Храбрый Чаборз. Пьеса для детей на чеченском языке
Забарен дийцар. Дог майра Чаборз.
Дакъалоцурш:
1. Чаборз – х1усамда, 40 шаре ваьлла, жимчу дегехь къонаха.
2. Бикату – х1усамнана, хан ца къаьста, онда хиларна.
3. Жеро – юьртара хене яьлла жеро.
4. Дуркъшсулим – хьекъална жимма эшна волуш, онда нисвелла жима стаг.
1 сурт.
Жимчу, къиэнчу ц1ийнан чоь. Лохачу, гомачу аннех вовшаха тоьхначу паднарна техь куьйгаш, когаш д1аса тесина вахвелла 1уьллу Чаборз. Готтачу чохь сонехь йоккха пеш, йистехь 3 литр чу йоьду шиша т1ехь лаьтташ жима стол. Шишана юххехь бошхапана чохь берамала йоьллина наьрс. Кетарах хьерчаш, шийлачу чухула, шен белшех куьйгаш детташ, «бур-бур» деш д1асалела Бикату.
Бикату. (ц1аьххьана соцуш, Чаборзана т1е а йог1алуш) Х1ей, 1уьллург! Хезий хьуна? Ма ч1ог1а марайоьллина ахьа иза паднар! К1ира хан ю-кх пеша тасан дечиган цинц боцу вайгахь! Г1аттахь хьала!
Чаборз. (Хан теккхина болу, уллохь 1уьллу суркуй, цкъа-шозза куьг хьокхий, б1аьрг ца боьллуш катухий корта ойбий буха а тосий, «г1ам-г1им» а дой, дехха охьакхозуш долчу мекхах цхьа ах а уьйбуш, шок туххуш «хур-т1ур» дан вулу)
Бикату. (майрачуьнга а хьожуш ша-шега) Ванах, кху чохь милла лойла-м ма дац! (т1ейоьдий, майрчуьна куьг ойбу, ткъа иза чохь садоцуш санна охьадужу) (х1илланца хьожуш мохь туху) Ва стаг! Г1атта сихха! Вайн ц1енох ц1еяьлла!
Чаборз. (ах набарах олу) Хьо х1ун деш лаьтта ткъа, хьокха санна йог1а а елла? Арара белаца эций ло т1е а кхоссий д1аяйъа! (ха а хорций шен «хур-т1ур» юха а доладо)
Бикату. Аса муха оьцу ло белаца, иза г1аж кагъелла 1уьллуш йолу ах шо а хилча! (ойла йой. юха а) Вала сихха г1аттий! Воккха дада вог1у вайга!
Чаборз. (б1аьргаш а ца боьллуш). Со хьуьнха дечиге вахна ву ала цуьнга…
Бикату. (лаьхьа а, саьрмик а ший а цхьаьна сама болу цуьнан хьаьжюккъехь, куьг хьаькхича, пеша хьалхара аьшкал карабог1у цунна) Хьо муха воьду хьуьнха, хьуна иза мичхьа аг1ора ю а дицделла хилча! Хьуна-х хьайн самогон бен мичхьа ду а ца хаьа! (теббий букъ бохала аьшкал болийту майрчунна)
Чаборз. (ц1аьххьана к1егара хуу, ши ког паднарах чу а уллуш) Х1ун! Мичхьа? Тхов чу-м ца буьйжи вайн? (кхерабелла горгбелла ши б1аьрг гонаха х1ун хилла ца кхеташ сихха вовшахбетта, олладелла деха ши мекх а рог1анца цкъа цхьаъ, т1аккха важа тохалуш хаало).
Бикату. (ц1енкъаюккъе х1утту, д1аядан кийчча) Тхов чу-м ца беъна, амма гуьйрана дуьйна чу ладар оьхуш, буха тесаший, боганаший а х1иттош лаьтташ болу, иза дукха хьоьга хьоьжуш-м лаьттара бац!
Чаборз. (ц1аьххьана вог1алой хьожу иза ц1енкъаюккъехь безамехьа горга лаьттачу х1усамнене, бехинчуьра бастабалаза болу корта оллабой тахка а бой, юха сихонца айабой шина кога т1е х1утту, амма юха а паднар т1е кхета к1егара. Тохалой, г1оттий, косказашна т1ехь санна зудчунна мараэккха воллуш санна ши куьг хьалха а дохийтий чухьоду иза)
Бикату. (цкъа д1аэккхан дагахь хуьлий, т1аккха майра 1ехаван дагахь ши куьг дуьхьала кховдош къежаш соцу, ши б1аьрг хьаббо) Со кхуззахь ю! Схьахьажал!
Чаборз. (шина куьйгала а хьалха озийна хьожа йохуш санна мох узу мерца, мекхаш меттаха а дохуш. Зудчунна т1екхоччушехь, ц1аьххьана юххехула т1ех эккхий, цунна т1ехьа лаьттачу истолана т1е хьоду) (Хьомен х1усамнана санна куьг дайдеш стоьла т1ера схьаоьций нана доккха шиша шина куьйга леррина лоций ойбу цо. Балдаш шишана бертигаца цхьаъ хуьлий лаьтта диккачу хенахь. «Булкъ-булкъ!» олий т1аьххьара къурдашца кхачало шиша. Айбинчу шишанца шозза-кхузза тохало Чаборзан ч1енга, амма кхин х1ума ца йог1у шишана чуьра) «1ахь!» Эйт! Маржа я1-кх! Дош дац-кх х1ара дуьне! (бетаха мотт хьокхуш, шишана чуьра т1аьххьара т1адам п1елгаца оьций п1елг ц1уббеш, шиша истолана т1е д1анисдо. Хаъъал там хуьлий къежа) Ва-а! Хаза йо1, хьо еза суна, ла-ла-ла! (шозза-кхузза тохалой ког хуьйцуш паднарехьа воьрзу иза, амма паднар йолчу аг1орара зудчо, кхин шозза тохалой лоха не1 йолчу аг1ора д1аверзаво. Ша-шах санна цунна т1е кхуссу зудчо суркуйна хеннара йолу доца дух долун кетар а, иза тайниг санна д1аса а лестош пхьуьйшашна чу куьйгаш а нисдо цуьнан. Коьртаха куй а туьллу, т1ема к1елахьа, аьрта долуш киртигаш а йийлина доккха диг а дулу. Кисина 1оьттина муьшан юьхьиг а хуьлу (дечиган мор бехка) Х1усамненан г1оьнца а, меллачу самогоно йинчу кепо а не1арах аратилаво Чаборз ког лаьттаха кхеташ а, ца кхеташ а) Ва, хаза йо1… (аз не1арна арахьа хеза гена долуш)
2 – сурт.
Лоха тхов аг1орабаьлла лаьтта ц1ено, жима сеттина не1, йоьжна 1уьллу кертан аг1о, уллохь дечиган куьйга уозош йолу салаз.
Чаборз. (юхаийзало) 1айт-я1! Ма ло тетина цу стиглара охьа! (тийсалучу маттаца мохь тухуш эшар олу) Ва, хаза йо1, хьо еза сунна ла-ла-ла!
Бикату. (цхьана куьйга укал чуьра лаьцна вукху куьйга жимма муьшка а еш т1аьхьара туьттуш майра) Ванах, готане буьгу сту санна ма дуьхьалавели хьо! Хьо дечигах цинц а боцуш ц1а вола хьо, т1аккха сох хира ю хьуна хаза йо1-м! (салазан т1ийриг майрачуьнан куьйгах тосу, ков доцчу кевнах а воккхуш) Д1огахь гуш йолу хьуьнхахула бу хьуна хьан ц1авог1ун некъ, яхийта хьайн алаша цига!
Чаборз. Д1ахеца со, г1ам! Аса бийра дера бу хьан болх! (хиллачу кепо 1ехаво) 1айт-я1! Эйт-т! Ва, хаза йо1, хьо еза сунна, ла-ла-ла! Ва, хазниг, хьо йог1ий соьга да-да-да! (хьун йолчу аг1ора лайна юккъе туьлу эшар) Нну-о-о! Йолало алаша! (вехина стаг санна т1аьхьа д1асауьдуш, текхаш йоьду салаз)
3 – сурт.
Гаьннашна т1ехь олладелла ло а долуш, хьуьнан йист. Ша цхьаъ лаьтташ долчу стоммачу пепана диттана хьалхахь.
Ц1ахьпату. (гихь дечиган мор а болуш, хьуьнаюккъера гучуйолу. Ша-шега) Оф-фай! Ма доккха ло ду-кх оцу хьуьнаюккъехь1 (дечиган мор охьа буьллий цунна т1е охьалахло)
Дуркъшсулим. (гихь топ а йолуш пепана дехьа аг1ора хьуьнюккъера араволу. Ц1ахьпату а гой т1е вог1у) Ц1ахьпату, хьо х1ун деш 1а, селхана хиъча санна?
Ц1ахьпату. (х1иллане б1аьргаш хьажош) Со дера ю хьо экхе вахана аьлла хьуна дуьхьала еъна 1аш. Хаза хетий хьуна?
Дуркъш. (эхь хета) Хета дера сунна-м. Хьуна муха хиира?
Ц1ахьпату. Вай хьоьга дукха хенахь дуьйна безам болуш ма ю со. Хьо гена ма ваьлланехь сан дог тохало, иштта хаа-кх сунна.
Дуркъш. Иза муха тохало?
Ц1ахьпату. Юххе хилал, аса д1агойтур ду хьуна…
Дуркъш. (эхь хеташ къежаш юххе г1урту) Боккъал бохий ахьа?
Ц1ахьпату. (д1аса а хьожий ирах1утту) схьаэцал иза дечиган мор, нахана кхузахь вайшиъ гахь, ца кхуллуш х1ума дуьтур дац)
Дуркъш. (цхьана куьйга ойбу Ц1ахьпатун дечиган мор) Мича хьо аса х1ара дечиган мор?
Ц1ахьпату. (пепан дечигана т1ехьа а йолуш) Схьабал х1оккхуза! Схьавоьл кхуззага диттана т1ехьа, нехан б1аьрг т1е ца кхоче. (иза шиъ стоммачу диттана т1ехьа къайла долу)
Ц1ахьпату. (диттана т1ехьара аз бен дац хезаш) Охьабилла и, хьо и дечиган мор кера а лаьцна латта дагахь вацахь. Цунна т1е охьахуур ду вайшиъ. Схьавоьл улло охьахаал. Хьажал х1инца сан дог муха деттало. Хезий?
Дуркъш. (аз) Ца хеза.
Ц1ахьпату. Вай, хьуна муха хеза и, хьо генахаь хина 1аш хилча. Юххе хила суна. Х1и-х1и-х1и! Хьо ма эхь хеташ ву. Х1ан, иштта уллохь хезий хьажал. Ой, гилдигаш доху ахьа! Д1авалахь!
4 – сурт.
Гаьннашна т1ехь охкаделла ло а долуш, юькъа хьун. Ша цхьаъ лаьтташ хьуьнайисттехь стомма пепан дитт. (Ц1ахьпатуй, Дуркъший къевладаьлла меттиг.)
Чаборз. (схьакхачале эшар мелла а хийцаелла) Хьо йог1ий ядий йола, ва Лорса Лида-а, да-да-да! (доккхачу пепан диттах д1аг1ртуш соцу) Тпр-р-р! Алаша, д1аг1оьрти вайшиннан мара диттах, д1акхечи вайша кхачан деззача! (дитте хьала а хьожий галаволуш соцу) Э-эх1ей! Ма дечиг долу оцу хьан дег1ехь! Дера хьо аса дийнна охьатоьхна д1ахьура ду. Салаз буха а х1оттийна цу т1е охьа а тоьхна д1атакхийчхьана ца даьлла хьо! Поп-дечиг хьо а хир ю, амма поп-санна къонах-м со а ву! (салазан т1ийриг куьйгах ястан г1урту, диг буйнахь а доллуш, хьаьрчина т1ийриг ца ястало. Куьг а ластадой т1ийриг кхозуш а йолуш, куьйгах туй а тухий диг ойбу)
(Ц1аьххьана дистхуьлу дитт. Ц1ахьпатун аз ду хезаш)
Дитт. Сан хазниг, хьо ма сих вели! Собар дехьа цхьажимма! Цо х1ун до?
Чаборз. Сой! Ас-с-сий? (цецволий д1аса хьожу)
Дитт. Хьо бен кхин стагга а вуй кхузахь?
Чаборз. (д1аса хьажа а ца ваьхьаш, меллаша) Вац… дера… хаац суна-м…
Дитт. Хьо ма ч1ог1а эхь хеташ ву. Иштта хила мегар ма дац. Хьо-м хазалла вала воллуш жима стаг вай, маттана шера ца хиларх.
Чаборз. Х1аъа… Ву… Хир ву-кх…
Дитт. Схьало хьайн ши куьг, аса 1а тухуш дохдийра ду хьан уьш.
Чаборз. Куьйгаш? Х1унда… Х1ан, делахь… (д1аса а хьожий, цхьана буйнахь диг долуш, вукха куьйгаха хьарчийна салазан т1ийриг а йолуш, ши куьг хьалха кховдадо.
Дитт. Хьажахьа мел ницкъалха ши куьг а ду хьан! Ирс долуш хилан еза хьоьга йог1ун йолу йо1. Вист х1унда ца хуьлу хьо? Д1авала, д1адаха куьйгаш! Д1адаха, ца боху аса хьоьга!
Чаборз. Х1аъ… (сихха диг буйнахь куьйгаш букът1ехьа лачкъадо)
Дитт. Э-э! Хьо вала велла! Ма кхоьруш а хилла хьо! Со марахьарчо дог дацара хьан? Х1ун деш лаьтта хьо дечиган юьхк санна!
Чаборз. Хьенан? Х1ун? Х1ун дог… Дог-м ду… Ду, дера…
Дитт. Схьадал хьайн ши куьг иштта суна дехьасехьахула дахал ахьа, аса 1амавийра ву хьо.
Чаборз. Бисмил… Ошх1аду… (чеч1къашка а воьдуш, чухьодий салазцана дагарцана къевллина дитт марадуллу).
Дитт. Вай! Суна-м хьоьгахь ч1ог1а ницкъа бу моьттура. Кховла со ч1ог1а, шайолу шелонна лацаелла меженаш меттаха а йохуш! Кхин ницкъа бац хьоьгахь?
Чаборз. Бу… дера бу… (ма-хуьллу, дитт мара къуьйлу)
Дитт. Х1ан, х1инца цхьаъ оба мукъна а ала сунна! Хьо ма тамашена стаг ву, эхь хеташ!
Чаборз. Х1ан? Со… Вац дера со-м… (балдашца шогачу, г1орийначу диттах 1иттало лозваеш ийзалуш)
Дитт. Ахьа х1ун до! Хьера ваьлла хьо! Нахана д1агахь х1ун да волу хьо! Аса-м бегаш бой!
Чаборз. Нахана гахь? Муха… (маларх бастабелла къаьрзина ши б1аьрг д1аса хьежабо, г1о лоьхуш шена)
Дитт. Х1и-х1и-х1и! Ахьа х1ун до?
Чаборз. Ашх1аду… Къулх1уваллах1у… (ши, кхоъ г1улч юхаволий, т1аьхьа даса уьдуш салаз а йолуш да1аэккха) Ва, орца! Орца… дала-а-а!
пос. Окрябрьский, 2002 шо.
Свидетельство о публикации №213061300813