Каникулы Беслана. Рассказ для детей на чеченском я

                Берашна дийцар.  Бесланан каникулаш
Б1аьсте! Мел хаза ду и дош! Можа бовха малх, сийначу бацалахь бес-бесар зезагаш! Аз хаза олхазарш! Каникулаш!
Школехь йиъ класс чекхъяьккхина аьхкенан кхаъа баттана ц1ахецнера жима к1ант Беслан. Х1ун дийр дара х1инца-а!
- Э-э! Мел дукха ду-кх самукъадалан х1умнаш. Ч1ерий лецар – цхьаъ, хинчохь луьйчуш некадар, т1аккха малхо йохйинчу бердйисттера г1амаршна юккъехь 1иллар – шиъ! Масане ду уьш, дагардина а вер вац-кх! - ша шена жоп лора Бенсланас.
- Книгаш ешар! Нанна г1одар! - т1етухура нанас.
- Книгаш-м школехь йоьшуш а к1ордийнера, - реза вацара к1ант ненаца.
Амма кестта к1антана карийра шен самукъадаккха х1ума. Раг1ун к1елахь соннехь дадас вислпет тойинчохь к1антана караеара яьтт1а резинан камера. Мел к1еда резинан пхенаш девлира цунах, тукарца Бесланас хадийча. Мел хаза 1ад хилира цунах! Хадийна ши аса пхенаш цкъа хьалха т1аьрсиган йоца асийца вовшаха а тесира к1анта. Т1аккха бешара 1ожах шалгу га а кагдина, цунах 1аддарг1а а йина, резинан асанаш цунна т1етесира цо.
- Х1инца, хьозанаш, ларлолаш! Ас т1улгаца лоцур ду мел сиха хьоза а! – дов дира цо, х1окхунах ца кхетачу хьозашна.
Шен керладина 1ад муха кхета хьажа-м, Беслан беша вахара. Гаьннашна юккъехь цо сема лоьхура хьулделла хьоза. Заза даьккхинчу хазчу гаьннашна т1ехь 1аш долчу жимчу хьозана-м ца хаьара мел буьрса герз дохьуш вог1у Беслан. Цара-м адамаша шайна  вониг дийр дац-кх, - аьлла тешна маьрша льоькхура б1аьстенна шайн эшарш «ч1иркъ – ч1иркъ!» бохуш. Оцу зевне аьзнаша-м уьш гучу а дохура шайна тебаш волчу к1антана. Хаза даьккхинчу зазана юккъехь туьркан диттан гаьннат1ехь 1аш дара мокъа хьоза. Б1аьстенах самукъадаьлла, цо-м шен жимчу з1акарца ц1андора шен т1емаш. Цкъа цхьа т1ам пондар санна озабой бахбуора цо, юткъачу з1окарца чекхдолуш, т1аккха шолг1а т1ам.
Амма Бесланас къинхетамза хьажийра шен буьрса 1ад. Озийна хийцира цо горга т1улг оцу хьозана. «Т1ах!» - аьлла хьозана уллорчу генах а кхеташ т1ера заза а отуш д1абаг1ара т1улг. Хьоза-м кхераделла ша 1аччохь кхоссаделла, т1емаштоьхна гучура делира оцу сохьта.
- Эх1-х1ай! Со сихвелира! Со сих ца веллехь! - ша-шена реза вацара к1ант.
Жимма 1ийна меттавеира иза, гаьннаш т1ехь кхин а хьозий а хааделла.
- Х1умма а дац, ас бийр бу шун болх! - бохуш дов дора к1анта, кхечу хьозана тебаш, 1ад а хьежош.
Миска кхинарш хьозаий-м охьа хуьйшура к1антана хьалхха бохург санна, х1ума а шайна кхерам бу-бац а ца хууш.
Бесланас цхьа б1аьрг хьаббой хьажадеш озадора шен  буьрсачу 1одан пхенаш. Х1ора моссаза кхуссу а 1ад нийсатохан 1емаш лаьттара к1антана. Цо-м дера ч1ог1а дозалла дора, рог1ера хьоза кхераделла т1епаза дайча. Т1улгаш кхачийна иза вахара кет1арчу жаг1а боьхкинчу новкъайистте. Киснаш дуьззина горга т1улгаш а дохьуш вухавеира иза кестта беша.
- Х1инца-м шадолчу дуьнент1ехь мел долчу хьозана тоха а т1улгаш дара соьгахь! – шен т1улгех дусаделлачу киснашна т1е куьг деттара к1анта.
Боккъал а волу иччархо санна вара иза х1инца. Когбайбина воьдура иза бешана юккъехула. Ц1аьххьана схьахьожура и, буйнахь озадина 1ад а долуш диттана т1ехьара. Луларчу 1ожана йа кхорана диттах-м нийса кхетара Бесланас шен 1одаца кхоьссина т1улг, амма хьозана х1инца а ца11аза  а ца кхеттера цуьнан.
Цхьадика, х1окхунна гена доццуш 1ожан диттана аьхкинчу гуонна т1е ц1аьххьана охьахиира боккха к1айн масс йолу кхокха. Латта аьхкинчохь шена кхалла н1аьна карор бац техьа, аьлла хиинчух тера дара и кхокха-м охьа. Амма н1аьнан метта к1анта ницкъала озийначу 1одара баьлла беъна горга т1улг кхийтира кхокхана т1ам а, корта а лоцуш.
- Хьозана ца кхетахь а, хьуна-м кхетар ду хьуна сан 1ад! – самукъадолуш ша-шега мохь элира к1анта.
Ткъа кхокха лозийна б1арзбелла ша 1аччохь хьаьвзира. Ша х1ун леладо ца кхеташ, ирх баьлла к1елхьара бала г1ертара иза, шен оллабелла т1ам лозошшехь иза ластон а г1уртуш. Амма цхьа т1ам бен меттаха ца болура, ткъа кхокха цхьана т1омаца х1аваэ ца балалора. Ша лозор а дицдина бетталора кхокха, хазахетта мохь аьлла к1ант шена чухьадича. Кхокхана-м моьттура иза шена кхин цкъа 1ад тоха т1ехьаьдда.
Т1евеъначу к1антана уллохь гира мискачу кхокхан кхерабелла ши б1аьрг! Уллора гира, кагбелла ирча разбаьлла т1ам! И кхокха х1инца тера бацара хаза т1емаш а лестош х1аваэхула лелачу кхокхех! И миска кхокха бацара  х1инца тера книгашна т1ера суьрташ т1ехь хаза куц долуш болчу кхокхех а.
Ирча сурт дара к1антана х1инца гуш дериг! Х1инцца цхьажимма хьалха хаза т1емаш а лестош охьахиъна, хазчу боларца болабелла лелла кхокха… Лозийна бетталуш, кагбинчу т1емо, лозийначу коьрто къиза хьовзийна бара иза.
Уггаре а инзарениг - оцу хазчу кхокхана иза дезарг динарг х1ара ша вара, Беслан! Кхокха-м бетталуш леш боллура, схьахетарехь. Муха нисдирийра дара ша дина зулам х1инца!
- Нана! Нана! – ц1ог1 элира Бесланас ша х1ун дийр ду а ца хиъна.
Раг1у к1елхьара беша арадолучу жимчу кевнах схьахаьдира Бесланан нана. Цунна-м моьттура шен к1антана цхьаъ вониг хилла. Хийлаза нанас диттан гаьнна т1ера охьаваьккхинера иза чувожарна кхоьруш. Х1инца-м иза чувоьжна ваьлла моьттуш яра нана.
- Х1ун хилла! – кхераелла хоьттура цо геннара.
Амма Беслан х1оьттина лаьтташ гича, мела а сапарг1ат хилира иза. Улло кхаьчча-м дог 1овжийра цуьнан! Кхокханехь болу бала гинчу муьлххачу а дикачу стеган ца 1овжадойла а дацара дог!
- Х1ун хилла! Х1ун дина цунна? – хоьттура нанас к1анте.
Амма Беслан-м 1адийча санна лаьттара.
- Хьажийтал, и х1ун ю хьан буйнахь ериг? – к1ентан буйнара 1ад схьаоьцуш кхийтира нана хиллачух.
- Нана! Иза лийр буй? Иза леш буй! Адамаш а лиэй иштта! – ненан марахьерчара догдоьхна к1ант.
- Дера, адамаш санна лоза ма до кхокхий а, шайолу чохь садолу х1ума а! Адмашка санна мохь ца хьекхало-кх цаьрга! Х1унда йи ахьа и къизалло! – хоьттура нанас к1анте.
Кестта сецира бетталучуьра миска кхокха а. К1ант ган ца лууш санна д1аберзийна г1ийла корта а болуш, диллина дисина чохьсадоцу б1аьргаш а долуш 1уьллура иза диттан к1елахь.
Х1окху хазачу б1аьста, заздаьлла серлаяьллачу бешат1ехула и кхокха кхин цкъа а лелара бац самукъадаьлла шен к1айн т1емаш а лестош х1аваэхь! Цо кхин самукъадоккхур дац адамийн а, х1аваэхь жима к1айн марха санна гучуболуш, малхехь лепаш.!
                2005 шо.


Рецензии