Голубь. Рассказ для детей на чеченском языке

 

Кхокха

Аьхке! И дош мел хаза ду! Можа бовха малх, синачубацалахь бес-бесара зезагаш! Эшар хаза олхазарш! Каникулаш!
Ишколехьйиъ класс чекхъяьккхина, аьхкенанкхаабаттана ц1а хецнера жима к1ант Беслан. Х1ун дийр дара х1инца?
- Э-э! Мел дукха ду-кх самукъхадаккха х1уманаш. Ч1ерий лецар – цхьаъ, хи чохь луьйчушнекадеш, т1аккха малхо йохйинчуберданйистера г1амарлахь 1иллар – шиъ! Масане ду уьш, дагардина а вер вац-кх! – ша шена жоп лора Беслана.
- Книшкашешар! Нанна г1одар! – т1етухура нанас.
- Книшка-м школехьйоьшуш а к1ордийнера, - реза вацара к1ант нанас дуьйцучунна.
Амма кестта к1антана карийра шен самукъадаккха х1ума. Раг1у к1елахь, соннехь, дадасвилспеттойинчохь к1антана караеара яьтт1а камера. Мел к1еда пхенашдевлирацунах. Мел хаза 1ад хилира!
- Х1инца, хьозий, ларлолаш! Ас т1улгаца лоцур ду мел т1ахъаьлла хьоза а! – дов дира цо, цакхетачухьозашна.
Шен керла дина 1ад муха кхетахьажа, Беслан бешавахара. Цо сема лоьхурагаьннашлахьхьулделлахьозий. Диттан гаьннаш т1ехь 1аш долчу хьозашна-м ца хаьара мел буьрсагерздахьаш вог1у Беслан. Цара-м, адамаша, шайна вониг дийр дацара, - аьлла, тешна, маьршалоькхуразевнеэшарш, «ч1иркъ-ч1иркъ!» бохуш. Оцу аьзнаша уьш гучу-м дохура шайна тебашволчу к1антана. Туьркан диттан гона т1ехь 1аш дара мокха хьоза. Цо шен жимчу з1акарца ц1андора шен т1емаш. Цкъа цхьа т1ам, пондар санна озабой, бахбуора цо, з1акарца чекхдолуш, т1аккха шолг1а т1ам а.
Амма Беслана къинхетамза хьажийра шен буьрса 1ад. 1одаца озийнахийцира цо горга т1улг оцу хьозанна. «Т1ох!» - аьлла хьозаннауллорчугонах а кхеташ, пелбаьлла д1абахара т1улг. Хьоза-м кхераделла, ша 1аччохь кхоссаделла, т1емаш тоьхна, гучуьра делира.
- Эх1-х1ай! Со сихвелира! Со сих ца веллехь! – ша шена реза вацара к1ант.
Жимма 1ийна меттавеара иза, гаьннаш т1ехь кхин а хьозий а хааделла.
- Х1умма а дац, ас бийр бу шун болх! – бохуш, дов дора к1анта, хьзашнатиэбаш, 1ад а хьежош.
Миска хьозий-м охьахуьйшура, к1антана хьалххабохург санна, х1умма а шайна кхерам бу-бац а ца хууш.
Беслана, цхьа б1аьрг хьаббой, хьажошозадора шен 1одан пхенаш. Х1ора моссаззакхуссу а, 1ад нийсатоха 1емаш лаьттара к1антана. Цо-м, дера, ч1ог1а дозалла дора, рог1ера хьоза, кхераделла, т1епаза дайча. Т1улгаш кхачийна, иза вахара кет1ара жаг1а боьхкинчунекъанйисте. Кисанаш дуьззина горгат1улгаш а дахьашвеара иза беша.
- Х1инца-м дуьнен т1ехь мел долчу хьозаннатоха а т1улгаш дара соьгахь! – шен т1улгех дуьзинчукисанаш т1е куьгдеттара к1анта.
Боккъал волу иччархо санна вара иза х1инца. Ког байбинавоьдура Беслан беша юккъехула. Ц1аьххьана схьахьожура иза, буьйнахьозийна1ад а долуш, дитта т1ехьара. 1ожан а, кхуран а диттах-м нийсакхетараБесланан шен 1одаца кхоьссина т1улг, амма хьозанна цхьа а ца кхеттера цуьнан.
Цхьадика, кхунна гена доцуш долчу 1ожан диттан аьхкинчугуона т1е ц1аьххьана охьахиирабоккха к1ан кхокха. Латта аьхкинчохь шена кхалла н1аьна карор бац-техьа аьлла хиина хир бара кхокха-м охьа. Амма н1аьнин метта к1анта нуьцкъалаозийначу 1одара баьллабеанагорга т1улг кхийтира кхокханн, т1ам а, корта а лоцуш.
- Хьозанна ца кхетахь а, хьуна-м кхетар ду хьуна сан 1ад! – самукъадолуш, ша шега мохь элира к1анта.
Ткъа кхокха, лазийна, ша 1аччохь б1арзбелла хьаьвзира. Ша х1ун леладо ца хууш, ирхбаьлла, к1елхьарбала г1ертара иза, шен оллабелла т1ам лазошшехь, иза ласто г1ерташ. Амма цхьа т1ам бен меттах ца болура. Ша лазор а дицдинабетталоракхокха, хазахеттамохь аьлла к1ант шена чухьаьдча. Кхокханна-м моьттура иза шена кхин цкъа а туоха т1ехьаьдда.
Т1евеанчу к1антана уллохьгирамискачукхаокхананкхерабелла ши б1аьрг, иштта кагбелла, ирча, разбаьлла т1ам а. иза х1инца тера бацара хаза т1емаш а лестош х1аваэхь лелачукхокханах! Иза х1инца тера бацаракнигаш т1ера сурташ т1ехь хаза куц долуш бочукхаокханах а. Ирча сурт дара к1антана гуш дерг. Х1инцца хьалха, хаза т1емаш а лестош, охьахиъна, хаза боларцаболабеллалеллакхокха…  Лазийна, бетталуш, кагбинчу т1омо, лазийначукоьрто готта хьовзийна, г1о дан стагвоцуш, баланехь бара иза.
Уггар а инзарениг – оцу хазачукхаокханна и дезардинарг х1ара ша вара, Беслан! Кхокха-м, бетталуш, лешболлура. Муха нисдийр дара ша динарг!
- Нана! Нана! – мохь элира Беслана, ша х1ун дийр ду а ца хиъна. Раг1у к1елара бешаарадолучуринжехсхьахьаьдирабесланан нана. Цунна-м моьттура шен к1антана цхьа вониг хилла. Хийлаза нанас диттан гона т1ера охьаваьккхинера иза, чувожарна кхоьруш. Х1инца-м из чувоьжна ваьлла моьттуш яра нана.
- Х1ун хилла! – кхераеллахоьттура цо геннара
Амма беслан х1оьттина лаьтташ гича, мелла а сапарг1ат хилира иза. Улло кхаьчча-м дог 1овжийра цуьнан.
- Х1ун хилла? Х1ун дина цунна? – хоьттура нанас к1анте.
Амма Беслан-м 1адийча санна лаьттара.
- Хьажийтал и х1ун ю хьан буьйнахьерг? – к1ентан буйнара 1ад гича кхийтира нана хиллачух.
- Нана! Иза лийр буй? Иза леш буй? Адамаш а лиэйишта? – ненаххьерчарадогдоьхна к1ант.
- Дера, адамаш санна лаза ма до кхокхий а, массо а садолу х1ума а! адамашка санна мохь ца хьекхало-кх цаьрга! Х1унда йиахь и кхизалла? – хоьттура нанас к1анте.
Кестта сецирабетталучуьракхокха. К1ант ган ца лууш санна д1аберзийна г1ийла корта а болуш, биллинабисина, чохь са доцу б1аьргаш а болуш 1уьллура иза дитта к1елахь.
Х1окху хазачубеша т1ехула, шен к1айн т1емаш лестош, и кхокха кхин цкъа а лелар бац. Цо кхин самукъадоккхур дац адамийн, х1аваэхь жима к1айн марха санна гучу а болуш!
2005шо.


Рецензии