Длинноухий. Рассказ для детей на чеченском языке

Дехалергаш.(Туьйра)               Хаджимурадов Вахит
 
Цхьана хазчу б1аьстенан дийнахь, юькъачу хьуьнхахь цхьана сирачу нана-пхьагала пхиъ дехалергаш долу к1орни йира. Нанас, шен т1ера тилла схьадаьллачу вуно к1едачу пух1ах бинчу бовхачу бенчохь 1охкура кегийра пхьагалан к1орнеш. Цара-м х1инца а схьа ца биллинера шайн кегийн, горгийн б1аьргаш. Хууш ду, х1инцца дуьненчуевллачу пхьагалан к1орнеша шайн б1аьргаш масех к1иранах а схьабоьллуш ца хилар. Уьш дийнахь сарралц, буса сахиллалц шайн бовхачу бенчохь набъеш 1охкура, кегийрачу мерийн мер1уьргашкахула сих-сиха са а доь1уш. Амма оцу кегийрачу пхьагалан к1орнешна юккъехь цхьа яра массарех а къаьсташ: цо-м массарел а хьалха б1аьргаш а биллира схьа, шен вежарийн, йижарийнчул а, схьахетарехь, лергаш а дара цуьнан мелла а даккхийн а,  деха а. Цундела дарий а ца хаьа, нанас ц1е а тиллира цунна Дехалергаш аьлла. Б1аьргаш схьабеллар-м ша ду, цуннам сиха дагадуьйг1ира кхаьрсташ йолаяла, ткъа цул т1аьхьа лиира д1аса йодуш шен дег1 меттахдаккха а. Нанас безамца хаза кечбинчу бенчохь-м йовха а яра, дика а яра, амма цхьа х1ума дар-кх Дехалергашна ца товш х1окху бен чохь. Лергаш а та1ош д1аса йодуш, шен самукъадаккха аьтто бацар-кх кху чохь кхуьна - меттиг дукха готта яра. Цундела, шен нана хьуьнаюккъера ирзу т1е сийна буц кхалла а яхийтина, бенчуьра парг1атоне таттаелла араелира Дехалергаш. Цунна мел ч1ог1а д1асаяда лаахь а, цуьнан когаш-м х1инца а чохь ницкъа к1езига болуш бара. Цундела, мохо лестош санна, техка а техкаш, шайн бенна хьалхахула йолаелира жима пхьагалан к1орни. Жим-жима болар а тодалан дуьйлира, когашкахь ницкъа а гучубала тохабелира. Д1асаядаран кеп х1оттийра Дехалергаша. И-м х1инца кийчаяра х1ара ерриг а йоккха хь1на талла. «Х1ун ду техьа оцу д1огарчу гунна т1ехьа, ткъа оцу доккхачу диттана дехьа?» - ойланаш хьаьдира Дехалергашан жимчу коьрта. Амма, стенна делахь а, х1окхуьнан нана тахана хьалхехьа ц1ехьайирзира. Ненан семачу даго хьехначух тера дара, шен жимчу к1орнина коьртана т1ехула кхерам хьаьвзина хилар. Цец а яьлла йисира нана, ц1еххьана шен к1орни а гина. Ткъа важа-м яра шен доцачу ц1оганах байракх а йина, деха лергаш букъабохала дижийна, д1айодуш, схьайодуш ша-шеца ловзуш йоллуш.
Оьг1азяхара нана-пхьагал, цо дов дира к1орнина, дийхира:
- Дехалергаш, сан к1орни, хьо х1инца а жима ю! Хьуна хаа деза, х1окху хьуьнхахь хьо санна жимчу к1орнешна шаьш цхьа лелар ч1ог1а кхераме ду! Ахьа дош дала деза суна, кхин, соьга хатта а ца хоттуш, вайн бенчуьра хьо араера яц аьлла!
Нана-пхьагал ч1ог1а саготта яра, шен к1орнина цхьаъ хиларна кхоьруш. Амма дагчохь шен майрачу жимчу к1антах Дехалергашах дозалла ца деш 1ен а хала дара цунна. Т1аккха а ненан лазамен дагчу кхин ойла а хьийзара: «Т1аккхахула, х1окхо бохучуьнга ла а ца дуг1уш, х1окхуьнан к1антана Дехалергашна хьуьнаюккъехула волавала дагадаг1ахь? Оцу хенахь х1ара цунна т1е а ца кхачахь? Ткъа цунна т1е цхьа кхерамен акхаро 1отталахь, т1аккха х1ун дан деза ас!» Пхьагалийн-м к1езга ма бац иштта кхерамен мостаг1ий. Жима пхьагалан к1орни-м буьрсачу барзан цергашна т1е1оттаялан, я х1илла долчу цхьогалан м1арашна буханисъялан кхерамболуш ю.
Ткъа Дехалергашам нанна атта а луш делира дош:
- Нана, со кхин ара вер вац… аравалахь а, вайн кет1ара гена вер вац… гена валахь а д1о гунна дехьахь х1ун ду а хьаьжина вухавог1ур ву… сихха…
Мел хаза, б1аьрг т1ехь ца соцуш баьццарчу г1ах дуьззина, бохьлекха дитташ, юькъа коьллаш, буц, зезагаш, г1ашна юккъехула схьахоьжу бовха малх, х1ара хаза дуьне! Дехалергишна-м аьттехьа а дага ца дог1ура оццула хазчу х1окху дуьненчохь 1аьржа дог, ойла йолуш, шена новкъарло я зе дийр долуш, цхьа а акхаро хир ю аьлла.
Нана-пхьагал шен пхиъ к1орни кхаба, якхон езаш яра, цунна-м дуккхо а баьццара хаза буц яан езаш хуьлура, шегахь шура хилийта. И хьенлора буц юуш, я цхьана кхераменчу акхарох тебий, лечкъий 1ара ехха.
Сиха дицделира Дехалергишна ша нанна делла дош. Нана къевлаяьлла дукха хан ялале, собар кхачадора цуьнан. Цуьнан кегийрачу вежарша, йижарша кхерамца эгаеш хьехар дора цунна, ц1ахь 1ахьара бохуш. Ткъа майрачу Дехалергаша беламе бохура уьш. И сихонца эккхара бенчуьра ара. Д1айодура, схьайодура лергаш а та1адой, д1ахьаьвзира, схьахьаьвзира ц1аьххьана! Ма каде жима к1ант вар-кх и Дехалергиш! Цкъа хьалха цо теллира уллора доза, гун дехьа хаза сесийн, хьаьмцийн, кхорийн дитташ дуй а хиира цунна кестта, доккхачу диттана т1ехьа бес-бесара зезагех юьззина жима аре юй а хиира сиха. Ткъа кхин д1а х1у ду техьа? И хаа дезаш дара Дехалергашна сихонца!
Самукъне эшар а локхуш, шен, х1инца ницкъа чубоьссинчу, когашца сиха д1ачутилира жима пхьагал йоккхачу, юькъачу хьуьнха. Дагахь а доцуш дикка генаяьллера Дехалергаш. Ц1аьххьана цуьнан тидам т1ебахара цхьана тамашена диттана, иштта дитт х1окхунна-м х1инццалца гина а дацара. Т1ехь гаьннаш а дацара, лекха а дацара. «Х1ара ма тамашена х1ума ду!» - диттана гунаш бахаюьйлира пхьагалан к1орни. Мичара хаадезара жимчу пхьагалан к1орнина и, шена гуш дерг, дитт ца хилар – диттах йисина юьхк хилар! Вончу наха, шайна охьатоха аьтто хилийта, лаккхара херх хьокхуш хада а дина, кхузахь йитинера х1ара юьхк. Дитт къинхетамза дийнера х1окху меттехь! Дитташ дийна хилар-м даго хьоьхура Дехалергашна, ша жима пхьагалан к1орни бен яцахь а, амма адмаша къиза дийна дитт шен дахарехь дуьххьара гуш дара цунна. Ирча сурт дара и. Амма жимчу пхьагалан к1орнина оцу диттан буьххьехь х1ун ду хаа лаьара х1инца. Цо-м кхин цкъа гуобаьккхира юьхкана. Ирх хьаьжира, малхо б1аьргашна чухьоьжуш новкъарло яхь а. Масийттаза ирх а кхоссаелира Дехалергаш, оцу диттана буьххье яла дагахь. Амма, цхьа цуьрг бен йоцчу, х1окхуьна ницкъа ца кхочура оццула лекха ирхкхоссаяла. Юхаяла дагахь-м яцара Дехалергаш а. «Кхин цкъа, кхин цкъа а!» - ойланаш еш лаьттара жима к1орни. Ц1аьххьана кхунна т1ехьа юькъаяьллачу лекхачу бецана юккъехь цхьаммо-м «шах-ших!» деш тарделира х1окхунна.
Дог майрачу жимчу пхьагалан к1орнина кхераялар х1ун ду а ца хаьара х1инца а. Амма цунна биллгала хаа дезаш дара, цу бецана юккъехь верг мила ву, и х1ун деш ву цигахь, схьагучу ца волуш. Жима пхьагалан к1орни оцу меттигна т1ейолаелира, оцу бецашна юккъехь верг шена а ца гуш къевлавала кхиале.
Оцу хенахь, юькъа буц д1аса а тоттуш, гучуелира ира, еха ц1ен муц1ар. Майра пхьагалан к1орни-м ч1ог1а елаяла дагадеъна яра, оццул беламен яра и муц1ар. Делахь а, хаза дацара, шена дуьххьара гушйолчу акхаройх елар, хьуьнюккъе д1а а х1оьттина.
- Хьо мила ю? – хаьттира Дехалергаша.
Ткъа ц1ен муц1ар-м, шен дуткъа б1аьргаш кхин а ч1ог1а дуткъа а деш, х1илланах дуьззина елаяларан кеп а х1оттош, жимчу пхьагалан к1орнина улло г1ерташ яра.
- Хьуна лаьий, со мила ду хаан? Хьуна биллгал лаьий и хаан? – шабаран кепехь бохура ц1ен муц1ар йолчо, юучу х1уман хьожа хааеллачу акхарано санна, кест-кестта шен бетах мотт а хьоькуш.
- Х1аъ! Лаьа…, - везачу хьошана санна дуьхьала хьаьдира Дехалергаш, амма ах дош алий бен ца кхиира.
Буьрса, ира юткъа цергаш а къажош, ц1аьххьана хьовзийна мох  санна, сиха чухьаьдира цхьогал. Х1аъ, и хиллера х1илла долу, пхьагалийн уггар кхерамен долу мостаг1 – цхьогал.
Шен дахарехь дуьххьара гинера жимчу пхьагалан к1орнина иштта инзаре сурт. Ц1аьххьана лергаш 1адош ц1евзаш юха а йодуш диттан юьхкаца хьала дукха маса ирхкхоссаелира Дехалергаш.
Йоккхачу хьуьнхахь уггаре а писдолу ц1ен цхьогал, дукха сиха чухьаьдда хиларна, дечиган юьхках ч1ог1а корта д1а а тухуш, дуьйжира. Цхьогалан ах хьаьббинчу б1аьргашна хьалха хьийза дуьйлира бес-бесара седарчий. Оцу седарчийн б1арлаг1ашца цхьаьна шен меца муц1ар а хьийзайора цхьогала. Мотт ах ара а баьккхина аркъал доьжна 1уьллура и. Шена х1ун хилла ца кхеташ, дехха 1иллира ц1ен цхьогал доьжна, диттан юьхках шен корта д1а а та1ийна. Эххар а д1асевцира цхьогалан б1аьргашна хьалха хьийза седарчий а. Х1окхунна эххар а дагаеара, шен карара яьлла, мерзалла яла йоллуш йолу, жима пхьагалан к1орни. Халла шен лазийна корта а лаьцна хьала айделира и, гонаха хьаьжира. Пхьагалан к1орни цхьанхьа а гуш яцара. Мохо лестош санна, д1аса а лесташ, диттан ширьеллачу юьхкана цхьа-ши гуо тесира цхьогало. Амма пхьагалан к1орни цхьанхьа а гуш яцара. «Ванах, стигла ирх яьлла д1аяхана-м хир ма яц и. Пхьагалийн т1емаш хуьлу аьлла хезина х1ума а ма дац х1инццалца схьа.» - ойланаш хьийзара цхьогалан лозуш болчу коьрта. Хиллачух ца кхеташ дикка гуонаш тийсира цхьогало, амма кхетча инзаре ч1ог1а цец а делира. Дехалергаш лекхачу диттан юьхка т1ехь 1ара, лакхара цхьогалга чу а хьоьжуш.
Оьг1азе дистхилира цхьогал:
- Охьакхоссало цигара сихха, со хьала а ца долийтуш! Ас бийра бу хьан болх!
- Хьайна лаахь, хьо хьуо хьаладала, - ца ешира цхьогалас дуьйцачунах жима пхьагалан к1орни.
- Чукхоссало кхузза, сан кара! Ас схьалоцур ю хьо, лаьттах кхетта лоза ца яйта! – чуьрадаьллера цхьогал.
Оьг1азло совъяьлла, ирх кхоссаделира цхьогал, амма диттан юьхкан ах сов лекхалла бен хьала ца кхечира и. Б1арзделла, ша шен месала доккха ц1ога лаца г1ерташ санна, гуо тесира цо шена гуонаха. Кхин цкъа а кхоссаделира хьала ц1ен цхьогал, амма кхийтира ша хьалакхочур доцийла, дийнахь сарралц кхийсаделча а. Х1иллане делира цхьогал т1аккха:
- Х1ей, майра пхьагалан к1ант! Хьо х1ун деш 1а оцу боьххье а хиъна? Хьо муха ваьлла оцу лекхачу диттана т1е? – хаьттира цхьогало, цхьа а х1ума ца хилча санна.
Дехалергаш-м цец а даьлла дисира, лакхара чухьежа. Ткъа цхьогална мичара хаан дезара, оццул лекха ирхкхоссадалан, дикка ч1ог1а кхерадалан дезаш хилар.
- Ой, ахьа х1ун до, цкъа а со санна хаза цхьогал хьайна ца гича санна! – дегбаам бинчу кепе делира цхьогал.
- Гинарг тоьу суна, ч1ог1а хаза ю-кх хьуна и хьан муц1ар, къаьсттина, ахьа и хьайн цергаш къажийначу хенахь, - жоп делира Дехалергашас.
- Эх1, хьо ма тамашена к1ант ву. Массо а цхогалша, шайна пхьагалца ловза дагадеъча, къажош ма ю цергаш… бетах мотт а хьокуш. Лечкъаргех ловзий вайшиъ! - ц1ога хьийзадора цхьогало.
- Х1аъ! Мегар ду! – реза хилира Дехалергаш.
- Ой, охьавосса т1аккха сихха, лечкъаргех ловзур вайшиъ! – ирсе ц1ог1 элира цхьогала.
- Х1ан-х1а, со кхузахь д1алечкъа хьуна, ткъа ахьа со лахахь лаха, - кхетийра пхьагалан к1орнис шен ойланах цхьогал.
Дукха 1ийра ц1ен цхьогал Дехалергашка дехарш деш, хьесталуш, кхерамаш туьйсуш цунна. Амма жима пхьагал-м яцара охьаюссур йолуш.
Эххар а к1ордийра цхьогална, иза кхийтира, шен х1илла х1окху диттан юьхкан бухахь кхачаделлий. И дахара шен х1иллане ц1ога а хьовзийна даьлла д1а.
Дехалергаш дукха 1ийра хебина, хиллачуьна ойланаш еш. Шен нанас бина хьехамаш а дагаоьхура жимчу пхьагална х1инца. «Къинт1ера яла суна, нана, х1инца со могуш дийна ц1а кхачахь, кхин ахьа бохучунна т1ера ког боккхур бац аса» - бохуш ойланаш а хьийзара кхуьнан жимчу коьртана чу. Эххар а ша т1ехь 1енчу диттан юьхкан буьхьан йистте хилира Дехалергаш. Генна д1ахьаьжира и кхерамен цхьогал д1адаханчу аг1ора. Хьаьнна хаьа и ярашна т1ехьа лечкъина 1аш дуй а, х1ара чуйоссаре хьоьжуш. Дан х1ума дацара, кхин а х1ара кхузахь хенлахь, малх а чубузура бара, 1аржъяларна а кхерам бара. Дехалергаш лаха охьахьаьжира, амма ц1аьххьана б1агор беъна юхахилира. «Ой, и х1ун ду? Ма лекха ду х1ара дитта!» цецяьллера жима пхьагал. Жимма 1ийна, шена жимма чу са а даийтина, юха а хилира и диттан юьхкан буьхьан йистте. Чуйосса лекха дара, кхераме а дара. «Х1ун да деза х1инца?» - йоьхна хьаьвзира жима пхьагал. Дикка дукха лаьттира и чу хьоьжуш, амма кхузура чу ца кхоссалуш, х1окху буьххьехь 1ен реза яра и елла д1а яллалц. Оцу хенахь ц1аьххьана, чубузучу маьлхан серлонехь 1индаг1 хуьлуш диттийн гаьннашна юккъехула леккха стигалахь т1ехула хьийзаш цхьа доккха хьоза хааделира кхунна. «И-м хьоза дац, и-м нанас дийцина даккхий т1емаш долу стигланан экха ду!» - кхийтира жима пхьагал. «Хьанна хаьа, со цунна ца гой а. Тебина 1ен деза кхузахь.» - ша 1аччохь хебина жимъелира пхьагалан к1орни. Амма стиглахь ц1аьххьана хезира кхунна бурса аз «ц1а-а! ц1а-а!». Ша муха кхоссало а ца хууш, лекхачу диттан юьхкана т1ера чутилира Дехалергаш. Бецалхула керчина д1аяхара и. Сиха когашна т1е ирах1оьттина, лергаш букъат1ехьа дийшийна, д1атасаелира и шен бен болчу аг1ора.
Нана-пхьагал яра бен хьалха араяьлла, цхьана меттехь латта са ца туьйш, д1айолалуш, схьайолалуш, шен Дехалергашна сагаттадеш. Гу т1еяьлла хьаьжча а, гуш яцара кхуьнан жима к1орни, Доккхачу диттан гаьнна т1еяьлла хьаьжча а, яцара и гуш. Ц1аьххьана кхуьнан б1аьрг кхийтира, ша и мох санна, хьаьдда йог1уш йолчу шен к1орнех. Нана-пхьагал сиха чуиккхира дитта лохачу гаьнна т1ера, дуьхьала хьаьдира шен Дехалергашна. Амма жима буьрка санна хахкаелла йог1учу жимчу пхьагална ца гора х1умма а, шен бенна а т1ехиккхина д1атилира и. Кестта т1аьхьаедда лецира нана-пхьагалас шен жима к1орни. Шена к1елахь д1алачкъийра, кхераеллачура и юхаерзалц. Жимма хан яьлча, Дехалергашан жима дог сиха детталучура метта деъча, шайн бен болчу аг1ора д1айолаелира и шиъ.
Шайн бенна хьалха кхаьчча, кхин цкъа а дош делира жимчу Дехалергашас шен нанна, х1инца дуьйна д1а нанас бохучунна т1ера ког д1а боккхур бац ша аьлла. Нанна-м ч1ог1а хазахетара жимчу Дехалергашас иштта ч1аг1о йина. Делахь боккъал а тешаш-м яцара нана-пхьагал оцу берийн дашах. Делахь а хьанна хаьа, Дехалергаш-м кхетта хила а мегарий. 
                2005 шо. Хабаровск.


Рецензии