Вайн латта

Вайн латта…
Дайша, ц1ийца хьандина
Вайна хьанал дина,
Хьомсара х1ара латта
Вай хьоьшу атта!

Дайша ца кхоийна ц1ий,
Хилийта кху мехкан сий!
Харцоно хьовзорах готта,
Ницкъ хилла лекха б1ов йотта!

Дайша говза 1амийна вай,
Сий дан кху лаьттахь мел деха вай.
Ямартло эшийна бакъонна г1атта,
Халоно мел цестарх ца къарлуш латта!


Рецензии