Вай олу
Буьйцу и ца кхеташ вовше.
Массо а дош вайна девза,
Хезашшехь ладог1ац вай.
Вай олу: «Цхьа къам ду вай,
Цхьана ц1ийнах, ц1арах а девлла,
Вовшеха дог лаза деза».
Вежарий-м шен-шен бу вай.
Вай олу: «Цхьа мохк бу вайн,
1аламо хазбина, тайна,
И лоруш даха а деза».
Кхечунах и хуьйцу вай.
Вай олу: «Вайнах ду вай,
Кавказанан лаьмнех схьадевлла,
Цхьаъ хила дезаш мел деха!».
Лулахой-м хуьлу вайн «нехан».
Вай олу: «Нохчий ду вай!».
Нохчаллехь нохчо ца лору…
Вай ваьшка ладог1ий вай,
Ишта кхин мел дехар вай?!
Свидетельство о публикации №213071001248