон деза-кх хьан и т1аккха.
Берс ца кхеташ къаьрззий хьожу Берсага.
БЕРС
Муха? Кхетавехьа со, Чаби!
Бетса йолчу аг1ора корта ца берзабахь а, цуьнга луьйш
хилар гуш ду Чаборз.
ЧАБОРЗ
Суна кхин хазийта ахьа, сан дашах хьо цхьа г1улч а т1ехъяьлла аьлла! Ас бийр бу хьуна хьан болх-м. Аса школа чекхъяккха а хан лур яц хьуна, кхин ахьа суна таханлера хабар кхин хазийтахь! Кхийтарий хьо!?
БЕТСА
Муха? Ас х1ун вон дина? Вон доьшуш ю со? Со-х дашо мидална школа чекхйоккхуш ю.
ЧАБОРЗ
Ахьа кхин и хьайн батт схьалеяхь, ахьа кхин хьайн ког оцу школе д1анехьа боккхарна ца кхоьру-кх со! Кхийтирий хьо?
БЕТСА
Дада къинт1ера вала суна, аса хьуна цатам бинехь. Мегар ду. Со-м ц1ахь 1ийра ю. Со-м и школа ца хилчи а мегар ю. Дика доьшуш вайн тайпана а, хьан а сий ойбу айса бохуш йоллура со-м. Дешаран министерствохь дашо мидална доьшуш йолу дешархо хьо санна лаккхарчу даржехь волчу хьаькимо ц1ахь сацийний хаахь, хьан балха т1ехь хьуна зе хиларна кхерама-м бу. Дада, х1у де аса, йитий аса школа?
Шен буйнара чай чуьра стака лаьттах тухий дохадо Чаборзас. Ша х1ун эра ду ца хууш буьрса д1аса б1аьгаш къерзабо. Шен балхана новкъарло хиларна кхерало, шен хьаькимна хьалха кхаьчча санна хеба.
Берс хиллачух кхета хьекъал ца кхочуш, шен вешина г1о дан г1урту.
БЕРС
Чаби, Чаби, хьо иштта а ипсихика дика йолуш а вац. Ма эт1адехьа хьайн иштта ч1ог1а дог. Ас къастор ду хьуна, цхьаннеца къастон дезаш делахь… Со кхетавехьа… Аса х1ун де Чаби?
Ша кхеравалар, эшар ца гойта г1урту Чаборз.
ЧАБОРЗ
Х1умма а ца оьшу къасто…
Бетсана хьалха а х1илла х1оттадо дас.
Школе-м аса хьо ца лууш хилча а, лууш санна йог1ийтур яра! И-м аса догдаьт1ачура аьллера. Ма г1о-кха хьо школе хьо яхьахь! Дашо мидал а ца йоккхуш чекхъяккха ахьа и школа, ас т1аккха бийр бу хьуна хьан болх-м. Д1аяла б1аьргагучура! Яло хьайн урокаш е!
Д1аяхайирзинчу хенахь, балдийн йист уозорах къаьста йо1 ша-шена реза хилар.
БЕТСА
Мегар ду, дада. Ахьа бохург дийр ду аса-м.
Хиллачух ца кхеташ цец а яьлла лаьтта Сацита, Берс а санна.
Вуха а хьалха ша верг хуьлуш, буьрса Сацита човхайо Чаборзас.
ЧАБОРЗ
Мичхьа ву и вайн чуьра к1ант?
САЦИТА
Лулахошкахь ву моьтту суна. Дика к1ентан к1антаца гира суна и дукха хан йоццуш.
Ойлане волу Чаборз.
ЧАБОРЗ
Аса кхойкху алал цуьнга, цкъа суна чай а доттий.
САЦИТА
Мегар ду, ас х1инцца кхойкху цуьнга.
Ша сацорна кхоьруш санна сихлой къайлайолу Сацита.
БЕРС
Ас х1ун де, Чаби?
ЧАБОРЗ
Х1ума а ца оьшу дан. Кхин ахьа чай ца малахь, хьо мукъа хила мегар ду. Кхана 1уьйрана г1ала балхат1е со д1авига, машенахь чувоьллахь!
БЕРС
Мегар ду, Чаби. Даима санна исс даьлча волий со?
ЧАБОРЗ
Ца оьшу, дег1 дика доцуш ву со тахана. Цхьажимма садо1ийта соьга 1уьйрана. Итт даьлча вола. Цхьайт-шийтта долуш балха т1е д1акхочур волуш. Заместителаш болх бийра бу хьуна, ца бахь цара кхин болх а бийр бац.
Ша аьллачух самукъадолуш велкъежа Чаборз. Г1ийла чай мала вулу.
Дукха ца хьенлуш, чуйог1у Сацита.
САЦИТА
Схьавог1уш ву хьуна к1ант. Кхин х1умма а юур ярий ахьа? Пхьег1аш д1аяха мегар дуй истол т1ера?
Чаборзас х1ун олу хьоьжуш, б1аьрга нег1ар ца тухуш лаьтта Сациита.
Чаборз Сацита йолчу аг1ора д1а а ца хьожу.
ЧАБОРЗ
Д1аяьл гучура, к1анте вист хила везаш ву со!
Ког байбина дехьачу йоьду Сацита.
Не1саг1ехь гучуволу 15-16 шо хир долуш, оьздачу, лекхочу дег1ехь волу, Чаборзан цхьаъ бен воцу к1ант Казбек.
КАЗБЕК
Дада, ахьа кхойкхурий соьга?
ЧАБОРЗ
Кхойкхура, сехьа валал. Аса хьоьга олург нахана хезийла ца лаьа суна.
Чаборз кхин цкъа а Сацита араяьллачу не1арехьа хьожу.
Ладог1ал соьга, к1ант. Оцу цацанхойн тайпанах йолуш Деши бохуш ю-кх и… Евзий хьуна?
КАЗБЕК
Евза, Дана бохуш дашо мидална школа чекхйоккхуш к1ант а ву-кх цуьна.
ЧАБОРЗ
Даня, бохург х1ун ду? Г1азкхий ву и?
КАЗБЕК
Вац. Дана, шира нохчийн ц1е ю. Нохчаша хьалха йоцца а хаза цераш тохкуш хилла шайн берашна. Х1инца санна, аьлла а ца волуш, папуасийн санна еха ц1ераш а ца тохкуш. Т1амт1ехь а атта хилла йоца ц1е яккха.
ЧАБОРЗ
Хьуна мичара хаьа и?
КАЗБЕК
Ас «1илманан вестник» ц1е йолчу журналана т1ехь дешна-кх. Т1аьхьарчу хенахь нохчийн исторех лаьцна дукха керланарш ду вайна гучудовлуш-м.
ЧАБОРЗ
Ц1е нохчийн елахь а ша тайпа-тукхам а доцуш х1ума ю и. Вайн тайпана дика ц1е йоккхийтуш а вац и. Цунна дан та1азар хьайна дика хуур ду хьуна.
КАЗБЕК
Дада, и к1ант суна дика вевза. Иза школехь тоьллачех дешархо а ву, ша ледара к1ант а вац. Г1илкх, г1улкх дика лелош а ву. Жима а, воккха а лоруш а ву. Ша кхеравойтур волуш а, къарлур волуш а вац, ша и вен ца вехь…
ЧАБОРЗ
Собар, собар! Аса аьлларг хезарий техьа хьуна? Вайн тайпана дика ц1е йоккхийтуш вац боху и, цундела та1азар дан деза цунна. И тайпа а доцуш, ж1аьла санна стаг ву.
КАЗБЕК
Дада, бехк ма биллалахь суна. Со-м ахьа аьлларг дан вала а кийча ву, амма дийнна къам санна доккха тайпа а долуш стаг ву хьуна и. Советан Союз йоьхначул т1аьхьа Гуьржехан пачхьалкхан дозанал дехьа дисина церан тайпа. Цуьнан да Басо, хьалхара т1ом болуш, дукха ч1ог1а майра т1емло хилла ву. Царнна ша х1уьттарена ца алахь ала х1ума дац.
ЧАБОРЗ
Тфу! Дела не1алт хила шайт1ана! Д1авала суна гучура, Делан мостаг1!
Хиллачух ца кхеташ цецваьлла латта вуьсу Казбек. Цкъа д1аваха букъберзабой, вухавоьрзуш шен дега хьожу.
КАЗБЕК
Дада, хьо х1ун ала г1ертара? Бехк ма биллалахь суна. Ас х1ун дан деза бохура ахьа?
ЧАБОРЗ
Х1умма а де ца боху-кх. Вало хьайна берашца ловза… Хьо х1инца а жима волчух тера ду, аса бохучух кхета.
Казбек цецволий араволу чуьра.
НАТ. ШКОЛАНА Т1ЕХЬА МАЙДА. Цигахь гулделла лаьтташ ву 1абдул шен накъосташца. Гена воццуш гучуволу Казбек а шен накъостаца Дотица.
Шен цхьана накъостана лерге воьду 1абдул.
1АБДУЛ
Хьажал, 1абдалсолта, д1о вог1уш волу Казбек гой хьуна?
1АБДАЛСОЛТА
Го дера.
1АБДУЛ
И вайна улло валавалур варий хьоьга, х1уъъа дина а?
1АБДАЛСОЛТА
Хьажий со.
Кест-кестта шен накъосташка вуха а хьожуш, 1абдалсолта Казбекана улло воьду.
1АБДАЛСОЛТА
Салам1алайкум, к1ентий!
КАЗБЕК
Ва1алайкум салам!
1АБДАЛСОЛТА
Казбек, хьуна хаьий ши-кхо де долуш 1абдулан Даница дов хиллийла?
КАЗБЕК
Дов аьлла кхин доккха х1ума а дац бохуш хезира суна-м и. Х1унда бохура ахьа?
1АБДАЛСОЛТА
Дера дов доккха ца хиллехь а, вайн тайпана т1е эхь дог1уш г1уллакх-м ду и.
КАЗБЕК
Вайн тайпана т1е эхь х1унда дог1у?
1АБДАЛСОЛТА
Ой, Дана боху и ж1аьла вайн тайпанах стаг ма вац! Цхьаъ ша т1е а веъна тхоьца массаьрца а дов даьккхира цо. И нийса волуш х1ума дацара и! Вайх ца вашар гойтуш вара и! Цул т1аьхьа тхуна хезинарг-м дийца а томехь дац.
КАЗБЕК
Шуна юккъехь вацара цунна доьхьала вала цхьа а?
1АБДАЛСОЛТА
И спортсмен а волуш ма ву, хьо санна. Тхо-м тасаделира, амма са эцна ца дисира. 1абдулас тапча еттар ю аьлла цунна.
КАЗБЕК
Валол, и бохург х1ун ду? Тапча етта-м доккха бахьана хила деза. 1абдулас х1ун боху хьовсур вай.
1абдулана а, цуьна накъосташна а улло вог1у кхоь а.
КАЗБЕК
Салам1алайкум! 1абдул, х1ун т1ом бу шу бан кечлуш дерг?
1АБДУЛ
Ва1алайкумсалам! Казбек, кхин доккха х1ума дацара и-м. Хьо оцу довна юкъа озо ца лаьара суна. Делахь а, вай цхьана тайпана нах ду. Х1окху дерриг дуьненна а евзаш йолчу Валаргт1ехь а, ерриге а Нохчийчохь а доккха ларалуш а ду вайн тайпа. Вайн тайпана сий дожо ца лууш, цхьацца девна бахьанаш дара оха лелораш-м.
КАЗБЕК
Вайн тайпана юккъехь а бара дуккхо а, бацахьара а х1умма а доцургш-м. Х1ун ду хилларг?
1АБДУЛ
Дана, аьлча а, оцу тайпа-тукхам а доцуш волчу пас-пасаца цхьажимма тасавалар хиллера сан.
Кхета волалуш, корта ластош Казбекас, ша реза ца хилар гойтуш.
КАЗБЕК
Дера ву со, сан тайпана ваша, ахьа болийнарг «тоьлура воцу т1ом» бу моьттуш. Ледара к1ант вац Дана, суна дика вевза и. Тхоьца каратэ 1амочу спортсменийн тобана юкъахь вара и. Тоьллачех цхьаъ каратист ву и. Уггар коьртаниг, шен г1уллакх доцуча г1ертара волуш а вац. Бера санна к1еда-мерза ву, ша оьг1аз вахийтталц. Аса дош ло-кх хьуна, 1абдул, и оьг1азвазийта доккха бахьана хила дезаш хиларна.
1АБДУЛ
Казбек, хьо цхьа-ши шо бен вацахь а тхол жима ву, хьоьга шадериг а дийца ца лаьа суна…
Эхь хетта кеп х1оттош аг1ора воьрзу 1абдул.
Томехь а ца хета суна шадериг а хьоьга дийца…
Букъберзош х1иллане велакъежа. Накъосташка къайлаха б1аьрг та1ош хоийту цара дийцан дезарг.
КАЗБЕК
Кхин йоккха хан яц вайна юкъахь, вай цхьа накъостий хила тарлуш кегийра нах ду. Дийцал, 1абдул! Дийцал! Х1ун ду и, ахьа сох лечкъош дериг?
1АБДУЛ
Суна томехь ца хета, Казбек, х1окху сан накъосташа дуьйцур ду хьоьга ма-дарра!
Йистехьа волуш д1аволало. Казбекана букът1ехьа накъосташка кхин цкъа а б1аьцаш йо.
Казбек жимма синтем байна хьаьвза.
КАЗБЕК
К1ентий, х1ун ду аша соьга ца хоуьйтург? Схьадийцал соьга! Х1ун ду, вай юьхь1аьржа х1уттур долуш, хилларг?
Лохочу дег1ехь волу 1абдулан накъостех цхьаъ, 1абдалкъедар, халахетаран т1ег1анехь талкха а вуьйлу.
1АБДАЛКЪЕДАР
Д-дера, К-к-казбек, тхо а 1абдулан накъостий ду. Т-т-тхуна а хьуна хьалха т-томехь ца хета ишттаниг дийца…
КАЗБЕК
Валахь дийций, сан собар кхачон г1ерташ хьо вацахь!
1АБДАЛКЪЕДАР
Хь-хьуна хаьа я-я-я ца…ца хаьа-м ца хаьа с-суна, ца ***йла-м дац. Хь-хьан йиша Бетса шун д-д-дас Ч-ч-чаборзас ш-шен доттаг1чуна Мохьалтана, цуьнан к1-к1анте 1абдуле кховдор ю аьлла ю… Уь-уьш жима б-б-бераш долуш д-д-дуьйна.
Синтем кхачабой массарна а т1е мохь туху Казбекас.
КАЗБЕК
Цхьамма, багахь мотт болучо кхетавайша со, х1окху попугайга со хьера а ца воккхийтуш!
1АБДАЛСОЛТА
Вайн тайпана а йолуш йолчу, Думалтан йо1ана Заремина гина Даний, Бетсай классан не1 д1а а къевлина шаьшшиъ чохь къамелаш деш 1аш. 1абдулна и хиина! И ца лалуш дов ду 1абдулас деш дериг. Амма хьо Бетсан ваша ву, хьуна хьалха а лилхина тхан йиш яц и дов д1акхехьан! Тхо-м хьуна т1аьхьах1итта кийча ду! Оха-м дуьтур дац и, ахьа дитахь а!
Дог доьхна, б1арзвелла ша лаьттачохь д1аса хьаьвза Казбек.
КАЗБЕК
Дана, Дана! Цуьнгар дала йиш яцара-кх и саннарг! Аша со ленвеш-м вац техьа! Аса могийтур дац шуна аша сан йишина т1ехь х1ума кхоллахь!
Катухий, 1абдалсолтин «кач-белш» схьалоцуш, иза д1асатуху Казбекас.
1АБДАЛСОЛТА
Казбек, Казбек! Тхо хьан тайпана вежарий ма ду! Оха стенна ленвеш ву хьо? Хаттахьа, хьо ца тешахь, Заремига… Цунах а хьо ца тешахь, хьайн йишига хатта а мегар ду хьуна!
Казбекас вухий, куьйгаш охьа дохийту. Д1асахьожу. Дотига хьожу.
КАЗБЕК
Дота, со х1инцца схьавог1ухьуна. Суна т1аьхьа кхарех цхьа а ма ваийталахь!
Ондачу дег1ехь волу Казбекан доттаг1 Дота 1абдулан накъосташна дуьхьалх1утту. Амма вуьйш-м бац кхин Казбекана т1аьхьа баха г1ерташ а.
ИНТ. ШКОЛАНА ЕХА УЬЙЧЕ. Школан уьйчахула схьавог1уш Казбек т1е1оттало Зареминий, цуьнан шина накъостаний. Царах т1ехвала г1урту. Амма Заремас сацаво и.
ЗАРЕМА
Казбек, ахьа х1ун до, ц1еяьлча санна хахкавелла вог1уш ма ву хьо!
КАЗБЕК
Бета гирий шуна?
ЗАРЕМА
Ца гира тхуна-м, шен Дон-Жуанца цхьанхьа лаьтташ хир ю-кх!
КАЗБЕК
И бохург х1ун ду? Мила Дон-Жуан вуьйцу ахьа?
Малена ца кхеташ ши б1аьрг горга а бой д1асахьожу.
МАЛЕНА
Ой, Ромео вацара и аша вийцинарг?
ЗАРЕМА
Д1аялахь, Малешка, оха-м тхайн къайлаха г1улкх дуьйцура. Хьо кхетара яц оха дуьйцучух.
Казбекана улло таь1а Зарема.
Дера т1аьхьарчу хенахь Бетса-м оцу шен Дон-Жуанан уллора д1аялалуш а яц.
КАЗБЕК
Зарема, йиш яц сан хьан т1уьранге ладог1а!
Казбек, куьйг а ластадой, д1аволавала г1урту.
ЗАРЕМА
Дана вуьйцура аса-м!
Казбекас сихонца йистаха йоккху Зарема.
КАЗБЕК
Схьадийцал хьайна хууш дериг! Х1ун эладита ду аша даржийнарг?
Заремас дегабаам бина кеп х1оттайо.
ЗАРЕМА
Цо х1ун до! Хьуна маца хезна аса эладита дийцина бохуш? Сайн б1аьргашна гинарг ду-кх аса дийцинарг!
КАЗБЕК
Т1аккха, х1ун ду оцу хьан б1аьргашна гинарг?
Ч1аралоцург санна сихло Зарема, Казбек шен «карахь» вуй а хаалой.
ЗАРЕМА
Даний, Бетсай дара-кх класс чохь шаьшшиъ 1аш, захло дуьйцуш!
Шен накъостана г1одан улло йог1у Пет1мат а.
ПЕТ1МАТ
Дара, дара! Тхуна а гира! Маленина а…
Маленигахьа а хьожий, цуьнга куьйг ластадо.
Тхуна массарна а… гира!
МАЛЕНА
Х1ун гира вайна?
Казбек, кхин вист ца хуьлуш, д1ахьоду Бетсан класс йолчу аг1ора.
ИНТ. КЛАССАН ЧОЬ. Урок йолаяланза ю. Не1арах чу хьожу Казбек. Бетса а гой.
КАЗБЕК
Бета, схьайоьл кхузза уьйча. Цхьа г1улкх ду сан хьоьца!
Казбек гина хазахетий елакъежа Бетса.
БЕТСА
Х1инцца д1айог1у хьуна со!
ИНТ. ШКОЛАНА УЬЙЧЕ. Школан уьйчахь кора уллохь лаьтташ Казбек ву. Бетса т1е йог1у.
Казбекан воьхна хилар гой, елар дов йоь1ан.
БЕТСА
Х1ун боху ахьа, Казбек?
Хьо ма кхоьлина ву! Х1ун хилла Казбек?
КАЗБЕК
Оцу наха дуьйцург бакъ дуй?
БЕТСА
Х1ун дуьйцу наха?
КАЗБЕК
Хьой, Даний, классана чохь къовла а делла, захлонаш дуьйцуш ду боху-кх!
БЕТСА
Тхо-м дацара классана чохь къовла а делла. Классан не1 къовлалуш дог1а а ма дац тхан. Не1 даима а йиллина ма ю тхан. Цо х1ун дуьйцу!
КАЗБЕК
Классан тухуш дог1а делахь а, дацахь а, хьан х1ун г1уллакх ду нехан к1антаца цхьаьна, классана чохь, уллохь кхин стаг а воцуш 1ен! И хилла-кх дада соьга ала г1оьртинарг!
БЕТСА
Казбек, Казбек! Ахьа х1ун дуьйцу!..
Бетсага кхин ла ца дуг1у Казбекас.
КАЗБЕК
Ахь суна кхин хазийта ахьа, хьо Даница къамел деш яра аьлла!
Вуха а ца хьожуш сихха д1авоьду к1ант.
Йоьхна шен вешина т1аьхьахьоьжучохь юьсу Бетса.
Уьйчахь гучуйолуш, т1ейог1у Зезаг. Бетсана т1ехула куьйг доккху, цуьнан белшана т1е куьйг хьокху.
ЗЕЗАГ
Аса дийцинарг хуьлуш лаьтта моьтту суна х1окхунах.
ИНТ. БЕТСАН ЧОЬ. Бетса книга а, тетрадаш а гонаха дехкина экзаменашна кечам беш 1аш ю. Ша йоьшуш йолу книга охьа а йохийтуш, цхьана метте йог1аелла 1а дикка хенахь. Т1аккха юха а книга ешан йолало, тетрадан т1ехь цхьацца х1ума д1а а яздеш.
ИНТ. КЛАССЕХЬ Д1АЙОЬДУШ ЭКЗАМЕН Ю. Бетса а, кхин бераш а ЕГЭ д1алуш ду. Гена воццуш партана т1ехь 1аш Дана а ву, кест-кестта Бетса йолчу аг1ора а хьожуш, т1аккха сиха яздеш.
НАТ. ШКОЛАНА КЕТ1АХЬ. Экзаменаш д1алуш долчу берийн дай-наной бу, шайн берашна сагаттадеш. Царнна юккъехь Деши а ю, гена йоццуш Сацита а ю, кест-кестта йовлакхан т1ам б1аьргах а хьокхуш лаьтташ. Цхьа хан яьллачу хенахь, школана чуьра бераш шиш-кхоъ арадовла дуьйлало. Уьш ч1ог1а г1овг1анаш еш ду. Цхьаберш буьйлуш бу, вуьйш дог доьхна бу. Бетсай, Зезагий а гучуйолу эххар а. Бетса шен нанна Сацитина герга йог1у, амма генахь йоццуш Деши гой соцу.
Юьхь серлайолуш, Дешина жимма улло таь1а Бетса.
БЕТСА
Деца, де дика хуьлда хьан!
ДЕШИ
Диканца дукха ехийла хьо а! Дала аьтто бойла хьан!
БЕТСА
Дела реза хила хьуна а!
Шен нанна т1ейоьду Бетса.
Нана, хьо ма йоьхна ю?
Йовлакхан маь1иг хьокхуш, б1аьргах хин т1адам д1абоккху Сацитас.
САЦИТА
Со-м ахьа экзаменан х1ун дийр ду техьа, бохуш сагаттадеш лаьттара.
Шен нана марайуллуш, самукъане елало Бетса.
БЕТСА
Нана, нана, и экзамен бен ма елара сан х1окху дуьненчохь д1аялан езаш. И экзамен асачул дика вайн республикехь д1аьелла кхин стаг… кхин цхьаъ бен стаг велахь, сан бехк бу-кх хьуна!
Йоь1ан куьйг къовлуш, улло таь1а Сацита.
САЦИТА
Делахь, йо1, иштта а хьан да хьуна реза воцуш ву. Вайна иштта а х1ума ала кийчча бу нах. Х1унда до ахьа, ца дича а мегар дериг?
БЕТСА
Х1ун до аса, нана?
САЦИТА
Оцу зудчуьнга йист ца хилича а мегар ма дара хьо…
БЕТСА
Нана-а, деца Деши йуьйцу ахьа? И санна дика велара вайн юьртара шаверг а. Ма кхера, нана, шадериг а дика хир ду, шадериг а оцу Везчу Делан карахь ду!
САЦИТА
Делан карахь-м дара и, Делан карахь… Хьан экзамен чекхъяьллехь, ц1а г1о вайшиъ?
Гена йоццуш шен ненаца лаьтташ йолчу Зезаге куьйг а ластош, 1одика йо Бетсас. Т1аккха шен ненан пхьаьрсах куьйг а тосуш ц1ехьа д1айолало.
БЕТСА
Яло делахь. Нана, Выпускной бале йохийтур юй ахьа со?
БУКЪТ1ЕХЬАРА СУРТ: Бетса шен ненаца д1айоьдуш генайолуш ю. Царшиннан аз а ду лахлуш.
САЦИТА
И х1ун ю?
БЕТСА
И х1ун юй… И х1ун юй… ас дуьйцур ду хьуна…
Генайолу йо1 наний, генадолуш д1адов аз а.
ИНТ. ДАНИН ЧОЬ. Дана ву куьзгана хьалха кечлуш, галстук нисъеш. Не1арах п1елг тухий, чухьожу нана. Хьоьжуш лаьтта, шен к1антах йоккха еш. Ойланашка ваханчу Данина х1инца го шен нана.
ДАНА
Нана, хьо х1ун деш лаьтта? Со мел сиха ву ца хаьа хьуна! Нисъехьа сан галстук, ахьа санна хаза шад ба ца хаьа суна цунна.
Деши улло йог1у к1антана, галстукана шад бан х1утту.
ДЕШИ
Ахь х1ун до ч1ог1а сихвелла? Хьоьга хьоьжуш стагга а ма вац цигахь.
ДАНА
Нана, хьоьга са ца гаттадайта, аса хьоьга ца дуьйцура.
ДЕШИ
Х1ун ца дуьйцура?
ДАНА
Нан, тахана суьйрана Выпускной балехь, ловзаргахь, школехь Бетсас ша дош лур ду аьлла суна!
ДЕШИ
Х1ун дош? Хьуна х1ун дагадеъна техьа, к1ант!
ДАНА
Нан, ахь хьайн са ма даалахь… Мегар дуй? Асий Бетсассий вовшен кехаташ яздора, нахана ца хоийтуш, тхайн дагахь дериг. Вовшен дистхила тхан аьтто бацара, тхуна т1аьхьа ларатоллуш дукха нах бара. Тахана школехь хуьлуш болчу синкъермехь ша дош лур ду аьлла Бетсас, ша соьга йог1ур ю аьлла!
Б1аьргах хи долуш, елалуш, к1ант маравуллу нанас.
ДЕШИ
Дера хьо иштта вацахьара хьайн ден к1ант а хир вацара хьох! Дера вара хьан да а къонах стаг. Хьайн даго боххуш дериг де ахьа! Со-м ахьа динначунна реза ю. Ахьа схьаялаяхь тховса а аса и йо1 безамца т1еоьцур ю. И йо1 хьуна уллохь хила хьакъ долуш хьекъален йо1 ю. Оьзда а, яхь йолуш а ю.
Нанна т1ехула куьйг доккху к1анта.
ДАНА
Нан, нана-а, ирс долуш ву-кх хьо санна Нана йолу к1ант! Хьан а, сайн ден а сий ца дайъа хьожур ву хьуна со. Са ма гаттаделахь, Везчу Далла т1ехь бу вайн болх!
ДЕШИ
Ткъа деша вахарна х1ун до ахьа, зуда а ялийна охьахиъчи?
ДАНА
Нана, сан Бетсан вайн республикехь а уггар тоьллачех баллаш ду ЕГЭ д1аяларна. Тхайна луъъуча институте кехаташ д1адала йишйолуш ду тхойшиъ. Хазахетарца д1а а оьцур ду тхойшиъ. Оха шимма а доьшур ду. Зуда ялийна хилча а институтехь деша магош ма ду. И-м школа яций, нана! Нана, хьан к1ант воккха ма хилла!
К1ант д1ахоьцуш, йистаха г1улч а йоккхуш, куц долуш, лекхачу к1анте ирххьожу. Корта ластабо.
ДЕШИ
Дера хилла! Дера хилла! Дика ду к1ант, аса кечам бийр бу делахь, нускал т1еэца. Вай хьан гергарнаш кхайкха беза.
Жиммачу ханна ойлане йолу Деши.
Хала-м хир ду и. Вайн пачхьалкхан Гуьржеха пачхьалкхаца йолу юкъаметтиг дика яц. Вайн хьуьнхахь болчу т1емлоша еш йолу дуьхьалонаш а, гуьржашца х1ирийн хилла т1ом а бахьана долуш, цаьрца долу доза-м д1акъевлина ду.
ДАНА
Х1умма а дац, нана. Вай цига ваьш г1ур ду, Бетса а, Дени а. Кхаъ бийр бу вай царнна! Загранпаспорт хилчхьана, Бакоха г1алахула цига дахалур ду вай, х1умма хало а йоцуш.
ДЕШИ
Дика ду, сан к1ант, делахь аса кехат яздийр ду цаьрга, вай т1еэца кечам бе аьлла.
Дана, ц1еххьана дагадог1ий, сахьтана т1е хьожу. Собардоцучу ойланца не1арехьа хьожу.
ДАНА
Нана, со т1аьхьа вуьсуш ву. Мичхьа ву техьа и Дени? Даима а т1аьхьавуьсуш 1едал ду-кх цуьна!
Оцу хенахь не1арехь гучуволу Дени.
ДЕНИ
Мама, мама, цо суна дуьйцург ца хеза хьуна? Лерг озадехьа цуьнан!
Дешис, елалуш, т1евеъна Дени маравуллу.
ДЕШИ
Дера х1инца шун лергаш ийзадан а йиш ма яц. Шу-м даккхий хилла х1инца!
Дени, Данига а хьожий, кхета, цо д1адийцанийла.
ДЕНИ
Мама, со хьоьга д1адийца са а ца к1амлуш-м вацара хьуна. Оцу тиранас соьга ца дуьйцийтур-кха, ахьа сагаттадийр ду бохуш.
ДЕШИ
Х1инца гучуйели шун къайле. Вало ший а ледара ма хилалаш! Бетса вайн хила езаш ю шуна!
ДЕНИ
Мама, мама, цхьа к1ант ю-кх хьо, хьо ма яр-ра!
Деши елало.
ДЕШИ
К1ант олуш ма ца хуьлу, сан к1ант, зударех. Амма зудчунна а къонах ю и олуш-м нисло.
ДЕНИ
Мама, цхьа борз ю-кх хьо, т1аккха!
Г1адъяхна, ч1ог1а елало Деши.
ДЕШИ
Д1авала ший а гучура, ловзарга т1аьхьавуьсур ву шушиъ!
НАТ. ШКОЛАНА УЬЙТ1Е. Маьрк1ажа хан ю арахь. Даний, Дений школана не1аре кхочу. Школана чуьра схьахезаш ловзарган, эшарийн г1овг1а ю. Дана хьалха а волуш, ши к1ант школе чувоьду. Жимма хан яьлча, Дана хьалха а волуш ший а к1ант школан хьалха араволу.
ДЕНИ
Дан, схьайог1ура ю хьуна и, валохьа жимма хелха валийтахь вайшиъ!
ДАНА
Хьо чуг1о, аса жимма арахь собар дийра ду.
ДЕНИ
Хьо ца ваг1ахь, со а ца воьду цу чу.
Доттаг1 школан не1арехьа д1атотту Данас.
ДАНА
Дика ду, со х1инцца д1авог1у. Хьо чуг1о. Вало, вало! Чуг1о! со х1инцца д1авог1у.
ДЕНИ
Хьо минот яьлча чу ца ваг1ахь, со вухавог1ур ву хьуна.
ДАНА
Дика ду. Дика ду.
Дени школана ц1а чувоьдуш. Къайлаволу.
Школе чудог1учу кевне хьоьжуш, сагаттадеш лаьтта Дана. Школана кевнах чудог1учу зудаберийн г1овг1анаш хезий, сиха цига д1ахьожу Дана. Амма гучуйолург Зарема, Малена, Пет1мат ю.
Заремина хьалха го Дана, амма ца го кеп х1оттайо цо.
ЗАРЕМА
Дера зудабераш, со-м х1ара Выпускной бал д1аяларца маре йоьдуш ю. Хан а йиллина яьлла, кара х1ума а елла яьлла.
Заремас х1оттийначу кепах ца кхеташ, ша лаьттачохь соцу Малена.
МАЛЕНА
Цо х1ун дуьйцу-у! Хьера яьлла хьо? Тхуна хууш х1ума а доцуш, хан а йиллина яьлла хьо? Ой, аса х1инца х1ун дан деза? Соьга-х ма вац цхьа а, базарахь хорсамахчул башха «Почем?» олуш а к1ант!
Догдухий, елхаозош, Пет1мате хьожу Малена.
Петька, хьо-м яц цхьанна а хан йиллина 1аш?
ПЕТ1МАТ
Дера ю! Ас хьоьга ца элира, со школа чекх ма яьккхинехь маре г1ур йолуш ю аьлла?
Зареме а хьожуш, х1иллане елакъежа Пет1мат.
Кхин а ч1ог1а йоьхна хьаьвза Малена.
МАЛЕНА
Петька, т1къа ас х1ун до? Со стенга хьо ашашимма?
ЗАРЕМА
Тхайцана хьо а д1айуьгур ю-кх!
Ца кхеташ кхин а ч1ог1а юху Малена. Елха йолло, б1аьрга буй а хьовзош.
МАЛЕНА
И муха? Шушиннан муьлхачу т1ехьийзачу к1антана йига дохку шу со? Шиъ йо1, ши доттаг1 муха г1ур ю цхьана к1анте маре?
ПЕТ1МАТ
Ма елха, подружка, со маре г1ура яц хьуна, цкъа хьалха хьо маре а яхийтина, хьо яха охьа а хаийний бен.
Маленах къахетий цуьнан коьртах куьйг хьокху Пет1матас.
Бер санна Пет1матан белшах батт а г1ортайой йоьлху къиза йоьлху Малена.
ЗАРЕМА
Яло, яло ший а! Вай д1акхачале и шайолу Выпускной бал чекх а яьлла дуьсур ду вай!
Школана не1арехьа д1айолало Зарема, шен накъостийн куьйгаш а лоций, уьш шена т1аьхьа а бохуш.
Заремас такхийна юьгучу Маленина ша лаьтташ Дана го.
МАЛЕНА
Дан, хьо арахь лаьтташ ма ву. Выпускной бале ца вог1у хьо?
ДАНА
Сан кхин самукъа а ца долу оцу г1овг1анах.
Юха а ца хьожуш, т1ехйолушехь шен накъосташка олуш санна йистхуьлу Зарема.
ЗАРЕМА
Дера и цуьнга хьоьжуш арахь латтахь, шортта латта везар ву хьуна цуьна. Бетса-м цхьана а Выпускной бале йоуьйтур йолуш яц хьуна церан дас.
ДАНА
Хьан церан деца къаьсттина юкъаметтиг бу моьтту суна. Школехь мел боккхуш болу ког а ч1ог1а дика хаьа-кх церан дена.
Ша ца кхета кеп х1оттайл Заремас.
ЗАРЕМА
Хьо латта хьо! Латта, латта! Шортта латта-м везар ву хьуна хьан! Хьан Бетса-м д1о ц1енон сонехь 1абдулаца захло дуьйцуш лаьтташ ю хьуна!
Маьхкарий школана чу баххалца собар а дой, Дана д1ахьоду Заремас дийцина ц1ено долчу аг1орахьа. Геннара го цунна некъо гуолатухучу меттехь лаьтташ волу 1абдул. Улло кхочуш ц1енон сонат1ехьа лаьтташ го Бетсай, Зазагий.
Бетсана гуш вац Дана.
БЕТСА
1абдул, ахьа со йолчу аг1ора беш болу некъ эрна бу! Хьайна кхин некъ лаха, сан дог-ойла кхин ю. Со институте деша яхаезаш ю.
1АБДУЛ
Ахьа дан х1ума дац институтехь-минститутехь. Аса кхобур ю хьо! Сан ден ахча тоьур ду вайшиннан берийн берашна а! Хьуна лаахь а, ца лаахь а хьан дас, сан дега делла дош ду. Вайга и доха а лур дац!
БЕТСА
Дош хийцалур дац, амма шиннен а ойла хийцаялур ю.
Йо1а аьллачух кхета хьекъал ца кхочу 1абдулан.
1АБДУЛ
И бохург х1ун ду? И муха?
БЕТСА
И сан сайн г1уллакх ду. Хьоьга дийца г1уллакх долуш а дац. 1абдул, вайна юккъехь иштта а тоьуш болу цабезам ца дебош, хьайна кхин некъ лаха. Хьайх тераниг карор ю хьуна, хьо жимма д1асахьожуш хилахь.
1АБДУЛ
Дера со мел ч1ог1а д1асахьежча а, хьо йоцург суна гуш кхин йо1 ма яц. Суна мел ч1ог1а кхин некъ карийча а, сайн дас деллачу дашна т1ера ма вер вац со, сайна чохь са а долуш.
Бетина уллохь лаьтташ йолу Зезаг шена т1е тидам бохийтуш леррина хьожу, генахьуо урамехь вог1уш волчу цхьана к1анте.
ЗЕЗАГ
Бета, Казбек ву моьтту суна и д1о вог1уш верг. Д1аг1о вайшиъ, и вайна т1е1оттавалле?
БЕТСА
1абдул, къинт1ера вала суна, сайн дагна дан х1ума дац сан. Кхин соьца долу къамел ма лехалахь. Казбек ву и д1о вог1уш, тхо д1адоьлху.
1АБДУЛ
Къамел лоьхур дац, Выпускной бал д1аяьллачул т1аьхьа хьо соьга ян-м езар ю… Лаахь а, ца лаахь а, лууш санна!
Йистаха волуш, д1аволало 1абдул.
БЕТСА
1абдул, эрна ду хьуна ахьа лелориг!
Зезаган куьйгах чекх куьйг а доккхуш д1айолало Бетса школа йолчу аг1ора.
Мехкарий ша волчу аг1ора схьабуьйлабелча, диттана т1ехьа а ваьлла, къайлавала кхуьу Дана. Уьш жимма гена бевлича, 1абдул д1авахначу аг1ора т1аьхьавоьду к1ант.
1абдул, гуотосуш, школана т1ехьааг1ора ринжах а волий. керта воьду.
1абдулна т1аьхьа а кхуьуш, Данас, аз лахдеш мохь туху.
ДАНА
1абдул, собардехьа цхьана минотана.
Азах цецволий, ц1аьххьана, реза воцуш вухахьожу 1абдул.
1АБДУЛ
Х1ун боху ахьа? Хьо вара хьуна т1ехула т1е оьшуш кхузахь.
Дана улло воьду 1абдулна.
ДАНА
1абдул, вай х1инца школа чекхъяьккхина девлла, кестта д1асакъаьстар ду вай. Со Москва деша ваха дагахь ву. Со д1авахале, хьоьца сайн хилла цатам т1ерабаккха лаьара суна. Вайшинна къийса х1ума а дац, сох даьллачунна суна къинт1ера вала. Со хьуна а ваьлла къинт1ера, Дела теш ву цунна.
1аьржа ц1оцкъамаш ирдеш, вон велакъежа 1абдул.
1АБДУЛ
Хьажал, к1ант-стаг, хьой, сой цхьана т1ег1ана т1ехь лаьтташ вац. Хьо тайпа а, тукхам а доцуш бо-бера санна стаг ву! Со сайн юьртахь, доккха тайпа а долуш, гергара шортта нах а болуш, хьал а долуш 1аш стаг ву! Ткъа хьо мила ву? Д1акхоьссина к1еза санна тхан юьртахь 1аш ву хьо! Тайпа а дац хьан, тукхам а дац! Хьо соьца хьуо вуста воллу! Хьо дов дан де долуш стаг велахьара, аса тоххарехь къастийна хир дара хьоца долу г1уллакх. Кхин хьуо дийна а волуш суна хьалха ма х1отталахь! Аса хьоьца т1аккха дов дийр дац, хьо дов дан стаг вац! Аса ж1алийна санна тапча еттар ю хьуна! Д1авала суна б1аьргагучура.
Х1инца 1абдулах Дана а ца веша, и дохковаьлла ша х1окху стагаца къамеле валарна а. И воьлу цунах х1инца.
ДАНА
Хьо цомгуш стаг ву! Коьртана дика волчух тера а вац хьо, пекъар. Сан тайпа а ду хьуна, сан тайпа хилла а ца 1аш къам а ду хьуна. Со нохчо ву хьуна! Суна хьалха лаьтташ долу декхар дукха доккха ду, хьо зингат санна бен вац цуьнга хьаьжича. Хьоьга дуьйцур дара аса, амма хьан хьекъал кхочур дац цунах кхета. Цундела вуьту аса хьо, хьайн дегбаамца, буйнара тайниг схьаяьккхина жима бер санна! Суна хьох къахета! 1е хьайна хьайн доккхачу тайпанца вахквала, ткъа со сайн жимачу къомаца ирсе ваха вуьсур ву. Оцу сайн къоман сий айба а хьожур ву со, хьан да санна болу, шен къоман «ц1ий муьйлуш» болчу нахах, и парг1атдоккхуш. Со дешна а ваьлла вухавеъча, сох ларало эр ду-кх ахьа хьайн дега! Маьрша 1ойла!
Букъберзош, д1аволало Дана.
1АБДУЛ
Хьан да валла!..
Т1ехьа, хечин доьхкана чу йоьллина йоллу тапча схьайоккху. Юлуш д1аса а тухий, Данина букът1е хьажайо…
Ц1аьххьана вухахьаьжинчу Данина го тапча. Мох санна сиха чухьоду и 1абдулна. Амма, мичара вели ца хууш, гучуволу Казбек, и шинна юкъакхоссало. Тапча йолу. Казбекана кхета тапча, и Данин караохьавужу.
Воьхна, кхеравелла куьйгаш эгадеш, вухаволало 1абдул. Цуьнан буйнара тапча охьаюжу. Корта а лоций 1адийча санна лаьтта и.
Казбек вийний кхетта волу, Дана, меллаша шен керара к1ентан корта баца а буьллуш, 1абдулана т1еволало. 1уьллуш йолу тапча а гой, и сиха караоьцу цо.
ДАНА
Хьо ж1аьла дуйла ца хууш вацара со! Ж1аьла санна ле хьайна!
1абдулна тапча хьажайо Данас. И лаг оза кхиале, тапчана т1екхета едда йог1уш йолу Бетса. Шинне а буйнахь йоллу тапча йолу.
Б1аьргашна дуьхьала куьйгаш лаьцна лаьтта 1абдул тапча кхетий, ша лаьттачохь, дагах ка а тухуш, охьавужу.
Тапча шен караоьцуш лаьтта охьакхуссу Бетсас. Казбекана т1екхета, и метта вало г1ерта. Амма ваша дийна вац. Мохь олуш йоьлху йо1.
Ша х1ун дийр ду ца хууш, дог доьхна т1ех1оьттина лаьтта Дана.
Ведда т1евог1у Дени. Цо куьйг а лоций, дуьхьала г1ерташехь, такхавой д1авуьгу Дана.
ДЕНИ
Дан, вало, хьо къевла вала веза, церан нах кхуза гучубовлале! Вало! Вало!
Ши доттаг1 къевлаволу.
НАТ. МАЬРК1АЖА ХАН. ЮЬРТАН УРАМАН НЕКЪ. Вухаг1ерташ волу Дана а валош ц1авог1уш ву Дени. Дени кест-кестта вухахьожу. Ц1еххьана царнна хьалха нисло, Дана санна тоьллачу дег1ехь а волуш, иттех стаг гихь герза а долуш. Царнна юккъехь воккхахавериг вистхуьлу.
Царнна юккъара хьалхахуьлу 50-60 шо хир долуш онда воккханиг, Дуда.
ДУДА
Хьажал, кегийра нах, цхьа хаттар дара сан шуьга!
ДЕНИ
Тхойшиъ сихо ву, бехк ма биллалаш.
ДУДА
Тхо юьртара доцу хьеший ду. Басо ц1е а йолуш къонах хила везара шун юьртахь 1аш-вехаш. Шуна хуур дарий техьа цуьнан ц1а мичхьа ду?
ДАНА
Басо сан ден ц1е ю! Шу муьлш ду?
ДУДА
Хьан ц1е Дана юй?
ДАНА
Ю!
ДУДА
Бердзан к1ет1ц1а, хьайн ден вешица къамел муха до ахьа? Схьавоьл, мараволлийтал хьо!
Дана цецваьлла вуьсу.
ДАНА
Ваша, бехк ма биллалахь суна, хьо ца вовзарна!
ДУДА
Хьай, бердзан к1ет1ц1а, к1ет1ц1а! Хьуна со муха вевза, цкъа гина а ца хилчи?
Шена улло веъна волу Дана маракъовла Дудас.
ДАНА
Маьрша дог1ийла шу, Ваша!
ДУДА
И лаьтташ волу итт къонах хьан шичой бу. Вайн к1ентий бу уьш. Тхо дикка к1адделла ду. Доза а хадийна г1аш дог1уш ду тхо Нана Нохчийнчу!
Шен шичошна массарна а мараэккха Дана. Дени а эккха мара Дудина а, Данин шичойшна а. Данас Денин белша т1е куьйг дуьллу.
ДАНА
Ваша, х1ара сан доттаг1 ву, ваша санна ву суна х1ара. Вайн ц1а гена доццуш ду. Шуьга садо1ийтур ду вай сихонца.
ДУДА
Басо ц1ахь вуй?
Дана, Дудина хууш доций кхетий, соцу.
ДАНА
Ваша, до1а дехьа, хьан вешин хьалхарчу т1амт1ехь валар нисделла! «И турпал санна летта мостаг1чух» олу цуьнца т1амт1ехь хиллачара.
Дудас куьйгаш лоцуш до1а до. Массара а ойбу до1анан куьйгаш.
ДУДА
Кхин хуьлийла а дацара и… Кхин хуьлийла а дацара! Лом дара и!
ДАНА
Ваша, х1инца сихо е вай чудерзан?
ДУДА
Мегар ду. Гайтал некъ.
Дудина некъ гойтуш, и хьалха вохийтуш, ша жимма т1аьхьа соцуш д1аволало Дана.
ИНТ. ДЕШИГ1ЕРАН ЧОЬ. Деши ю чохь 1аш. Чохь летта электрочиркхаш а ду, буьйса хилар гойтуш. Денин аз хеза арахь.
ДЕНИ
Мама, мама, хьеший балабо аса хьуна!
Хьалха не1арах чоьхьаволу Дуда, цунна т1аьхьа шаберш а.
ДУДА
Деши, тхо ду х1орш-м! Дика мел дерш х1окху чу!
ДЕШИ
Ой, со яла елла! Воккха к1ант, шу мичара девли? Шу дахка маьрша! Вайн пачхьалкхашна юккъера доза къевлина ма ду! Сехьадовла. Д1аяха шайна т1ера йовха х1уманаш… Ой, Воккха к1ант, шу герзах доьттина ма ду? Т1амна кечделла-м дац шу?
Дудина а, цуьнан к1енташна а мараэккха Деши.
Парг1атбовлу хьеший.
ДУДА
Деши, дозанца лаьтташ г1аролаш бу. Тхо царнна юккъехула, эшахь т1амца даьхкина а ца дог1уш 1ийра дац, аьлла лаьмнех сехьа а девлла, хьаннашна юккъехула г1аш дог1уш ду. Шу х1ун деш ду ца хууш саготта вара со а, вайн ц1ахь мел берш а.
Б1аьргах хьаьдда хи д1адоккхуш, г1ийла йоьлху Деши.
Дудас, куьйгаш лоцуш, до1а до. Массара а ойбу до1ана куьйгаш.
ДЕШИ
Ца ларвели-кх и тхоьга.
ДУДА
Шен къоман дуьхьа са д1адалар деза х1ума ду. Басо ледара хила йиш йолуш вацара. И тхо ворх1 вешех уггар тоьлланиг вара. Дана цунах ч1ог1а тера ву. Далла бу-кх хастам!
Дешис, ц1аьххьана дагайолий, Данига дехар до.
ДЕШИ
К1ант, хьажал сихо елахь схьалаций тоьллачех цхьа-шиъ уьстаг1 белахь вайна жижгана. Дени, хьо а сиха лелалахь!
ДЕНИ
Мама, х1окху сохьта!
Дана, Дени, цаьрца Данин шичой а арабовлу.
ДЕШИ
Воккха к1ант, дехьа чу а валий, садо1а ахьа. Аса х1окху Делан сохьтехь вайна юург кечйийра ю.
ИНТ. САТОСУ ХАН. ДЕШИН Ц1ЕНОН УЬЙТ1Е. КЕРТАН ГУО. Геннара хеза улло йог1у машенийн г1овг1а. Гучуйолу новкъахь машенаш. Машенашна т1ера охьабуьйсу нах, церан карахь герз ду. Кегийрачу наха кертан йохалла ц1енона гуо бо. Аьчган кевна юккъера не1 схьайоьллу, кертана т1ехула чоьхьа иккхинчу жимчу стага. Уьйт1а вог1у, шен ц1а вог1уш санна Мохьалт, цунна т1аьхьа гучу волу Чаборз. Мохьалтан, Чаборзан вежарий, гергарнаш.
Мохьалта омра до, ц1енона гуо беш болчу, кегийрачу нахе.
МОХЬАЛТ
Цхьа моза кху кертара ара бера боцуш, гуо белаш х1окху божална!
Карахь ловзош йолчу тапчана юьхьиг хьалха а йоккхуш, Дешин ц1енон не1арна улло вог1у Мохьалт.
Не1 йоьллуш дуьхьала арайолу Деши.
ДЕШИ
Шу шайн де ц1а дог1уш санна нехан керта г1ерташ ма ду! Шу муьлш ду? Х1ун леладо аша?
Шен ц1ахь волуш санна гуонаха хьожу Мохьалт.
МОХЬАЛТ
Мичхьа ю и хьан тайпа доцу, къот1ан ког! И тхуна схьало, оха хьо дийна юьтур ю, тхан юьртахо хиларна. Д1аяла хьалхара, оха лозор ю хьо!
Оцу хенахь Мохьалтан б1она дуьхьала араволу, карахь герз а доцуш волу, Дуда. И буьрса хьожу кхайкхаза баьхкинчу хьешашга.
ДУДА
Схьаверзал соьгахьа, хьажал х1инца къонахчун юьхьдуьхьал! Хьуна къонахийн юьхь йицъелла моьтту суна! И ахьа къот1ан ког ю аьлларг, тайпана басо ву хьуна! Ворх1 вешин ваша ву хьуна цуьнан да Басо! И т1амт1ехь велла, мостаг1ах тасалуш лом санна! И дийна велхьара хьан к1ет1ц1ан муц1ар х1окху керта хьажа а яьхьар яцара, кет1ахула т1ехйолуш а! Басон воккхах волу ваша со ву хьуна, сан ц1е Дуда ю хьуна! Хьайн коьртан чохь айдаран хьаьрк яй д1аязъелахь и!
Мохьалт цецваьлла, акъваьлла висина.
МОХЬАЛТ
Хьо… Мичара… Хьо мичара вели? Хьо мила ву?
ДУДА
Ас шолг1а яккхахь, сан ц1е бале ер ю хьуна! Дийцал суна, ахьа х1ун леладо, тилделла ж1али санна, нехан керта а иккхина?
Мохьалтана вухахьаьжча го Чаборз. Шен вохарх эхь хетий, дуьхьала вала г1урту и Дудина. Ц1енонна гуо бинчу кегийрачу нахе вистхуьлу и.
МОХЬАЛТ
Хьовсал, к1ентий, схьалацал х1ара хьерваьлла стаг!
Не1 йоьллуш араволу Дудин цхьа к1ант, карахь пулемет а йолуш. Цунна т1аьхьа цхьацца волуш, сих а ца луш, арабовлу вуьйш болу одна к1ентий, автоматаш а карахь. Царнна юккъехь Дана а, Дени а ву.
Г1олоьхуш воьхна вухахьоьжу Мохьсолта Чаборзе, цуьнгара г1о лоьхуш.
МОХЬСОЛТА
Сан к1ант вийна, шун къот1… шун к1анта… Данас! Ас дуьтур дац и!
ДУДА
Хьан к1анта букът1ехьа хьажийна кхоьссина тапча ю, хьан к1антана кхеттарг! Шех даьллачух кхеравелла, цуьнан карара охьайоьжна тапча схьа а эцна, юха а цуьнан кара йилла-м ца езара сан вешин к1анта! Дов дезаш шу делахь, дов ду шуна! Кхеле дилла шу лууш делахь, кхеле а дуьллу вай!
Мохьалт Чаборзе вуха хьожу.
МОХЬАЛТ
Чаборз… Чаборз сехьа валахь, хьажахьа х1окху хьераваьллачу стага дуьйцург!
Мохьалт тергал ца веш, Чаборзана улло воьду Дуда.
ДУДА
Чаборз ц1е ериг хьо вуй?
ЧАБОРЗ
Ву.
ДУДА
Чаборз, хьан к1анта Казбекас къонахчо санна д1аделла шен са! Цуьнан ц1е тхайн берийн берашна а тохкуш, лорура ву оха хьан к1ант. Ялсманехь сапарг1ат дойла цуьнан! И лаьтташ волу сан итт к1ант а, царнна юккъехь лаьтташ волу сан вешин Басон к1ант Дана а диканехь а, вонехь а хьан к1ентий бу хьуна тахана тховса дуьйна! Хьан к1ентан къонахалла бахьана долуш дийна лаьтташ ву и сан вешин к1ант тахана х1окху уьйт1ахь. Дала сий дойла хьан а, хьан к1ентан Казбекан а!
Мохьалт а г1урту Чаборзана улло.
МОХЬАЛТ
Чаборз…
ЧАБОРЗ
Сан тайпанах волу стаг вийна… И билгала хьан вийна хаа лууш веъна со кхуза дукхах вериг. Ас хоттур дара…
ДУДА
Хьайна лууш дериг хатта пурба ду-кх хьуна, Чаборз. Далла хьалха санна бакъдериг бен хезар дац-кх хьуна х1окху кертахь.
Данига хьожу Чаборз.
ЧАБОРЗ
Дана, цхьа х1ума хаа луур дара суна… Казбек шен ойланца, ша варий хьуний 1абдуланий юкъа х1оьттинарг?
Жимма хьалха волу Дана.
ДАНА
Ваша, суна Казбек гинехьара, ас Делах дуй буу, ас цуьнга и ца дойтуш, сайн са д1а ма лур дара! Со букъберзийна д1авоьдуш вара…
ЧАБОРЗ
Ткъа 1абдулна тапча тохаран куьйг бехке мила ву?
ДАНА
Ваша, куьйг бехкенарг со цхьаъ ву! Кхинарг цхьа а бехке вац!
Шен вешига Берсигахьа воьрзу Чаборз.
ЧАБОРЗ
Берс,схьаялаел оцу машена чохь 1аш йолу йо1!
БЕРС
Дика ду! Х1инцца!
Маса къевлаволу, жимма хан яьлча Бетса т1аьхьа а х1оттайой, кевнах чоьхьаволу Берс.
Чеборз Бетсагахьа воьрзу.
ЧАБОРЗ
Хьажал, йо1, Далла хьалха санна жоп лол суна! 1абдулна тапча тохаран куьйг бехкенарг мила ву?
БЕТСА
Баккхийчарнна хьалха со йистхиларна, Дала эхь-бехк лорийла! Дада, 1абдулана кхеттачу тапчана лаг озийнарг сан куьйг дара! Тапча схьалаьцна бен вацара Дана, аса и цуьнан буйнара схьаозийра. Лаг лаьцна схьаозийна хиллера аса и тапча. И бакъ хиларна Далла хьалха баъа дуй бу сан!
Чаборзас йо1 мукъайоккху.
ЧАБОРЗ
Д1айало, хьо мукъа ю.
Мохьалтехьа воьрзу Чаборз.
ЧАБОРЗ.
Мохьалт, со кхуза вар бахьана и бакъдериг хаар дара. Сан к1ант Казбек верна куьйг бехке 1абдул ву, ткъа цунна сан йоь1ан куьйга Дала бекхам бина. Хьайн соьга ала х1ума делахь, со ладог1а кийча ву мичхьа а!
Дудица цхьаьна, Дешина улло вог1у Чаборз.
ЧАБОРЗ
Дуда, Деши, х1окху кертахь со бахьана долуш хиллачу цатамна, ас шу сайна къинт1ера довлар доьху. Аса беъначу некъах шу кхетта хир ду. Шу маьрша 1ойла!
Вухавоьрзий, кевнах араволий шен машена т1евоьду Чаборз. Цунна т1аьхьа цуьнан ваша Берс а, гергарнаш а д1абоьлху.
Дуда Мохьалтана т1евог1ало.
ДУДА
Букът1ехьа топ тохарал сов эхь дац нохчочунна! Хьан меттехь хилча, суна эхь хетара дара и нахала даккха а! Д1адовла х1окху уьйт1ара, со оьг1азвахале! Яхийта! Ас шозлаг1а эр дац шуьга.
Мохьалт шен гонаха хьожу, цуьнан гергарнаш кортош охьа бахийтина, эхь хеташ лаьтташ бу.
МОХЬАЛТ
Дуьло, д1адоьлху вай!
НАТ. ДЕШИГ1ЕРАН Ц1ИЙНАН КЕТ1Е. Кет1а бовлушшехь Мохьалтан а, цуьнан нахана а го бо, Нохчийн республикан къоман гвардейцаша. Мох санна вадийна, командирана хьалха валаво, шина куьйгана йоьхкина наручникаш йолу, Мохьалт.
ГВАРДИН КОМАНДИР
Хьан ц1е Мохьалт юй?
МОХЬАЛТ
Ю…
ГВАРДИН КОМАНДИР
Хьуна т1аьхьа тхо хьовсуш долу дикка хан ю. Нохчийн Республикан сийдеш къахьега дезаш вара хьо, хьайн дарже хьаьжжина. Ткъа хьан бухгалтерига тхо хьаьжича гучудаьлларг, ахьа пачхьалкхан лачкъош хилла рицкъа ду! Хьуна вайн Нохчийн Республикан Законаца дан дезаш долу та1азар дийр ду!
Гвардейцашка мохь туху Гвардин Командира.
ГВАРДИН КОМАНДИР
Д1авига и машена чу хааве!
МОХЬАЛТ
Хьажахь, командир… командир! Оцу Деши бохуш йолчу зудчуьна чохь дозанах сехьабевлла Гуьржехара баьхкина дукха нах бу хьуна!
ГВАРДИН КОМАНДИР
Хьуна дера моьтту тхо ледара к1ентий ду! Уьш баьхканий ца хууш дац тхо! Уьш машарен хьеший хилар а зийна оха! Вайн нохчийн вежарий бу уьш! Бакъболу нохчийн къонахий а бу! Ткъа цаьргара герз, дозанал юха дехьабевлача, царнна шайн нохчийн сий лардан оьшур ду. Хьо санна берш бу «нохчийн ц1ий муьйлуш»! Шуна юккъеххьий, нохчийн къомана юккъехь долу доза ду доккха а, хадон йиш йоцуш а!
Чаккхе
Свидетельство о публикации №213061300693