Хайбах. Сценарий

 
(Моему отцу Умарсолту посвящается, непризнанному участнику Финской войны и ВОв)

              Дакъалоцурш:

1. Баба Бикату – Маликин марнана-йоккха стаг   
2. Малика – нана   
3. Таймасха – Маликин йо1-т1емло   
4. Турпал – Маликин к1ант-т1емло
5. Дикни – Маликин жимахволу к1ант
6. Деца-Бусани – Маликин лулахо   
7. Пет1амат – почтальон
8. Гвишиани – комиссар НКГБ, эскаран куьйгалхо
9. Хьалхара салти
10. Шолг1а салти

 
                1-ра сурт

Геннара схьахезаш ду сцени т1ехьара олуш долу илли (вариант2 - гитараца локхуш илли). Кирхьана т1ехьара сцени т1ебовлу байт йоьшуш берш (1,2), илли меллаша хезаш ду. 

1-ра йоьшург
                Х1ай! Шира Турпала, тхан Нохчийчоь!
                Х1ай! Нохчийн сий долу бохь лекха лаьмнаш!
                Сийначу стиглашна гергара чоь!               
                Шун карахь тарделла вежарийн къаьмнаш!
2-г1а йоьшург               
                Эзарнаш шарашкахь, х1ай, нохчийн мохк!
                Хьо хилла къизаллан, къийсаман карахь!
                Хийлаза х1оьттира мостаг1ийн дохк,               
                Хийла к1ант къевлира 1ожалло марахь!
1-ра йоьшург
                Г1одехан дуьйлира, халонаш ловш,
                Цу нохчийн к1енташка Советан 1едал!
                Паччахьан эскаршца долийра дов,               
                Нохчаша т1еийцира ц1ен байракх-седа!
2-г1а йоьшург
                Гитлера латийна зулманан ц1е
                Кхечира эххар а Советан махка.
                Эзарнаш, эзарнаш цу т1амана т1е               
                И нохчийн къонахой бахара чехка!
1-ра йоьшург             
                Цу т1еман аренгахь и нохчийн тур
                Лепара къийсамца, сий ойбуш леккха
                Т1аьхьенийн т1аьхьешна ду иза гура…               
                Ткъа х1инца-м Нохчийчу «ц1ен саьрмик» теккха!!!
2-г1а йоьшург
                Х1ай, Хайбах! Х1ай шира ламанхойн юрт!
                Да виса, х1ай лаьмнаш! Тешнабехк бохьуш
                Советан и 1едал тебаш ма ду,               
                Ц1ийн басахь и байракх шен буйнахь йохьуш!!!
 
          Эшаран мукъамца сцени т1ехьа къевлабовлу байт йешнарш.
                Кирхьа

                2 сурт

Баккхийнарш, кегийнарш бу цхьана чохь гулбелла. Ц1енкъаюккъехь къажбеш бу т1арг1а. Цхьаберш т1арг1а хьовзуш бу урчакхна т1ехь. Вуьш т1ерг1ан пазаташ еш бу. (Г1ийла хеза локхуш йолу мехкарийн йиша.)
Баба Бикату, Малика, Деца Бусани, Макка, Таймасха, Дикни – нохчийн шира духар, Дикни г1овтална т1ехула шаьлта)

Баба Бикату. (Мехкарийн эшарах самукъадолуш) Ма хаза локху аша и йиша. Со жима йолуш, суна а ч1ог1а хазахетара иштта т1арг1а къажбеш бинчу белхелахь мехкаршца йиша локхуш. Сиха д1айоьдуш хиллера жималла а, хан-зама а.
Таймасха. (Т1амт1ехь лозийна коча дихкина ду цхьа куьйг) Баба, шу кегийра долуш-м ч1ог1а самукъне хилла хир ду. Аша-м эшарш лекхна а ца 1аш хелхаран бал а боккхуш хилла хир бу.
Баба Бикату. Ой, дера довлура тхо-м ч1ог1а хаза хелха! Тхан белхела бог1уш-м дукха кегийра нах а хуьлура тхан эшаршка ладог1а а, хелха довла а.
Дикни. Баба, хьо-м х1инца а йара хелхаран ког шаршор болуш! Йарий?
Баба Бикату. Д1авала цо х1ун дуьйцу. Баба къена ма ю. Кегийрхой бовла беза хелха а, церан дала деза самукъа а.
Дикни. (Хелхаран эшар йолало. Хьалаэккхаш Бабина бохь буг1уш и хелха йаккха г1ерта) Баба йалахь соьца хелха!

Массо а самукъадаьлла, Баба Бикату хелха яккха г1ерташ бу, дехарш деш. Баба Бикату шен ма хуьллу дуьхьало йан г1ерта.

Баба Бикату. (Хьала а г1оттий баккхийн нехан кепехь хелха йолу Дикница,
Таймасха. (Хелха йолу шен вешийца)

Малика. Дера вай сакъоьруш делахь а, вайн нохчийн к1ентий-м т1амт1ехь хало ловш бу. (Б1аьрхи д1адоккху йовлакхан маь1игца).
Деца Бусани. (Маликина белшана т1ехула куьйг а хьокхуш) Дера, сан лулахо, т1ом х1окху дуьненахь уггар а вон х1ума ма ду. Делахь а Делера дикане сатуйсуш хила деза вай. Собар хила деза. Вайн к1ентий-м мостаг1чух майра леташ бу. Нохчийн сий ца дожош, шайгара даккхий хьуьнарш гойтуш бу уьш!
Малика. Т1еман халонел сов шийла ма ю цара т1емаш беш долчу махкахь.
Таймасха.  Шийлачу махкахь йовха х1уманаш ло вайн салташна. Фашисташа-м шайн салташна йовха х1ума а ца кечйина хилла. Уьш-м шина-кхаа баттахь вайн пачхьалкх гора х1уттур ю моьттуш хиллера шайна.   
Дикни. (Бегаш бан г1урту) Йеттачу йаккхийн тоьпаша а йовхо лург хир ю цигахь-м.
Таймасха. Дера т1амт1ехь йаккхий тоьпаш а ма етта, ц1еран алу а ма хуьлу даккха са а ца дуьтуш. Амма вайн эскарийн толам гергахь бу х1инца! Дукха хан ца йисина х1инца т1ом чекхбала. Делахь а вай деш долу г1о оьшуш-м ду салташна.
Деца Бусани. Ванах, Таймасха, вай х1ун г1о дийр ду салташна.
Таймасха. Вай салташна йахьийта кечьеш яц вай х1ара йовха т1ерг1ан пазаташ? Йовха кетарш, вертанаш, куйнаш, кхин а дукха х1ума гулдина нохчийн зударша салташна т1аьхьа дахьийта. Оцу х1умнаша-м уьш бохбина а ца 1аш, царнна ницкъа ло т1ом бан а, мостаг1 эшон а. Иштта ц1ера х1уманаш шайна т1аьхьакхаьчча, уьш-м дукха дика кхета шаьш ларош дериг шайн нанойн, йижарийн, шайн мехкан сий дуй!
Малика. Дера йо1 хьо бакъ-м луьйш ю! Суна Йуьрта Советан хьалха кхозуш йолчу радио чухула хезира вайн нохчийн зударша дукха х1ума гулдо т1емлошна т1ехьадахьийта. Дукха ахчанаш а гулдина, шайн лергах ухкурш, п1елгахюхку ч1агарш, коча ухку дашон з1енаш д1алуш герз дечу заводашна дукха х1ума гулдина боху нохчийн зударша.
Дала вохавойла и Гитлер а, цуьнан 1аьржа б1о а! Дала сий дойла Сталинан а цуьнан накъостийн а! Сталин ца хиллехьара-м йиш хила а ца хиллера!
Деца Бусани. Дера вайн массо а къаьмнашна да а хилла д1ах1оьттина ма ву и! Дала г1о дойла цунна а, цуьнан накъостий а хилла лаьттачу нехан а, къаьстина Берийн а.
Таймасха. Лаврентий Берий а, ша Сталин а вайна уллора ма ву, вайца ц1ий уллора долуш ма бу гуьржий а. Т1амт1ехь соьга олура накъосташа медйижарша, со Кавказера йуй шайна хиъча:  «Ма ирс долуш ю хьо, Сталин а, Берий а гергара нах буй хьан! Царна т1ехь лаьтташ ма бу вайн толам!». Вайн нохчийн а, г1алг1айн а к1ентий а бу берзлой санна фашистех леташ! Цхьа Ханпаша Нурадилов тоьура ву, кхин х1умма а ца хилчи а! Эзара фашист х1аллаквина цо цхьаммо шен пулеметаца!
Дикни. Кестта, жимма со воккха хилчи, со а г1ура ву оцу фашисташца т1ом бан! Со воккха хиллалца чекх ма балахьара и т1ом! Ханпаша-м солла а кхин дукха воккха а ца хилла! Тами (Таймасха), ма ирс долуш йу-кх хьо! Кестта йуха т1амт1е г1ура йу-й хьо! Со а вуьгура вуй ахьа хьайца?
Таймасха. Вуьгура ву… жимма воккха хила веза цкъа хьалха. Ахьа х1ума к1езига йуъу, ахьарах дина худар даъан деза! (Йелало).
Малика. Дикни, вало арара жимма пеша таса дечиг да вайна. Буьйса шийла хилан тарлуш ду вайна.
Дикни. Мегар ду, нана, аса сиха дохьу и. (кетарах хьаьрчий араэккха)
Малика. (Таймасхе) Ванах, и немцой кхин эшабина йуха бог1ура бац техьа? Х1ара к1ант а, кога вахана а валале, т1амат1е вахан воллуш ву. (б1аьргах йовлакхан т1ам хьокху). Турпала а т1амт1ехь волу масех шо ду, кехат ца доийту дикка хан йу. 
Таймасха. Самагаттадехьа, нана! Вайн Турпал майра к1ант ву, цо и немцой бевдича а к1елхьара бовлийтура бац-кх!
Деца Бусани. Турпал майра к1ант ву! Оцу вайн кертара старг1а и ц1ахь волуш, чу хьаьддера цунна. Цо и ши ма1а а лаьцна, корта хьовззийна лаьтта охьайиллира-кх и!
Малика. Бусани, хьуна хезний цхьа х1ума? Вайн лаьмнашка кеманаш т1ера фашистийн салтий кхийсина бохуш?
Деца Бусани. Ой, и хилла дукха хан ма ю, немцой Малхбекана уллохь лаьтташ бара оцу хенахь. «Дисант» олу оцу салташаха. Цхьа 50 салти кхоьссина хиллера паршоташна т1ехь вайн лаьмнашка. Х1инца кхерам бац, немцой Кавказера арабаьхна а ца 1аш, уьш вайн пачхьалкхана дозанех а кестта арабохура бу бохуш хизина суна.
Малика. Ткъа «дисантах» х1ун хилира? Х1инца а цигахь-м бац техьа уьш?
Таймасха. (Елалуш) «Десант» а, «диверсанташ» а олу царах. Бац дера немцой вайн лаьмнашкахь. Губи 1усман бохуш цхьа суьйлийн пекъар-полковник  хилла уьш балош веъна, нохчаша шаьш, деза хьеший а дина т1еоьцура ду моьттуш!   Цхьацца долу къаьмнийн дукха векалша т1еэцна уьш, хьеший бина а… Шаьш нохчийн лаьмнашка баьхкина а дохко бевллера уьш! Бенойн кегийрхоша ша-ша лаца а г1ерташ лергъяхарш санна схьа а лийцина Советан 1едалан кара д1абелира уьш. Ткъа церан парашютан к1адийнех шайна цхьа безамехьа к1айн дарийн кучамаш йайтира. Ч1ог1а а, дика а, дарийн к1адех йина хиллера боху и немцойн парашюташ.
Малика. (Аз лахдеш) Бусани, суна кхин цхьа х1ума а ма хезина.
Деца Бусани. Х1ун?
Малика. Вайн лаьмнашка боккха бохам кхочур бу аьлла боху х1ума хуучу наха. Кхин х1ун боккха бохам кхача беза-м ца хаьа суна х1окху хьолана т1ехула т1е?
Таймасха. Ванах, нана, хьуна ца хезаш х1ума дац-кх! Вайн лаьмнаш Ц1ен Эскаро лардеш ма ду. Х1ун бохам кхочур бу кхуза оцу эскарна т1ех а баьлла?
Малика. (Сингаттаме) Делахь ца хаьа суна-м, х1ума хууш болчу наха аьлла боху-кх и.
Деца Бусани. Таймасха, хьо а ма ю т1амт1ехь хилла ц1аеъна. Ма ч1ог1а кхерамен хир ду цигахь.
Таймасха. Со-м медйиша бен яцара. Суна кхин т1ом а ма ца гина. (Йелакъежа)
Деца Бусани. Ткъа хьуна мидалаш х1унда елла цара, ахьа т1ом бина ца хилча.
Таймасха. Лозийна салтий т1ема юккъера схьабаьхна аьлла, церан чевнаш йоьхкуш г1одина аьлла еллера уьш-м.
Дикни. Дера, сан йиша, ахьа соьга-м т1еетташ лаьттачу йаккхийн тоьпашна юккъехула схьатекхийра айхьа ма бохура и салтий… (Дечиг а марахь чоьхьа волу)
Таймасха. (Нанна ца хаийта г1уртуш, б1аьцеш еш) Ой, аса-м бегаш борий… Хьо 1ехавеш йара со… Шуна, берашна хаза ма хетий, т1амах лаьцна туьйранаш.
Дикни. Аса ца аьллера хьоьга, сох бера ма ала! Со хьожура вац хьуна, хьо и ши-кхоъ мидал хьалха а оьллина д1ах1отарх! Со а воцуш хьо оцу т1амт1е д1айахарна-м ца кхоьру хьуна со!
Малика. (Корта лестабо. Б1аьрхи д1адоккхуш йовлакхан маь1иг хьокху. Дикнига олу.) Делахь к1ант, хьо кхана уьстаг1ашна, бежнашна дола дан дезаш ву, дукха 1уьйрана г1аьттина. Д1а х1унда ца вуьжу хьо?
Дикни. Х1умма а дац, нана. Со хьалаг1оттур ву, ахьа меттах ма ваьккхинехьа, «парт» - аьлла хьалаэккхар ву меттара!
    
                3-сурт.

Маликеран чоь. Чохь сонехь г1анта т1ехь т1ерг1а пазаташ еш 1аш Баба Бикату.  Таймасха лозуш долу шен коча дихкина долу куьйг лаьцна чухула д1аса лелаш ю. Малика нуй хьокхуш ю чохь.

Малика. (Ц1аьххьана шен буйнара нуй охьакхуссуш, дог схьалоцуш) Эх1, ма вон хетта суна, йо1!

(Чохь берш кхерабелла хьовсуш бу Маликига)

Таймасха. (Улло йог1уш нана схьалоцу) Ахьа х1ун до, нана? Хьуна х1ун хилла? Шаболу бос т1ера д1абехьна хьан! (Б1йнара нуй схьаоьцу) Охьалахлохьа, нана.
Малика. (Дог доьхна) Турпал… Турпал…
Таймасха. (Гонаха хьожуш, корах ара хьожу кеп х1оттош) Мичхьа ву Турпал? (Нене хьожуш, цуьнан белша т1е куьйг хьокхуш, марайуллуш) Нана, Турпал т1амт1ехь ма ву! Са ма гаттадехьа хьайн, вайн Турпал майра к1ант ма ву. Муьлхха а хало ловр йолуш ницкъа болуш ма ву и.
Баба Бикату. (Маликина улло йог1уш) Йо1 ма даъа хьайн са иштта ч1ог1а. Деле деха диканиг! Вон ойланега хьайн дог д1алацийта мегар дац! Дела карахь ду шадериг а!
Малика. Иштта-м дара и, делахь а сан даго, стенна делахь а, вонаг хьоьху-кх. Сан Турпал, Везчу Дала ларвойла хьо! (Таймасхига) Йо1, и Дикни бежанаш 1алашдан араваьлла ву-кх, ма хьенвелла иза а! Г1о-м оцу куьйгаца далура дацара хьоьга, хьайна т1е цхьа х1ума а кхоссий, и х1ун де шву хьажахьа.

(Арахь цхьамма-м мохь туху) Деца, Малика! Ва, деца Малика!

Малика. (Юхий хьаьвза) Ва, Дела! И мила ву техьа? Дикни а даьхнига хьожуш ву, кертахь. Уьстаг1ашна хи дан юьрта йистте хит1е вахана техьа и?
Таймасха. Собарде, нана, йохий ма хьовза, х1инцца со хьожу. (Ара йолу. Жимма хан яьлча чуйог1у, шеца Дикни а вала веш.)
Дикни. Хьажахьа, нана, и вайн почтальон йолу Пет1мат йара вайн кет1а йеъна. Х1ара кехат схьадели-кх цо соьга, хьоьга д1ало аьлла. И кехат сиха схьакхачадан г1ерташ йедда йеъна са кхачийна йара и. Вайн Турпалин т1ехьийза йо1 ма ю и! Аса чуйола аьлча а, эхь-бехк лаьцна, нана, хьуна гучу ца йолуш д1айаха-кх и.
Малика. Мичхьа ду кехат? Хьаьнгара? Схьада сиха…сиха! Сан Турпал… Турпалегара хила деза и!
Дикни. (Кехат д1акховдадо Маликига) Х1а, х1ара ду-кх и кехат! Кехат…
Малика. (Сиха схьадостий кехатана т1ехула б1аьргашца йоду) Ва, Дела…орцаха валахь!
Таймасха. Ва нана, х1ун ду цу т1ехь? Нана!
Малика. (Йоьхна д1аса хьожу) Ой! Суна х1ара деша а ма ца хаьа. Хьажахь, йо1, ахьа дешахь х1ара. (Д1акховдадо Пет1мате)
Таймасха. (Кехат караоьцуш деша йолало) Лераме Малика Вахаевна! «N» ц1е йолу г1ала вайн эскарша схьайоккхучу хенахь, (Кхин д1а кехат ца дешалуш соцу. Йоьхна хьожу нене)
Малика. Х1ун ду цу кехата т1ехь? Деша х1унда ца доьшу аха и, ва йо1? Х1ун боху цу т1ехь? Алахьа соьга, х1ун ду цу кехата т1ехь!
Таймасха. Нана хьайн дог ч1аг1делахь! … шун к1ант, Узуев Турпал вайна… Т1еман тасадалар чекхдаьлча, байинчу а, лозийначу а салташна юккъехь, шун к1ант ца карийна…
Малика. Ва, сан Дела… Сан к1ант Турпал, со йала хьан Дела-1а…(Дог г1еллой охьайоьду)
Таймасха. (Т1екхетий шен нана схьалоцу охьа ца кхоьтийтуш, и паднара т1е охьалахйо) Ва, нана, со йала хьан! Ма ницкъа бина-кх хьуна а оцу т1амо! (Метта йалон г1ерта)

(Массара а го бина Маликина. И Таймасхин карахь паднара т1ехь 1уьллуш ю.)

Баба Бикату. (Маликина улло охьалахъелла, цуьнан куьйг шен кара а лаьцна йоьлхуш 1а) Малика, Дала къинхетам бойла вайх. Ма во ду-кх вайна т1екхаьчнарг. Деле деха деза диканиг!
Малика. (Жимма метта йог1у, б1аьргаш схьадоьллу) Таймасхин буйнахь кехат а гой йуха а йелха йолало.
Таймасха. Ма йелхахьа, нана. Ма бехьа хьайна ницкъа. Ладог1ахьа соьга! Дикка ладог1лахь! Т1амт1ехь кест-кестта нислуш ду хьуна т1еман тасадаларшкахь стаг вовш а, йуха а и карош а. Коьртаниг, уггаре а коьртаниг ду, и байинчу т1емлошна йуккъехь ца хилар. Даламукълахь вайн Турпал кестта карор ву. Мостаг1чунна каравахана хила а мега и оцу т1еман чолхенан юкъахь.
Малика. (Кхин а ч1ог1а карзаха йолу, йелха йолало) И мостаг1шна каравахана хилахь, цунах къоман мостаг1 вийра ма ву хьокху 1едало! Вайн гергар мел вериг а къоман мостаг1 ву аьлла д1айазвийра вийра ву. Ва, Дела, ма боккха бохам бу вайна т1е беънарг!

Арахьа герз долуш хеза. Шаверг а сема ладуг1уш ву. Адамийн г1овг1а а хеза генара.
 
Дикни. Нана, со х1инца хьожу оцу арахь йериг х1ун г1овг1анаш ю! Со сиха схьавог1у!
Малика. (Иштта а шен кхераеллачура метта ца йеъна йолу) Ма валалахь оцу наь1арах ара! Пурба дац хьуна!
Дикни. (Д1аволавала баьккхина ког йухабоккху). Мегар ду, нана! Амма со х1окху чохь къонах ву. Цу т1е, арахь х1инца а бежанаш а ду сан, хи далан дезаш… йол а, жарж а-м беллера аса царна…
Малика. Вало, дукха ма хьенлолахь цигахь. Гена ма валалахь…
Дикни. Мегар ду, нана! Со сихха вухавоьрзу хьуна! (Араэккха сиха)
Таймасха. Нана, Дикни а воккха к1ант ма ву… х1умма а хира дац, диканиг бен…

(Уьйт1ара схьахеза г1овг1анаш. Герз долуш хеза генахь, автоматан екар а хеза генахь)

Дикни. (Уьйт1ара схьа хеза) Ва, нана, орца дала! Орца дала! Фашисташ бу вайна т1елеташ!   Ва, нана, довдий к1елхьара довла! (Схьа чу а вог1ий, не1арах чу стагга ца ваийта шаьлта а йоккхий д1ах1утту).
Таймасха. Дикни, х1ун хилла! Мичхьа бу фашисташ? (Вешина улло д1ах1утту)
Дикни. (Ц1аьххьана велалой, буйнара шаьлта баттана чу йуллу)

(Гучуволу шиъ оьрсийн салтий, автоматаш а буйнахь. Салтий ца кхеташ лаьтта.)

Дикни. Маьрша дог1ийла, хьеший! Схьа чудуьйла! Бехке ву со! Суна, генахь гича, шуна т1ехь йолу шинелаш немцойнчух тарайеллера.
Хьалхара салти. Немцой генахьа бу, жима стаг! Уьш кестта Советски Союзана дозанал арабохура болуш бу! Хьеший т1еоьций аша? Нохчийн хьаша, да т1еэцар суна т1амт1ехь волуш дуьйна хезина ду. Дукха нохчий бара соьца т1амт1ехь…
Шолг1а салти. (Шен накъост дийца ца кхуьийтуш) Шуьгахь бу немцой? Бандиташ мичхьа бу! (Чухула волалой хьожу. Соцуш Таймасхин духаре хьожу) Хьо мила йу? И духар стенгара лачкъийна… даьлла хьуна?
Таймасха. И бохург х1ун ду! Со т1амт1ехь чевнаш йина, уьш д1аерззалца ц1а хьажийна ю. Медйиша йу со.
Шолг1а салти. Кехаташ дуй хьоьгахь, медйиша?
Таймасха. (Гимнастерки хьалхара кисанара схьадаьхина кехаташ д1агойту)
Хьалхара салти. Д1авалахь, ца го хьуна и йо1 вайн советски т1емло ю! Хьан а йац оццула медалаш, цуьна санна? (Велакъежа). Йиша, къинт1ера йалалахь х1окху сан накъостана…
Таймасха. Х1ума дацара и-м. Х1окху лаьмнашкахь масех шо хьалха, 1941 шарахь, кемана т1ера немцойн диверсанташ кхийсина хилла, цундела х1ара сан ваша воьхна хиллачух тера ду жимма…
Шолг1а салти. (Автомат т1е хьажош) Мичхьа бу немцой! Бандиташ а мичхьа бу!
Хьалхара салти. Хьо къора ву? Масеха шо хьалха хилла кхузахь немцойн диверсанташ, 1941 шарахь!
Шолг1а салти. (Лерге таь1аш, шен накъосте) «Х1орш тешамен нах бац» - ца аьллера вайга? Дицделла хьуна? Хьо х1окхаьрга хьошала веъча санна лелаш ма ву!
Хьалхара салти. Герз т1е хьежадан оьшуш ма дац, х1окхаьргахь ма дац герз…
Шолг1а салти. Ткъа стенга бахана и немцой… десант?
Таймасха. И фашистийн десант тхан кегийрачу наха схьа а лийцина, 1едалан кара д1абелира. (Йелало) Церан парашютех йина дарийн кучамаш х1инца а лелош ю тхан кегийрачу наха.
Шаолг1а салти. Шун кегийра нах иштта майра бу? (Ца вешаш велавалан къежа)
Хьалхара салти. Соьца т1амт1ехь бара нохчийн т1емлой… Майра к1ентий бара уьш… Барам боцуш майра… (ша шега) Бандиташ бу тов? Ч1ог1а оьг1аза вахийта веза нохчо, цунах бандит ван…
Дикни. Шу тхан уьйт1а девлича дуьйна, шу хьеший ду. Чу дуьйла, оха хьеший дина т1еоьцура ду шу.
Малика. (т1ейогу) Маьрша дог1ийла хьеший! Чудуьйла.  Х1ума а йиъина къастор ду вай х1ара! Сан к1ант Турпал а ву шу санна салти. Т1ом беш ву и… (К1ант дага а вог1ий, б1аьрахи д1адокху йовлакхан маь1игца).
Шолг1а салти. Зуда, ахьа хабар дуьйцу моьтту суна. Шун боьрша нах т1ом беш бац! Бандиташ бу уьш! Кхуза лаьмнашкахь тхуна дуьхьала т1ом беш бу уьш… хезина-кх суна!
Таймасха. Шу хьеший ду! Тхан 1едал дац, хьешаца къуьйсуш. Сан кехаташ хьуна гира!
Шолг1а салти. И бакъ ду. Т1емлочун кехаташ ду хьоьгахь.
Дикни. Со а ву кечлуш… т1амт1е ваха…
Хьалхара салти. Мегар ду, «т1емло». Довха чайна истака лур дарий аша?
Малика. Чу дуьйла, хьеший! Г1аламкха чай а хир ду, жижиг-галнаш а хир ду!
Таймасха. Тхан хьешашка хоьттуш 1едал дац, шайна оьшург дуьйцура ду аша. Тхан ницкъа кхочу хьошалла дийра ду оха.
Шолг1а салти. Тхо шун хаза лаьмнашка командировке дахкийтина ду. Дийца йиш яц. Хьо кхеташ ю, хьо а ю салти.
Хьалхара салти. Нани, тхо шишша-кхоккха салтий х1ора шун х1усаме д1атарвина…
Малика. Сайн к1ентий санна безамца т1еоьцура ду аса шу сайн х1усамехь. Сан к1ант Турпал а цхьана нанас къинхетамца, мала хи а йуург а луш, т1еоьцург хир ву-кх…(Йовлакхан маь1иг хьокху б1аьргах)

                4 сурт

1уьйре. Малика, Таймасха сонехь йижина 1уьллуш ю. Баба Бикату паднара т1ехь 1уьллу. Хьалхара салти, Шолг1а салти тебина чу волу, автоматаш т1е а хьажош самабоху зударий.

Хьалхара салти. Нани, къинт1ера довла! Шун парг1ато юкъаха ца йаьккхича ца довлу тхо! Самадовла! 1аьржа де ду шун майрачу къомана т1е кхаьчнарг!
Шолг1а салти. Хьалаг1овтта сиха! Шу къомана мостаг1ий ду аьлла, махках дохуш ду! Даиманна! Кхин йуха дахка бакъо а хир йоцуш! Цкъа а!
Хьалхара салти. Нани, сиха кечъделаш довха духар а, йалта а. Шуна уггара оьшург и ши х1ума ду.
Малика. (Цкъа елха йолало, амма сиха метта йог1у.) Таймасха, сиха лелалахь! Карайог1ург схьагулъйе! Баба хьалаг1атта сиха! Т1ейуха хьайна йовха мел йериг!
Баба Бикату. Суна са ма гаттаделаш. Вайн къомана баккхийнчара т1екхочура ду аьлла дара х1ара де!
Таймасха. (Ша а йу сихайелла лелаш) Нана, йохий ма хьовзалахь! Аса Дикни меттаха воккху!
Дикни. (Т1еуллуш г1овтал а, буйнахь шаьлта, доьхка а долуш сехьа чуволу) Х1ун ду хилларг?
Шолг1а салти. (Т1е автомат а хьажайой, шаьлта схьайоккху к1ентан буйнара) Х1ара шаьлта суна селхана дуьйна хазахетташ йара! Схьайал и соьга! Хьуна, к1ант, х1ара герз кхин оьшуш дац!
Таймасха. (Шен ваша дуьхьало йан воллий гуш) Дикни! Д1алолахь царнна и шаьлта, уьш шайн ц1ийца охьатосур йолуш бу хьуна и шаьлта а, вайна бина тешнабехк а! Сихо йелахь, схьагулъелахь т1ейуха йовха х1ума, схьахетарахь х1ара доьхна де ду вайн къомана!
Шолг1а салти. Боьрша нах йуьртана йуккъехь гулбеш бу, жима стаг. (Велакъежа) Хьан т1ом чекхбели! (т1е герз а хьажадой, аравоккху) Цига арахь салтий бу хьуна, цара д1акхетавийра ву хьо! Вало, хьалха вала!
Таймасха. Йовха х1ума т1ейухалахь, Дикни! Кетар т1ейухалахь!
(Дикни аравала ца кхуьу. Ц1аьххьана гучуволу Турпал, жимчу 1асана т1е а тевжаш)
Турпал. Нана! Х1ара х1ун ду кхузахь хуьлуш дериг?
Малика. Турпал! Сан к1ант! Хьо муха кхаьчна кхуза? (мараэккха)
(Ши салти воьхна хьоьжу. Турпал эпсаран, капитанан, погонаш йолуш ву)
Хьалхара салти. Аса элирий, нохчий т1емлой бу!
Шолг1а салти. (Герз хьалаайба г1урту.)
Турпал. (П1елг ойбу, салти метта валош)
Таймасха. Турпал! Суна хаьара, хьо цаьрга къарлура волуш к1ант воций! Хьо вайна аьлла кехат кхечира тхоьга.
Турпал. Чов йина лозийна тиларчохь волуш немцойн кара ваханера со. Аьтто а баьлла, ведда немцойн карара а ваьлла схьавеъира со. (Маликега) Нана, х1ара цхьа 1едалан мостаг1аша вайн къомана бина тешнабехк бу. Дуьхьало ма йелаш. Къастора ду вай!

(Герз долу арахь. Г1овг1анаш йолу. Гучуволу комиссар НКГБ Гвишиани)

Гвишиани. Мичхьа ву и! Х1окху чу иккхина бохург, стенга вахара! (Шеца 1,2 салти а волуш чоьхьа волу сиха)
Турпал. Со ву х1окху чу веънарг, сайн чу веъна со! Капитан Узуев Турпал б сан ц1е! Госпиталах чекхваьлча ц1а ваийтина ву со, чевнаш йирзина йаллалца аьлла!
Таймасха. Накъост полковник, со а ю, чевнаш йина ц1айеъна, медйиша йара со т1амт1ехь!
Шолг1а салти. (Малика йижина хиллачу меттехь карадой, кехат схьаоьцу) Накъост комиссар НКГБ, х1окхузахь цхьа кехат ду.
Гвишиани. (Схьаоьцу, кехат доьшу) Фашисташца т1ом бина ц1а веъна ву хьо, капитан? Хьо-м немцойн карахь а хилла, цаьрца цхьана барт а хилла, вуха веъна волчух тера ду! И ду-кх аса дуьйцург! Нохчий немцошца барт болуш бу, Ц1ен Эскарна букъат1ехьа т1е герз тоха кийча бу бохург!
Турпал. Накъост комиссар НКГБ…
Гвишиани. Немцойн кара а вахана схьа веъна ву хьо! Сох гражданин бен ала бакъо йац хьан!
Турпал. Со чевнаш а йина, кхетамехь воцуш вахна фашистийн кара!  Немцойн карара ведда к1елхьра ваьлла ву, и бакъ ду! Амма немцойн полковник а лаьцна и а валош веъна со вуха. Оцу полковникан карахь хиллачу кехаташа вайн эскархошна б1енаш немцой  х1алакбан аьтто а баьккхина. Х1ара орден а елла суна и немцойн полковник каравалорна. (шена хьалха гимнастеркина т1ехь кхозу орден гойту).
Гвишиани. Нохчех тешам бац, аша х1уъъу а кхуллура ду! Шу шадерш къоман мостаг1ий ду аьлла кхайкхадина ду. Шу Сибреха депортаци д1ахьажош ду. Кечам бе сихонца! (салташка) Схьалаца х1ара шиъ (Турпал а, Дикни а волчу аг1ора куьйг хьажадо) эвла юккъехь юьртара божарий гулбинчу майдане д1авига х1ара шиъ а!
Таймасха. (Хьалха а йолуш) Шу хьерадевлла?! Аша х1ун дуьйцу! Нохчийн къомо кхечу къаьмнашчулла дукха ца бинехь к1езига т1ом ца бина!
Гвишиани. Шу къомана мостаг1ий ду! Фашисташна бен а кечбина 1аш хилла шу х1окху нохчий лаьмнашкахь! Аша ца бина т1ом, дезертираш! Шу бандиташ ду!
Таймасха. Со ю дезертир! Т1амт1ехь чевнаш а йина ц1аеъна йолу со ю фашисташна бен кечбина 1аш? Нохчий советски къам ду! Тхан нохчий къонахий фашисташца т1ом беш бу, шайн са а ца кхоадеш! 
Малика. Сан к1ант фашисташца т1ом бина, чевнаш а йина ц1а веъна ву! И бандит вац!
Гвишиани. Шу шадерш а ду къоман мостаг1ий. Хьан к1ант а ву къомана мостаг1 лерина!
Турпал. (Ша д1авиган г1ерта салтий д1аса а тоттуш) Со къомана мостаг1 вац! Со Ц1ен Эскаран капитан ву!
Малика. И х1у ду цо дуьйцург? Ва сан, Турпал! (Шен к1антана т1ейаха г1ерта, салташа дуьхьала тоьпаш лоцуш ца йохийту) Цо х1ун дуьйцу, со ма ца кхета?
Гвишиани. Хьан к1ант фашистийн кара а вахна, цигара вогг1ушехь хьо йолчу кхаъ баккха веъна!
Турпал. Со чевнаш а йина, кхетамехь воцуш вахна фашистийн кара! Цигара немцойн полковник йийсаре а валош ведда вуха а веъна! Х1ара орден суна хазахета елла-м ца моьтту хьуна? Нохчашна орден ца яла аша и фашистийн аг1ора топ кхоьссинчу муьлхха кхечу салтийчунна луш ма ю!
Гвишиани. Хьан кхин яц орден! Хьо хьуо а вац кхин х1окху дуьненчохь болучеран испискашна т1ехь! (Турпалин удостоверени дат1адой охьакхуссу!) Х1инца алал соьга, хьо мила ву!
Турпал. Со Ц1ечу Эскаран капитан ву!
Гвишиани. Удостоверени дуй хьоьгахь, хьо капитан хилар гойтуш? Схьаяха цунна т1ера погонаш! И къоман мостаг1 ву х1инца дуьйна д1а!
Турпал. Погонаша гойтуш вац къонаха! Хьо вац бакъо йолуш и хьайн белшт1ера погонаш лелон! Ас сайн погонаш Советан пачхьалкхан мостаг1ийн ц1ий 1анош йаьхна! Ахьа хьайн погонаш Советан пачхьалкхан машарен нохчийн къам дойъуш йаьхна! Цхьана х1умана т1ехь бакълоь хьо - со мостаг1 ву! Амма хьан а, хьо санна Советан къам х1аллакдеш болчу нехан мостаг1 ву! Фашисташна х1унда ца гойту ахьа хьайн майралла а, хьо къонах хилар а, х1окху сан мискачу машарен къомана, зударшна, берашна гайта а ца г1ерташ? Соьца т1амт1ехь бара майра, къонахий шун гуьржийн къоман сий лардеш, т1ом беш! Цера сий х1унда дойъу ахьа. Гуьржий вац хьо? Къонахчу гуьржийн къоман сий бехдеш воллу хьо х1инца, комиссар! Эзара шо даларх а нохчийн къомо а, гуьржийн къомо а дицдийра дац ахьа церан бехдина сий!
Гвишиани. Ас т1ом бина! Москва г1ала фашистех ларайеш вара со!
Турпал. Со фашисташна Брест д1а ца луш т1ом беш вара оцу хенахь! Фашистех доза ларадеш вара со, хьо а хьо саннарш а фашистех бевдда Москва д1акхаьчначу хенахь! Суна улло д1а а х1оьттина фашистех Брест х1унда ца ларайира ахьа, царах ведда Москва а ца воьдуш? Гена ма ду и, полковник! (Велало). Ахьа соьца дика доза ларадинехьара, столица ларайан езара яцара фашистех!
Гвишиани. Бакъ дац и! Нохчий цкъа а ца хилла Брестехь т1ом беш! Мича отчетийн кехаташна т1ехь ду йаздина, цигахь нохчаша т1ом бина аьлла?
Турпал. Ахьа х1инцца эт1ийначу сан удостоверении т1ехь ду-кх и яздина? Масийтта б1е нохчо а, г1алг1ай а вара цигахь шай са ца кхоъош т1ом беш! Иштта эт1ош ду-кх аша нохчийн турпалхойн хьуьнарийн кехаташ! Ханпаша Нурадилов  т1амт1ехь вийча бен ца вира аша цунах а Советан Союзан Турпалхо! Ткъа иза кхузза, доьаза Союзан Турпал хила везаш вара! Цо эзар фашист х1аллаквина шен пулеметаца! Алал кхечу къаьмнел ледара дуй тхан къам! Ирбайхан! Маташ! Мовлади! Иттанаш-б1еннаш! Ткъа масса б1е нохчийн къомах волу Советан Союзан Турпал, и Ц1Е кхайкхинарг а ца луш къевлаваьккхина витина! Х1у дина шуна нохчийн къомо! Шух санна хьаькимашна муьт1ахь болуш, лай хилла ца лелар ду-кх шуна бале даьлларг. Вайн пачхьалкхан мостаг1ашца х1унда ца леладо аша и мостаг1алла? Тхо нохчи Советски къам ма ду! Тхоьца х1унда леладо аша мостаг1алла! Х1инца фашисташ лаьхкина гена баьхначу хенахь нохчийн зударшца, бакхийн нахаца, берашца т1ом бан веъна хьо, советан комиссар!
Гвишиани. Хьо мила ленва г1ерта, ва бандит! Бакъ дац нохчийн а, г1алг1айн а къомах цхьа стаг Турпала ваьлла бохург! Шу къоман мостаг1ий хилар гойтуш ду – шу ц1ера арадаха Сталинас йина ч1аг1о! Схьалаца и д1авехка! И уггар а кхерамен мостаг1 ву! (Ша-шега) Цунна дукха хаьа! 1аламат дукха хаьа цунна!
Турпал. Дуьне хьийзаш доьдуш ду! Хьайн турпалчу къомана сий бехдеш ву хьо а, Сталин а!
Таймасха. Сан ваша бакъволу Турпал ву! (Чухьоду) Д1ахеца и! Шу ду бандиташ! Шу ду къоман мостаг1ий!
Гвишиани. Шу х1окху дуьненчохь даха бакъо йолуш къам дац! Шух цкъа а хир дац Советски къам! Шу дукха сонта ду! (Ша шега) Дукха майра ду. (Схьайоккхий тапча туху Таймасхина)
Турпал. Хьо къам доцу лай! Къаьмнийн барт бохон арадевлла ду шу! Тхан вежарийн къаьмнаш доькъуш тхуна т1ехь шайн омра латтон еш ю аша х1ара харцонаш, къизаллаш! (Ша лаьцна лаьттачу Шозлаг1у салтийчуьнан кочахь йоллушехь автоматан лаг узий и охьавохийту, шен буйнара 1аса туху Гвишианина коьртаха)
Гвишиани. (Шен хьаьж а лоций, ц1ийш д1аса а хьоькхуш п1елг хьажабо) Т1етоха цунна тоьпаш! (Салташа автоматаш туху Турпална)
Малика. (Шен к1антана а, йо1ана а т1екхача г1урту) Ва, орца дала! Ва, Дела, орцах вала! Х1окху дуьненах тхуна жоьжаг1ата йина-кх аша! Х1унда х1аллакдо аша тхо бехк а боцуш!

(Адамийн маьхьарий хеза) Веза Дела, орцаха валахь! Дала бекхам бойла шуна! Дала бекхам бийра бу шуна!

Гвишиани. (Шен салташка) Х1орш вайга 24 сохьтехь аьчганекъан станции д1абигалур бац! Цундела х1орш шаберш а байъа беза! 
Хьалхара салти. Накъост комиссар НКГБ, биглура бу хьуна! Бевдда… Уьдуш г1ур бу уьш!
Гвишиани. Ахьа х1ун дуьйцу, тентаг! (Д1аса а хьожий, божал а гой. Салташка) Хьажал д1о говраш чу юхку божала гой шуна! Цу чу лахка шадолу адамаш! Вай и бандиташ ц1е тесина багор бу.
Хьалхара салти. Зударий! Бераш! Муха мостаг1ий! Бераш стенна ду бехке! Вай фашистел оьшуш ду! Хатынь фашисташа ягийна, вай Хайбах ягош ю!
Гвишиани. Ахьа х1ун дуьйцу, накъост мог1ара салти! Хьо хьекъалах телхина! Сан омре ладог1а, хьайх царах санна чим хила ца лаахь!
Хьалхара салти. Накъост полковник… Соьца цхьана т1ом беш бара нохчий! Уьш къонахий бу! Цара майра т1ом бора… Со церан наной, бераш х1аллакдийра долуш вац! (Шен буйнара автомат охьакхуссу) 
Гвишиани. Омра кхочуш ца дарна, суд а ца еш тоьпаш тохар кхайкхадо аса хьуна! (Тапча етта салтийчунна)
Хьалхара салти. (Нохчашка) Къинт1ера довла! Сан нана, къинт1ера яла!  (Охьавужу)
Гвишиани. (Салташка) Божална чубохка и боьха къоман мостаг1ий! Схьагулде, божалана гонаха ча дилла! Чулахка и акхарой божална! Х1у деш лаьтта шу! (Тапча ираха етта) Ас тапча еттар ю шуна! Маса лела ца боху ас шуьга!
 
(Салтий автоматаш т1е а хьежош, нах чуьра арабаха буьйлало) 

Гвишиани. Шу акхарой ду! Шу даима а хилла обаргаш, х1окху пачхьалкхана мостаг1ий! Бандиташ! Къоман мостаг1ий! Бакъ дац и, нохчаша ца бина т1ом! Бакъ дац! Оха хуьлийтара дац и бакъ, тхо дуьнент1ехь мел ду!

(Сцена къевла йолу кирхьийна т1ехьа)

(Нохчийн ширачу иллийца кирхьийна хьалха гучу волу шиъ байта йоьшург)

1-ра йоьшург. 
                Бакъ дац-кха! И нохчийн Турпала к1ант
                Ца хиллехь монголийн ордангаш эшош!
                Ткъа нохчийн лаьмнашкахь Тимуран г1ант,               
                Галдаьлла, мостаг1ий эшамах тешош!
2-г1а йоьшург
                Паччахьан эскаршца б1е шарахь дов
                Латтийра нохчаша, ца къарлуш  т1амехь,
                Хьешана  нохчочо диллина ков,               
                Мостаг1чуьна цкъа а цо ца бина хама!
               
1-ра йоьшург
                Хьанна ца вевзира Ханпаша-к1ант!
                Эзара фашист цо х1оттийра гора!
                Брестана го лаьцна эзара танк!               
                Ткъа нохчийн кавполкаш Эльбана тог1ехь!
2-г1а йоьшург             
                Даймехкан цу т1амт1ехь даржадеш сий,
                Эзарнаш, эзарнаш! И нохчийн б1аьхой
                Хьийзара, хьийзабеш Толаман Дин…               
                Тешнабехк г1ертара царна-ма таьхьа!
1-ра йоьшург
                Дайн, нанойн, йижарийн, берийн а чим!
                «Баркална» кховдийра Сталинас царнна
                Толаман марзалех хилира сим!               
                Лам х1унда къежбелла ца хаьа хьанна!

Нохчийн назма.
 


Рецензии