Свобода Прометея пьеса на чеченском языке

               
           ПХЬАРМАТАН  МАЬРШО.             Хаджимурадов Вахит
                (по чеченской легенде о Прометее - Пхьармате)               
         
              Дакъалоцурш:
       Куьйра – Ткъейха шо долуш, жима стаг.
      Леча – Куьйрин доттаг1.
      Зезаг – Куьйрин езаш йолу йо1.
      1-йо1 – хин йисттехь, Зезаган накъост.
      2-йо1 – Зезаган накъост.
      3-йо1 – Зезаган накъост
     Пхьармат – Селин ц1е ядийна волу нарт.
     Села – нохчийн стелахаьштигаш тухуш волу дела.
   
                1 дакъа. 1 сурт.
     (Сцени т1ехьара хеза шира нохчийн мукъам, цу мукъамца декаш ду аз)
 
    Башламан корта бу лайн дарцах къежа
     Шелонан кийрахь ду Пхьарматан дог.
    Эзара шерашкахь ларбина тешам,
    Адмашлахь догуш ду Пхьарматан дог!               
Оьг1азе Села ву хаьштигаш детташ,
Пхьарматна елла цо йист йоцу хан.
Стигланаш лаьмнашца вовшаха етташ
Села! Ма яхъелла къизалла хьан!
 
(Боккхачу ломах яьккхина тоьла, цу чохь ах шана юккъехь лаьцна воллуш Пхьармат, ломана            .    лахахь кегийра дитташ лакхахь ло, хьоькхуш мох. 1аьржачу мархашна юккъехь  Селан юьхь-сибат гучудолу.)
 
   
                Аса хира ду ва  аьлларг хилан ма деза!      
                Аса хира дац ва аьлларг хира ма дац!
                Бакъ дуй и, ва Пхьармат, мелла хьежан веза!                               
                Собарен шерашкахь со хьоьжуш вац?!
 
 Пхьармат. (Накхана т1е олбина корта ойбуш, коьрта т1ера ло а дожош, т1е йисйиллина 
                ц1оцкъамаш ойбуш, б1аьрганег1арш а доьллуш.)               
                Бакъ ду и, ва Села, 1аламат онда
                Бу ницкъа хьан карахь …Хьо дела ву!
                Вац хьуна, ва Села, оццул со сонта,
                Сан даг чохь 1ийжаш бериг къинхетам бу.
 
             
Села.
                Аса ма де ва аьлларг, дира ахьа тешна,
                Сан дашна дуьхьалла дуьхьалло еш!
                Хьан дашана ва хьалха сан дош ма эшна!
                Ваьллий-те хьо дохко ойланаш еш?!
 
               
Пхьармат.
       Къинхетам, адмалла коьртаниг дара,
      Еш ч1аг1о, дохадеш хьан ч1ог1а дош,
      Сайн дуьхьа дацар-кха хьан дош ца лардар,
      И сирла алу аса адмашна хьош.
         Сан кийра къуьйлуш ю турпалла ойла,
         Ц1е хилла догуш ду турпалла дог.
        Башламана шано со велахь а къевлина
        Ч1аг1о сан хийца дац дуьненахь дош!                               
   
Села.
      Хьо бахьна ма ду-кха адмаш ткъа тахна
      Сох делар! Ловзаеш ницкъалла ц1е!
      Сох тера шаьш хеташ адмаш г1ад дахна!
     Хьо йеца, ва Пхьармат, кхардаман з1е?
     Ваьллий-те хьо дохко динчунна айхьа?
     Хьажал цкъа схьа соьга, сиха дере дел!
 

   Пхьармат.
     Ц1еран дай шаьш хиларх, кхардам бац адамехь.
     Шелонех, мацаллех бевлла-кха уьш .
    Баркалца йоккхуш ду Делан ц1е адмаш.
   Ч1аг1о сан хийца дац бахьана гуш.
 
   
Села.
    Эзарнаш шерашка хан-зама яларх,
    Сан ц1аро дагор ду хьан довха дог!   
   Башламан шелонехь довр ду хьан дахар,
   Шелоно морцура ду хьан дилха дег1!
   Ца элира алан дац хьан соьга кхана,
  Адмашна дицлура ду хьан турпала дог!

Пхьармат.
 
    Кхана сан дахар ду дицдалан мегаш,               
    Йицялан мегаш ю кхана сан ц1е.               
   К1еда ду цхьадолчу адамийн дегнаш,               
   Диц до-кха адмаша кхоьлина де.
  Амма сан дагчуьра ц1е хира ю кхерчахь,
  Адмашна йовхо луш, къинхетам беш!
 

Села. (Къевкъачу стигланашна юккъехула, детташ гуш стелахаьштигаш)
    Турпалчу хьан деган бо аса ларам,
    Амма ахьа сан дешан лахбина мах.
    Аса делла та1зар ду, ца лоруш барам               
    Дог майра ва Пхьармат, хьо лолахь ч1аг1!               
        Хан-замана йохалле хьоьжур хьо къонах,
        Шело хьайх хьерчаеш – къизалла ловш!
       Лайн чимаш дарц хилла хьийзара ду гонах,
       Йовхонех хьегадеш хьан довха дог!
    Сан бала хьайн кийрахь хьуна хаийта,
    Сан лазам кест-кестта дага-баийта,
    Т1ам шуьйра и аьрзу кхочур ду хьуна,
    З1ок ира и аьрзу тебара ду хьуна,
    Хьан дег1ах ирйийр ю цо ира з1ок!
        Аса хир  ду ва аьлларг, хилан ма деза!
       Аса хир дац ва аьлларг,  хира ма дац!
 
              (Стигалаш а къевкъаш, селахаьштигаш а детташ чекхдолу сурт)               
               

                11 сурт.
( Сцени т1ехьа лаьмнашна, хьаннашна юккъехь жима ламанхойн юрт, юьртана йисттехь маса хьаьдда доьдуш хи. Хин йистехь к1удалашца мехкарийн тоба, царна юккъехь Зезаг. Хин йистте, мехкаршна гена воццуш, т1евог1уш шиъ жима стаг, Куьйрий,Лечий)
Зезаг.
      Мехкарий, хьовсийша и сийна лаьмнаш
      Бос лепаш ц1ена ду Башламана чохь.
      И шура ва санна ло лепа баххьаш
      Мархашца луьйчуш ду цу стиглана чохь.
         Амма шу тешдолуш туьйхира хаьштиг,
         Къевкъира стигал а к1айн мархана чохь!
         Х1ун балехь ю техьа и лаьмнийн б1аьштиг?
        Тамашена х1умнаш ду-кх кху дуьнена чохь!
 

1-йо1.
(Йоьлучуьра ца сацалуш, шен жималлех, хазаллех самукъадуьйлуш, кегийрачу нахе а хьожуш)
 
      Стиглара йоссахьа, сан  йиша, Зезаг,
      Яха-хьа кхоьлина ойланаш д1а!
      1аламо кхайкхош бу дуьненна безам,
      Ойланашкара эккхадехьа и шийла 1а!
         Хи хьоьстуш и сирла тулг1енаш керча,
         Хьуьнйисттехь зарзар а хаза декаш ду!
         Мехкарийн ойланаш безамех хьерча,
         Дуьненна йовхо луш дашо малх бу!
 

2-йо1.
(Куьйрига,Лечига а хьожуш)
      Мехкарий, и ши к1ант хьена ву теша?
      Муьлхачу йо1ана теба и шиъ?

3-йо1.
      Куьйра-ма Зезагна тебаш ву тешна!
      Шолг1аниг ца къаьста, мила ву и?
(Куьйрий, Лечий мехкаршна юххе  кхочу, и шиъ забарш еш воьлуш, самукъне а ву.)
 

Леча.
         Суьйре дика хуьлда шун, мехкарийн тоба!
         Цу ломана зезагийн бос лепа шун!
         Шу гаре сатуьйсуш кхачийна собар.
         Б1аьрг серла болу-кха шу сайна гуш.    
      Цу к1ентийн ойланаш шу долчу хьийза.
      Шул хаза дуьненахь х1умма а дац!
    Дог-ойла шу долучохь ма ч1ог1а ц1ийза
    Сан б1аьрса шу ца гуш мегаш-ма дац! 
          Алахьа тешамен доттаг1а, Куьйра,
          Даьгна д1адаьлча сан деган бехк  буй!
         Мелла хаза лепаш ю х1ара дашон суьйре…
         Ва Куьйра, аса дуьйцург хьо хезаш вуй?
 

Куьйра. 
          Ма вала дакъаза сан доттаг1, Леча!
          Хьан дагна дарба цу хин йисттехь ду.
          И тулг1е Башламан цу дагах хьерчаш
         Ша санна шелъелла, бос сирла ю.
      Сихонца хьадалахь тулг1ена йистте,
      Мехкаршка дехалахь и шийла хи.
      Безамех кхехкачу цу дагна сихха
      Мелла а синтем бан дарба ду и.
          Дарба-ма шийлачу хих хилан деза.
         Ца хилахь дарбанан жимма а мур,
         Мехкаршна юккъера харжа цхьа зезаг,
         Делора безамо дог тодийр ду!

Леча.
     Мехкарий-зезагаш, г1ерта-те кхарда,
     Хьекъалах телхин-те доттаг1чуьна мотт,
    Мехкарех хир ду ткъа и молха-дарба,
    Уьш бахьанехь догуш ду безамах дог!
                (Дог а лаьцна цомгуш стеган кеп хиттайо)
 

1- йо1.
(Мехкарийн беларан г1вог1ана юккъехула. Забаре йолуш.)               
      Бехк бац хьан жимачу мискачу деган,               
      Хин йисттехь бацалахь зезагаш гуш,
      Мехкарийн тобана-м юккъехь ду мегар
      Йо1 кхастон, амма и мел хала ду!

2- йо1. (Бегаш беш, к1ант хьовзавеш)   
       Леча, ахьа ма к1адйе хьайн сиха ойла,
      Ма хьежа массеран б1аьргашна чу.
      Соьца бен хьайн безам хьуна ма гойла,
      Хьан дог ас шадериг д1алоцура ду!
 

3-йо1. (Бегашена къовсалуш)
 
      Ма теша, жима Леча, хьайна х1ора а къежарх
      Со цхьаъ ю хьо воцург гура воцуш кхин!
      Гонаха кхин ца гуш хьо соьга хьежа,
      Ма леха, хьомениг, безамаш кхин.
 

(Мехкарий боьлу, Леча воьхна кеп х1иттош, Куьйрига хьоьжу. Куьйра а къежа. Зезаг цхьаъ ю ойлане йисттехьуо лаьтташ .Леча мехкаршца забарш еш а вуьтуш Куьйра Зезаге вист хуьлу.)

Куьйра.  (Зезагна улло г1уртуш)               
 
      Д1абузучу цу малхо хазйина суьйре
      Кхоьлина хета-кха гича и хьан сурт.
      Безамо 1ийжадеш сан дог ма къуьвлу,
      Къахеташ 1ийдало сан дагах мут
         Х1ун ойла-бала бу хьан хазчу коьртехь,
         Байна-те соь болчу безаман суй?
         Хьийза-кха ойланаш сан коьрте шорта,
         Зезаг, хьо дуьйцуче ладуг1уш юй?
 

Зезаг.
(Ц1аьххьана  самаяьлча санна а хуьлуш)
 
      Хьо веца, ва Куьйра, гуш вериг суна…
      Ма билла бехк суна ца гарна хьо.
      Ойлано 1ехийнчохь гина-кх со хьуна,
      Вог1ийла хьо маьрша, вуй лаан хьо?
 

Куьйра.
          Дашо малх суьйренга кхевдачу хенахь,
          Мехкарий хин йисттехь к1удалшца гуш,
      Гур яц те сайн Зезаг аьлла са тесна,
      Хин йистте сихо еш со вог1уш ву.
      Моьттура суна-ма сайн жима Зезаг
      Хин йисттехь со гаре сатесина ю,
          Моьттура, генара со гича тешна,
          Малх санна елалуш лепаш хира ю.
         Безамах сан санна сакъералац-те?
         Марханах таръелла кхоьлина хьо.
     Хин йисттехь со тахна новкъа-ма вац-те…
    Деттало ца кхеташ кийрара дог.
    Алахьа сан жима, бос хаза зезаг.
    Кхоьлина хьо хилар х1ун бахьна ду?
 

Зезаг.
     Ма билла бехк суна дог ц1ена Куьйра,
     Дахаран ойланаш со луьстуш ю.
    Аренгахь нах хьоьстуш дашо малх луьйча,
    Сирлачу лаьмнашкахь бала бу гуш.
        Башламан цу коьртехь хаьштигаш кхуьйса.
       Села ву дарвелла баланаш луш.
       Х1унда ду вайн латта харцоно 1уьйшуш,
      Шелонан баланехь нарт х1унда ву?
 

Куьйра.
      Сан зезаг х1ун ойла ю техьа, ала,
      Хьан хазачу цу коьрте сингаттам лург?
      Къинхетам бойла вайх цу везачу Дала,
      Ирс ду-кха гонаха гуш долу сурт!
         Маьлханан з1аьнаршкахь бос хаза лепа
         Лекхачу Башламан и сийна  бохь.
         Цу хьаннийн хотешкахь олхазарш дека
         Хих дина куьзга ду шовдана чохь.
      Сийлахьа ц1е ю вайн кхерчашкахь яган,
      Йовхо а, серло а нахана луш.
      Кегийнчийн и дегнаш кийча ду даган,
      И мерза безамаш вовшашна луш.
        Массо а адмашна ца гун и бала
        Догдика хиларна хьан дагчохь бу!
        Хьомениг, сел ч1ог1а дакхаза ма яла,
        Пхьарматах дуьйцуш дерг туьйра ма ду.
 

Зезаг.
      Вайн дайша кхоьллинарг хилийта туьйра,
     Пхьарматан тоьшалла вайн кхерчахь ю.
     Туьйранех ца тешарх, сан хьомен Куьйра,
     И сийлахь ц1е йеца вайн карахь гуш!
         Цу везчу вайн Делан кхочур-кха ницкъа
         К1ант санна де долуш хилийта со!
        Толлура дара ломара шира некъаш х1инцца…
        Ца вешаш къежа сан ойланех хьо?
    Тоьшална диллина ши эппаз санна
    Мехалла дер хьуна сох велар хьан!
    Хьайн дехарш дуоладан эшац-кха ханна,
    Ас-айса юьллур ю вайшиннан хан!
       Соь йола ва бохуш ахьа дина дехарш
      Аса жоп луш къастор ду чубузале малх!
      Хедор бац аса тахна дашон и мехаш,
      Хьан х1усамехь хир ю со хьан сирла ах,
   Нагахь хьан ницкъ кхачахь Башламаца къовса,
   Шелонана керар хьоь ваккхалахь нарт!
   Ойла йе, сан к1орни, са хиллалц тховса,
   Хира бу вайн захална цхьатерра барт.
      Пхьарматан парг1ато хуьлийла вайна
      Безаман тоьшаллин йист йоцу мах!
     Турпалчу хьан дагна сан дешнаш тайна
     Хетало, хьомениг, теш болуш малх.
 

Куьйра.
             Бераллехь дуьйна бу хьоь болу безам
            Сан  дагчохь заза хилла, со ирсе веш.
            Дахаран серло ю хьо суна езар,
           Сатосу седа бу  сан дашна теш!
      Сатосу седанца вер ву со новкъа,
      И дашон малх хир бу сан дашна теш,
     Некъана сихъелла ю ойла шовкъа,
     Хьан дешнаш хаза дека со ирсе веш.
            Сан, Зезаг, хьан дуьхьа ворх1 ломал дехьа
            Кийча ву ваха со халонаш ловш.
            Башламан баххьашкахь и Пхьармат лиэха
           Сайн дин аса кечбийр бу тахна садовш.
      Толамца со варе хьо хьежа, Зезаг,
      Хан йуьллуш делла дош лара а деш,
      Некъана серло луш вайн сирла безам
      Хира бу-кха сан дагчохь г1о суна деш.
        Амма со  валале геначу новкъа
        Дош ч1аг1деш  тоьшалла аса доьха хьоь.
        Сайн дехар ас дарна ма хета новкъа,
        Хан юьллуш тоьшаллин куьг лохьа соь.
 

(Йо1а иэхь хетарца д1айоьрзуш, соцунг1а а хуьлуш жимма хаъал юхакховдадо куьг. Куьйрас каден,
цхьанне а ца гуш, улле нислуш шен буйна къовлу Зезагийн куьг)
 

 
     Малх санна лепа куьйг сан дуй те ала,
    Я нехан ду х1ара, хьан хаза куьйг?
    Кхузза ас хотту хьоь, дакъаза ма яла,
    Сан ду х1ара, нехан ду шура санна куьйг?

Зезаг.
     Хьан ду, сан хьомениг, сан майра куьйра,
    Хьан ду, ас кхузза а, ло хьуна жоп…

Куьйра
 
     Баркалла, сан Зезаг, тахана дуьйна
     Вайшиннан кхоллам бу цхьа шалха шед!
    Дахар вайн хира ду-кха и хаза туьйра,
    Ду вайшиъ лаьмнашкахь цхьана хина ши берд.
        Хьо маьрша ва 1ойла, сан хьоме езар,
        Сатийса юьту ас, сан Зезаг,  хьо.
       Некъана сан тховса кечам бан деза,
       Ас х1инца хьомениг 1одика йо!
 

Зезаг.
         Цу Дала 1одика йойла хьан, Куьйра,
         Къизаллех къаьстийла цу Селан 1ад.
         Декъала хила хьан кечаман суьйре,
         Бузийла ирсах вайн дахаран кад.
      Со хьоьга хьожур ю,  хьо хила парг1ат,
      Халоно хьовзийча,  хьох хила даш.
      Толамца верзалахь, деш суна совг1ат,
      Вайн  безам ларбийр бу сайн даг чохь ас.
         Сихо йе некъана, дог майра Куьйра.
         Толамца верзалахь хьо сиха ц1а.
        Цу дашон ва малхо йовхонаш туьйлуш,
        Цу детин ва батто гойтийла са.
 

Куьйра. 
      Баркалла, сан Зезаг, хьо маьрша 1ойла,
      Мел лаарх кхин д1а сан хьенлойла дац.

(Лечига, мехкаршка а воьрзуш аз жимма ч1аг1 деш)

     Мехкарий, ткъа шун а 1одика йойла…
     Леча, со хьевалан хан йолуш вац…
 

Леча. (Сихо еш т1евог1у)
      Ц1еххьана мох баьлча човхийна мархаш
      Санна ма аьрха ю дог-ойла хьан!
      Лам т1ера хьаьди те и юькъа чархаш,
      Лилхина яхан те стагланаш д1а!
         Сан доттаг1, сел хаза аьхкенан суьйре,
        Маьхкарийн тобанан и сирла гуо
        Битина хьо стенга сихвалан вуьйла,
        Я жимчу Зезагас човхий-те хьо?
 

Куьйра.
 
      Ма вала дакъаза, дог майра Леча,
      Суьйренах хьо ваккхан ца воллу со.
      Мехкарийн хазаллех  марзо ахьа эца,
      Ваханза ца ваьлла д1авоьду со.
 

Леча.
      Эрна цу аренгахь даьлла и к1охцалг
      Ду моьттуш хетало доттаг1на сох.
      Доттаг1а воцург ю дуьненан махцалг,
      Ас х1ун до суьйренах со ваьлча хьох!

(Мехкаршкахьа а воьрзуш)

      Мехкарий, шун делахь 1одика йойла,
      Доттаг1чуьна амалца амал ю сан.
      Кестта вай хин йисттехь юха а гойла
      Дагар тхо ца дохуш яккхалаш хан!

(Куьйригахьа а воьрзуш)

     Алал ткъа, сан доттаг1, саьрмикан 1уьрга
     Деза-те чуэккха буьйсанца вайн!
     Деза-те вайшиннан луларчу юьртахь
     Ловзаргахь дин хьовзош, г1аттаян чан!
 

Куьйра.
    Тешамен сан доттаг1, ма хила сиха,
    Кхолламо кхойкхуш верг со цхьаъ бен вац.
    Башламан баххьашка воьду со ирха,
    Аса сайна хаьржина некъ тешамен бац,
       Дог майра сан доттаг1, ладог1а соьга,
       Башламан баххьашкахь мархашна чохь
      Къовсаме со ваьлча, дехар ду хьоьга,
      Зезагна вошалла дан, т1еэцар мохь.
 



Леча.    
      Вайшиннан доттаг1алла бераллехь дуьйна            
     Тасаделла, вайшиннах ши ваша веш               
     Замано вайшиннан вошалла зийна,               
     Тахна а кхолламо хаамаш бу беш.               
        Ден-ненан цхьаъ к1ант бен со а ма вац-кха,          
       Къанделла дисина тахна и шиъ.               
       Жерачу хьан ненан хьо цхьаъ бен вац-кха,               
       Вежарий ва санна кхиъна вайшиъ.               
    Тахна цу кхолламо кховдийча хало               
    Хилла-те со хийра, цхьаъ вуьтуш хьо?               
    Доттаг1чунна де эшча, еш хилча мало,
   Сел осала ву теша дуьненчохь со?
      1аламат онда ду цу Делан собар,
      Лам санна онда ду къонахчуьна дош!
      Цу ц1ергахь чим хилла со вара вогур,
      Дохийча, доттаг1 ву, бохуш долу дош!
   Хало лан дезахь вайн со ву-кха кийча,
   Валан дезахь, нагахь санна, лийр ву-кха со!
   Кхин сов дериг, хабарш деш, ца лаьа дийца,
   Башламе со воцуш ца воьду хьо!               

                11-дакъа, 1-ра сурт
(Ирхенах хьалаг1ерташ ву Куьйрий, Лечий. Т1ехьа гуш ду бохь лайх дуьзина лекха лаьмнаш. Шинне а т1ехь ширачу т1емалойн барзакъ ду. Белш т1ехь 1ад, пхерчий чохь долуш ботт, хенат1ехь кхозуш тарраш. Ирхенах хьалавахан г1одеш т1улгах юг1уш шиннан а керахь шаьлтанаш. Мох, шело, ло.)

Куьйра. (Хьоькхучу шийлачу мохана дуьхьала хьала а г1ерташ.)
      Ницкъалла и Села карзаха ваьлла,
      Шелонаш кхуллуш бу и буьрса мох.
      Балшаман бахьашкахь ло хьийза даьлла,
     Дуьхьалло ян г1ерта и 1аьржа дохк!
        Ворх1 ломан дукъ толлуш Башламан пене
        Кхечи вай, сан доттаг1, халонаш ловш.
       Т1аьххьара ирхе ю уггаре хьеме,
       Сихо йе, ва Леча, са ду-кха довш!
    Башламана цу коьртехь д1абижа г1ерта
    Мархашлахь д1алечкъа и шийла малх.
    Цу стиглахь даьржар ду буьйсанан верта,
    Яьржара ю боданехь седарчийн чалх.
      Халонна сатухуш, сихлолахь доттаг1,
      Собаро баьккхина и мокхаза лам!
     Халонаш хьоьжуш ю лам буьххьехь шорта,
     Турпаллан дахарах боккхура вай чам!
 

Леча.
(Г1онна буйнахь къуьйлучу шаьлтига т1улгах юг1уш суйнаш а тухийтуш, ирхенах хьала а озалуш.)
      Ма вала дакъаза, дог майра Куьйра,
      Башламал ойланца со лекха ву.
      Цу ломана аьрзунан т1ам санна шуьйра
      Х1аваэхь гуо туьссуш сан ойла ю.
         Хьажал хьо д1о бухахь гуш йолу мархаш,
        Башламан ирхенаш сел лекха ю.               
        Хьажал хьо д1о аьрзу ма хьийза аьрха
        Цу аьрзул кху ирхехь со аьрха ву.
     Вайшиъ-ма сакъера ваьлла-кха ара,
    Алал ткъа сан доттаг1, со луьйш вуй харц?
    Буьстича вайн дайша лайна болу бала
    Вайшиммо ловш ериг хало-ма яц.
      Ц1е йоцуш вайн дайша халонаш лайна,
     Шелоно, мацалло хьийзина уьш.
     И бала вайшинна б1аьрга ца байна,
     Бакъболу турпалхой вайн дай бу - уьш!
 

Куьйра.
      Оьзда ду вайн дайша лелийна г1иллакх,
      И лоруш хьо 1ийна хаттарш ца деш.
      Бехк суна, сан доттаг1, ахьа а ма билла,
      Ца буьйцуш со 1ерна вайшиннан некъ.
  Цкъа хьалха хазахетар ца къуьйлуш кийрахь,
 Боккху аса сихо еш и мерза кхаъ,
 Толамца ц1а вайшиъ вирзинчу дийнахь
 Нускал ду аса далош, иза ду-кха цхьаъ.
 

Леча.
(Хазахетар чохь ца сацадалуш, мохь туххуш)
 
      Маржа я1! Вай дуур и мерза ловзар
      Хьовзор бу ловзаргахь аса сира дин!
      Ткъа хелха валан со мел ву-кха говза,
      И чена к1ур г1аттош, бицбийр бу дин!
 

Куьйра.
      Г1оза хьо лелаве дуьненахь Дала,
      Шолг1а аса эра дериг хаза кхаъ ма бац.
      Ахьа боху, вайн дайша оьзна и бала
      Ц1аро бен кочура баьккхина бац.
        Амма и сирла ц1е адмашна елларг
        Ву боху ницкъалла сийлахьа и нарт.
        И буьрса ва Села ца лууш лелла
        Адмашна ц1е ялан, хуьлийтуш барт.
      Сийлахьчу нартан ц1е Пхьармат ю боху,
      Пхьармата ядийна цу Селан ц1е.
      Нартан ц1е адмаша баркаллийца йоху,
      Туьйранехь юьйцуш ю Пхьарматан ц1е.
        Буьрсачу цу Селас бекхамна елла
        1ожалла ва йоцуш йист йоцу хан.
        Йовхонах хьегавеш, шелоне велла
        И Пхьармат,къинхетам ца лууш бан.
     Башламан кортана ша бина шийла
     И лаьмнийн и даккъаш дуьзина лайх.
     Башламан цу пенах ша бина дийнна
     Воьллина нарт Пхьармат, хьегавеш вайх.
         Къизаллех ца 1ебаш цу къизчу Селас
        Аьрзу ду доийтуш хьийзаван нарт.
        Аьрзунан болатан з1аькаро дерина
        Пхьарматан турпала дег1, ца хеташ къа.
      Туьйранах тера ду адмаша дуьйцарг,
      Ца тешаш вара со, ца бевзаш нах.
      Зезагас хин йистехь и Пхьармат вуьйцуш
      Беламца т1еийцира цуьнан дийцар ас.
        Сан хьомен Зезагас дош делича сайна
        Туьйранах теша а вара кийча со.
        Ткъа х1инца сайна а и туьйра тайна
        Пхьарматан аматаш лаьмнашкахь го.
      Зезагна дош делла ч1аг1о а йина
      Пхьармат цу Башламехь со лоьхуш ву.
      Нагахь со аьттоно 1еха ца винехь,
      Баланах и Пхьармат вай воккхура ву.
         Амма и 1аьржа т1ам, и буьрса аьрзу   
        Цу мокха мархашна юккъехь д1а дай.
        Хьажал ткъа, ва Леча, д1о лахахь къаьрзи,
        Буьрсачу аьрзунан мас, шера гай.
     Дуй техьа и аьрзу Пхьарматна тебаш,   
     Сихлолахь, юхехь бу ламана бохь.
     Лаьмнаш а хетало шелонна хебаш,
     Пхьарматна  хала хир ду лайн шана чохь.

                11-г1а сурт.
(Гена доццуш мархашна юккъера ц1еххьана гучу а долий ши к1ант хьалаг1ертачу ломана т1ехьа къайладолу доккха аьрзу.Таь1ана узамаш хеза ломана т1ехьара. Оцу хеннахь Куьйрий, Лечий ломана буьххье волу. Царна го ломана т1ехьара д1а а доладелла гуо а баьккхина юха а чухахкаделла дог1у
аьрзу.)

Куьйра.
 
      Билгалла Пхьарматна ницкъ беш ду аьрзу
      Са лоццучу озабе хьайн ира пха!
      
      
 
     Варелахь, ва Леча…  даьлла-кха карзах
     И буьрса ва Аьрзу…  чухьаьдда схьа!

Леча.
 
      Болатан мас йолуш ду моьтту суна
      И сиха ва аьрзу,  ша буьрса ду.
     Б1аьрг лоцуш пха тоьхча х1ун хета хьуна,
     Ца лета пха бохург иза-м эхь  ду!
 

(Шимма а 1одмаш ийзадеш пхерчий детта аьрзу долучу аг1ора кхин цкъа а)

Леча.  (Самукъадолий ирх кхоссало, хелхаран бохь буг1у)
 
      Цу буьрсачу аьрзуна ма б1агор беъна,
      Гуо туьссуш даха и цу 1инах чу.
      Вайшиъ а, хетарехь, некъ нийса веана,
      Хьажий вай ткъа х1инца кху ломах чу.
 

Куьйра.
 
      Цу бухахь узамаш-м хезира суна
      И хилахь нарт Пхьармат ву къера со.
      Муш тесина диссий вай цу лекхачу гунах,
      Дер вайша турпалчу нартана г1о!
 

(Куьра г1одаюккъе муш а боьхкий чувуссу, жимма хан яьлча юха гучуволу, Лечига вист хуьлу)      

      Цу шийлачу тоьланах г1ишло ю йина,
      Нартана гобина бу шийла ша.
      Шано и ч1аг1о еш йийсар а вина,
      1аламат ницкъа оьшу иза мукъа ван.
 

(Лайх дуьзина дехьа юххехь а, генахь а гуш долучу лаьмнийн баххьаш серла а дохуш селахаьштигаш туху, къоркъанаш а етташ, баьллачу мохана г1овг1а а хеза. Куьрас жимма соцунг1а а хуьлий т1етуху)      

      Сихалло са даьккхина, олу вайн дайша,
      Собаро баьккхина и лекха лам.
      Дайша ма аллара, ма сихло вайшиъ,
      Села ву вайшиммо бан дезаш там.
 

(Тоьрмиган чуьра схьаоьций дакъийначу жижиган г1ог1 дуьллу шина жимхас дехьахьуо лаьттачу горга т1улгана т1е. Цул т1аьхьа деттачу хаьштиашка а воьрзий Селе дехар до.)

Куьйра.
      Ва Села, доьху хьоь, д1аэца саг1а,
      Хьуна тхо бан г1ерта хуьлачух там!

Леча.
      Ва Села, ло хьуна г1олехьа дакъа,
      Ма вехьа тхойшиъ а ахьа хьайна гам.

(Стигланаш къевкъа, хаьштигаш а туху, амма Селас жоп ца ло)

Куьйра.
   Ва Села, хьо веца ницкъ болуш дела,
   Буьрсачу хаьштигийн хьо ву-кха да!
   Дог1наш ду хьан карахь, ницкъ болу Села,
  Лайн дарцаш хьоькхуш ду хьан карара д1а!
     Хьо цхьаъ ву дуьненчохь, кхин цхьа а воцуш,
     Ц1е йовхачу алун да и ду-кха бакъ!
     Жима а, воккха а, хьан бакъо йоцуш,
    Ц1е, алу хьаеш вац, иза ду бакъ!
 Пхьарматас динчу зен ахьа бина барам,
 Эзар шо шелонехь доккхуш ду цо.
 Хьан тхуна алан дац ца бина ларам,
Пхьармат ахьа мукъавийриг аса дахар ло.
   Пхьарматан метта со виса ву кийча,
   Воллахьа тоьлин чу цуьнан метта со!
  Амма хьо ца 1абахь тхох цхьаъ ца вийча,
  Эшахьа сайн ц1ий  аса хьаналла до!
 

(Хаьштигаш а тухуш стигланаш къевкъа, Селас жоп ца ло.)

Леча.  (Сихлой дешнаш сиха олу, мохь олуш.)      
      Ва Села, собарде! Доттаг1чуьна дахарх
      Сайн дахар ло аса, и эца д1а!
      Доттаг1чух ваьлла со лууш вац ваха,
      Ва Села, хьаьжахьа… хьаьжахьа схьа!
 

(Стигланаш а къевкъаш хаьштиг туху жижган г1ог1 т1ехь 1уьллачу горга т1улгах. Г1аьттина сийн к1ура д1абаьлча т1улгана т1ехь жижиг ца хуьлу. Къевкъачара стигланаш а, етта хаьштигаш а совцу. Серлаевллачу мархашна юккъера гучуболу малх. Куьйрий, Лечий кхета Села оьг1азваханчуьра ваставеллийла. Цара хазахетарца маьхьарий олу. Сихонца муш кечбан вулу ший а.)

Куьйра.      
      Варелахь, ва Леча, малх буьзна байле
      Дуьссура вай нарт волучу цу гунах чу.
      Буьйсанан цу кийрахь тоьла д1айайле
      Пхьармат вай йийсарера воккхура ву.
 

Леча.
     Сан доттаг1, хьан дешнаш дицделлий теша
     Нускал а, ловзар а, бохуш дара уьш.
     Сихо яхь кхана а ловзар дан оьшу,
     Хьо вела ма къежа, аса ву хьо зуьйш.

(Мушна т1ехь гунах чувуссуш т1етуху)

   Ловзаргахь х1инца-ма накъост хир суна,
   Ша юккъехь г1орийна хира-м ву и.
   Пхьармат хьайн ловзаргахь ган лаахь хьуна,
   Сихо йе ша хилла валален и.
 

                111-г1а сурт.
(Стаммий шанаша д1акъевлина йоккха тоьла ю ломах яьккхина.Чекх са гуш долу шанашна юккъехь ах гуш ву ондачу дег1ехь волу нарт Пхьармат. Цо узамаш до чевнаш лозуш. Тоьлана хьалхха муш т1ехь кхозалой чувуссу Куьйрий, Лечий.)

Куьйра. (Мушах мукъа а волий, вист хуьлу Пхьармате)      
      Маршалла ду хьоьга, сийлахьа Пхьармат,
      Адмашна турпалла вицвелла вац!
      Чевнашна хьан дойла цу Дала дарба,
      Хьан бала кхин д1а-ма бахлура бац!
 

 Леча.      
     Маршалла ду хьоьга, дог майра Пхьармат,
     Ма шийлачу х1усаме нисвелла хьо.               
     Ма вала дакъаза, сийлахьа Пхьармат,      
    Тахана накъостий ду хьуна тхо!

Пхьармат.  (Халла меттавог1ий ши б1аьрг боьллуш вист хуьлу)
      Яхь йолу ва к1ентий, шу а маьрша лела,
      Сингаттам би-кх шуна ас, сайх бала беш.
      Хира ву-кха дарвелла и къиза Села,
      Г1ой довла шу к1елхьара, сихо а еш.
        Аса сайна хаьржинарг ду хала дахар,
        Ца лаьа шуна а сайх бала бан.
        Ирсечу дуьненахь шу дукха даха,
        Довлийша к1елхьара, ду дехар сан!
 

Леча. (Куьрийца цхьана шаьлта а етташ Пхьармат йийсарехь латтавеш долу шаш а дохадеш)
      Ма вала дакъаза тхан ваша, Пхьармат, 
      Селица доттг1ал тесина вай.
      Тхуна-ма тарбеллера цу Селех саьрмак
      Моьттура цо тхойшиъ а вуллура ву лайх
         Ткъа иза хиллера амалца к1еда,
         Цо хьох а, цо тхох а къинхетам бо.
        Шелонах, баланех хьан дахар хеди,
        Маьршачу дахаре вай дуьйла ло!
    Пхьармат, сан кхин цхьаъ а ду алан дезаш,
    Ловзарга хьо кхайкха  тхо даьхкина ду!
    Сан доттаг1 Куьйра ву цхьа зезаг дезаш…
    Ловзаргахь бал баккхан хьо кийча  вуй?

(Куьйра велар къайладаккха а г1ерташ доггаха шаьлта етташ ша бохош ву, Леча а вац хабар ца сацадахь а цулла т1ехьавуьсуш. Эххар а Пхьармат шана карара воккху цу шиммо. Тоьла шах мукъа а йоккхий, чохь йоккха ц1е латайо цара. Оцу хенахь буьйсанан бода а т1екхочу. Ц1еран гонаха 1аш гуш бу уьш.)

Пхьармат.
 Эзар шо дара-кха со ловш волу харцо,
Маршоналла мерза х1ума дуьненахь дац!
Баркалла доттаг1ий йаларна маршо,
Шу шиннен доьналлех ваьлла со цец!
   Дуьненахь ма эша адмашна йовхо,
   Ц1аро бен дуьненахь луш дахар дац.
   Шун аьтто хуьлийла харцонаш човхон
   К1енташа бинарг бен Даймохк а бац.
Мехкарша эшарца хестор бу толам, 
Шу шиннан ц1ераш а йицйийра яц.
Турпалчу к1енташа кхоьллина х1олам,
Къизалло дуьненахь бохора бац!

                (Геннара хезаш нохчийн эшаран мукъам а болуш чекхдолу туьйра)


Рецензии