Храбрая бабушка. Сказка в стихах на чеченском язык

               Туьйра

Дог майра баба.

1уьйренца г1оттучу малхана йоьлуш,
Жима йо1 Малика хьоьжура ирх!
Бацалахь тхи дожош, берзина когаш,
Хьаьрсачу месашлахь баьццара ши б1аьрг.
1уьйрене маршалла делира йо1а,
Куьйг ластош, хьаьстира марханан к1уж.
Хелха а йолура, уьйт1ахь гуолоццуш,
Зарзарах тера цо лекхира йиш.
Уггар а гергара цу йоь1ан яра,
Къаналле кхевдина ден нана цхьаъ.
Ден нанна езара йо1ана ч1ог1а,
Бабина езара шен к1ентан йо1!
Бабица ловзура зезагийн уьйт1ахь,
Эсала хьоьстура денанас йо1.
Ирс дара цу кертахь самукъне дехаш,
Безамо кхоьллина дара и ирс.
Наггахь ткъа хуьлу-кха – ирс долчу керта
Хьаьвзаш и оьг1азе шайт1анан мох.
Бабин цу ков-кертана т1ехула хьаьвзи
Кхоьлина, 1аржъелла марханан чалх!
1аьржачу мархашна юккъара къерзаш,
Лахене хоьжура ира ши б1аьрг.
Шуьйрачу т1емашца дора цо нека,
Бух боцчу цу стиглахь кхозура и!
Зезагийн цу уьйт1ахь Малика ловзуш,
Хьоьжура, хьоьгура, тебара и!
И шуьйра т1ам болу, и 1аьржа аьрзу,
Собар а кхачийна доьссира чу.
Мох хилла хьаьвзира зезагийн уьйт1а,
Мискачу цу йо1ах туьйхира ка!
Малика айъира мархашна юккъе,
Ядийна яьхьира шен лома т1е.
Ша стиглах г1оьртина лаьттачу ломахь,
Д1алоцуш ламанан ира и бохь.
1аьржачу цу аьрзун бен бара кхозуш,
Бена чохь 1аш вара аьрзунан к1ант.
- Хьажал, к1ант, хьайн дадас деъна и совг1ат,
Мел дика тайниг ю и хаза йо1!
Со лела вахача, ахь йо-кха г1овг1а,
И лаьмнаш диэкадеш, века-кха хьо!
Х1инца ю ловзаян и тайниг хьуна,
Сан к1ант, хьо ма велха, ма хьекха мохь!
Тайнигца ловза хьо, дадига хьоьжуш,
Кестта хьо хьуо хир ву – кху бенан да.
Шен дадех тера ву 1аьржа к1ант, тешна.
Дадичух тера ю хьаьвзина з1ок.
Тайнигах самукъадаьлла цу к1ентан,
Малика лоза ярах тидам ца бо!
- Дада! И тайниг ас д1акхалла мегий,
Мел мерза хила мега и тайниг-йо1!
Хьажахьа, ва дада, и охьаоьгу,
Ас караэций и? Ас тохий з1ок?
Малика йоьлхура, къинхетам боьхуш:
«Аьрзулиг, ахь хьийза ма ехьа со!
Аьрзулиг! Ма тохахьа з1ок суна!» - бохуш,
Елхаран къурдаш деш, доьхура цо.
- Самукъадаккха сан, сан тайниг-совг1ат!
Ас т1аккха тухур яц хьох ира з1ок!
Ткъа аса садо1ур сайн бенахь парг1ат,
Хьо хелха йолушшехь, локхушшехь йиш.

Зезагийн уьйт1ара оьг1азе Баба
Хьаьжира стенгахь бу аьрзунан бен!
Шен йоккха г1аж буйнахь елира ара,
Чуха а оьллира цо коча шен.
Ворх1 ломана дехьара аьрзунан лома
Д1айолаелира, боккхуш сиха ког:
- Аьрзу, хьо даларах шуьйрачу т1ома,
Бабас хьан сихонца бийр бу-кха болх!
И майра Баба ма елира дехьа,
Буьтуш шен букът1ехьа цхьа лекха лам.
Шина ломана, кхаа а ломана, беа ломана т1ехьа
Тилира сихонца, г1аттаеш чан!
Пхилам а бисира бабина т1ехьа,
Ялхалг1ачу ломах и тилира т1ех!
Эххар а ворх1 ломал иккхира дехьа
Дог майра и Баба, оьг1азло еш:
- Аьрзу, хьо ларлолахь, йог1уш ю Баба,
Аьрзу, хьо ларлолахь, яхьаш ю г1аж!
Аьрзу, хьо к1антаца д1айадий яла,
Дог майрачу цу Бабас маддер хьан хаьж!
Чуханца боьхкур бу Бабас шун когаш,
Гали чу доьхкина, д1ахьур ду шу!
Д1о бун чу йоьхкинч укотамийн санна,
Бабас шун беха и т1ам бацбийр бу!
Ца тийшира и аьрзуш-ам, кхечира Баба,
Аьрзун цу уккал чу кхийтира г1аж!
Когаш а бихкира: «Гали чу дала!» -
Олуш, цо гайтира шен буьрса г1аж.
Маликас шен Баба къевлира мара,
Аьрзун цу к1орнина дов дира цо.
Аьрзун цу бен чуьра елира ара,
Малика бабица – шу маьрша г1о!

Буьн чохь ду аьрзуш-ам котамийн метта,
Кест-кеста дагайог1у аьрзушна г1аж!
Буьн т1ехула къаьрззина седарчий летта,
Зезагийн и уьйт1е батто йина маж!
Зезагийн цу уьйт1ахь йо1 хелхайолу,
Зезагийн цу уьйт1ахь йишалокху цо!
Баба а йо1аца ловзарен йолу,
Наггахьа шорбо цо хелхаран гуо!
*******


Рецензии