Чебурашка. Кукольный спектакль на чеченском языке
Чебарашка.
Дакъалоцурш:
Чебарашка
Бегамот
Панда
1 – сурт.
Ша 1аш ю Чебурашка. Сагатдо.
Чебарашка. А-а-а! Ма сагатло-кх са. Ма ч1ог1а сагатло са! (Д1асахьожу) Х1окху доккхачу дуьненчохь гуш стагга а вац. Х1ей! Х1ей! Массо а д1алечкъина шу? (Ша-шега) Аса кхайкхар х1ун пайда бу. Нагахь санна уьш баьхкина схьах1иттича суна-м ца хаьа цаьрга х1ун эр ду а. Цара-м хоттур ду: Ахьа мохь стенна хьоькху, гай дат1ийча санна, аьлла. Хьо мила ву аьлла хоттур ду. Ткъа аса х1у эр ду дуьхьала? И-м и дара, со мила ву техьа ванне а? Я ю со? Ю бохург хаза хета суна. Со ю эр ду аса. Т1аккха, я-м яра со, ткъа мила ю со? Суна-м сайн ц1е а ца хаьа.
Бегамот. («Хур-хур-хур» а деш гучуйолу сонехь) Хур-хур, ванах ма ч1ог1а довха де ду вайна! Чу карча уьшал мичхьа карор яра техьа суна? (Д1аса хьоьжу) Дера х1умма а хир дацара, со сайн ц1ахь Африкехь 1ийнехьара. Цигахь суна ма-луъъу уьшалаш, 1аьмнаш а дара. Цу чу а керчаш 1ийра ма яра со. Аса х1ун леладо кхуза Нохчийчу а еъна? Африка-а! Мичхьа ю сан Африка? (Ц1еххьана Чебурашка а гой, цуьнга хьожу. Улло йоьду) Х1ей! Маршалла ду хьоьга, сан доттаг1! Хьо х1у деш ю кхуза корта а лаьцна ойланаш еш?
Чебарашка. (Бегемот а гой) Корта х1у ю-ю?
Бегемот. (Ша-шега) Э-э! Х1ара пекъар-м сол а боккха сингаттам болуш ма ю. Корта х1у ю бохург, х1у ду? Дера х1ара а уьшалан чу 1отта еза моьттуш ма ю со-м. (Чебурашкига) Хьажахьа, доттаг1! Хьуна корта х1у ю а ца хаьа?
Чебурашка. У-ъъу! Ца хаьа!
Бегемот. Дера и хьан корта жима а йолуш-м дац хьуна и. (Дехьа-сехьа йолуш хьожу) Хьо-м еккъа ц1ена цхьа корта а хилла д1а ма яьлла, тамашена х1ума-м ма ду, корта стенах олу хьуна ца хаьар. (Коьртах х1ума йолийту Чебурашкина) Х1ара бу-кх корта!
Чебарашка. А-ай! Ахьа х1у до коьртах х1уманаш етташ?
Бегемот. Эх1! Х1ума кхетча дагабог1ур болуш хилла кхунна-м корта х1у ю а. Кхин цкъа а х1ума ялийта еза аса кхунна, т1аккха ша мила ю а дагадог1ург хир ду кхунна. (Х1ума тоха гонаха хьийза).
Чебарашка. (Дуьхьала т1амарш лестайо) Ахьа х1у до? Хьо каратист-м яц?
Бегемот. (Цецйолий соцу) И бохург х1у ду? Каратист?
Чебарашка. И-ия! (Бегемотана каратэ йо)
Бегемот. Ва-а! Орца дала! Орца дала!
Панда. Со йог1уш ю! Мичхьа дала орца!
Бегемот. Х1оккхузахь дала! Кхузахь дала орца!
Панда. Х1у хилла кхуза?
Бегемот. Ца хаьа суна-м х1ара китаец ю-кх суна каратэ ло ша бохуш ц1ингаш кхуьйсуш!
Чебарашка. (Елалуш) Каратэ луш яц! Каратэ тухуш ю! Собар дехьа цкъа, ахьа суна китаец х1унда элира?
Бегемот. Ца хаьа суна-м. Сайна а дагахь доцуш багах делир-кха сан и.
Чебарашка. Сан ц1е Китаец-м яц техьа?
Панда. Э-э! Тпрру! Аша х1у дуьйцу, китайцаш къам ду! Доккха къам а ду, уьш-м массийтта миллиард бу х1окху дуьненна т1ехь.
Чебарашка. Со-м яц къам. Сан ц1е кхинарг хила тарлуш ю.
Панда. Хьуна каратэ хууш елахь, хьо японка хила еза-кх т1аккха.
Чебарашка. Японка ц1е юй.
Панда. Яц. Иза а ду къам. Китайцаш санна дукха-м бац уьш, делахь а йоккха культура йолуш къам ду. Ткъа хьо мила ю ца хаьа хьуна?
Чебарашка. Х1ан-х1а, ца хаьа! Со дуьненчу яьлла дукха хан ю моьттуш яц со.
Панда. Т1аккха, хьан нана мичхьа ю ткъа?
Чебарашка. Ца хаьа суна-м. Суна гина а яц и.
Бегемот. Х1окхо х1у до ненах, х1ара-м и ца хилча а дика ларалуш ю ша а.
Панда. Собардел цкъа, вай х1инцца хьовсур ду, х1ара х1ун экха ду! (Т1е а йоьдий хьожу, лерг озадо)
Чебарашка. А-ай! Ма ийзаде сан лерг!
Панда. Хьажал цуьнга! Лерг х1у ю а хууш хилла цунна-м! Иштта д1адодахь, кестта шен ц1е а дагайог1ур ю цунна.
Бегемот. Ларлуш хилалахь цунах, доттаг1. Ц1ингаш кхуссуш ю хьуна и, каратэ, олу цо оцу ц1ингашкхийсарах.
Панда. (Гонаха йолуш) Суна кхуссур бац кхо ц1ингаш. Со х1окхуьна ц1е хаа г1ерташ ма ю.
Чебарашка. Хьайна ма-луъъу ц1е хаа, амма сан лерг ма озаделахь кхин.
Панда. Мегар ду. Лерг озадийр дац. (Ког озабо)
Чебарашка. И-ия! (Каратэ йой охьаюьллу Панда) Ма ийзабе сан когаш а!
Бегемот. Дера ю со, доттаг1, цуьнан ц1е вир ю моьттуш.
Панда. Х1унда бохура ахьа?
Бегемот. Дера цо-м виро санна ц1ингаш ма кхуьйсу.
Панда. Дика ду делахь, хьовсур вай, х1окхуьна ц1е вир ю яц.
Бегемот. Муха?
Панда. Цкъа ахьа мохь тоха кхуьнан керла ц1е а йоккхуш, т1аккха аса тухур бу.
Бегемот. Мегар ду делахь. Ва-а! Вир!
Чебарашка. И-яхь! (Каратэ йой охьаюьллу Бегемот).
Бегемот. (Йоьжна 1уьллушехь) Х1инца ахьа тохал делахь мохь.
Панда. Стенна делахь а. дог ца дог1у са-м и мохь тоха. Билгала кхин ц1е хила еза-кх хьуна кхуьнан.
Бегемот. Ц1е янне а йоцуш хила ца мега х1ара? Хьанна хаьа х1ара х1ун экха ду!
Чебарашка. Ца мега! Ца мега! Суна а лаьа сайн ц1е хила. (Йоьлху)
Панда. Ма елха вайна х1инцца хуур ду хьан ц1е х1ун ю.
Бегемот. (Берашна т1е куьйг хьажош) Х1окху 1аш долчу берашна хуург хир ду-кх х1окхуьна ц1е. Цаьрга хаттий вай?
Бегемот. А-х1а-а! Оцу берашна а кхуьнга ц1ингаш тохийта йоллу-кх хьо?
Панда. Оццул оьзда йоцуш-м хир ма яц х1ара.
Чебарашка. Яц! Яц! Тухур бац аса! Че… а аьлла 1ийра ю со хьох х1инца дуьйна.
Панда. Делахь аса хотту цаьрга. (Берашка) Бераш, шуна а ца хаьа х1ара шуна гуш дериг х1ун экха ду. Х1оькхуьнан ц1е муха ю?
(Бераша олу) Чебурашка.
Бегемот. Урра! Чебарашка! Чебарашка! Чебарашка!
Чебурашка. И х1у барашка ду ахьа суна бохуш дериг? (Т1ейолало)
Бегемот. Бехк ма биллалахь суна.
Панда. Чебурашка. Чебурашка. Цхьанхьа хаза-м хезза хьуна суна и. Берашка) Бераш, муьлхачу мультфильмера ю х1ара Чебурашка? Хаьий шуна?
(Бераша) Чебурашка мультфильмера.
Чебарашка. Бераш, Дела реза хуьлда шуна! Шу ца хиллехьара, со сайн ц1е а ца хууш 1ийра ма яра. 1одика йойла шу! Тхо кхин а кестта дог1ур ду шуьга хьошалг1а!
(Кхо доттаг1 д1айоьду, 1одика а еш массера а)
Свидетельство о публикации №213061300932