Студенты. Комедия на чеченском языке в 3-х действи

                Вахит Хаджимурадов.
                СТУДЕНТАШ. 
                (Студенташна комеди 3 декъехь)

          Дакъалоцурш:
Ваха Дикаевич - профессор
Хавка Хавчикова - профессоран г1оьнча, ассистент
Лула Кортаева - дика доьшу студентхо
Зуля Хасмагомедалихаджиева - студентхо
Писухан - студентхо
Сутархан - студентхо
Борзхан - студентхо
Божхан - студентхо
Моздар – студентхо
1- ра китайхо
2- г1а китайхо

                I дакъа. I сурт.
Делкъанах т1ехъиккхина хан. Университетан хьалхахь. Г1ишлон сурт, даккхий элпашца яздина «Нохчийн Пачхьалкхан университет». Сцени т1ехь университетан хьалха деха г1ант, цунна т1ехь 1аш виъ к1ант студенташ: Писухан, Борзхан, Божхан, Сутархан.
  Писухан. (Сутарханан белшана т1е корта а товжийна наб еш ву)
  Сутархан. (Писуханан корта тергал ца беш хьалаиэккха, д1асаволало) Ва нах, х1ара вай1н универ болх беш мукъна а юй те!
  Писухан. (Г1анта т1евужуш кхин д1а наб йо)
  Борзхан. Сутарниг, д1авалахь хьайн декъазчу коьртана бала а ца лоьхуш.
  Сутархан. Сан корта-м баланаш чудохку т1орказ дара, баланех дуьззина. Х1ун башхалла ю, цхьа бала дукха, цхьа бала к1езига. Магнитах бина болуш санна, со мел хьалхара д1аидарх, уьш т1аьхьара ца довлуш «ткъап!» - олий суна бен мара ца лелха, уллохь сол а дуккха а хаза, куц долуш сан накъостий белахь а!
  Божхан. Дера и бала оцу хьан марахь баллахь а, бале-м тхуна массарна а болу. К1ентий д1адовлийтийша вай универан хьалхара, борз санна волчу Ваха Дикаична к1омсаршна улло вай нийса а ца долийтуш.
  Сутархан. Мас сахьт даьлла вайна?
  Божхан. (Мобильник т1ехьожуш) Дера ю кестта лекцеш чекхйовлу хан. Хьан телефон юха а охьахиъна?
  Сутархан. Ванах, ма тамашен нийсо йоцуш дуьне ду-кх х1ара. Мел ч1ог1а 1уьйрана араваьлча а, нийсса и лекцеш чекхйолучу хенахь бен х1окху универ хьалха ца кхочу-кх со!
  Борзхан. Дера, Сутарниг, кхочур вара хьо г1алахь мел йолчу кафешкехула ца ваг1ахьара-м кхуза.
  Сутархан. Дера ву сан (ингалсан маттахь) фаде керла нохчалгех тоьллачех цхьаъ. Цо шен туькнашкахь схьагулйо нахарчаш, ткъа аса мелла а компенсаци кафешкашкахь д1ало, кхин а шортта вайн махкахь керла нохчалгаш дебийта!
  Писухан. (Самаволу корта ойбуш) Уьш муьлш бу, керла нохчжоьлгаш? Уьш х1унда дебош бу х1окху, Сутархан аьлча а, балийн т1оьрмиго?
  Сутархан. Пису, хьуна набарха вон г1енаш го моьтту суна! Нохчжоьлгаш бохург х1ун ду хьан? Керла нохчалгаш бай уьш-м! (Ша-шега) Стенна т1ехь делахь а цхьана х1умана т1ехь бакъ г1енаш-м го оцу Писуханна.
  Божхан. К1ентий, довлийта вай х1окху нохчийн рулетках ловзучура д1а!
  Сутархан. Божок, и х1ун нохчийн рулетка ю? Уггаре бурса лоруш ерг-м оьрсийн рулетка ма ю. Тапчана беран чу цхьа патарма а буллий, шен коьрте а лоцуш лаг озош, х1орамма а шен рог1ехь.
  Божхан. Нохчийн рулетка дера ю цхьа шаьлта вовшен кар-кара а луш шиъ тасалуш. Амма Ваха Дикаичан вай тусалахь вайна хир ю оьрсийн а, нохчийн а ший а рулетка!
  Сутархан. Ткъа и муха кхетон деза, ва Божок?
  Божхан. Дера деза иштта: цо вайна цкъа тоьпаш а тоьхна, т1аккха шаьлтанца дерина, цистина охьадохкург хиларх.
  Борзхан. Дера ч1ог1а самукъадолу цуьнан, вайн ц1оканашна т1ехь дабаг1а деш.
  Писухан. (Г1анта т1ехь 1уьллучохь) Дера, цу т1ехула т1е, цунна-м профессоран алапа а ло.
  Божхан. Цуьна декхар ма ду вайн ц1оканаш кест-кестта семсаяхар.
  Сутархан. Декхар-м дера дацар цуьнан, йа бала а. Ша и «Жигули» эцна самукъадаьлла коча веъна-кх и вайна, вай 1уьйрана меттара г1иттош, суьйрана д1адийшон г1ерташ.
  Божхан. Юкъарбахамехь вайн чоьне хьажа маца вог1ур ву-те и?
  Сутархан. Х1инцца ас эр ду хьоь! (баттара шаьлта санна катухуш  схьайоккху хечин доьхкана т1ера баттара мобилан телефон. Латон г1урту, амма цуьнан батарейка охьахиъна) Хьо йиса моллина! (шен метте юьллу телефон). Божок, хьайниг лохьа соь, сайниг охьахиъна-кх юха а. (Божханегара схьаоьций телефонан нуьйданаш т1ете1айо, лерге ухьу). Хьо мичхьа ву? Со х1оккхузахь ву-кх! (телефон ерзайо Божхане).
  Божхан. Т1аккха, хиъан хьуна?
  Сутархан. (Ойланашка вахана) Х1ун хиъарий боху ахьа?
  Божхан. Сутарниг, хьан корта-м ца боьжна? Парфессар вайга хьошалг1а маца вог1у хаан г1ерташ вац хьо?
  Сутархан. Телефон буйна эцча дицдели-кх суна. Оцу телефонна чухула кхин олуш х1ума а ма дац массара а. Схьайтал кхин цкъа а.
  Божхан. Хьуна-м дера моьтту сан телефон ахча деш ю! Тамашена хеташ делахь а, цунна-м и д1акхаллан бен ца хаьа! Х1ан! Т1аьххьара кепек д1а ма кхаллалахь цу чуьра!
  Сутархан. (Тлефон туху) Алле! Хавчик, хьо мичхьа ю? (Жимма ладуг1уш) И саьрмик цигахь буй? Мичхьа? Лекцехь? Хавчик, аса т1едог1учу шота суьйрана хьо ядон ч1аг1о йиний хаьий хьуна? Муха ца хаьа! Хьо ядайойла ца лаахь и профессор тхо 1уьйренца самадаха маца вог1ур ву алал соьга! Ала-а-а, сан куллашна юккъехь даьлла зезаг! Ала! Ас хьо ядайойла ца лаахь! Ца олу  ахьа? Делахь ларлуш хир ю-кх хьо! Х1окху шота суьйрана ас хьо сайна д1аюьгуш ю-кх, ахьа алахь! Маца, маца вог1у? Кхана 1уьйрана вог1ийца?! Мегар ду, сан дегна т1ехь даьлла к1охцалг! Хьо яцахьара йиш янне а ма яцара! Шота суьйрана ларлуш хилалахь! (Телефон Божхане ерзайо).

(Университетан чохь г1ийла горгали бекаш хеза).

  Божхан. К1ентий, со кхин хьоьжура волуш вац кхолламан бага. И, Ваха Дикаич аьлча а, и ц1оькъа лом гучудалале аса-м юм йо кхузара!
  Сутархан. Аса туьма дуьллу-кх къовсамна!
  Борзхан. Муьлхачу?
  Сутархан. Х1окху г1анта т1ера хьалха мила воду хьожуш! Хьалха веддачо туьма охьадуьллу! Реза дуй шу?

(Массара а) Дац! Дац! (Амма цхьа а меттаха д1а ца волуш озалой, нислой вуог1авелла вуьсу)

  Писухан. Вай къовсаделла ма дац, 1овдалаш! Д1адаг1ийта вай! Х1инцца Ваха Дикаична кера г1ура ду-кх вай! Оцуо-х вай 1овша а ца 1овшуш д1акхоллур ду!
  Борзхан. Кхаллийтахь!
  Писухан. К1ентий! К1ентий! Ас лура дац шуна и туьма!
  Борзхан. (Яхье ваьлла, цергаш юккъехула) Лур ду!
  Писухан. Лур дац!
  Борзхан. (Вуог1авелла университетан не1аре хьоьжуш, цергаш хьакхош) Лур ду!
  Писухан. Лура дац!
  Сутархан. Х1унда?
  Писухан. Соьгахь доцудела! Т1ехь йоцачунна т1ера хеча яккхалур юй?
  Борзхан. Хилчхьана йаккха лур... аьлча а лур ду!
  Писухан. Мегар ду делахь, т1аккха-м шуна и туьма цкъа а гур дац!
  Сутархан. (Университетан не1аре а хьожуш кест-кестта) И бохург х1ун ду? Цкъа а!
  Писухан. Со дуьненчу ваьлчхьана дуьйна, цхьа туьма ахча а сан киснахь гуллуш ца хилар ду-кх!

(Университетан не1арш елло. Лула арайолу, цунна т1аьххье Моздар а волу ара. Уьш къевлабовлу)

  Писухан. (Не1аре вуог1авелла. Д1аиэккха кийчча) К1ентий вай къевисна ма дац! Д1адахийта вай! Довлийта к1елхьара!
  Борзхан. Хьо дукха лиэхь, вай доьхканца вовшаха когаш доьхкура ду т1емлоша санна!
  Писухан. Ахьа х1унда доьхку вай вовшех? Вайх цхьаъ вадан везаш вац? Туьма ца деза хьуна?
  Борзхан. Х1инца-м ца деза цхьа а туьма а! Вай майралла къовсуш ду!
  Писухан. Х1а-а! Кхийти со, х1ара берзалойн, аьлчи а Борзханан рулетка ю! Везан Дела и Ваха Дикаич меца мукъна а ма хилийтахь! (Д1авадан г1урту, амма накъосташа шайн джинсаш т1ера доьхканаш схьадохий, шайн а Писуханан а когаш вовшаха боьхку).
  Писухан. Аша х1ун до! Хьерадевлла шу? 1а-а-а! Д1ахеца со! (Ц1аьххьана х1оьттинчу тийналлехь ц1евзаш схьаеллало университетан не1. Стигланаш къевкъа. Гучуволу профессор, т1емак1елахь папка а йолуш. Эххар а профессорна го г1ант, г1анта т1ехь 1аш к1ентий а. Къевкъачу стигланан г1овг1анца улло вог1у профессор к1енташна. Дехьаволуш, сехьаволуш хьожу и г1анта т1ехь шаьш вовшах бихкина 1аш болчу к1енташка). Шу гуолаьцна, мостаг1 т1еваре хьоьжуш 1аш ду моьтту суна!

(К1ентий хебина к1елд1ахашкахула хьоьжу берзан к1езий санна)

  Борзхан. (Цергашна юккъехула) Де дика хуьлда, парфессар!
  Божхан. (Д1авоьрзуш) Де дика хуьлда...
  Сутархан. (Къинхетамен дуьхьала вирзина) Де дика хуьлда хьан, лерамен Ваха Дикаич!
  Писухан. Ваха Дикаич, аса баха а ца бохуш-м дацара хьуна хьокху тентигашка!
  Профессор. Х1ун бохура ахьа оцу тентагашка, сан хьомениг?
  Писухан. И бохург х1ун ду? Довдийта бохура-кх саьрмик гучубалале... аьлчи а, ц1оькъа лом... аьлчи а...
  Профессор. Хьо хьуьнхахь ву-м ца моьтту хьуна (оьг1азло гойтуш), сан хьо-ме-ниг!
  Писухан. Хьуьнхахь ву-м ца моьтту, амма кхузахь воцуш хьуьнхахь хила а реза-м вара со.
  Профессор. Ой, иза-м хала доцург ду! Кестта сесси а ю борз санна т1ейог1уш!
  Писухан. И борз-м оха охьатаь1ина йа охьадийшина а т1ехула йолийтура яра. Хьо ву-кх хала!
  Профессор. Ой, и х1ун ду ахьа суна юьхьадуьхьала а вирзина дуьйцург? Аса дера ву хьо х1инца вог1ийтура оцу хьуьнха!
  Писухан. Со-м хьуна лаахь д1а а воьрзура ву. Ваха Дикаич, хьуьнха а ца вохийтуш ц1а вахийта со, со кхин вухавог1ур вац хьуна!
  Профессор. Муха вухавог1ур вац? Ткъа лекцеш? Хьуна (массаьрга а хьожуш) шуна ма саьрмик тарбелла сан лекцех!
  Сутархан. (Д1авирзина воллушехь) Лекцех-м ца тарбелла...
  Профессор. Ткъа хьанах тарбелла?
  Сутархан. Ас эра-м дац!
  Профессор. Х1умма а дац, сан хьомениг, сан хьоменаш, сессехь эра ду аша а, аса а вайна хетарг х1окху дуьненах лаьцна.
  Божхан. Деллахь, Ваха Дикаич, ду х1ара ч1ог1а чолхе дуьне-м! (Корта ластабо, профессорах шен кхетар гойтуш). 1амаркхой Иракъана коча баг1ана, иза а нохчашна т1етоттур ду-кх хьуна цара хьан б1аьргашна гуш! Дика ду-кх китайхой цхьанна а чуг1ерташ боцуш.
  Профессор. Чуг1ерташ бацахь а (ойлане волуш) кестта вайн университете нохчийн мотт 1амон бахка безаш бу церан студенташ.
  Божхан. Парфессар, масса миллион!
  Профессор. И бохург х1ун ду? Масех миллион уьш схьакхачахь, вай республикера шаверг а нохчо Москва д1авахан ма веза!
  Божхан. Парфессар, вай-м Москва д1аг1ура ду, ткъа Москвар бахархой Сибреха бохийту вай? Цхьа миллион нохчий Москвана итт миллион китайхой вайна санна хир ма бу!
  Профессор. Х1ан-х1а, Москвара бахархой Сибрехахь мацалла лийр бу. Вай г1ура ду Сибреха! Вай цига даг1ийтича а ца делла!
  Божхан. (Профессор хабаре ваккха г1ерта, 1ехон) Парфессар, миллион китайхо нохчийн мотт 1амон ваг1ахь, хьан кафедран олалла ма хьаладер ду! Хьоьга 1амалур буй царнна массарна а нохчийн мотт?
  Профессор. 1амалур бу хьаха, шу веаннечул а атта-м!
  Божхан. Парфессар!
  Профессор. Х1ун боху ахьа, сан хьомениг?
  Божхан. Ваха Дикаич, ткъа уьш итт миллион китайхо вайна ваг1ахь, т1аккха 1амалур буй хьоьга царнна и вайн сийлахьа нохчийн мотт?
  Профессор. (Велакъежаш, ойлане волу. «Чапаев» кинофильман чуьра «Черный ворон» мукъам хеза г1ийла) Жимма халуо-м хир ду, делахь а 1амалур бу!
  Божхан. Василий Иванович... аьлчи а Ваха Дикаич! Цара ткъа миллион китайхо ваийтахь царнна 1амалур буй хьоьга вайн и нохчийн сийлахьа мотт?
  Профессор. Жимма суо 1аман дезар ду, Петька... аьлчи а Божхан. Т1аккха ткъа миллион китайхо а 1амор бу-кх.
  Божхан. 1алелай! И ткъа миллион нохчийн китайхой Китай д1акхачахь ма къаьхьа де хир ду оцунах!
  Профессор. Китайхь-м ткъа миллион х1умма а йоцург ю, амма и ткъа миллион нохчийн китайхой д1абаханчу нохчийн миллионна т1аьхьа Москва д1аг1ортахь, т1аккха-м ду иза кхиэ-эмат де! (Ойлане) Дера ду къемат де-м... (Ц1аьххьана дагадог1у, ша дов дохьуш веъна хилар х1окхарнна т1е). Ду дера къемат де аша соьгахь а сан университетехь а. сан белхалошка а х1оттийнарг! Китайхой-м аса экзаменехь гойтур шуна!
  Сутархан. Ваха Дикаич! Во, Ваха Дикаич!
  Профессор. (Оьг1азе) Х1ун боху ахьа сан хьомениг?
  Сутархан. Сан университет, сан белхалой, бохург х1ун ду хьан?
  Профессор. Сан университет яц и ткъа?
  Сутархан. Пачхьалкхан, нохчийн къоман университет яц и?
  Профессор. Университет хьенан ю-м экзаменехь гур ду вайна, шу сан хьоменаш... Со айса дуьйцучух 1ехон шуна шайт1ана санна дага ца дог1уш х1ума дац-кх.
  Сутархан. Хьо 1ехон-м кхин х1ума а карор дара...
  Профессор. Шуна-м х1ун карор дара х1оккхуза цицигаш санна вовшех а дихкина 1аш долчу! (Воьлу) Хьа-хьа-хьа!
  Сутархан. Парфессар!
  Профессор. Х1ун боху ахьа, сан вихкина 1ен хьомениг?
  Сутархан. Аса хьо х1инцца 1ехавахь оха х1инццалца тхайна т1елетийна къинош тхуна дуьтуш гечдой ахьа?
  Профессор. Со молла ву-м ца моьтту хьуна?
  Сутархан. Дера тхо-м моллийна т1е а г1ура дара, оцу делан мостаг1аша тхо х1оккхузахь вовшех а дихкина ца дитинехьара.
  Профессор. Ой, и бохург х1ун ду? Аша шаьш вовшех ца дихкина шу?
  Сутархан. Ца дихкина дера! Тхо 1овдал-х дац уьстаг1ий санна кхузахь дихкина 1иэн!
  Профессор. Ткъа хьан дихкина шу вовшех?
  Сутархан. Дера дихкина и хьан керла эцна «Жигули» д1а ца йигийта г1ерташ оцу цхьа зоьрталчу, ондачу к1ентех тасадалар бахьана долуш. Тхо а дац ледара-м, амма церан ницкъа алсам а хилла цара тхо котаман к1орнеш санна вовшах дихкина охьадехкина, хьан оцу универан т1ехьа машенаш х1итточохь лаьттина ц1еналла ялан йоллу машен а ядийна д1абаха-кх уьш!
  Писухан. Ваха Дикаич, Дала диканца меттах1оттайолда хьан машен!
  Божхан. Амин!
  Профессор. (Т1емак1елара папка лаьтта йожош) Сан... машен! Орца... Милици... Ва, орца дала! Ва, милици яла! (Сцени т1ехула д1а схьаводуш цхьана аг1ора къевлаволу)
  Сутархан. Х1инца когаш кера эцалаш, к1ентий! Вай кхузара юм ца яхь, оцу ц1оькъалоьмо ша ленвар гучудаьлчи вайх даь1ашкаш бен ца юьтуш дуур ду-кх вай, т1е туьха а ца тосуш!
  Писухан. К1ентий сиха к1ура байтийша вайга кхузара, и нарт Эрстхо вухаверзале!
  Борзхан. Сутарниг, хьан йигина профессоран машен?
  Писухан. Ва, Дела, х1окху 1овдална цхьа сирникийн ботт хиллал мукъна а хьекъал лохьа!
  Сутархан. Машен цхьамма а ца йигина... Аса х1илла х1оттийна, вай к1елхьара довлийта.
  Борзхан. Делахь сан туьма схьадал! Со тоьлла!
  Божхан. И Ваха Дикаич мерах ц1ераш а етташ схьакхачале к1елхьара довлийта вай!
  Борзхан. Кхаьчча х1ун ду!
  Сутархан. Борзик, ахьа х1ун до, ялсамане дуьгу вир санна биъ ког а г1ортийна дуьхьала ваьлла! Аса ло-кх хьуна и туьма, к1елхьара довлийта вай!
  Борзхан. Итт!
  Сутархан. Х1ун итт?
  Борзхан. Итт туьма, х1инца и мах бу сан!
  Сутархан. Э-э-э! Хьо валла налла юуш! Хьуна-м дера моьтту и тхан да ахчаден завод и йиллина 1аш ву!
  Борзхан. Пхийтта!
  Сутархан. Сом!
  Борзхан. Туьма!
  Сутархан. Итт!
  Борзхан. Туьма!
  Сутархан. Мегаш ду делахь... туьма!
  Борзхан. Пису, тоьшалла декъал тхан! (Сутарахане куьйг кховдош)
  Писухан. Суна итт!
  Сутархан. Муха... Хьуна и-й!
  Писухан. Итт сом! Итт парцент, тешаллийна!
  Божхан. Сутарниг, валахь сихха и дожал схьакхачале!
  Писухан. (Борзханан, Сутарханан куьйгаш т1е куьг тухуш докъу)
  Сутархан. (Борзханан итт туьман кехат д1ало) Пису, хьан туьма а цуьнгахь ду хьуна. (Ша-шега) Со-м тахан кафешке воьдучура вели.
  Борзхан. К1ентий, вай кафешке доьлху!
  Сутархан. Борзик! Цхьа борз ю-кх хьо!
 
Сихха доьхканаш досту, кхин а сиха сцени т1ехьа къевлабовлу к1ентий. Цхьажимма хан яьлчи сцени т1ехь гучуволу профессор. Воьхна д1а схьа хьийза. Сцени хьалха вог1у, мобилан телефонан нуьйдарчашна т1е п1елг та1ош лере хьо). Алле! Милици... Ва милици! Милице кхаьчний со? (Ша-шега телефонан т1е куьг а дуьллуш) Аса бийр бу хьуна шун болх-м шайт1анаш! (Телефона чу) Инспектор! Сан «Жигули» машен ядийна-кх х1инцца дукха хан йоццуш сан мерк1еллара!

                II дакъа. I-ра сурт.
Студентийн юкъарбахаман цхьа чоь. Дехьа сехьа шишша эчиган маьнгеш, геннарчу пенах доккха кхоъ б1аьрг болуш кор. Маьнгешна т1ехула т1ехь книгаш йолуш аннаш, пенах летийна журналашна т1ера мехкарий, машенаш, маццикалаш. Маьнгешна т1ехь юрг1ашна к1елахь бийшина студенташ. Пена т1ехь кхозу сахьт 08. 00 гойтуш.

  Божхан. (Г1айбана т1ера корта жимма ойбуш, сахьте а хьожуш) К1ентий, вайна уьссалг1а сахьт доладелла, лекцешка т1аьхьадуьсура ду-кх вай тахана а!
  Сутархан. (Г1айбана т1ера корта ойбуш, сихха и юха охьабожош) Д1аяхахь, д1а... Лекцеш-м стаг яцара!
  Борзхан. У-у-у! Йовсарш! Набъяйта соьга! Делора ду аса шу ша и г1абакх-1аж санна кхаьллина д1адохийтура!
  Сутархан. (Борзхане а воьрзуш) Борзик, ахьа х1ун до са а тасале нахана «г1алх-г1илх!» бохуш чукхийсалуш! Шун дас хьох цхьа къонах хиларе сатуьйсуш «Борзхан!» - аьлла хьайна ц1е тилларх хьоьга нахана ж1аьлех лета аьлла-х даций.
  Писухан. (Хур-т1ур до цхьа а тергал ца веш)
  Борзхан. «Писуханна шен г1айба кхуссу) Хьо Пису цициг санна хур-т1ур дечура соцур волуш вуй цкъа а!
  Писухан. (Г1ам-г1им деш куьйг хьокхуш схьаоьций Борзханан г1айба а шен г1айбин т1ехула т1е буьллу, Б1аьргаш ца доьллуш. Хур-т1ур кхин а мерза д1адоладо)
  Сутархан. (Ц1аьххьана хьалаг1оттуш, вуьжуш юхучу х1уманашна т1ехула т1е шен х1ума юхуш сихло). Ой! Суна диц ма деллера. Оцу саьрмикан «Жигули» милице т1аьхьа а яьлла, кара ма йина! Дависарг, цуьнан ч1ургаш охьахеца стаг вер вац техьа! Х1инца-м дера вац и «хьаша» чуьра ара а вер, 1уьйрана, суьйрана чух1уьттуш, шен ден ц1а веъча санна.
  Божхан. Сутарниг, хьуна х1ун хилла? Вон г1енаш-м ца ги хьуна? Ахьа х1ун до? Хьуна-х парфессаран лекцеш муьлхачу аудиторехь йоьшу а ца хаьа! Универе ваг1ан-м воллуш хир ма вац хьо?
  Сутархан. (Т1ехьодуш не1 йоьллуш уьйча хьожу) Х1инцца схьакхочур ву-кх и дожал шен буйна чхьонкар а йоьллина. (Чухула д1асалела ойла йо) Ванах, стенга г1ур вара, оцу моралан полицина со ца гойтуш!
  Божхан. (Накъостана боккхал а вуон г1енаш гина моьттуш кхеравеллачу кепехь, маьнги т1ехь к1егара а хууш) Сутарниг ч1ог1а эрча дарий хьуна гина г1ан? Ашх1аду деша... Къулха!
  Сутархан. (Чухула д1аса лелаш) Шайт1а-м кхералург хир дара къулханах, амма вайга кестта кхочур волу хьаша вац-кха, ахьа цунна хьалха къор1анех пен боттахь а вухавер волуш.
  Божхан. (Кхералуш хьалаэккха шен кальсонашца, Сутарханна улло волуш, цуьнца чухула д1а схьа лела) Сутарниг, и х1ун кхерамаш бу ахьа туьйсурш? И х1ун дожалаш ду ахьа вайга хьошалг1а дог1у бохурш? Алий валахь, со сайн дог к1еда а волуш сатохалуш ма вац.
  Сутархан. (Ц1аьххьана соцуш, Божханна т1ехула куьг доккхуш лерга т1е цхьаъ олу) Аса селхана телефон стенна туьйхира?
  Божхан. Ва, орца дала! (1адийча санна лаьтта)
  Борзхан. (Шен маьнги т1ехь ирхкхоссалуш ирах1утту т1ехь кхозуш юрг1а а долуш. Цунна т1ехь лампасаш йолу трико а футболка а ю. Хиллачух ца кхеташ 1адавой соцунг1а хуьлуш) Хун? Мила? Мичхьа!.. (г1ийла) Х1унда? (ирахь лаьтташ волуш шен наб ян волало кестта)
  Божхан. (Кхин цкъа а аз лахдеш хазарна кхоьруш санна) Ва, орца дала! (Жимма лаьттий, т1евоьду шен маьнгина) Стенга яхана и? Селхана аса х1оккхуза охьакхоьссина хила-м ма езара и! (Татталой маьнги к1ела воьду. Цу к1елара хеза аз) Х1ара ю-кх хьомениг! О-х1! Аса стохка яйъина хилла футболка а карий! (Маьнги к1елара схьавалан ца кхеташ шена карийна хеча а кхин цхьаъ футболка а т1еийзайо шена узарш а деш)
  Сутархан. Божок! Х1ей, хезий хьуна? (Маьнги к1ела хьоьжу охьалахвелла)
  Божхан. (Маьнги к1елара схьа) Хьо мила ву? («Тап!» - олий д1атоь)
  Сутархан. (Д1а схьа а хьожий) Со вара х1ара-м, Сутархан!
  Божхан. (Киратоьхначу пенехьа вирзина маьнги к1елахь) Со хуьлу марчо санна к1айн а волуш!
  Сутархан. (Маьнги к1ела а хьожуш) Х1ей, говрахь верг! Ц1а вола! Марчо санна к1айн хьуна гург ахьа мара д1аг1ортийна киртоьхна к1айн пен бу! Схьаверза х1оккхуза, ва Делан мостаг1! Со кхуаг1ора ву!
  Божхан. (Маьнга д1асабеттало к1еззига хенахь, т1аккха Божханан корта гучуболу маьнги к1елхьара. Шабарца хотту Сутархане) Д1абаг1аний и саьрмик... аьлчи а Ваха Дикаич?
  Сутархан. (Хьаланислуш, маьнги к1елара гуш болчу Божханан коьрте) Э-э-э! Дера ю хьо а ц1ога доцу бож! Бож-м х1етте а хуьлучура ваьллера хьо, хьох ма хила стаг! Хьаладала оцу маьнги к1елара, ва убар! Д1а муха воьду Ваха Дикалович, и х1инца а схьакхаьчча а ца хилча! Шен милицино карийна машен нахана гойтуш д1асахахкан ма деза цуьнан цкъа хьалха. Т1аккха кхочур ву-кх и д1акхоьссина цициг санна, мийра тоьхна буьрка санна кхийса а луш, вайга хьошалг1а. (Ша-шега) Дала хьостам ма эшабойла цуьнан машенан ч1ургашна! И машен эццалца студенташ мацалла белла 1охкуш белахь а цаьрца бала болуш а ма вацара и.
  Профессор. (Не1арна арахь, уьйчохь, шен девнечу куьйга к1еланисбеллачу студенташна дов деш хеза цуьнан аз) Х1ора 1уьйрана аса г1овттийна, куьг лаьцна дига деза шу лекцешга! Университет стенгахь ю дага мукъале а дог1ий шуна!
  Сутархан. (Чуг1ла д1аса воду, къевлавалан меттиг лохуш, амма ца карабо)
  Божхан. (Маьнги к1елара схьа шок тухуш) Ф-ш-ш! Схьаяийта хьайн бекъа х1оккхуза!
  Сутархан. (Схьайоьллуш не1 а хаалой) Ва, Дела! Орцах... (Сихонца маьнги к1ела туьлу).
  Профессор. (Не1 йоьллуш чоьхьаволу) Т1аккха, г1евттаний тахана сан берзалой! (Цец дог1уш хьожуш соцу).
  Борзхан. (Маьнгина юккхехь вуог1авелла лаьтта ах т1ехь кхозуш юрг1а а долуш, мерза наб еш. Цуьнан корта, набаро базбина цхьана аг1ора хьодуш, т1аккха вукху аг1ора хьодуш оьгуш бу).
  Писухан. (Шен шина г1айбин т1ехь самукъане «хур-т1ур» деш наб еш хебина 1уьллу).
  Профессор. (Алан дош ца карош, ч1ара санна балдаш г1иттош лаьтта. Эххар а) Х1ара... (д1аса хьожу). Со стенга... Со стенга кхаьчча эр дарий аша? Х1ара х1ун меттиг ю? Палата лоьмар ялх-м яц х1ара, ца хууш а? (Улло воьдуш леррина хьожу самавалан дагахь воцучу шина к1анте) И-э-э! Антон Павловична-м г1енаха а гина хир бац х1ара санна персонажаш!
  Борзхан. (Самавалан г1ерташ туохалуш) У-у-у! Йовсарш! Со наб ян вита ца аьлла аса шуьга! Со сийсара сахиллалц кафешкехь 1ийна наб янза ву, ца аьлла аса шуьга! (Деса муьшагали санна маьнги т1е вужуш, юрг1ех хьаьрча, шен наб кхин а д1а ян вулу).
  Профессор. (Алан дош ца карош, балдашца х1аваъ луьй1цу цхьана юккъехь. Оьг1аза воьдуш кхехкан вулу) Йовссарш! Йовсар! Суна... Сох! Ас бер хьуна хьан болх-м! (Борзханан маьнги хьалха д1асахьодуш, т1екхетий к1ентан юрг1а схьауозадо. Амма к1анта ч1ог1а керадерзийна и юрг1а-м, цо ца хоьцу д1а. Профессор мох санна хьаьвзий т1екхета Писуханан юрг1ана)
  Писухан. (Цкъа шозза схьауозадой, кхин ца къуьйсуш д1ахоьцу юрг1а, профессорна дуьтуш). Зулька, д1аялахь! Х1ун лекцеш юьйцу ахьа! Дикка наб а тоьхна со кафешке вахан дезаш ву, цхьажимма кемсийн мутт а молуш музоне ладог1ан.
  Профессор. Ой, и х1ун ц1е яра цо суна тиллинарг... Х1ун лекцеш, х1ун кемсийн мутт! (Ц1ог1а олуш шен керара юрг1а ластадой кхуссу Писуханна)
  Писухан. Зулька, суна хаьара хьо къинхетам болуш стаг юй. Ваха Дикаич - боху оцу акха стаге со могуш воцуш ву ала диц ма делахь. (Шен юрг1а т1еуозадеш, кхин д1а хур-т1ур дан вулу к1ант).
  Профессор. Ас бийр ма бу хан болх! Хьо кхин-м 1уьллура ма вац вижина боьрша цициг санна! (Т1екхетий белш лоцуш д1аса туху к1ант).
  Писухан. (Набарах куьйгаш хьокхуш куьг схьалоцуш профессор шена улло охьавуьллу. Къевллина маравуллуш д1а ца хоьцу). Зулька, аса ца элира хьоьга сан кочура яла! Ца 1ий-кх хьо сан коча ца еъча!
  Профессор. (К1ентан марара валан г1ерташ дуьхьала тийсалуш) Ва, орца дала! Х1окху тентиго юьхь1аьржа х1оттий-кх со! (Писухана ворта 1аьвдина, халла) Орца!.. Орца дала! Са ца даккхало!
  Писухан. (Набарах валанза) Ой, ахьа х1ун до, Зулька! Со ваций хьо ядийнарг-м! Хьо хьуо ю-кх сан коча ян г1ерташ чуьраяьлла. Х1инца айхьа хьайна коьртара месаш ийзорг хир ю-кх ахьа. ас ца аьллера со зуда ялор йолуш вац со вийчи а. (Профессорна коьртах к1унзал т1ехула куьйгаш хьокху, набарха велан къежа) Зулька, ма белахь соьца и бегаш... Ахьа х1ун леладо? Наха маре боьлхуш шайна керла г1абли оьцуш ма хуьлура... Ткха хьо т1уьска а яйтина ма еъна соьга маре! (Вуон г1ан гича санна кхералой самаэккха. Шен марахь воллучу профессоран, ша т1е куьг хьоькхуш, к1унзал а гуш) Ашх1аду... Къулх1у... 1а-а-а-а! Ва, орца дала! Соьга парфессар маре веъна! (Маьнги т1ера тоттий чукхуссу профессор. Ша чуэккхаш ц1енкъаюккхехь 1уьллучу профессорна т1ех1уттуш) Аса, и 1уьллу Борзик... Борз... Борзхан а (шен маьнги т1ехь 1уьллучу Борзхане аг1ора куьг а хьажош) и вайн Веза Дела теш х1оттош, хьан елахь б1е ц1е а тосуш, йити-кх хьо профессор... аьлчи а Ваха Дикаич... аьлчи а вити... йити...
  Профессор. (Ша йуьллучура дуьхаьала куьг кховдош) Х1ан-х1а и лоруш дац!
  Писухан. (Хаьнт1е ши куьг х1оттош т1евуог1алуш, ц1енкъаха ког а тухуш) И х1унда дац лоруш? Сох стаг ца хетар-м дац хьан и!
  Профессор. (К1адвелла садоь1уш) Вайн моллас х1инца а мах бина а бац!
  Писухан. Ахь боккъал а боху! (Хазахеташ къежа).
  Профессор. Цкъа хьалха мах байта беза моллига, хьайна со витан... йитан... витан лаахь, сан хьомениг!
  Писухан. (Оьг1азен) И хьаха ду хьуна а, моллина а къематдийнахь а гун доцург! Мичхьа ю сан х1умнаш? (Шен, гуолашкахь модни 1уьргаш даьхна джинсаш т1еуозош, вуьш х1умнаш гулъеш) Со ведча к1елхьара валахь-м ялор яц... валор вац цхьа а парфессар а аса-м!
  Профессор. Ой, цо х1ун дуьйцу! Ахьа йигича а... аьлчи а, вигича а хьоь мила вог1у ткъа! (Ца вешаш батт саттайо).
  Писухан. (Д1авада кечлуш) Ца яг1ахьара-м... ца ваг1ахьара-м хьаха вацара хьо, со самавьлча сан марахь воллуш карор!
  Профессор. Д1а ма вадалахь войшинна къамел х1инца а чекх ца даьлла хьуна!
  Писухан. Хьан къамелах дерг-м ца хаьа суна, сайниг-м даьлла чекх! Суна хьо ца еза... ца веза! Кхийтан хьо? Со-м Зулька а ялийча а, ца ялийча а х1ун дара те бохуш ойланаш еш вара! Хьо к1унзал болу коьчал яра хьуна х1инца аса ялонза йисинарг!
  Профессор. Сан хьомениг... (ша аьлларг харц хеташ, «тьфу-у!» - олуш туй кхуссун кеп х1оттош) Дукхавахарг, хьо нийса ца кхетта! Собардехьа, ма вадалахь д1а!
  Писухан. Хьайна кхин «хьомениг» лахалахь, профессор! Аса хьо йитина... витина... Аьлчи а, ас хьо валийна а вацара! Ахьа айхьа элира моллас мах бина ца хилча вайн зудаялор... аьлчи а, парфессар валор лоруш дац! 1одика йолда хьан, «хьомениг»! (Д1аэккхан г1урту)
  Профессор. (Дагахь доццучу кепехь хьалаэккхаш не1аре хьодуш, ши куьг д1аса а дог1ийтуш к1ант ца вадийта дуьхьала волу) Хьайн со лолда хьан, со иштта эхь дина витина д1аг1ура велахь!
  Писухан. (Дехьа, сехьа эккха, профессорна уллохула чекх валан г1уртуш, амма г1уллакх ца хуьлу. Чухула д1аса хьийза б1арзвелла) И бохург х1ун ду? Аса дуьххьара йитина вац моьтту суна хьо-м! (Къахеташ хьожу) Кхин мас стаг ву техьа ахьа дакъаза ваьккхинарг... (Амма вада дагадеина к1ант, б1арзлуш оьг1аза хуьлу) Профессор, д1авала суна хьалхара, вайн безамах 1уьрг даьлла, ца элира аса хьоьга! Со воцург а кхин дуккхуо а ма бу к1ентий. К1ант ца карош хьо а юьсура вац, сайх терра цхьа миска аса а лохура ю. (Велха х1утту) Ва, Зулька ц1айола хьан Писун сахьийза! Х1унда ца ялийра аса и бос хаза и Зулька?
  Профессор. (Куьйгаш хьалха лоцуш, к1ант меттавалон г1ерташ) Хьажахьа, сан хьомениг...
  Писухан. Парфессар! Кхин ма алалахь сох хьомениг! Хьуна ца хезира аса аьлларг? Со Зулька бен ялора йолуш вац! Со Зулькин хьомениг ву! Кхийтин хьо къанделла гужам! Таккхахула хьо маре йоьдуш... воьдуш хьайна парик мукъала а иэцалахь.
  Профессор. Дика ду, аса Зулькина вуьту хьо! Суна ца веза хьо!
  Писухан. Ой, и бохург х1ун ду? Хьуна х1унда ца везаш вара хазалла вала воллуш волу со? (Ша-шега, зале) Э-э-э! Ма эрчадаьлла сан г1уллакх, х1окху къеначу гужамна а со ца везахь!
  Профессор. Дика ду... дика ду, веза... хьо суна веза! Аса х1инцца кхетаво хьо. Д1авада ма г1ертахьа!
  Писухан. (Чухула д1асахьоду) Дера ма веза со-м! Хьох д1авада муха ца г1ерта, хьо буьйсана чиркх д1абайина мукъана а, хьо цкъа а куьзгана чу хьожу моьттуш вац со-м! Со воцург кхин вац хьуна веза? (Т1екхетий Борзхан самаваккха г1урту и д1аса ветташ) Тузик! Тузик!.. Ой, аса х1ун дуьйцу? Х1окху, ас ца лехначу безамо хьеравоккхуш ма лаьтта со-м! Борзик! Борзик! Самавала сихха! Вай профессор валийна, аьлчи а цкъачунна-м аса валийна. Хьо сихха хьала ца г1аттахь хьоьга ван г1орта а сахьт доцуш ду и безаман муьшгали!
  Профессор. Ой, Хьо эца Дала д1а! Хьо-м со нахала ваьккхина волуш ма лаьтта!
  Писухан. Воккхур вац хьо малолетке маре ван г1ерташ т1аьхьара валахь-м
  Профессор. Собарде ахьа, малолетка, аса бийр бу хьуна хьан болх-м! Ас малоинвалид вийр ву хьох х1инцца! (Куьйгаш хьалха а дог1ийтуш чухьоду)
  Писухан. Ва, нана! К1ант ледара хилахь хьан нус парфессар хуьлуш ву-кх! (Профессор т1екхоччушехь ц1аьххьана юьстаха эккхаш д1аводий коран б1аьрг чухьош аракхоссало. «1а-а-а-а!» «Дап!» - олуш тата хеза жимма хан яьлча)
  Профессор. (Дуьхьалара Писухан д1аиккхича воьдуш лаьтташехь Борзханан маьнги т1е охьавужу. Борзханас къовллий мара а вуллу).
  Сутархан. (Маьнги к1елхьара корта схьаухьуш, зале) Э-э-э! Даь ма даька хьан Писухан! Хьо дан а ду хьуна бакъ пису! Цициг санна кхозлагчу г1ат т1ера чухецавелира к1ант-м! Цунах-м Зулька ешара йолуш х1ума а дисинехь тамаш бу х1инца! (Маьнги к1елхьара жимма хьала айбалуш хьала хьожу Борзханан маьнги т1е) О-о-о! Борзик, х1инца хьуна кхечи-кх миска Пису-х висина жеро-парфессар! Ч1аг1лолахь, г1о эшахь тхо кхузахь ду хьуна! (Маьнги к1елахь хьулло).
  Профессор. (Халла корта мукъабоккхуш Борзханан куьйга к1елхьара) Ма детта сох куьйгаш! Д1ахеца со! (Борзхана ворта д1а хоьцуш г1одаюккъехула куьг доккхуш гилдгаш доху) Вахь-хьа-хьа! Д1адаха куьйгаш! Со воь ахьа! Жима волуш дуьйна гилдгех кхоьруш вала воллуш ву со! Борзхан! Борзхан! Борзик!
  Сутархан. (Маьнги к1елахь) Х1ай-х1ай! Борзик-м берзан санна куьг долуш волучух тера ву! (Божхане) Божок, хезий хьуна?
  Божхан. Ма йе г1овг1а, 1овдал! Во1шиъ гучувоккху ахьа!
  Сутархан. Дера, Божок, вайшимма х1окху чуьра к1ура ца бахь, и профессор Борзикас а шен б1е ц1е тесина витахь татта велла х1окху маьнги к1ела а ваьлла войшинга маре ван мегаш ма ву!
  Божхан. Ма ваккха войшиъ гучу! Т-сс-с!
  Профессор. (Гилдагех жимма метта вог1уш. Шен дуьхьала тийсавалан ницкъа ца тоьий кхеташ х1иллане волуш, Борзхана коьртах вуха кхевдаш куьйг хьокху, иза хьаьстина а керара валан дагахь аганан илли олу)
                Хьомен к1орни дижа д1а
                Олий-болий-лай!
                Г1ийла хьоьжу беттаса
                Хьан цу агана чу.
                Туьйранаш ас дуьйцур ду,
                Йиш ас локхур ю.
                Б1аьргаш хьабдеш вижа д1а
                Олий-болий-лай!
  Борзхан. (Набарх ца волуш) Нана, ма дукха хан яра ахьа суна йиша лакхаза! Ма дукха хан яра ахьа со иштта хьастаза... цхьа к1ира-м х1етте а. Нана, ас цхьа оба алий хьуна?
  Профессор. (Букът1ехьа волчу к1анте корта берзон г1ерташ) Хьайн нана лолда хьан, сан к1ант, ма алалахь суна оба!
  Борзхан. (Б1аьргаш ца боьллуш куьйга профессоран д1асахьийза корта сацош, оцу б1аьштиг т1е к1унзална зевне цхьа оба олу).
  Профессор. Эх1! И х1ун дара ахьа динарг! Дела дала хьуна оцу сан к1унзалах и сийна д1овш! (Юханехьа т1амарш лестош волало к1антана м1араш а тосуш).
  Борзхан. Ахьа х1ун до, нана? (Лазавеш самаволу, профессоран к1унзал го шен мерк1елахь. Цецволуш) Нана-а-а! (Кхеравелла) Хьуна х1ун хилла, нана? (Велхан волало) На-на-а-а!
  Профессор. (К1ентан керара ца валалуш д1ахьааьвзий схьахаьвзий Борзханан дуьхьала ерзайо шен юьхь) Сан к1ант, ма велха! Хьайн нана елла виса хьо, воьлхур велахь!
  Борзхан. (Б1аьргаш буй хьовзош хьожу профессоран юьхье. Кхин а ч1ог1а велхан вулу) Ва, нана-а-а! Х1ун хилла оцу хьан хазчу хьомен юьхьана? 1а-а-а! Аса кхин цкъа а шиъ доккхур дац хьуна, ша ериг хила-а-а!
  Профессор. (Хьасталуш) Борзхан! Борзханчик! Борзик! Х1ара-м со вай! Сан хьомениг, со ца вевза хьуна?
  Борзхан. (Профессор шен нана ца хилар хазахеташ, иза кхин а ч1ог1а маракъовлуш, къежаш, хьаьжт1е оба а олуш) Парфессар, Ваха Дикаич! Хьо ва маьрша-могуш! Хьо лаан лелий те, хьо тара вуй техьа?
  Профессор. (К1анта къевлина халла садоь1уш) С-со лаан ма вара, с-со тара а ма вара, цхьажимма и хьайн куьйгаш аьлчи а, и хьайн морзагаш малдехьа, сан са дег1ах д1акъастале!
  Борзхан. (Сахьте хьожу 10.00 даьлла) Парфессар! Ваха Дикаич!
  Профессор. Х1ун боху ахьа, сан хьомениг?
  Борзхан. (Самукъне велалуш) Парфессар, хьо лекцешкахь х1унда вац?
  Профессор. Со-м цхьана баханен висина хир вара, ткъа хьо х1унда вац сан лекцехь?
  Борзхан. (Кхин а ч1ог1а самукъадолуш) Парфессар!
  Профессор. Х1ун боху ахьа, сан хьомениг?
  Борзхан. Со кийча ву-кх!
  Профессор. Ахьа х1ун дуьйцу, сан хьомениг? Стенна кийча ву хьо? Хьо самаваьллий техьа вуьззина?
  Борзхан. Стенна бохург х1ун ду? Хьан лекцига семаладог1а кийча ву-кх!
  Профессор.  (Ша-шега) Везан Дела, хьера ца волуш х1окху чура аравалан ницкъа луохьа суна! (Борзхане) Вало, сан хьомениг, университетехь йоьшура ю аса хьуна лекци!
  Борзхан. Со-м дуьхьала вац иштта вижина а 1уьллуш хьан лекцешка ладог1а.
  Профессор. (Собар кхачош) Хьалаг1атта, Делан мостаг1! Деканатехь къастор ду вайшимма ваьшинна г1улакх!
  Борзхан. (Оьг1азе юьхь еш) Накъост, сан метта а вижина суна т1е мохь х1унда хьокху ахьа! И х1ун деканат ю ахьа суна кхерам туьйсург? (Марахь 1овдуш са ца доккхийту).
  Профессор. (Са ца даккхалуш сенвелла) Ор... ор... орц... (Борзхана малдо куьйгаш) Орца дала! (Йовхарш еш, халла) Ва, орца дала! Со ма вейтийша х1окху хьераваьллачу стаге!
  Борзхан. Парфессар!
  Профессор. (Йовхарш еш) Х1ун боху ахьа?
  Борзхан. Хьо кхойкхуш варий?
  Профессор. Вара.
  Борзхан. Хьаьнга?
  Профессор. Нахе.
  Борзхан. Со ву-кх нах. Х1ун боху ахьа?
  Профессор. Хьо нах велахь а, суна оьшу нах вац-кх!
  Борзхан. Кхин нах-м бац хьуна делахь кхузахь, хьо велла 1уьллуш велахь а, Шавериг а хьан лекцешкахь ву-кх!
  Профессор. Уьш муха хуьлу сан лекцешкахь, со кхузахь хилчи?
  Борзхан. И боху-кх аса а...
  Профессор. Х1ун боху ахьа?
  Борзхан. Ма ирс долуш нах бу-кх уьш боху-кх. Лекцеш а йоцуш кафешкехь кемсийн муттах къурд а беш 1аш хир бу-кх уьш. Лекцешка ца воьдуш 1ийчи а и ирс ца хили-кх сан!
  Профессор. И бохург х1ун ду? Х1ун муттах къурд буьйцу ахьа?
  Борзхан. Х1ун мутт? Парфессар, бежан санна веъна сан метта а вижина, лекци ешан г1ерташ ахьа тилвина-кх со! Мутт ца боху аса кофе алан г1ертара со. Зудбераша кофе бен молуш гиний хьуна?
  Профессор. Ткъа к1енташа-студенташа х1ун молу? (Х1иллане) Алал соь.
  Борзхан. Х1умма а ца молу-кх!
  Профессор. Х1унда ца молу цара х1умма а?
  Борзхан. Х1унда! Х1унда? Уьш х1окху хенахь цхьа а лекцешкахь ца хуьлун дела!
  Профессор. (Ца кхеташ) Ткъа стенгахь хуьлу к1ентий х1окху хенахь?
  Борзхан. (Тентиге санна хьожу профессоре) И бохург х1ун ду? Вайшиъ санна шайн маьнгешкахь хуьлу-кх. К1ентий г1овтта хан яц х1ара-м, шаьш уьш бакъ к1ентий белахь!
  Профессор. Вайшиъ санна-м 1оьхкуш хир ма бац уьш шаберш а.
  Борзхан. Х1унда бохура ахьа, профессор?
  Профессор. Шишша цхьана манги т1ехь хир бац-кх аьлла хеташ бохура аса-м.
  Борзхан. И бохург х1ун ду хьан? Со хьайн ц1а а веъна хьайца вижина 1уьллуш санна сох бехкаш дохуш ма ву хьо!
  Профессор. Ткъа, д1ахецахь со т1аккха!
  Борзхан. Цо х1ун до! Сан говро вадийна валийча санна суна веза веш ма ву хьо!
  Профессор. Веза веш вац, сан хьомениг! Ахьа цхьажимма хьайн куьйгаш малдича со г1оттура вара!
  Борзхан. Парфессар.
  Профессор. Хун боху ахьа, сан хьомениг!
  Борзхан. Парфессар! Сан хьомениг! Сан хьомениг! - бохуш хьо х1ун деш ву суна мара а иккхина?
  Профессор. Со-м вац хьан мара иккхина! Хьо ву-кх со д1а ца хоьцуш сох тасавелла воллуш.
  Борзхан. Парфессар!
  Профессор. Х1ун боху ахьа, сан хьом...
  Борзхан. Сайна хьо мараволла сайна дагадаг1ахь со шуьга а веъна хьан метта вер ву хьуна! Кхин сох хьомениг ма алалахь... хьомениг! Тпфу! Профессор со талхийна ваьлла волуш лаьтта-кх хьо, х1окху сан метта а ваьлла!
 
(Уьйчохь Хавчикаева Хавкин аз хеза).

Хавка. Студенталгаш! Профессор гирий шуна кхузахь? Ца хаьа, 1уьйрана шун юкъарбахаме веъна иза, кхузахь лекцеш юкъахюьтуш верг гучу ваккхан. Хьуьнаюккъехь санна, профессор вайна, лекцеш ешан стаг воцуш дисина-кх тхо. Машен-м ю цуьнан кхузахь, ша вац-кх каравеш. (Профессор волчу не1арх п1елг туху. Хавкин аз хеза) Чохь дуй шу, студенталгаш? Цхьаъ аравала, суна чу ян томехь дац!
  Борзхан. (Дуьхьала вист хилан бага г1аттайо, профессора бета т1е куьг дуьллуш сацаво).
  Хавка. (Кхин а не1 тухуш аз хеза) Чохь цхьа а вуй? Арадовла со чу а ца йоийтуш! (Вахтер гуш йоцучу йоккхачу стаге) Нани! Ва, нани! Схьайолахь суна кегий нах болчу чуяхан томехь ца хета. Хьо хьажахь оцу чохь Ваха Дикаевич вуй!
  Профессор. Д1ахецалахь со х1инца! (Борзханан керара волуш хьалаэккхаш чухула д1аса хьоду. Корах арахьожу. Лекха ду чукхоссавалан. Ц1аьххьана ценкъа вуьжуш татталой Сутархан, Божхан волчу маьнги к1ела г1урту) Ашхъ1аду! Ашх1аду.. Лаилах1а! Шу муьлш ду? Ма титта со ара!
  Сутархан. (Маьнги к1елара аз) Д1авала кхузара! вай массо а тарлура дац х1окху маьнги буха! Хьайна кхин маьнга лаха!
  Профессор. Кхуьура вац со! Витийша со шайца!
  Сутархан. Д1авала ца боху хьоьга, тхо хьо маре валон йиш йолуш дац! Тхуна йо1арша йиллина хан ю!
  Профессор. Витийша со, со вог1ура вац шуна цхьанге а маре!
  Сутархан. Писухане а бехира ахьа иштта, х1инца мичхьа ву иза, хаьий хьуна?
  Профессор. Корах араваьлла-кх.
  Сутархан. Хьо а вала цунна т1аьххье корах ара!
  Профессор. (Маьнги к1елхьара ах бухахь висина хьала ца валалуш д1атасавелла маьнгин к1елахь) Орца! Со цхьамма д1алаьцна! Д1ахеца со! Д1ахеца...
  Сутархан. Дамех йинарг, мерзаниг а к1езига яан дезаш хиллера, парфессар! Дера маьнгеш к1елахь лечкъа хан д1аяьлла моьттуш ву со оцу хьан фигуран.
  Хавка. (Профессоран орца дахар хезий, борз санна ша цхьаъ чу эккха.) Ваха Дикаевич! Со орцах йог1у хьуна, цхьажимма сатохалахь! (Чохь д1аса хьожу, профессор ца гуш. Борзхан юрг1ана к1елахь хьулвелла) Ваха Дикаевич, хьо стенгахь ву? Дийна вуй хьо х1инца а? (Ша-шега) Хьо дукха ма вахарг... (Ладуг1у лерг ухьуш, тийналла. Елха уозайо) Ва, Вах Дикаевич! Вайн университет байлахь йити-кх ахьа! (Д1а, схьа хьожу, йоьлхзучура соцу. Бен доцчу озаца) Дала д1а-м эцнера хьо, ткъа дакъа мукъне а стенга даха техьа хьан? (Кхералуш) Ва, Дела, дакъа доцуш вайна-м хир ма вац иза! Лаьтта буха а воьдийла дац...
  Профессор. (Ах маьнги к1елара схьа) Хавчик-к-каева!
  Хавка. (Кхералуш д1а, схьа хьожу кешнаш юккхехь санна) Х1ун боху ахьа, Вах... Дик...?
  Профессор. Лаьтта буха ца вахана! Маьнги буха вахана!
  Хавка. (Профессоран когаш а гой т1ехьоду) Ваха Дикаевич, хьо х1ун деш ву оцу к1елахь?
  Сутархан. (Маьнги к1елара аз) Профессор, тхо гучу ма дахалахь! Аса ахьа Писухан корах ара муха кхоьссина д1адуьйцур ду хьуна!
  Профессор. Кучан пхьуьйшан т1ера нуьйда маьнги к1ела керчинера сан!
  Хавка. Ткъа, карийн хьуна и?
  Профессор. Х1аъ, карийна.
  Хавка. Хьалавала т1аккха.
  Профессор. Хавчикаева!
  Хавка. Х1ун боху ахь, Ваха Дикаевич?
  Профессор. Ахьа тахана 1уьйрана х1ума йиъний?
  Хавка. Ой, Ваха Дикаевич, аса 1уьйрана чай бен х1ума ца юу-кх. (Киснара, жима куьзга доккхуш цу чу хьожуш) Фигурина дика ца лору сов х1ума яъар.
  Профессор. Ирс ду-кх хьо кертахьийзан йолучун!
  Хавка. Ахь х1ун боху, Ваха Дикаевич?
  Профессор. Аса цхьа шун галнаш, цхьа сахькад жижг диина бохура аса-м!
  Хавка. (Ша-шега) Соьга кхачан везаш вара хьо. Аса гойтура дар хьуна жижг-галнаш-м шина шарахь цкъа, иза а телевизор чухула!
  Профессор. Хавчикаева-а!
  Хавка. Со ладуг1уш ю-кх, Ваха Дикаевич.
  Профессор. И хьайн г1ам-г1им а дитий х1окху сан положенига хьажахь.
  Хавка. И бохург х1ун ду, Ваха Дикаевич? Оцу айхьа 1уьйрана х1аллакдинчу жижг-галнаш т1ехула т1е кхин а х1ун положенехь ву хьо?
  Профессор. Дера ву интересни положенехь.
  Хавка. (Цецъяьлла) Ой, Ваха Дикаевич, хирг хира вац-кх!
  Профессор. Дера ву-кх, йо1, дукха ван а волуш-м! Ког уозабай, куьг уозадай г1одехьа суна.
  Хавка. (Кхераелла, йоьхна) Ваха Дикаевич!
  Профессор. Ой, х1ун боху ахьа?
  Хавка. Хьенан ког... куьг... уозаде аса?
  Профессор. Сан ког, Хавчикаева! Сан куьг! Кхин хьенан куьг озадан йоллура хьо?
  Хавка. Х1а-а-а! Х1инца кхийтира со, Ваха Дикаевич. Хьо хьуо а араг1орталахь!
  Профессор. Дика ду, уозаве сихха!
  Хавка. (Уозаво, амма маьнго ца хоьцу. Кхин цкъа а тасалой уозаво. Сутархана профессор маьнги к1елхьара аратуьттуш г1ертар а хеза, амма профессор мукъа ца ваккхало)
  Борзхан. (Юрг1ана к1елхьара хьожуш 1ийна, ца воллий г1оттуш т1евог1у. Профессора мохь оьхушшехь, ши ког а лоций шишана т1ус санна маьнги к1елхьара аратосу профессор) Парфессар! Ца 1ий-кх хьо со нахала ца ваьккхича!
  Профессор. (Шен бедаршна т1е куьг детташ. Хавка а ю гуо туьссуш, профессорна т1ера чан йожош. Профессора бехкала ваг1на кеп х1иттайо) Борзхан, вуохий ма хьовза, Хавчикаева-м мотт беха болуш стаг яц хьуна.
  Борзхан. Беха-м бацара цуьнан и мотт, делахь а ца оьшучохь доцца аьлла а ца аьлча минга долуш бу-кх!
  Хавка. И х1ун ду ахьа суна кхуллуш дерг? Ас деканатехь-м хьуна лаахь беххачу маттаца а хоийтура ду, аша профессор маьнги к1ела а воьллина хийзор!
  Профессор. Ас нуьйда йожийнера ца элира... Арахь собар дел, йо1! Тхан божарийн къамел ду.
  Хавка. (Ца яьлла, Борзханан къайлаха (буй, п1елг хьажош) Хьо муха борз ю-м со хьожура ю, Борзхан!
  Борзхан. Хьо ядаяй йига бохург-м дац хьан и, Хавчик? (Дуьхьала д1овш ца тухуш ца 1а к1ант а).
  Профессор. (Ша йийсар винчу маьнги к1ела, джинашка кхойкхуш санна) Схьа гучудовлал, маьнги к1еларнаш! (Тийналла) Ас ца боху шуьга, гучудовла1
  Сутархан. (Аз хуьйцуш) Ца довлу! Хьайн тхоьца г1уллакх делахь схьабуха вала!
  Профессор. Хьа-хьа-хьа! Со кхин цкъа а нахалла ваккхан дохку хир дара шу, шайт1наш!
  Сутархан. Парфессар!
  Профессор. Х1оввай!
  Сутархан. Тхо д1адоьлху делахь!
  Профессор. И бохург х1ун ду? Пенах 1уьрг а даьккхина даг1а-м ца дохку шу д1а?
  Сутархан. Писухане корах даккхалуш хилчи, тхоьга пенах х1унда ца даккхалуш ду и?
  Профессор. Ткъа, гена дахан дохкий шу?
  Сутархан. Эцца университете, ахьа Писухан ара кхоссарах лаьцна дийца!
  Профессор. Цига ца доьлхуш, шаьш делла д1адовлаллц оцу маьнги к1елахь 1е шу. (Ша-шега, зале) Семестр чекъяллалца 1иэ, сессехь вовшакхетар ду вай! (Маьнги к1ела) Шийла 1одика йойла шун! (Араволу сихха).

                III дакъа.  I-ра сурт.
 Аудиторина хьалха гулбелла студенташ. Шалха йоккха не1, т1ехь «АУДИТ.56. ЭКЗАМЕН Ю Д1АХЬОШ! Г1ОВГ1АНАШ МА Е!» яздина шиъ у а долуш. Хьалха д1аса лелаш, тетрадаш, книшкаш буйнахь, йоьшуш студенташ. Профессор вог1уш хаавелла, студенташ сонехьа лечкъа г1ерта.

  Профессор. (Мор боьттина кехаташ карахь а долуш, т1аьхьа яьлла г1оьнча-ассистент Хавка а йолуш, аудиторин не1аре вог1у. Мерана т1ехь буьрса хевшина куьзганаш а ду) Т1аккха, сан Хьоменаш, кийча дуй шу соьца цхьана истола т1ехь къамел дан? (Д1аса хьожуш лоьху лачкъан меттиг боцуш тебан студенташ. Цхьа Лула ю хьалха лаьтташ) (Ша-шега) Схьахетарехь, со тахан суьйрана х1усамнанас кечдийр ду аьлла жижг-галнаш довха даъан ц1а кхочура вац. (Хавке а хьожуш) Хавчикаева, чукхайкхал вайн хьешашка, хьайна уьш карабаг1ахь! (Не1 йоьллуш шен хьалха Лула а йоккхуш къевла волу).
  Хавка. (Йоцуо коч охьауозон г1ерташ, карахь долу кехаташ новкъа долуш оцу г1уллакхна) Схьадуьйлал кхузза! Х1ей, студенталгаш! Шу стенгахь ду? Ваха (Ша-шега) Ваха ма вахарг. (Студенташка) Дикаевич тахана ч1ог1а дика оценкаш х1иттор йолуш ву-кх! (Д1асайолало).

(Гучуволу шиъ китайхо, т1ехь китайхойн духар а долуш. И шиъ тилвелла лелаш ву. Хавкина т1е1иттало).
  1-китайхо. (японхо санна охьате1аш улло вог1у Хавкина). Нихо! Нихо! (шена т1е куьг хьежош) Чен!
  2-китайхо. Маршал! Нихо! (шен некхе куьйг хьежош) Чен!
(Шина а китайхочо цхьана эшшарехь, кхин цкъа-шозза олу: «Чен!Чен!»)
  Хавка. Них... Них...! Маршал... Ас х1ун дуьйцу! Со хьера-м ца яьлла! Ванах, х1орш муьлш бу техьа? Ченченаш ду шаьш а ма боху х1окъара. Маршаллаш а ма дуьйцу х1окхара, амма х1уъъа а делахь а цхьа х1ума-м ду х1окхеран нохчех тера доцуш (дуткъа б1аьргаш динчу китайхошка леррина хьоьжу Хавка) А-а-а! Кхийти со т1ера духар дац-кх х1окхеран нохчех тера. Х1орш-м кхечу пачхьалкха йокхка-эцар лелон бахана хилан а мегий сессешна юккъехь. Х1окхаьргара-м цхьа презент яккхан деза сайна. (Китайхошка) Маьрша дог1ийла, хьеший! Шу муьлха пачхьалкхаш теллина дог1уш ду?
  1-китайхо. (Шайн ц1ераш хоьтту моьттуш, кхетон г1ерта) Чен!
  2-китайхо. (Сихха т1етуху) Чен! (б1аьргаш дуткъа деш къежа).
  Хавка. Ченченаш-м шадерш а дара вай. Ткъа х1ун товар деъна аша кхечу пачхьалкхера, хоьтту ас шуьга. И т1ера барзакъ-м ду шун модняк! Товар муьлхачу базарахь дасдина аша охьа? Со хьажа йог1ур ю шун товаре! Кхетий шу? (б1аьргашца, йишмаь1ашца шен презент оьший хаийтан г1ерта).
  1-китайхо. (шен четара дошам (словарь) схьайоккхий цу т1е хьожуш, т1аккха шена а шен накъостана т1е куьг хьажош) Чен! Чен! мотт... мотт...
  Хавка. Х1а-а! Чечен мотт! Шу нийса кхаьчна-кх! Х1окху аудиторин чохь ю-кх экзамен. Чеченийн маттана-м яц и. Шу жимма т1аьхьадисина. Селхана чеккъяьлла чечен меттан экзамен. Хумма а дац, шун базарахь долчу товаре а хьаьжина (б1аьрг та1ош), вай къаьсттина и экзамен д1аялан бакъо йоккхура ю шуна. Ткъа тахана Ваха Дикаевич дика волучура чечен литературан экзамен д1ало аша. Шайн товар долу базар аша йийцахь аса шпораш а кхуссур шуна къайлаха-къулаха.

(Лечкъинчура схьат1ехьовду студенташ, шиъ китайхо юьстаха кхуссуш)

  Божхан. (Массо д1асатоттуш) Хавка! Хавчик! Суна... суна!

(Накъосташа тоттий юьстахакхуссу)

  Писухан. (Накъостий д1асатуьйттуш Хавкина хьалха нислуш) Хавка, аса жимма воккха хилча сайна ялор ю-кх хьо! Соьга йолахь... аьлчи а суна кхоссахь шпора!

(Накъосташа юккъера аракхуссу иза а)

  Сутархан. Хавка! Хавчик! Суна!
  Хавка. Кхин цхьанна а ца ло, кхийтан шу! Дешан дезара, когаш текхош а ца лелаш семестрехь!
  Сутархан. (Юккхера ца воккхийтуш дуьхьал тасавелла) Хавчик! Суна... Суна хаьа оцу ченченийн товар муьлхачу базарехь ду! (Кхечеран г1овг1ашна юккъе кхин цкъа мохь тухуш) Суна хаьа муьлхачу базарахь!
  Хавка. (Сутарханан куьг схьалоцуш, юьстаха воккхуш) Алал сан лерге!
  Сутархан. (Лерге а воьдуш цхьаъ-м олу)
  Хавка. (Х1иллане елалуш, «бартхочун» белшт1е куьг тухуш шайн барт цхьаъ хилар гойтуш) Д1авалахь! Цо х1ун дуьйцу!
  Сутархан. (Х1иллане къежа дуьхьала корта а лестош реза хилар гойтуш)
  Хавка. (Шиъ китайхо шена т1екхойкхуш) Ой, шу шиъ Китай пачхьалкхера товар дохьуш веъна ца олуш х1ун деш 1ара? Вуй шу шиъ Китайра веъна?
  1-китайхо. (Шегара дошам йоьллуш леррина хьожий ц1енчу нохчийн маттахь олу) Ву! (жимма 1ай ойлане хуьлуш т1етуху) Йу! Ду! Бу!
  Хавка. (Цкъа къаьрззий хьожу цец дог1уш, т1аккха къинхетаме корта ластош) Мисканаш! Китайхь товар ца карош дикка йорт эцца леллачух тера ду х1окха 1овдала шина нохчочо. Нохчийн мотт-м тийсалуш буьйцу х1окха шимма. (Шена тусаделлачух ша а цец йуьйлуш, къинхетаман корта ластош хьожу китайхошка. Цаьрга куьйг ластош, шега дехарш ден студентех йодуш аудиторин чуэккха).

                II- сурт.
(Йисттехь уьйчахь лаьтташ го Зуля, т1еюьйхина джемперана бухахь богнаш йина хаалуш шпаргалкаш ю).
  Зуля. Ой, цара х1ун до! Х1окху уьнт1пхьидах ца къаьстачу цаьпцалгана гуо а бина! Гуора х1унда ца хьуьтту шу оцунна хьалха шадерш а!
(Экзамене т1аьхьависина вог1у Божхан улло кхочу Зулина. Цец волуш хьожу йисттехь з1уганийн конжар санна Хавкина гуо бинчу студунташга)
  Божхан. Зульчик, Хавка хавчик йоькъуш-м яц студенташна? Экзамен хира яц тахана?
  Зуля. (Божханас шеца къамел деш, Хавка йолчу аг1ора хьежар ца лалуш) А-а-а! Хьо ву и Божхам!
  Божхан. Бож-хан! Ю сан ц1е! (Зулина т1евоьрзу).
  Зуля. Бож-хам а, хан а х1ун башхалла ю. Ильхам-м реза ма ву шен церна?
  Божхан. Йо1, хьуна сатасале тахана хьан з1ок тоьхна? Я мамас межарг а ца луш араяьккхина хьо? Уьш х1ун деш бу хоьтту аса? Вовшен т1уьсканаш юуш ма бу уьш. Х1ун йоькъуш ю царнна Хавка?
  Зуля. 1ежаш доькъуш ю-кх! Хьуна ца го уьш? Хьуна ца деза 1ежаш?
  Божхан. Х1ун динчунна доькъу цо 1ежаш?
  Зуля. Ша маре йигинчунна!
  Божхан. Маре яг1але хьалха пенсе яг1ан мегаш дера ю и йо1стаг-м!
  Зуля. (Божханас Хавкина 1оттар яр тайна къежина) И 1овдал Писуханна-м вара и, Хавка аьлчи а, и маймал далон реза хилла воллуш, и ши п1елг биллал долу кехатан цуьрг бахьана долуш.
  Божхан. Шен бахам Писуханна буьтуш яздина весет-м дацара и?
  Зуля. (Ца ешаш кеп х1оттош) Цуьна-м дера яц шен итт шо хьалха эцна цхьа дарин коч йоцург весет деш йитан х1умма а.
  Божхан. (Студенташна юккъера кхойкху) Писухан! Во, Писухан!
  Писухан. (Вуг1ахьожуш т1евог1у х1окхарнна) Х1ун боху ахьа, Божик?
  Божхан. Пису, ахьа х1ун до дарин кучах?
  Писухан. Х1ун кучах?
  Божхан. Хавкас весетца хьайна юьтучух?
  Писухан. Муьлхачу весетца? (Цецваьлла).
  Зуля. (Юккъег1уртуш Моздаре) Дарин коч яц Хавкас х1окхунна луш ерг.
  Божхан. Ой, ахьа ца бохура?..
  Зуля. Ца бохура! Дарин коч-м цунна шена а эшан тарло! Хьанна хьаьа из маликаш тилделла ялсмане кхочий а!
  Божхан. Ткъа Писус стенна йуьгу Хавка маре, шена декъаза дарин коч а юьсуш ца хилчи... нускало весет яздича а?
  Зуля. Хавкас шена дарин кучал а г1олениг ло дела.
  Божхан. Ой, ахьа х1инцца ца элира Хавкин цхьа дарин коч бен кхин х1умма а дац?
  Зуля. Ю! Шпаргалка!
  Божхан. Шпаргалка! (Ойлане волуш) Хьуна уггаре а ч1ог1а оьшшучохь доттаг1чо-нускало кховдийна шпаргалка! Дера бу и ондда ницкъа! (Писухане воьрзуш) Дера, к1ант, хьан г1уллакх а к1еначу йо1стагца ловзарца д1адерзан мегаш ду!
  Писухан. Цо х1н дуьйцу? И муха хиира хьуна? Холманчалла дан хууш-м вац хьо?
  Божхан. Холманча хилан дера ца оьшу и хьан бесса корта ган!
  Писухан. Хьайн буьзина корта гайта ахьа аудиторин чоьохьа аг1ора! Оцу хьан нисбеллачу коьрте хьоьжуш 1аш гилла борз санна Ваха Дикаич ву хьуна.
  Божхан. Хьуна бакъдерг дезахь, кхин хьайнчух къаьсташ-м х1ара сан х1ож а яц.
  Писухан. Дера ву со вайшинна а юкъахь далийна а цхьа къанделла нускал далон деза моьттуш, ваьшан есачу кортошца.
  Божхан. (Леррина Зулин шпаргалкех юсаеллачу джемпере хьожуш) Э-э, собардел цкъа, нускалан т1орказ дуьззина шпаргалкаш йолу Хавка хьайна йита мегар ду хьуна.
  Писухан. Ткъа и хьан еса корта оцу аудитори чохь цуьнан чоме хьажан б1арзъвеллачу Ваха Дикаична ло ахьа?
  Божхан. Аса х1ун до буьзинчу коьртах? Сан дика са гуш ши б1аьрг хилчи!.
  Писухан. Со кхетавехьа, сан ваша Божик! Хьо х1ун х1иллан ц1ога лаьцна веъна кхуза тахана? Х1ун ду оцу хьан ирачу шина б1аьргана гуш дериг, суна а ца гуш?
  Божхан. (Писухан улло уозавеш, т1ехула куьйг доккхуш, Зулька накъостана б1аьргашца накъостана гойтуш) И йо1 муха хета хьуна?
  Зулька. (Шега хьежар тайна лелина охьа-м ца йоьду, кхин дериг-м хуьлу цунна).
  Писухан. (Накъостана лерге) Хьуна ца хаьъа, тхойшинна безаман помидораш мустъелла дикка хан юйла? Цулла а, юьстах а ваккхий суна тоьпаш тохаран суд йе!
  Божхан. Схьаелла и хьайн ши б1аьрг! Уьш-м къерзорах тоьуш даций! Уьш-м хьуна Хастам Хиларо хьежа а, тидам бан а делла дуй! Тахана арахь тов хьийзачу дийнахь кетар санна йовха джемпер а юьйхина, оцу джемперан йозалла бад санна техкаш лелаш ца го хьуна и бос хаза Зулька?
  Писухан. Ца хаьа деллахь суна-м, и профессор сайна геннара а гича, кетар юьйхича а тоьур доцуш, шело хьоду-кх сан декъазчу ц1окане! Зулькина а хирг хир ду-кх цу тайпана цхьа цамгар.
  Божхан. Дикка хьажахьа оцу йо1е! Айсберг олу ша шена четабоьллича а, минот д1аялале и лалийна охьабохийтура болуш йовхо йоллу-кх цуьнан дег1аца!
  Писухан. Ткъа т1е джемпер а оьллина х1ун леладо х1окху убара? (Зульке вист хилан г1урту, амма накъоста т1ехула даьккхинчу куьйгаца шегахьа верзаво).
  Божхан. Дера ю и холманчан джемпер! Оцу джемперана чухула и «т1анк!» аьлла, (б1аьргаш хьаббеш) «т1анк» аьлла, юьззина шпаргалкаш ю-кх! Х1инца кхин цкъа а хьажал йо1е. Жимма а куц-кеп хазделчи санна хетий хьуна цуьнан? (Зулькен аг1ора д1атасавалан г1оьртина Писухан кхин цкъа а сацош, лерге). Со виц ма велахь ловзарга кхайкхан а, суна профессорас шен к1омсар тесича, орцах вала а!
  Писухан. (Зулькина улло г1уртуш) Зуля! Т1аьххьарчу хенахь хьо гучуяьлчи и сийна б1агор боийтуш да-агар хьоду-кх сан мискачу дег1е! Суна х1ун дарба оьшу хаьий хьуна?
  Зуля. Ой, хаьа дера-кх1 (Шен джемперан киснахь шпаргалшкаш кегош, оцу юккъера схьа оьцуш д1акховдайо цхьа х1ума к1анте) Х1ан, д1алаца хьайна!
  Писухан. (Ша алан г1оьртинчух юкъах волуш) И х1ун ю, ахьа суна кхийдориг?
  Зуля. Х1ун ю бохург и х1ун ду? Ацетилсолицилан кислота ю-кх! Ахьа хьайна дагар ду ца боху? Х1инца шиъ молха д1амала, д1авуьжуш а кхин шиъ малан дезара ду.
  Писухан. Ой, хьераяьлла хьо? Леш воллучу студентана аспирин луш хуьлу?
  Зуля. Ткъа х1ун еза хьуна?
  Писухан. (Къежаш) Хьо… хьо еза-кх!
  Зуля. (Коьртаха ж1ов тоьхча санна лаьтта, амма жимма хан яьлча метта йог1у) Соьга хьайга маре йола алан дицделла хьуна?
  Писухан. Ца дицделла. Йола-а!
  Зуля. Х1инцций?
  Писухан. Х1аъ!.. Х1ан-х1а, экзамен чекхъяьлча!
  Зуля. Ткъа, экзамен чекхъяьлча хьо аса стенгахь лехан веза?
  Писухан.  Соннерчу кафешке керла пиво деъна!.. Аьлчи а ца деъна. Писо-м иштта а дара цигахь... аса х1ун дуьйцу... Йо1, ахьа со тила х1унда во? Аса еза, йола аьлча ца тоьъу хьуна?
  Зуля. Ши минот хьалха: «Хавчик, ас маре юьгу хьо!» - баьхнарг хьо вацара! Х1ора ши минот моссаза елин йолу оцу хьан мискачу студентана ц1оканах и сийна ц1е?
  Писухан. Зуля! Зульчик! Хьо сох ца тешахь войшиъ экзамен д1аялан аудитори чу цхьана дахийта-а. Со т1аккха вадан къуьура вац хьуна цхьана а кафешке!
  Зуля. Ахьа соь селхана ма аллара, вайшинна дегайовхо цхьатерра ца йогу! Со Моздарца г1ур ю экзамене! И хьан ц1аьххьана семсабаьллачу безаман бахьана и оцу хьан ц1окана юккъехь доллу пису аьлча а, цхьогал ду моьтту суна.
  Сутархан. (Цхьаъ-м тусаделла лергаш ухьуш Зулина улло г1урту) Зуля, хьо Къилбаседа полюсе яха-м ца кечъелла? (Гуо тосу кхаанна а ца тешарца)
  Зуля. Пирветик! (Куьйг ойбуш) Сутархамчик! (Зале йоьрзуш ша-шега) Х1а, д1алаца хьайна, Зульчик, кхин цхьа к1орни а хьаьвзи хьан бун чу.
  Сутархан. (Писухан тергал ца веш, Зуле) Со сутархам вац хьуна, Зульчуня... чуня! Со Супперхан ву! Хьуна! Кхийтарий хьо?
  Писухан. Ахьа х1ун до, ж1аьло санна хьожа йохуш, гуонаш туьйсуш?
  Божхан. Дера ву со оцу Сутаргайна а Зулин джемперах йог1у безаман хьожа кхетта моьттуш!
  Сутархан. Зуля, оцу хьан джемперан бос хьан б1аьргашца къийсалуш хета-кх суна! (Зале, ша-шега) Моьлкъана санна т1ебаьлла сийна ши б1аьрг!
  Писухан. К1ант и джемпер суна хьалха гучуяьлла... аьлча а безамбахана... аьлча а йо1е сан безам бахана! Д1аваьлла оцу джемперна.., аьлчи а, йо1ана уллора!
  Сутархан. Джемпер а, йо1 санна, къевсинчунна кхочу, аьлла-кх вайн дайша!
  Писухан. Аьлла, хьан да валла хьакха юуш!
  Божхан. К1ентий, аса д1асакъастор ду моьттуш аша и дов долийнехь, иза-м бакъ дац шуна! (Зулина т1ехьа волу, лечкъа кеп х1оттош).
  Сутархан. (Писуханна н1аьнак1орни санна дуьхьала вог1алуш) Ахьа х1ун боху?
  Писухан. (Дуьхьала воьрзуш, когабуьххье а айбалуш) Х1умма а ца бохура аса-м!
  Сутархан. Ахьа баьхчи а хоьга бохийтур а дац!
  Писухан. Ахьа бохийтур дац и!
  Сутархан. Ас бохийтур дац-кх!
  Писухан. (Сутарханан кога буьххье нанап1елгана т1е ког тухуш) Х1ан! Делахь!
  Сутархан. (Лозийна ч1еч1къашка воьдий, шина куьйга ойбий коган гуола а лоций, вукху кога т1ехь ша-шена гуо боккху, ц1аьххьана соцуш т1екхетий Писуханан мара лоций и озабо) Х1ан делахь, хьуна!
  Зуля. Ва, орца дала! Со бахьнехь вовшен вуьйш лаьтта-кх оцу шина к1анта!
 
(Т1ебовдий студенташа гуо бо довхошна, хьовсуш)

  Божхан. (Собар кхачалой Сутарханига) Сутарниг! Ахьа х1ун до зудберо санна мара ийзош? Пилла ян-м ца воллу хьо цунах? Буй тоха цунна, Мохьамад-1али-с санна!
  Борзхан. (Писухане. Гуонна юккъе эккхаш, д1агойту кеп х1оттош) Ахьа х1ун до дехкий дойъуш санна хелхаран бохь буг1уш нехан когашна т1е вуьйлуш? Брюс Ли-с санна оцу уккал чу мийра туоха цунна!
  Божхан. (Борзхан т1ехьара кач-белш лаьцна вухаозош) Аса х1инцца «Къаьркъан кедан» стиль гойтура ю хьуна, хьо кхин оцу юккъе г1ортахь!
  Борзхан. (Божханан керара волуш сцени хьалха г1уртуш, студентийн гуонна, г1овг1ашна сехьа, н1аьнак1орни санна шена халахетийтинчунна дуьхьала когабуьххье а айбалуш) Ахьа х1ун боху!
  Божхан. (Дуьхьала воьрзуш). Х1умма а ца бохура аса-м!
  Борзхан. Ахьа баьхчи а, хьоьга бохийтур а дац цхьамма а!
  Божхан. Ахьа бохийтур дац и?
  Борзхан. Ас бохийтур дац-кх!
  Божхан. (Борзханан мара лоцуш, озабеш) Х1ан, делахь!
  Борзхан. (Шен лозийна мара а лоцуш ша шена гуо боккхуш, ц1аьххьана соцуш, Божханан когабуьххье ког боккху) Х1ан, делахь хьуна!

(Вовшен кач-белш лоций хьийза, н1аьнак1орнеш санна. Сцени т1ехь йоккха г1овг1а эккхийтина, вовшех тасалуш ву шаволу студент. Ц1аьххьана аудиторин не1 йоьллуш араволу Ваха Дикаевич, т1ехьара схьакъерза Хавка, цецбевлла. Оцу хенахь д1асакъаьстина шина аг1ора бевллачу студенташна юккъехь уьш къастош йоллуш хиллачу Зулин джемперан четара дог1а санна оьгу шпаргалкаш!
  Профессор. (Хаьнт1е ши куьйг г1ортош, ког шаршош, куьзгашна т1ехула хьоьжуш дехье-сехьа бевллачу студенташна юккъехула волало). Ас... Асс... Асса… (Алан х1ума ца карош, ч1ара санна бага г1еттош вуьсу).
  Сутархан. (Хьалха г1уртуш, залчу велакъежаш, хелхаран т1араш туху) Асса! Асса! Х1ор-ррс-тох!
  Профессор. Ас... Асс... Ахь х1ун до, к1ант, т1араш детташ!
  Сутархан. (Бехкала воьдуш корта оллабеш) Бехк ма биллахь, Ваха Дикаич, суна-м хьо хелха волуш ву моьттура!
  Профессор. Со хелха волуш-м ас гойтура ду шуна!
  Сутархан. Ваха Декан… Декан… Деканович! Хьайна хелхавалан дагадеъча соьга хаийта ахьа! Аса санна дика т1араш тухуш стаг вац тхан к1отарахь!
  Профессор. Цкъа делахь, со х1инца а... цкъачунна декан вац! Амма хилахь шун г1уллакхаш тиша-м хир ду! (Залана юккъехь лаьттачу Зулина улло воьдуш, цуьнан когашна хьалха лаьтта хьожу) Хас… Хасмагомед… Хасмагомедалихаджиева! Х1ара х1ун г1овг1а ю ахьа кхузахь яьккхинарг?
  Зуля. Со... Со-м жимма тасалуш яра...
  Профессор. Ткъа къийсан х1ун къуьйсура аша?
  Зуля. Хьалха хьан экзамене чу мила воьду.
  Профессор. Т1аккха, хьалха мила вели?
  Зуля. Хьалха цхьа а ца вели.
  Профессор. И бохург х1ун ду?
  Зуля. Шаверг а т1аьххьара нисвели-кх.
  Профессор. Хьо-м хир ма яц т1аьххьарниг?
  Зуля. Яц... Со-м чу йог1уш яра. Х1оккхуза уьйча ц1енкъара нехаш д1аяхан сецинера со.
  Профессор. Уьш стенгара евлла кхузахь?
  Зуля. Аса ц1ахь гулъйина четахь лелош яра и нехаш. Д1акхийсан меттиг ца карош.
  Профессор. Сан аудиторин хьалха бен кхин меттиг ца карий хьуна уьш д1акхийсан?
  Зуля. Тхан нанас тхан керта уллохь д1акхийсахь юьйр ю ша аьлла соь, Ваха Дик… Дик… Дикаич. Айса уьш стенга хьура ю ца хууш четахь лелош яра аса уьш. (Елха ийзайо кеп х1оттайо).
  Профессор. Мегар ду, чехкка нехаш д1а а яхий, хьайца ши-кхоъ накъост а валош экзамене чуйоьл сихха. (Д1аваг1ан г1урту, амма китайхой а гой соцу).
  Китайхой. (Къежаш лаьтта профессорна).
  Профессор. Шуна т1ера и духар ма тамашена ду, кегийн нах? И шун модана т1аьхьаидар маца кхачалура ду? Х1ара-м университет ма яц, деккъа ц1ена Моданан Ц1а ду-кх!
  Хавка. Уьш-м Китай пачхьалкхе круизехь хилла! Цигара духар ду оцу вайн шина студенто къаьмнашна юккъара доттаг1ала ч1аг1дар гойтуш г1иллакхна т1едуьйхина, Ваха Дикаевич.
  Профессор. (Куьзганаш ойбуш, меран дукъте охьатоьттуш леррина хьожу шина китайхочунга) Хавчик-каева! Хьажал дикка, схьахетарехь цара-м китайхойн духар дуьйхина ца 1аш шайн б1аьргаш а мелла а хьаббина! Иза мича доттаг1аллина дина х1ума ду х1окхеран?
  Хавка. (Мерк1ела йоьдуш хьожу китайхошга) Ваха Дикаевич, хьо бакълуьйш-м дера ву. И к1ентий-м шайн Китайна хьалха долу г1иллакхан декхарш т1ехкхочуш дина бевлла. Ткъа кхин схьа а ца деллалуш иштта церан б1аьргаш дисахь, ма нийса кхетара бац вайн студенташ а, хьехархой а! (Улло йоьдий к1ентийн б1аьргаш шена хеттачу аг1ора нисйдан г1ерта. Китайхой, йо1а лелочух кхеташ къежаш лаьтта).
  Профессор. Т1аккха?
  Хавка. Г1уллакх ца хуьлу, т1ехг1иллакх лелор мерах даьлла царшинна.
  Профессор. Схьат1ехилал ший а!
  Китайхой. (Улло бог1у профессорна) Нихо... Салам! Нихо! (Салам ло профессоре)
  Профессор. Них... Нихо. Ой, и бохург х1ун ду? И х1ун шайт1ана мотт бу аша соьца буьйцург?
  1-китайхо. (дикка дошам т1ехьожий) Нохци мотт Китай беза!
  Профессор. (Д1аса хьожуш) Шу хьера-м ца девлла! Нохчийн мотт Китайна д1абелча, цунах х1ун хир ду хаьий шуна? Хьовсал соьга кхин цкъа а! (Китайхой-м хьовсу къежаш) Шу суна къежахь а, иза-м Дуьненна масштабехь хийцамаш бу! Шайн 1овдал кортошца цкъа ойла ел! Дуьненахь дехаш долу ах халкъ нохчийн мотт бийцан долалахь цунах х1ун хир ду? Х1умма а диканиг хир дац-кх! Х1инца а куйна к1елабохккал бен боцушехь а оццул нахала бевлла болу нохчий... (Куьйгашца шен корта лоцуш ойла йо).
  1-китайхо. (Хьожу дошам т1е) Парфессар тхо Чен Ченаш ду (шена а, шен накъостана т1е п1елг хьажош).
  Профессор. Делахь ду шу ледара ченченаш.
  1-китайхо. (Дошаме хьожуш, профессоре хьожуш) Со Чен ву! Со китай ву!
Со нохцо вац... (жимма 1ай т1етуху) бац, дац, яц! (гуонаха хьожу)
  2-китайхо. Со Чен ву! (п1елгаш дагардеш ша шега) йу, ду, бу!
  Профессор. Зачетан книжкаш стенгахь ю шун, ченченаш?
  Китайхой. (Ца кхеташ хьоьжу).
  Профессор. Хас… Мас… Хасмагомедалихаджиева! Схьалол хьайн зачетан книжка! (Йо1ера схьаоьцуш гойту китайхошна) Х1орш мичхьа ю шун?
  Китайхой. (Г1адвахна воьлу, царшимма гойту шайн кехаташ) Китай, Нохцо - доттагас ду (Шайн дагахь корта ирх берзош дагардо). Ду, ву, йу…
  Профессор. (Схьадоьллу кехаташ, уьш китайхойн маттахь яздина ду. Корта а лоцуш, гондахьа) Хьовсал, студенташ! Китайхойн мотт 1амийний аша?
  Сутархан. Ваха Дикаевич, экзамен масс де даьлчи хир ю оцу маттана а?
  Борзхан. (Вовшен юккъахь) Нохчийн меттана экзамен йолуш-м диъ де делира кечамна.
  Божхан. 1овдал, деъа дийнахь 1амалур бац китайхойн мотт!
  Писухан. Нийса лоь! Пхи-ялх де мукъна а дехан деза!
  Профессор. (Китайхойн кехаташ кховдош студенташга) Х1ара деша хьанна хаьа шуна?
  Сутархан. Ваха Дикаевич, тхо х1инца а кечам бан дезаш ду оцу экзаменна! И кехаташ шайн долучаьрга дешийтича х1ун дара те? (Профессоран буйнара кехаташ схьаоьций, улло воьду китайхошна. 1-китайхочунна некха т1е п1елг хьажош) Хьан ц1е х1ун ю?
  1-китайхо. (Дошамна т1е а хьожуш) Чен.
  Сутархан. (Шолг1ачу китайхочунна т1е п1елг хьажош) Хьан ц1е х1ун ю?
  2-китайхо. Чен.
  Сутархан. (1-китайхочунга) Хьо муьлхачу пачхьалкхан гражданин ву?
  1-китайхо. (Дошамца) Китай паццалк.
  Сутархан. (Шолг1ачунга хьожу).
  2-китайхо. Китай.
  Сутархан. Нохчийн Республикехь х1ун деш ду шу?
  1-китайхо. Со Харбин юнивёсити стьюдент. Нохци мотт беза суна.
  2-китайхо. Со Пекин юнивёсити стьюдент. Нохци мотт…
  Сутархан. (Профессоре) Ваха Дикаич, уьш нохчийн мотт 1амон вай долчу баьхкина китайхой бу. Пекинера, Харбинера а.
  Профессор. (Хавке хьожуш реза воцуш. И Дела минот ца ели-кх, йо1, ахьа оцу вайн хьешийн б1аьргаш дахан! (Китайхошка) Маьрша дог1ийла! (Японхой санна охьа а те1аш) Нихо! Нихо! (Сутархане) Х1ара хьеший хьайн куьйгаллийца вайн университете хьовсийта.
  Сутархан. Ваха Дикаевич, вайн г1алига а хьовсийта аса вайн хьеший?
  Профессор. (Жимма соцунг1а хуьлий) Дика хир ду! Дика хир ду иза а!
  Сутархан. Ваха Дикаич, Х1ара вайн беза хьеший вайн республике хьовсийта аса!
  Профессор. Сутархан!
  Сутархан. Хун боху ахьа, Ваха Дикаич?
  Профессор. Ерриген Россега хьажийта ма г1ерталахь вайн беза хьеший... Деканате кхетабе уьш, т1аккха экзамен д1аялан вухавола. (Зулега) Хас… Хассс… Хасмагомедалихаджиева!
  Зуля. Со кхузахь ю, Ваха Дикаевич. (Ша-шега, зале) Зулька-м алан а хуура дацара х1окху к1унзална, Зуля мукъна а алахьара х1окхо сох и сан ворхх1е а дех йисина фамили йоккху бохуш, уьш шаберш багар а ца беш.
  Профессор. Ахьа кечйине хьайца чуйог1ун йолу тоба?
  Зуля. Х1инцца, Ваха Дикаевич!
  Профессор. Со хьоьжуш ву. (Аудиторин не1аре воьду. Дуьхьала араг1ерта Лула) Кортаева, ахьа х1ун до? Кхин ца 1а хьо?
  Лула. Аса кхузза делла-кх оцу сайн билетан т1ера хаттаршна жоп!
  Профессор. Ялуо, кхин студенташа хаттаршна кечам бешшехь кхин цкъа дийца суна хьайн хаттарш! Ахьа сел хаза оцу хаттаршна жоп луш, хьоьга йолийтура яр-кха аса массо а студентийн метта экзаменаш!
 
(Студентийн аьзнаш, хьуьнхахь санна) Тхо реза ду! Реза ду! Реза! Реза-а-а…

  Профессор. Хавчик-каева! Чукхайкхал студенташка! (Аудиторин не1 йоьллуш чувоьду).
  Хавка. Студенталгаш! Студенталгаш! Схьадуьйла экзамене чудуьйла!
  Зуля. (Хавкех ца ешаш батсаттош) Студенталгаш! Студенталгаш! Шуна ца го и пекъар г1оьнча-ассис-т-тентаг шу лохуш ю? Схьадовда цунна гонаха хьовза! Ци-ип, цип, цип! Ципа! Ципа!
  Хавка. (Зулина дуьхьала цергаш хьакхош) Собарде ахьа, г1ам! Ахьа цхьа шпаргалка схьа яккха ахьа экзаменехь, аса Ваха Дикаевиче д1алура ю хьо хьайн к1орнешцана!
  Зуля. (Ца ешаш) Г1ам делахь а, цхьаммуо а маре йола а ца олуш 1аш-м дац со... Аьлчи а, яц со!
  Хавка. (Мерах шок тухуш) Оцу хьан джемп1арна юккъехь дустош долу мезий санна, ахьа хьулъйина шпаргалкаш кхачийча гур ду-кх, хьуна безамца гуонаха хьийза, к1орнеш стенга г1ур ду а! (Шега мобилан телефон тоьхна кеп х1оттош) Алле! Магомедик, хьо вуй иза? Хьо со йолчу маца вог1ура ву? Тахана сарахь суьйренца, хин колонкана йистте? Мегар ду, хьомениг! Со хьоьжуш хир ю, сан ц1оькъа лом!
  Зуля. Ткъа хьуна-м бийр бац и меза а!
  Хавка. Суна х1унда ца беш бара и меза?
  Зуля. Меза-м дера могуш стагна т1ехь бен беш бац!

(Ши йо1 х1инца-м вовшен дуьхьала йирзина гуо тосуш ю. Студенташа мехкаршна гуонаха лаьтта сакъераделла).

  Хавка. (Оьг1азе б1аьргаш мостаг1чунна т1ебоьг1на) Дера бинера суна-м лурчаха хьо санна боккха цхьа меза!
  Зуля. (Дуьхьала йоьрзуш) Эш! Эцца тилбелла лелаш, цхьа боьхачу х1умнах хьожа ца йог1у меза тасабелла хир бу-кх хьуна т1е! Амма иза а хьан т1ехьийза к1ентий санна, сиха бедда к1елхьарбаьлла а хир бу!
  Хавка. Бедда ца баьлла! Аса гигиена ларъйо, цундела бедда! Амма, х1окху тов хьийзочу дийнахь т1еюьйхинчу джемп1ер юккхехь-м кестта шпаргалка д1алачкъон а меттиг хир бац хьан!
  Зуля. И х1унда хир бац?
  Хавка. И ахьа дуьйцу мезий цигахь гулделла, цара шпаргалкаш кхиссина араоьхийтур йолу дела!
  Зуля. (Алан х1ума ца карош д1а, схьахьаьдда, т1аккха т1ейог1ало шен мостаг1чунна) Ахьа х1ун боху?
  Хавка. (Дуьхьала йоьрзуш, когабуьххье айбалуш) Х1умма а ца боху!
  Зуля. Ахьа баьхчи а хьоь бохийтур а дац!
  Хавка. Ахьа бохийтур дац и?
  Зуля. Аса бохийтур дац!
  Хавка. (Т1екхетий месаш уозайо) Х1ан, делахь!
  Зуля. (Ц1ог1а олуш, мостаг1чуьна месаш керайог1у х1окхунна а) Х1ан, делахь хьуна!

(Вовшен месаш а лаьцна ц1ог1наш бохуш хьийза ший а. Гуонахара суденташ ахча дуьллуш бу муьлханиг тоьлу хьожуш)

  Писухан. Аса т1аьххьара дисина цхьа сом (шен куьйга т1ехь кепекаш кегош), ах сом дуьллу, туьмана дуьхьала Зулькина!
  Сутархан. Аса туьма дуьллу, шина туьмана дуьхьала! Зулька!
  Божхан. Аса Хавкина!
  Борзхан. Ас пхи шай дуьллу, туьмана дуьхьала, Хавчикина! (Мохь олуш) Хавчик! Брюс Ли-с санна б1аьрга п1елг 1отта цунна! М1араш таса! Цициган стиль гайта цунна!
  Писухан. Зуля, аса сайн т1аьххьара нахарчаш х1оттийна вайшинна! К1ела ма йисалахь!

(Г1овг1аиккхина бохку студенташ. Оцу хенахь ц1ийзаш аудиторин ши не1 д1асаеллало. Хелхаволуш санна цхьацца ког шаршош, буьрса хаьнт1е ши куьг г1ортош араволу Ваха Дикаевич. Студенташ д1асабовлу. Ц1енкъаюккхехь тасаелла шиъ а д1асайолу, кхин цхьацца муьшка а йой. Оцу хенахь Зулин джемперан четара охьахецало ц1енкъаюккхе шпаргалкаш)
  Профессор. Ха... Ха... (Ша муьлхачуьна фамили йоккхур ца хууш хьоьжу мехкаршка. Зуля-с Хавкина т1е п1елг хьежабо, цуьнан фамили атта ю аьлла хеташ). Хавчи... Хасмагомед... магомедалихаджиева! (Ц1ог1 олу эххар а)
  Зуля. Х1ун боху ахьа (реза йоцуш) Хьан сийлалла, парфессар!
  Профессор. И х1ун ду ахьа дуьйцург? Экзаменаш 1амош корта пенах-м ца биттина ахьа? (Ц1енкъахь нехаш а гой) И шайн ц1ахь мел йолу нехаш х1окху универсиете, сан аудитори хьалха ца кхийсича, кхин нехаш чу кхиссан ор ца карийна хьуна? Схьагулъе хьайн нехаш сихха!
  Зуля. (Беълара х1уттуш сихло шен шпаргалкаш гулъян)
  Сутархан. (Сонера схьаводий, беълара х1уттуш Зулина г1о дан вулу) Зульчик, х1ара нехаш вайшинна юкъахь хир ю! Мегаш дуй?
  Зуля. (Профессорна ца хозийтуш) Ма хьиэе аса кхаа буса гулъйина нехаш... аьлчи а шпаргалкаш!
  Сутархан. (Профессоран аг1ора корта ластош) Вай делора ю ас хьо х1инцца Ваха Дикаевична д1алур, хьуо ма ярра гучу а йоккхуш. Цунна-х яц хьо цкъа кхаллал а! Т1еэца аса хьайга кхийдон некъ!
  Зуля. Ахьа х1ун некъ буьйцу? Юккъехула чу дуьйцуш хуьлу моьтту хьуна и захло?
  Сутархан. (Оьг1азе хуьлу кеп х1оттош) Йо1, захлона т1ера д1адаьлла х1ара г1уллакх! Я вайшимма х1инцца х1ара шпаргалкаш йоькъу... я ахьа хьайн йист йоцу безам Ваха Дикаевичца боькъу!
  Зуля. Дика ду х1ета! Сихха гулъе, х1орш х1ун ю и парфессар кхетале.
  Сутархан. Семестрехь лекцешка а оьхуш дешан дезаш хиллера, йо1! Дера вара хьуна т1аккха Ваха Дикаевич Маликах тарлура.
  Профессор. (Сонехула волавелла хаьнт1ера куьйгаш ца дохуш, х1инца Хавка лохуш ву) Хавчик-каева! Хьо стенга яха? Схьагучуялал сихха!
  Лула. (Аудиторин не1арш йоьллуш, профессорна реза йоцуш, арайолу амма и гайта а ца яьхьаш) Ваха Дикаевич, со д1аг1ура яра ахьа оценка х1оттийча. (Дехаран озе йолу) Ахьа сайга мел деллачу а, ца деллачу а хаттаршна пхоьаза жоп делла-кх аса!
  Профессор. (Ша волавелла лелашехь куьзгашна т1ехула хьожу) Хьуна а гой и Хавчикаева цхьанхьа а? Хьажал кафедрехь а юй те иза? (Лула сцени цхьана аг1ора къевлайолу) Хавка вукху аг1ора сцени т1ехь йисттехь ийзалуш гучуйолу. Профессор букътоьхна ву.)
  Хавка. Ваха Дикаевич, хьо соьга кхойкхуш варий?
  Профессор. Ва йо1, хьо стенгахь лелаш ю? Хьо болх бан дагахь юй тахана?
  Хавка. Со-м студенташка чу кхойкхуш йолаелла лелаш яра.
  Профессор. Ой, х1инцца Зуля цхьаъ а чу ца ялаялуш, цунах тасаелла яьллинарг хьо яцара? Ма1ашт1ера а лаьцна балон безаш бу моьтту хьуна и студенташ экзамене?
  Хавка. (Ша-шега) Ца хаьа ма1ашах дериг-м, сайн аьлларг хилчи аса-м х1ора а студентана дуьрста тосура яра, гелаш бага а юхкуш. Т1аккха-х бог1ура барий уьш хьуна т1аьхьа а бевлла ца лаахь а, лууш санна. (Ша-шена къежаш) Делахь а 1енлура-м бацара уьш ц1ингаш ца кхуьйсуш. (Бертала текхачу Зулега а хьожуш) Ткъа х1окху ешапна-м буржалаш тоьхча а к1езига хир дара! (Профессоре хьожуш, хьасталуш) Ваха Дикаевич, со-м цо хьуна аьлларг ца ладелла иза цхьажимма мадъеш яра, аьлчи а цунна т1ехь кхетош-кхиоран болх беш.
  Профессор. Кхетош-кхиоран болх а битина и хьайна т1ебиллина болх кхочуш бахьара ахьа! (Лерге таь1аш) Хавчикаева, сох лаьцна х1ун элира бахара ахьа оцу (Зуле а хьожуш, дош ца карадо алан).
  Хавка. ... оцу маймало бохий ахьа? (Профессоран ойла иштта ю аьлла хеташ)
  Профессор. Ой, ца боху дера, студентхо алан воллура со.
  Хавка. А-а-а, цо-м дера боху хьо Сталлонах тера ву!
  Профессор. И мила ву?
  Хавка. Киноактер ву-кх.
  Профессор. Нийса йина ахьа иза мадд... аьлчи а, нийса бина ахьа цунна т1ехь кхетош-кхиоран болх! Тхан х1у т1ехь а хилла бац артисташ. Ткъа ахьа хьанах тера ву элира?
  Хавка. Аса-м Шварцнегерах тера ву элира.
  Профессор. Ткъа иза мила ву?
  Хавка. Иза... Иза губернатор ву-кх!
  Профессор. Губернатор! Иза мегаш ду! Хьо-м дика болх бан хууш хилла, йо1. Со ву хьуна дов деш. Дешаран шо чекх даьлчи санаторе путевка йоккхур ю аса хьуна деканатехь.
  Хавка. Ваха Дикаевич, цулле а круизе яккхахь суна и путевка. Со кхин цомгуш-х яций!
  Профессор. Мегар ду, делахь, сайна йоккхур аса санаторе путевка.
  Хавка. Ткъа круизе?
  Профессор. Круизан метта вай хьуна грамота йолийтур ю! Ткъа х1инца экзамене пхи-ялх студент чукхайкха вайн де чекхдолуш лаьтта цхьана студентхочунгара бен экзамен схьаэцан ца кхуьуш.
  Лула. (Гучуйолу сцени т1ехь) Ваха Дикаевич, деканатехь, университета чохь-арахь а, тхов т1ехь а хилла меттиг а бац и Хавчикаева! (Хавка а гой). Х1ара-м кхузахь ма ю. Ваха Дикаевич, суна х1ун оценка х1оттор ю ахьа?
  Профессор. Муха х1ун оценка? Чуйоьлл аудиторина, кхин цхьа-ши хаттар ду сан хьоьга дан дисина!
  Лула. (Реза йоцуш профессорна т1аьххье чу йоьду) Вай, Дела-кх, иштта кхин цхьа экзамен ялан дезахь сан университетера психушке перевод ян дезара ду-кх!
  Хавка. (Аудиторин не1арехь соцуш, Зулига) Х1ан яло хьайна, заббари, хьайн котаман к1орнеш а далош хьайцана!
  Зуля. (Аудиторина чоьхьа йолуш, Хавкина улло кхоччуш олу) Г1ам, аса хьуна дуьтура дац хьуна х1ара-м!
  Хавка. Чоьхьадала ешап! (Студенташка) Кхин виъ-пхиъ стаг оьшу. Схьадуьйла студенталгаш!
 
(Сутарахн, Писухан, Божхан, Борзхан т1аьхьах1уьтту Зулина, охкабелла, кхерабелла гуш бу уьш).

                3-г1а  сурт.
Аудиторина чохь, профессоран истолан дуьхьала ерзийна х1оттийна кхин а пхи-ялх стол. Истолашна дехьа пена т1ехь нохчийн яздархойн суьрташ, йистехь не1.

  Профессор. (Шен истолан г1анта т1ехь 1аш ву, Лулин зачетан книжка а ловзош буйнахь) Т1аккха, Лула, дийцал вайна Мохьмад Мамакаевн кхолларалех лаьцна!
  Лула. Ва-ай-кх! Аса пхоьаза дийцин-кха Мохьмад Мамакаев кхолларалех лаьцна! Хьо чохь волуш шозза, хьо араваьлчи кхин кхузза!
  Профессор. Со чохь волуш-м суна дийцина хир ду ахьа, ткъа со чуьра араваьлча хьанна дуйцуш яра хьо? Джинашна дуьйцуш-м хира ма яц хьо? (Бегаш бен кеп х1оттош).
  Лула. Суо йисина чохь 1аш саготтала айс-сайна дийцир-кх. Амма иштта х1ара д1адодахь, джинашна ялан-м дезара ду сан экзамен!
  Профессор. Х1умма а дац, Кортаева, иштта хан-зама ю-кх х1ара! Шайт1анех, джинех, кхин а цхьацца ешапаш а адмех д1аийна.
  Лула. Девдича а шаьш к1елхьара ца довлийтича, ийна моьтту суна-м и шайт1анаш адамех!
  Профессор. Х1ара, йо1, и шайт1анаш а дитий Мамакаевн кхолларалехь дийцал суна!
  Лула. Мохьмад Мамакаев кхолларалех лаьцна дийцале цхьа-ши дош шех яздархочух эр дара аса. Мохьмад Мамакаев нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ ву.
  Зуля. (Не1арш йоьллуш когбайбина чоьхьа йолуш, 1индаг1 санна тебина не1аран йисттехь) Ваха Дикаевич чуян мегий со? (Аз дегош, халла бен ца хеза) Ваха Дикаевич.
  Профессор. (Тхевне ирх хьоьжу ладуг1уш) Собардел цкъа, Лула.
  Зуля. Ваха Дикаевич, со кхуз... х1оккхузахь ю. (Куьг ластадо).
  Профессор. (Зулехьа хьожуш) А-а, Хасмаго-мед-алихаджиева. Схьачуйола, дукхаяхарг, маьрша а йог1ийла! Хенахь-м ца гайти ахьа тхуна хьо аудиторин пенашна сехьа аг1ора!
  Зуля. (Иэхь хета кеп х1оттош) Со-м суо а яц.
  Профессор. Ой, кхин а хьеший балош йог1у хьо хьайца?
  Зуля. (Не1 йоьллуш арахьожуш) Шу х1ун деш лаьтта некъа юккхе доьг1на хьокхий санна? Ваха... Ваха Декановичас чукхойкху шуьга а.
  Профессор. Хас-магомед-али-хад-жиева! Тхан ден ц1е Дика хилла, Декан ца хилла.
  Зуля. (Профессоре хьожуш) Ваха Дикиевич...
  Профессор. (Зуля юкъахйоккхуш, дегабааме) Ванах, вир тховт1е даккхан атта ду-кх хьо кхеточулла а. Оцу тхан миска ден ц1е Дикий ца хилла. Дика!
  Зуля. (Не1арехь лаьтташ яьккхина хан г1оле хеташ хабарен воккхуш профессор) Делахь, Ваха Дикаевич, ма ирс долуш стаг ву-кх хьо.
  Профессор. Ву дера-кх, кхаьсттина экзаменаш т1екхаьчча-м. Ткъа х1унда бохура ахьа?
  Зуля. Дера боху, хьан ц1е а ден ц1е а йоцца олуш йолудела Ваха Дикаич. Ткъа оцулла ирсен ц1е йолу и шун да миска х1унда ву? Къелла ловш-м вац и?
  Профессор. Къелла-м лан 1еминера иза, амма аша, студенташа пондар-вотий а дина шен ц1е д1асаийзош хезича ша къен хиллар дицлура-м дара цунна. Дикийвич, деканович, Декалович а аша цунна ца туьллуш ц1е яц-кх!
  Зуля. Делахь и сан памили и д1аоьцура ярий тешна цо шена?
  Профессор. (Бегашен) Х1аъа, оьцура яра, хьоьга ша маре веъчхьана.
  Лула. (Оьг1азе) Ас ала мегара дарий х1окху чохь цхьа-ши дош, Ваха Дикаевич?
  Профессор. (Лулига хьожуш) Алал Кортаева ши дош.
  Лула. (Оьг1азен мохь туххуш) Мамакаев Мохьмад вина эзар исс б1е итталг1ачу шарахь, 1ашхой-мартант1ехь!
  Профессор. (1адийна цхьана юккхехь лергаш кховлуш п1елгашца) Ой, со 1адон йоллу хьо, ва йо1? Цо х1ун до мартбаттахь цицгаша санна ц1ог1 хьоькхуш. Собарде цхьа жимма, аса т1аьхьуо дош лур ду хьуна, хьо 1аббалца. (Зулига воьрзуш) Хас… Хас… Хасмагомедалихаджиева, чукхайкха вайн хьешашка а, хьуо а баьрчче йолуш охьалахло.
  Зуля. (Кхин цкъа а корта не1арех арахьажош) Схьачудуьйла, к1орнеш! Вайга Ваха Дикаича хьошалг1а кхоайкху... аьлчи а экзамене кхойкху. (Шершшина, тебина т1еххьара партана т1ехь д1анисло).
 
(Вовшен хьалха а туьттуш не1арах чоьхьа бовлу: Моздар, Божхан, Борзхан, Сутархан, Писухан. Хьан аьлла ца кхеташ, массара а цхьана.)

  - Де дика...
  - Де дик...
  - Де дика хуьлда Вах Дикаич!
  Профессор. Де-м суьйренга г1оьртинера вайн... делахь а, Далла дезийла шу а! Схьанехьа довла парташна т1е охьалахло, билеташ а хоржуш! (Вовшен хьалха а туьттуш билеташ хоржуш, профессоре лоьмарш юьйцуш, Зулин партина дехьа, сехьа г1анташ х1иттош д1анисло кегийн нах студенташ)
  Профессор. (Билетийн лоьмарш д1аязъеш охьа таь1начура корта ойбу жимма 1ийна, цец а волий хьожу студенташка) Хасмагомедалихаджиева!
  Зуля. (К1енташна юккъера, уьш куьйган гуолашца д1а, схьа а туьттуш) Х1ун боху ахьа, Вах Дикаич.
  Профессор. Моз даарца муха ю хьо?
  Зуля. Моз-м сайн да воьхкина а дуур долуш яра со! Х1унда бохура ахьа, Вах Дикаич?
  Профессор. Тахана кхеттий хьо оцу мазах?
  Зуля. Деллахь, Вах Дикаич, со-м х1ора дийнахь а и къа сайх латош дера ю.
  Профессор. Дукха яьлларий те хьо тахана оцу мазах етталуш, къа латош?
  Зуля. Тахана-м дукха а ца яьллира со, экзамене сиха яра. Эцца цхьа-ши бошхап-м мазах кхетар нисделира сан.
  Профессор. Деллахь ма накхар морзий гулделла-кх оцу хьан шина бошхап мазана т1е!
  Зуля. Дера, Вах Дикаич, дац хьуна х1орш моз доккху мозий-м, моз дуу мозий ду-кх! (Д1асатотту дехьа-сехьа д1атарбелла к1ентий) Д1адовлийша! Аша х1ун до котамна к1орнеш санна гуонаха а хевшина. Шуна-м моьтту аса шайх к1орнеш аьлчи, шаьш котаман к1орнеш ду. Хьалха заманчохь т1ехьийзачу к1антах олуш хиллийца к1орни.
  Моздар. (К1енташна т1е куьг а хьажош) Зульчик, х1орш-м шадериш а дай хьан к1орнеш. Хьо таханенна... аьлчи а тахана езаелла бу-кх х1орш шаберш а!
  Зуля. Уьш-м к1орнеш дара, ткъа хьо стенна г1ерташ ву сан т1емашна к1ела?
  Божхан. (К1енташна т1е куьг хьажадо кхин цкъа а) Х1орш х1инца а к1орнеш ду, ткъа со хилла яьлла бож… аьлча а борг1ал ю!
  Профессор. Эх1е-ей! Ма з1окардаьхни гулделла х1окху чохь! (Хьалаг1оттуш улло воьду студенташна) Хасмагомедхаджиева! (Т1евог1ало).
  Зуля. Х1ун боху ахьа, хьан Дикалла!
  Профессор. Хьо аудитори чу стенна еъна?
  Зуля. Со... со х1ара... экзамен ялан еъна-кх! Х1унда бохура ахьа, хьан Вахалла... Возалла... Дикалла!
  Профессор. Хьо-м экзамене ца еъна!
  Зуля. Муха ца еъна? Экзамен хир яц тахана?
  Профессор. Хьан возалла! Хьан Дикалла! - бохург х1ун ду хьан т1аккха маьждигахь санна?
  Зуля. Ас-м ца боху... Ваха Дикалла... возал... Дикаич боху аса-м!
  Профессор. Иза-м могийтура вай, тхан да-м шех х1уъу а аьлчи а ловр долуш къонах стаг ву. Ткъа экзамен муха яла йоллу хьо?
  Зуля. Экзамен... экзамен куьйгашцана, аьлчи а, моттаца яла йоллу-кх. Куьйгашца яз а деш, моттаца...
  Профессор. (Партана т1ехула т1евуог1алой, ц1ог1аца) Экзамен-м, хьайна лаахь, когашца а ло, амма экзаменан хаттарш т1ехь долу билет-м схьаэцан дезар ду хьан!
  Зуля. (Х1инццалца халла д1асатуьттуш хилла гунахара к1ентий, ц1аьххьана хьалаиккхинчу йо1а, д1асакхуьйссу, профессоран истолана т1ейодуш. Ша г1антат1ера чукхоссален, Лула хьалхара д1аэккха кхуьу. Юьстаха йолуш цец яьлла хьожуш ю Зулига) Х1инцца, хьан сийлалла, хьан вахалла, хьан ваха дикалла! Х1окху делан сохьта!)Т1екхетий билеташ «х1орапака» дохуш царнна юккъера кхоъ билет схьаоьцу, шиъ шен метте охадуьллу. Оцу хенахь джемперан четара шпаргалкаш охьахьоду ц1енкъаюккъе)
  Лула. (Корта ластош) Соьца психдоме перевод ян кхин цхьаъ а кандидат ю моьтту суна! (Зулин реакцига хьожуш, лоьро санна цуьнан мерк1елахь куьйг хьалха дехьа-сехьа а доккхуш п1елгаш лоьлхийту «ткъарш!» олуш. Амма Зуля х1умма а гучохь яц. Лулас кхин цкъа а къинхетамен корта ластабо. Шен метте схьавог1учу профессорна т1ера б1аьрг ца боккхуш хьожу Лула.)
  Профессор. (Шен метте вог1алуш, къолам буйна а оьцуш) Хасмагомедалихаджиева!
  Зуля. (Беълара х1оьттина шен шпаргалкаш схьагулъеш йоллу, профессоре д1а а ца хьожуш) Х1ун боху ахьа, Дика а-а… Дикалонович!
  Профессор. (Реза воцуш) Ваха Дикаевич!
  Зуля. (Сихъелла шпаргалкаш гулъеш) Дика ду... хьуна лаахь иштта а хилийтахь.
  Профессор. (Кхин а оьг1азе) Муха иштта?
  Зуля. Ахьа х1инцца ма аллара... хьуна луъъучу аг1ора...
  Профессор. Ванах, хьо йо1 со хьераваьккхина йолуш йоллу-кх!
  Лула. (Х1инца а юьстаха лаьтташ ю, профессоре а хьожуш ши куьг беснеш т1е а дохкуш) Эх1! Д1алаца хьайна! Кхин цхьаъ а кандидат гучувели хьуна соьца цхьаьна первод ян!
  Профессор. (Беълара текхаш шен шпаргалкаш гулъеш йоллучу Зулина т1е ц1ог1 туху ц1еххьана) Схьаала хьайн билетан лоьмар!
  Зуля. (Халла гулъйина джемперан чета йоьхкина шпаргалкаш а кхераелла охьалегайо, уьш буйнара доьжначу билетаца уьй) Вах Дика... Вах Дика... х1инцца! Х1окху делан сохьта!(Д1акегадо схьакегадо кехаташ) Вах Дика... Х1окху сохьта, минотехь (Кегадо кехаташ) Вах Дика... х1окху делан секондехь!
  Профессор. Ванах, и хьайн ц1ахь мел гулъйина нехаш х1окху сан аудитори ц1енкъаюккъе охьа ца кхийси ахьа?
  Зуля. (Т1аьххьара зударийн герз дуьхьала доккху профессорна. Ц1енкъаюккъе охьа а хууш «ах1и» олий йоьлху, амма къайлаха шен билет лохуш ю). Ва-а-а! Со-м тхайн нанас нуй бетташ хьийзайой, аса нехаш кертахь д1акхоссахь-м! А-а-а! (Профессор х1инца б1аьрхи доккхуш ву ша а йо1е хьожуш. Ц1аьххьана Зулина билет карадо, йисина шпаргалкаш джемперан чета йог1ийту, белхаран т1аьххьара къурдаш а деш ц1енкъахь 1ашшехь) Ваха Дикаич! Шиъ!
  Профессор. (Зулина т1е воьду) Ма ала иштта, сан йо1. Иштта мегар ма дац!
  Зуля. (Т1ех1оьттина лаьттачу профессорна б1аьргашчу а хьожуш) Ваха Дикаич, шиъ!
  Профессор. (Воьдий Зулина улло ц1енкъа охьа хуу. Пиджак хьалха киснара доккхий мерах хьокху йовлакх хьокхуш, йоь1ан баьрхиш д1адоху) Хасма... Зуля, Зульчик, ма ала иштта! Вай-м хьуна ма езза хан лура ю билетана кечам бан.
  Зуля. (Шен самукъадалар ца гойту д1айоьрзуш, амма кхин цкъа а олу) Шиъ!
  Профессор. (Ц1енкъара хьалаэккхаш ц1ог1 туху, куьйгаш ирх кхуссуш) Сан куьг айбалура дац-кх хьуна и шиъ х1оттон! Ма баха соьга! Инфаркт йийр ю ахьа суна!
  Зуля. Ваха Дикаич, шиъ, сан билетан лоьмар ю, шиъ!
  Профессор. (Хазахетта, вог1ий улло охьахууш) Схьайтал! Хьажийтал! Шиъ билетан лоьмар ю боху ахьа? (Хьожу куьзгашна чухула) Ой, ян а дера ю! (Билетан т1ера хаттарш доьшу) Нохчийн халкъа барткхолларала. Ткъа шолг1а хаттар-м берашна а хуур долуш ду. Нохчийн халкъан туьйранаш. (Хьалаг1атта вулу, амма букъ лоций сеттинчохь вуьсу. Зуляс, хьалаэккхаш куьйг лоцуш, сеттина волушехь шен г1анта т1е вуьгуш охьахааво)
  Зуля. (Гонаха хьийза, къахеташ) Ваха Дикаич, хьуо ца лараво ахьа! Хьо дарбанц1а виллахь оха х1ун дийр ду? Тхан дуьхьа а лараван веза (ше джемперан чуг1ларчу киснара схьадоккху доккха мерах хьокху йовлакх профессоран хьаьжт1е хьокху иза) Аса билетан кечам бан мегий. Ваха Дикаич?
  Профессор. (Г1анта т1ехь 1ашшехь букъ лаьцна) Охьахаа, сан йо1, охьахаа, кечам бе хьайна... хьайна ма луъу хан ю хьуна.
  Зуля. (Шен партана улло йоьду сехьара ши к1ант хьала г1отту йо1 шайна юккъе охьахаийта, амма Зуляс шен кечаман луш долу к1айн кехатан аг1онаш схьаоьцу, кхечу партана т1ейолало. Дехьа-сехьа к1енташа  йо1 къайлаха схьалоцу, д1а ца йог1ийту. Тасалой йо1 керара йолуш шолг1а партина т1е охьахуу. Йо1 охьахиъна билете а хьаьжина, дехьа-сехьа хьажича к1ентий хуьлу хьалха санна гуобинна 1аш) Шу мозий санна гуонаха-м хьийза, амма цхьа шпаргалка аша соьгара йоккхура-м яц!
  Божхан. Зулька, суна Муса Ахмадован драматургих лаьцна цхьа шпаргалка лахь, кхин цхьаннега ас хьох куьг тухийтар дац т1аккха.
  Сутархан. Божжок, Зулькех-м ца тухийтура ахьа куьг, ткъа хьох хьайх тохан мегар дарий? (Къевлаха уккал чу муьшка йо) (Зулега) Зульчик, со цхьаъ ву хьан сий а ц1ий а лардан кийча! Аса х1инцца лохку х1ара гуонахара екхаргаш!
  Борзхан. Сутарниг, харцо ма йийца! Кхузахь хьо йоцург а ю борз!
  Сутархан. Хьо барзана-м аса ма1аш 1уттура яра туьйранахь божжас санна!
  Божхан. Моьттура дац хьан ц1е Сутарбож ю! Со ю хьуна бакъ йолу бож! Божхан ю хьуна сан ц1е, нагахь хьуна дицделлехь а!
  Писухан. Цара х1ун до! Шу-м шаерш а берзалой, гезарий а хилла д1а ма девли! Со Писухан велахь, суна шпаргалка хир яц бохург-м дац иза? 1отта ма1аш, йохкан к1омсарш яцахь а, шух х1оранна а тасан м1араш-м хир ю сан а.
  Сутархан. Пису, хьо мукъна а ма вала суна дуьхьала. Ас делора ю и хьан батт тишъелла нохчийн пеш санна вовшах йоккхур!
  Писухан. Х1ара, Сутархам, моьттура дац хьо иштта буьрса ву!
  Сутархан. Ву, делора, со-м дукха буьрса!
  Писухан. Хьо санна буьрса Сутархан тхан кертахь воллу!
  Сутархан. И х1ун деш воллу шун кертахь?
  Писухан. Къийгаш д1акъехкош воьг1на воллу-кх!
  Сутархан. Шун кертара къийгаш-м хьо мунда гича а къаьхкара яра, амма хьо пису-м аса цхьацца йоккхуш м1араш схьаяьхна дуьтур ду, ахьа кхин Зульчикин джемперехьа хьайн меца батт ерзаяхь!
  Писухан. (Ша 1аччохь аьрзу санна айбалуш) К1ант, ахьа х1у боху?
  Сутархан. (Дуьхьала айбалуш) Х1умма а ца бохура аса-м!
  Писухан. Ахьа баьхчи а хьоьга бохийтур а дац!
  Сутархан. Ахьа бохийтур дац и?
  Писухан. (Шена т1е аьтту куьйган нана п1елг хьажош) Ас!
  Профессор. (Г1овг1ане ваьллачу шиннега а хьожуш) Со новкъа-м вац шуна, кегийн нах? Со аравалий х1окху чуьра?
  Сутархан. (Буйнаш дина шен буьрса Писухане хьежар профессоре а дерзош) Х1ан-х1а, профессор, новкъа вац!
  Писухан. (Буьрса профессоре хьожуш) Дукха вехийла, Ваха Дикаич! 1ад1иэ хьо меттаха а ца вуьйлуш.
  Профессор. (Ирахьа лаьттачу Сутархане, Писухане) Валол, шиэ а шаьшшина цхьацца парта а лохуш д1асавалал оцу меттера1
 Сутархан. (Писуханна оьг1азвахарах валанза ву х1инца а, ша муха олу а ца кхеташ) Ахьа х1ун боху?
  Профессор. (Ирах1уттуш лозун букъ бицбеш) Х1умма а ца бохура аса-м!
  Сутархан. Ахьа баьхчи а... (Божханас, Борзханас куьг схьаозадеш муьшка еш меттавалаво) ... баха хьайна, хьайна ма луъу, Ваха Дикаич! (Ша-шега) Ткъа баха мукъана х1ун бохура те х1окхо соьга?
  Писухан. (Профессорна улло хахкало, лерге а воьдуш къайлах) Ваха Дикаич суна тоьпаш туху кхиэл ехьа, со Зулькех ца воккхуш! Х1окху ехачу семестрехь цунан кучан юх а лаьцна бер санна лелаш ву со кино, кафешке, дискотеке, аьлчи а библиотеке, лекцешка воьдуш. (Йишмаь1аш еш а кхетон г1ерта) Т1ехула т1е боккха безам бу сан цуьнан джемпере... аьлчи а цуьнан хазачу джемперан бухахь детталучу даге!
  Профессор. (Писухане ша кхетан кеп х1отто, йишмаь1аш еш) Мегар! Х1ета... Хасмагомадалихаджиева!
  Зуля. (Аз кагдеш) Х1инца х1ун боху ахьа Вах Дикаич?
  Профессор. Схьайоьлл х1оккхуза, хьайн салпал а йохьуш!
  Зуля. (Шен шпаргалкаш юьйцу моьттуш, шен джемперах ка а тухуш, кхераелла иэгон йолалуш) Хьан? Мила? Х1ун сал-пал...
  Профессор. (Писуханан Зулина юкъаметтиг шена хууш юй хаийта г1ерташ йишмаь1аш а еш) Хьайн билет, кечаман кехатан аг1онаш а йохьуш схьайоьлл х1оккхуза!
  Зуля. (Партина а, шена а гуобинчу к1енташа юккъара ара ца ялалуш дикка тасалуш, церан йийсарера а йолуш, керара яьлча юг1а а хьоьжуш, дов ден кеп х1иттош, профессорна истолан улло хьоду. Т1екхаьчча шен мас нисъеш нускалан кеп а х1оттош) Х1ун боху ахьа, Вах Дикаич? Со кхуззахь ю-кх.
  Профессор. (Т1аьхьахахкабелла к1ентий совцош ира а х1уттуш, гипноз х1оттош санна куьзгашна т1ехула хьожуш, х1инца уллохь кхин цкъа а йишмаь1аш а еш, кегийчу нехан юкъаметтиг къобаляр гайтан г1ерташ) Экзаменехь цхьана истолан т1ехь цхьаъ студент бен хоийтуш вацахь а, аса шу шинна бакъо ло вукхарах къаьсттина цхьана партина т1е хаъан! Хьуна муха хета, сан йо1, иштта аса йина ч1аг1о?
  Зуля. Мила шиъ, Ваха Дикаич?
  Профессор. Баркаллаш бахан ца оьшу, сан йо1.
  Зуля. Баркалаш-м аса цхьа гали дуьззина а бохура дара хьуна, экзамен чекхъяьлча, Ваха Дикаич.
  Профессор. Мегар делахь, хьо ца 1ен йоллу х1ета а вуьта а, гали схьадоийтур ахьа суна экзамен д1аяьлча. Ткъа х1инца яло хьайн к1орнийца т1еххьарчу партана т1е хаьа.
  Зуля. Муьлхачу к1орница, Ваха Дикаич?
  Профессор. И бохург х1ун ду? (Писухане аг1ора корта а ластош) Х1окху хьайн ц1оькъа лоьмаца!
  Зуля. (Йоьхначу озаца) Ваха Дикаич! И лом аьлчи а, и пису сан дац!
  Профессор. (Ша-шега) Ойт-я1, вайн мехкаршкара г1иллакх даккхалур дац-кх! (Зуле) Яло, йо1, со Дикаич... аьлчи а, со дика волуччура, шаьшшинан т1еххьара парти т1е г1о.
  Зуля, Оцу цхьогалан ц1ога долучу цицигаца? Ваха Дикаич, суна тоьпаш тухун кхиэл ехьа, со оцу балех йоккхуш!
  Профессор. (Хаттаран хьарк а хуьлий ца кхеташ хьожу Писухане) К1ант, и йо1 войшинна реза йолучух тера-м ма дац!
  Писухан. (Профессоран лерга улло хьоду сихонца) Вах Дикаич, хьо хьуо цкъа а къона ца хилла?
  Профессор. Ой, и бохург х1ун ду? Со студент волуш-м цхьа а хаза йо1 ца йисинера тхан педучилищехь аса захлу ца дуьйцуш!
  Писухан. Т1аккха, нускал харжар нисделан хьан педучилищехь?
  Профессор. (Ойланашка, дагалецамашка воьдуш) Мичара, училище чекхъяккхина ваьлчи дика доьшуш ву аьлла х1окху университете хьехархо болх бан ваийтира со 1едало, мехкарий-м кхин аса дуьйцучуьнга ладуг1уш а бацара училищехь а, кхин цул т1ехьа а...
  Писухан. Хьажал хьо, профессор, и ду-кх суна оцу мехкарша лелориг а! (Зуля йолучу аг1ора къайлаха п1елг хьажош) шайга даима а дехарш дойтуш! Царнна хьалха гора х1иттина яааелла джинсаш гой хьуна сан? (Шен модана т1ехьакхиа г1ерташ голошкахь иэт1ийна джинсин голош гойту)
  Профессор. (Ша-шега) Хьажахьа, оцу г1аьмнаша к1енташкахь латториг! Со вара к1енташна студенташна дов деш и иэтта хечеш а йуьйхина аша х1ун леладо университетехь бохуш. Суна моьттура иза иштта мода ю. (Догдаьлла хьожу Зулига) Х1ара г1ам а хилла-кх царех! Со ву х1окхунах къахеташ голор а х1оьттина текхаш лелаш. (Х1иллане хьожу зале) Э-э! Дера ларлуш ца хилахь, кестта сан цхьаъ бе йоцу хечина голех а 1уьргаш девра ду. (Зулега хьожуш) Хьажал хьо оцу иэхь ца хеташ хьежуочу б1аьргашка! Ц1ена г1оман б1аьргаш бу-кх! У-у-у! Собар де ахьа! Сан кара дог1ур ду хьо, г1ам!
  Писухан. (Профессор ойланийн карара воккхуш) Ваха Дикаич! Ваха Дикаич! (Профессор набарх ваьлча санна хуьлу) Ваха Дикаич! Оцу вайшимма дийцинчух х1ун хуьлуш ду? Йо1 соьга йог1уш... аьлчи а соьца йог1уш юй техьа т1еххьарчу партана т1е? Хьайн дезчу омрица яийтахьа а соьга... аьлчи а, соьца.
  Профессор. (Шена улло Писуханан лерг доьхуш п1елг ластабо) К1ант, шек д1а а ма вала хьо! Оцу г1амо хьан хечина т1ехь динарг вай д1адоькхура ду оцунна!
  Писухан. (Профессора цхьа шен аг1ора дерзорна кхеравелла) Х1ун дан воллу хьо, Ваха Дикаич, оцу г1омана?
  Профессор. Дера воллу цуьнга кечам а ца бойтуш экзамен хатта!
  Писухан. (Ша-шега, зале) И ду-кх дукха ловзийнчу дахко цицигана цергаш юхку бохург. (Профессорна дехьа-сехьа иэккхаш лерге) Хьайн цхьаъ бен воцу со лолда хьан, профессор, ма делахь и!
  Профессор. (Ца кхеташ хьожу) Х1унда бохура ахьа, сан хьомениг?
  Писухан. (Х1иллане) Ваха Дикаич, х1окху халчу хьолашкахь кхолладелачу войшиннан доттаг1алах алкханча чекъяллал 1уьрг доккхуш лаьтта-кх ахьа! Езачу йо1а хечин голошах а 1уьрг даьккича, аса сайн да санна лоруш волчу профессора а халла тасаделлачу доттаг1аллах 1уьрг даьккхича... х1ун дан деза декъазчу миска студенто? (Б1аьргех хьаьдда мостаг1 ц1инц1алг б1аьрхин т1адам хьажочу п1елган юьхьигца д1аластон кеп х1оттайо к1анта).
  Професор. (Хьалаг1оттуш к1ентан корта шен белш т1е а буьллуш къинхетамен юьхь еш зале воьрзу) (Ша-шега) Остопирулах1, ма боккха бала бу-кх оцу зударша божаршкахь латтош бериг! Х1ара пекъар а ву-кх оцу г1амуо... (пауза) ц1а ваг1ча суна а ж1аьлина даь1ахк санна хьалха кхуьйсура ду шелделла жижг-галнаш! (Шен белш т1ехь 1уьллучу к1ентан кортаха къинхетамен куьйг хьокху)
  Писухан. (Шех къахетаро дог к1аддина велхаран кепехь белш кхийссало, профессоран белш куьйгаца марйоьллина, белхаран юккъехула) Ваша, цхьа кхоъ х1оттаде суна оцу г1омана х1уьттарена!
  Профессор. (К1ентан коьрта т1е хьоькху куьйг ца сацош.) Ма велха, сан к1ант! Вай-м къонахий дай! Къонахашна эхь ду шен б1аьрхи гайтар!
  Писухан. Аса-м гойтура дац цхьанна а б1аьрхиш! (профессоран белшех хьокхуш б1архих ц1анбо кеп х1оттайо) Ваша, цхьа делла д1адала доллуш кхоъ тоьура дар-кха суна! (Зулина дов дечу кепехь п1елг ластош) Оцу г1амо сан хечина т1ехь динарг цунна д1адоькхуш!
  Профессор. (Шен пиджакан киснара схьадоккхуш мерах хьокху йовлакх а кховдош к1анте къайлаха) Дика ду, сан к1ант, цкъа хьалха хьан хечина а хьуна а динарг цунна д1адоькхуш аса хьуна пхиъ х1оттор ду! (Писухан дог г1еллой охьавоьду. Профессор т1амт1ехь човйина накъост санна куьг шен белшана т1ехула доккхуш лоцу, вукху куьйга к1ентан кучан хьалха киснара зачетан книжка схьаоьцуш шен истолан т1етакхавеш к1ант, къолам кераоьцу пхиъ х1оттадой зачетан книжка ша хиллачу юьллу. Зале воьрзуш ша-шега) Ткха шолг1а бекхам аса сайна т1ера а бийр бу оцу г1омана! Сайна ц1а ваг1ча хьалха х1оттор долчу шелделлачу жижг-галнашна т1ера!
  Писухан. (Догг1елделлачура метта вог1у. гуонаха хьожу) Со мичхьа ву? Шу муьлш ду? (профессор вевзий къежаш оцунна мараэккха) Парфессар, хьо вац и!
  Профессор. ( Шен марахь воллучу к1ентан букъте куьйг а детташ) Метта веан хьо, сан к1ант? Хьажал вашас хьайна х1оттийначуьнга! (К1ентан киснара зачетан книжка схьаоьцуш, йоьллуш гойту цунна)
  Писухан. Я алах1! Сан дог! (Ц1енкъаюккъе вахлой охьавужу, шена диллина пхиъ гина кхин цкъа а дог г1елделла. Студенташа-к1енташа т1ехьолхий ойбий профессоран истлан т1е вахвой охьавуьллу Писухан, т1аккха шайн г1анташка боьрзуш охьаховша).
  Профессор. (К1ентан некхе лерг лоцуш дог детталой ладуг1у. Писухан воьжча кхераелла Лула Зулина улло хьаьдда, ши йо1 тийжа йолало) Ма йе г1овг1а г1аьмнаш! Гой шуна аша оцу к1антана т1ехь латтош дериг! (Кхин цкъа а ладуг1у, амма шина йо1а тийжаш ца хозийту) Ой, вий-кх аша и к1ант! Дог детталуш хезаш а дац! (Сихха т1евоьдуш Хавкига не1арехь ара мохь туху) Хачик-каева! Стенгахь лелаш ду хьо г1ам а? Хавчикаева!
  Хавка. (Чоьхьайоду хьиэхьаш) Х1ун хилла? Мила? Х1ун?
  Профессор. Яло и ц1е санна маса лор ялош йола!
  Хавка. Х1ун? Мила? (Истолан т1ехь 1уьллург а гой, сиха аратасало шийла мохь хьокхуш) Ва орца! Орца дала! (Гена долу аз) (Хавкин аз д1асецна далале сцени т1ехьа лоран масаг1оьнчан машенан сирена ека ч1ог1а. Лоьрийн туьтм1аьштигаш а техкина шиъ носилкашца, цхьаъ т1оьрмиг буйнахь аудиторина чоьхьа туьлу)
  Лор. Мичхьа ву догсецинарг?
 (Массара а истолана т1ехь 1уьллучуьнгахьа п1елгаш хьовсабо)
  Лор. (Кочахь кхозу ладуг1ургаш лергех а юхкуш т1ехьоду истолан) (шен накъосташка) Г1о дел суна, коллегаш!
  Коллегаш. (Буйнара носилкаш охьакиссан хьекъал ца кхочуш улло г1ерта цхьацца куьйг кхийдош)
  Лор. Коллегаш, бертала вилла!
  Коллегаш. (Истолан т1ехь д1акарчавой чувожаво, сихонца носилкашна т1е вуьллий бертала истолан т1е кхуссу).
  Лор. (Ладуг1ургашца ладуг1у букъана, когашна, кортана)
Коллегаш, аркъала вилла!
  Коллегаш. (Истолан т1ехь д1акарчавой чувожаво, носилкашца сиха ойбий аркъала вуьллу).
  Лор. (Ладуг1у когаш т1ера хьаьжт1е кхаччалца. Жимма ойла йо ирх а хьожуш) Д1асовцаел шайн батмаш! (Собар ца тоьуш) Д1асовца! (Сцени т1ехь х1оьттинчу тийналлехь хеза набарха Писуханас деш долу хур-т1ур. Аркъала 1уьллучура иза бесни к1ела ши куьг а дуьллуш аг1онца вуьжу, когаш хьала а узуш. Кхин д1а а хур-т1ур до).
  Профессор. (К1ант дийна волуш самукъадаьлла шен бета т1е хьажон п1елг лоцуш, массаьрга а тийналла йоьху) (Не1арехьа куьйг ластош лоьрашна а уьш мукъа хилар гойту. Улло воьдий, берана санна истолан т1ехь 1уьллучунна коьртах куьг хьоькху, берана илли олу аз дайдеш)

(Профессорна т1аьхьа г1ийла илли олу студенташа а).

  Т1улгаш т1ехула Терко, г1ерг1аш,
  Тулг1еш керчайо,
  Берда йистте шаьлта иръеш,
  Нохчо текхаш го.
  Амма ву хьан майра дада,
  Т1ам Т1ехь вахчийна,
  Вижий 1илла, шек ма вала
  Олий-болий-лай!
  Хуур хьуна, дезар ду хьан,
  Т1ом бан дезар ду,
  Майра хьайн ког ловзуш луьйта,
  Герз схьаоьцур ду.
  Чарпазаш еш, боккхуш чилла,
  Нуьйр ас кхоьлур ю,
  Сан б1аьргийн нур, дижий 1илла,
  Олий-болий-лай!
  Куц хир ду хьан турпалхочун -
  Г1алг1азкхи ву хьо,
  Новкъаваккха кет1а яьлча
  Куьг ластор ду соь...
  Хийла б1аьрхиш цу буьйсанна
  Ас ма 1енор ду...

Лор. (Шен бетана т1ера туьтмйаьштиг схьайоккхуш, цецволий хьоьжу. Х1окхарнна-м массарна а оьшу лор аьлчи санна куьг ластош шен коллегаш хьалха а бохуш араволу. Профессоран илли юккъехула, сирена екан йолало, аз генадолуш лахло.)
               
                Чаккхе.
 


Рецензии