1944 год. Сценарий на чеченском языке о выселении
(Цхьана суьртехь сцена)
Дакъалоцурш:
Забу – йоккха стаг.
Адам – Советски Армин эпсар, т1емло, човхо.
Дети – Адаман х1усамнана, бераца.
Седа – Адаман йиша.
Пет1мат – почтальон.
Эпсар – Сталинан, Бериин хьадалча.
Салтий – пхи-ялх стаг герзашца.
1 сурт.
Жимчу ц1ено хьалха 1аш йоккха стаг Забу. Цунна уллохь уьйт1а нуй хьокхуш йоллуш жима стаг йо1 Седа. Сонехь г1анта т1ехь шаршуна юккъе хьарчийна жима бер керахь а долуш жима зуда Дети. Жимма генахь, т1ехьарчу планехь божалан сурт.
Забу. Маца чекх бер болуш бу техьа х1ара т1ом? Ма бахбелла х1ара! Вайн к1антера а дац кехат цуьрг деъна а хабар хир долуш. Дала лараволда и, Делан керахь бу-кх цуьна болх.
Седа. (ша хьоькхучура нуй ца соцош) Нана, ма даахь хьайн са. Хьо иштта а могушалла дика йолуш а яц. Цамгар самадоккхур ду-кх хьан оцу сагаттадаро.
Забу. Со-м кхин дукха ехара йолуш а яцара. Делахь а со д1аялале сайн к1ант кхин цкъа а гарна сатесина ю-кх со.
Дети. (Керахь долу бера доьлхучура сацон кеп х1оттош, тахкош) Баба, х1окху жимчу к1анте а кхочу-кх хьан сингаттам. Дала къинхетам бойла вайх.
(Гучуйолу, жима зуда Пет1амат, почтальонан т1оьрмиг кочахь а кхозуш. Буйнахь гуш салтийн кехат ду, кхоъ са а болуш)
Пет1амат. Ва, деца Забу! Чохь дуй шу? Ас хаза кхаъ бохьу шуна! Кехат! Шун Адамера, т1амт1ера!
Забу. Везан Дела хьуна хастам бу-кх! Схьада сиха! (Кера оьцу кехат, схьадосту, амма деша ца хаьа. Йоьхна д1а-схьа хьожу. Пет1амате юха кховдадо). Йо1, сан диканиг, суна-м и деша хуур дац. Ахьа дешахьа.
Пет1амат. (Сиха схьадосту. Доьшу.) …Ваш сын, Виситаев Адам, пропал без вести…
Забу. Я Аллах!, орцаха валахь! (Дог г1еллой охьайужу).
Седа. (Буйнара нуй божош, йоьлху) Ва, Адам! Сан цхьаъ бен воцу ваша!
Дети. (Керара бера доьлху, Дети г1ийла тийжа).
(Ц1еххьана гучу волу Адам. Салтийн духар а т1ехь, чов йина куьг ду коча оьллина. Астаг1а лелха, буйнахь г1аж)
Адам. Нана! Ва, нана! Со ц1а кхечи! (1уьллуш шен нана, а йоьлхуш йиша а, тийжаш шен зуда а гой вухий соцунг1а хуьлу. 1уьллуш йолчу шен нанна т1ехьоду.) Нана, нана! Хьуна х1ун хилла?
Седа. (Цкъа нанна т1ехьаьда, т1аккха Адамна мара кхета.) Ва, сан цхьаъ бен воцу ваша! Адам! Хьо дийна ву! Тхоьга х1инцца кехат ма кхаьчна, вон кхаъ болуш шена чохь.
Адам. (Йоьхна лаьттачу Пет1аматан керара кехат схьаоьций доьшу.) Иза г1алатен кехат ду. Со боккъал а вайнера луьрчу т1ама юккъехь. Царнна со ца карийча а бехк а бац. Со госпиталшкахула лелла дукха. Чов йинера суна, т1еман тасадаларехь.
Забу. (Меттайог1у. Ц1еххьана шен к1ант а гой, цунах г1ан тарлой куьг ластош хьожу.)
Адам. (Шен нана маракъовлуш). Нана, х1ара-м со вай! Со дийна ву! Кехат галабевлла яздина хилла шуьга!
Забу. (Г1ийла тийжа, тъаккха елакъежа) Адам, сан к1ант! Хьо вац иза? Дела ва хьо могуш-маьрша!
(Йистехьуо бера керахь т1еян эхь хеташ лаьттачу Детига а хьовсий, Забуй, Седий чуйоьду).
Забу. Яло, Седа, сан йо1, йуург вовшахтоха вайшимма…
Седа. (Йисан г1урту, амма Забус куьг лоций д1айуьгу шеца)
Адам. (Шен наний, йиший къевлайолушехь шен зудчунна Детина улло воьду.) Хьо муха 1аш ю, сан диканиг? К1ант муха 1аш ву вайшиннан?
Дети. Маьрша вог1ийла хьо! Тхоьга-м вон кхаъ кхаьчнера. Тхо-м дика 1аш ду.
Адам. (Шен к1ант кера оьцуш хьосту, тахкавеш).
(Вон маьхьарий хеза геннахь. Герз дуьйлуш г1овг1а а хеза. Гучубовлу керахь герз долуш салтий. Адамна, цуьнан зудчунна Детина, Адаман керахь долчу берана а т1е герзаш хьажадо салташа. Т1ечевха)
Эпсар. Мостаг1ий! Къоман мостаг1ий! Фашисташна к1айн говра, дашон нуьйра а кечъйина 1аш хилла-кх шу! Оха х1инцца тоьпаш тухура ю шуна!
Адам. Ахьа х1ун до, тентаг! Сунна т1ера духар ца го хьуна? Со а ма ву хьо санна Советан Армин эпсар! Т1амт1ехь чевнаш а йина ц1а веъна ма ву со! Ца го хьуна?
Эпсар. Хьо фашистийн шпион ву! Сталина тхуна дийцина шун нохчий къоман мостаг1ий хилар а. Аша Гитлерна дашон нуьйра йолуш к1айн говра кечъйина хилар а! Шух тешам бац!
Адам. Со-м мостаг1 хуьлуйтура ахьа! Ткъа х1ара а ву къоман мостаг1!? (Шен марахь доллу бера хьалха ухьу).
Эпсар. Иза а ву! Иза а ву воккха хилча Гитлерна к1айн говра ялан г1ура волуш!
Адам. Шу хьекъална телхина ду моьтту суна! Шун лакхара хьаким вуй кхин, хьо воцург?
Эпсар. Лекхара хьаьким оьшура хьуна? (Салташка) Т1етоха цунна тоьпан мукънаш. (Салташа т1егуллой еттий охьавуьллу Адам. Дети мохь олуш т1екхетий бера к1елхьара даккха г1урту. Цунна а тоьпан мукънаш детта салташа. Чура аралохку Забуй, Седий а. Т1е маьхьарий хьоькху. Жимма 1уьллий Седа текхий юьстаха йолу бераца, Забуна, Седина улло йоьду текхаш. Адам метта ван вулу.)
Адам. Шу х1ун да г1ерта, ва ж1аьлеш! Шу ду-кх вайн Даймохк бухкуш дерш! Стенна хьийзош ду аша тхо, тхан къам!?
Эпсар. Шун къам кхин х1окху дуьненчохь дахан бакъо йолуш дац. Шу Сийначу Сибреха д1ахьажош ду. Даимна а! Цигахь мацалла а, шелонна а лийр ду шу шадерш а! Шу цига далан дог1ийтуш ду! Шу даймехкан мостаг1ий ду. Депортаци ю шуна йог1уш ерг! Шу адамаш дац х1инцачул т1ехьа! Шун цхьа а бакъо яц х1окху дуьненчохь дахан а, къам-м х1етте а хир дацара шух кхин! Мостаг1ий!
Адам. Советан 1едал доккхуш тхайн ц1ий ца кхоош Граждански т1амехь оха т1амаш дарна ду тхо мостаг1ий! Гитлерца бечу т1амехь массо а къаьмнел дукха тхан б1аьхоша дакъалацарна ду тхо мостаг1ий! Эзар фашист вийна Ханпаша ву мостаг1? Снайпер Ирбайхан ву мостаг1, цо кхо б1е фашист вийна цхьамма! Ишттанаш б1еннаш, эзарнаш бу тхан нохчийн къомах схьабевлла! Тхо даккхийнарш-м къизаллехь латтош ду аша. И зударийн керахь долу бераш а ду Даймехкан мостаг1ий! Шу адамаш дац! Шу ду массо а адамийн мостаг1ий! Шу ду оцу Сибрехахь дахкон дезаш дерш!
Эпсар. Хьуна дукха хаьа, хьо кхин х1окху дуьненчох вахийта йиш йолуш вац. (Схьайоккхий тапча етта Адамна). (Зударша маьхьарий хьоькху) (Эпсаро салташка) Схьагулбе и зударий, бераш, цомгуш берш! Божална чубохка уьш! Ц1е таса царнна! Дийна болушшехь багон беза уьш! Хайбах юрт кхин х1окха дуьненчохь евзаш хира яц! Цуьнан ц1е нахана йицлур ю! Багабе уьш! (Салташа божална чулохку зударий бераш. Ц1етосу! Зударийн, берийн белхарш! Маьхьарий! Дуьйлучу герзан татанаш!).
ЧАККХЕ
Свидетельство о публикации №213061300739