Заманан мазлаг1а - поэзин локхалле г1улч

Нохчийн  баккхийчу  поэташна  юкъахь  шен тоьлла  меттиг д1алаьцна волу илланча  Юсупов  1илман  дика  вевза  вайн  махкахь а,махкал арахь а  цхьажимма  а  литературица  гергарло   долчарна.
Цунна  тоьшалла  ду -  интернет-сайташкахь  Юсупов  1илманан  кхолларалле  йолу  марзо   денна  совйилар  а,  цуьнан  дуккха  а  байташ  х1инцале  а  ингалсан, шведийн, испанхойн, украинцийн, болгархойн, иштта цхьамог1а кхечу меттанашка  яьхна  а, йохуш  а  хилар.

Нохчийн литературехь  баккхийчу  хиламех  лара  мегар  ду  поэтан   байташ   2011  шарахь   Швецехь  шведийн  маттахь   «Нохчийн  кхерч»   гуларехь   зорбане евлла хилар. Доккха  дозалла  ду и  нохчийн   къоман культурина.    Шен  байташца  поэто дуьненна  а  д1айовзуьйту   къоман  1ер-дахаран башхаллаш а, маршонан къийсамехь  яхчаелла  болатан   амал а.

И гулар зорбане яларх лаьцна хаам айса интернета чохь бешначул т1аьхьа,  суна кхин  а  юххера  йовза  лиира  жимчохь  дуьйна  а айса «Орга» журналан   аг1онашкахь а,  иштта республикан муьран зорбанан г1ирсашкахь а даим тидамехь  латтош   хилла  йолу  поэтан  кхолларалла.

1илман Юсупов   шатайпа  поэтически хат1 долуш  хиларх  дукха  а  мог1анаш  дешнера  ас  х1етахь а. Кибиев Мусбека, Байхаджиев Зайндис, Сулейманова Зайнапис, Эльсанов Ислама, Сулаев Мохьмада,  Ахмадов Мусас, Цуруев Шерипа иштта  д1а кхечара а цуьнан кхоллараллех лаьцна шайна хеташдерг дуьйцуш, аьлла дешнаш гинера суна тайп-тайпанчу зорбанан г1ирсашкахь.

Лакхахь  хьахийнчу  прозаикаша а, поэташа  а массара а бохург санна  т1еч1аг1дийриг  цхьаъ  дара: Юсупов  1илман  цхьаннех  тера а воцуш,  шен  башха  йозанан хат1 а,  нохчийн литературехь шатайпана некъ а болуш  поэт  ву.

«Юсупов Iилманан цIе нохчийн литературехь дуьххьара гучуелира                70-чу шерашкахь. Йозанан
амал шатайпана хиларца, ойланийн хатI а, вастийн къепе а кхечерачарах тера доцуш хиларца билгалваьлла иза шен кхоллараллин мур дIаболалушшехьа»  -  билгалдаьккхира нохчийн г1араваьллачу поэто Сулаев Мохьмада шен  «Заманан мазлаг1а – поэзин мазлаг1а» ц1е йолчу статья т1ехь («ОРГА» журнал, 1992, 4-г1а лоьмар)
Иза   бакъдуйла  гойту  авторан  муьлха  а  гулар схьа  а  эцна, леррина ешча:  «Заманан мазлаг1а» (1991), «Доьналлин  маьждиг» (1996), «Иэсан  г1у» (1999)…
Юсупов 1илманан  кхоллараллех  лаьцна яздан  дуккха  а  шераш  а, хан а оьшу, цуьнан  цхьа  байт  а  хуьлу  шена т1ехь  баккхийра  талламан  белхаш  бан хьакъ долуш, ерриг цуьнан байтийн гуларш ца  йийцича  а.  Философаллин тематика  шуьйрра  хаало  цуьнан дуккха а произведенешкахь. К1орггера  яьстина  цуо  и  тема, масала,   «Заманан  мазлаг1а»  гуларехь, къаьсттина  шеха  х1оьттина  ц1е  тиллинчу  стихотворенехь.

Шен 13 шо  кхаьччахьана  яздеш волчу Илланчин  дуьххьара  зорбане  яьлла  книга  ю иза. Ткъа  цуьнан байтийн гулар  т1аьхьо  зорбане яларан бахьанех цхьаъ  дара,  ша  санна болчу  цхьамог1а кхечу нохчийн поэташа  а, прозаикаша а санна, заманца  йог1у  «дежурни» стихаш, шайх яздечара забарийна «паровозикаш» олуш хилла йолу  (Ленин, Компарти, Октябрь  хестош йолу) цо язъеш ца хилар.

«Заманан мазлаг1а»  жайни  юккъе яхана тайп-тайпанчу кепехь  стихх1отторан говзанча  волчу  поэто  язйина  байташ: биъмог1анаш, газелаш, верлибраш, классически  рифма  йолу  байташ, ткъа  къаьсттина  шена т1е  тидам  бохуьйтуш  дерг дара  нохчийн  литературе  дуьххьара  орам  таса  йог1уш йолчу  сонетан  техника  цуо  говза  нохчийн  меттан хьелашка   ерзор.

Книжкин   чаккхенгахь  ялийна  а ю «Безаман  ч1урам» ц1е йолу сонетийн  кочар.  Суна схьахетарехь, иза нохчийн поэзехь дуьххьарлера сонетийн кочар ду. Еккъа  поэма лара  мегар  долуш йолу иза поэто йоккхачу  корматаллица  х1оттийна  ю, 1аламат лерина стихан  1адатийн гурашкахь  д1 а нисйина, шен муьлхха  а произведени  санна. Оцу кочарх  лаьцна  шакъаьсттина дош  ала  дог1у  аьлла  а  хета  заманан йохаллехь…

«Заманан  мазлаг1а» байтийн гулар - Юсупов 1илмана нохчийн литературе яьккхина дуьххьарлера а, цкъа йовр йоцу а г1улч ю. К1орггера чулацам  болуш  а, поэзин хьесапца лерича, 1аламат мехала а ю цу юкъе  яхана  байташ.

Х1ун  къуьйсу, х1ун  лоьху  илланчин  лирически  турпалхочо  шен карзахечу дахарехь? Х1ун  ду  поэтана  шен  чолхечу  новкъахь зеделларг? Муьлхачу  басаршца,  дешнашца, исбаьхьаллин г1ирсашца  бовзуьйту  цуо  шен синхаамаш?

Оцу  хаттаршна  жоьпаш  лехира аса цуьнан  цхьайолчу байташкахь.
Масала поэтан  «Кхо  синхаам» стихотворени шуьйра евзаш  ю  поэзии езархошна. Лирика – иза  синхаамийн  беш  ю. Цу  бешахь  коьртачех   лору  поэто  синхаамийн  кхо  га.

«Сайн  иллин  х1усамехь
Баьрчче  мотт  биллина
Д1абижо  кечби  ас
Кхо синхаам» - яздо цо.

Къоналлехь  хьанна  а   уггаре  а  синъайаме   хеташ  дош ду  «оьзда   Безам». Иза бу – хьалхара  синхаам. Нана ю - адаман  син  ох1ла, адамен дахаран коьрта маь1на, адам  дуьненчу  даьлчахьана  цуьнан  т1амарх  ца  къаьста  синйовхо.  Цуьнца  бузу  поэто   лирически  турпалхочун  шозлаг1а  синхаам. Ткъа  син кхерч – Даймохк,  оцу  хьалхарчу  шина  синхааман  хехо  хилла  лаьтташ болу… Мел  ч1ог1а  ю  поэтан  Даймахках  йолу  ойла, цуьнан  дерриге  а  вахаран  маь1на  ду  иза. Вахар, валар, безаман  марзо, г1айг1анийн къахьо - и шадерг  чухуду  Даймахко. Даймохк  бу поэтан  уггаре а коьрта синлазам!
Илли. Даймохк. И  ши  дош  а,  орам  цхьаъ  ца  хиларх, ч1огг1а  вовшийн гергара хилла  лела  поэтан  кхоллараллехь… Цуьнан массо  илли  а ду  Даймехкан  дуьхьа:

«Илли  а  товш  ду-кха
Даймехкан  1аламна  децаш:
И-м сих д1акъаьстина,
Болх бечу  аьзнех  д1аий», -  яздо поэта.

 «Иллин  х1усам», «илли-ахархо», «дахаран  илли», «иллин  багахь лозу дешнийн  цергаш», «иллин  мукъам»…Дукхе-дукха  эпитеташ, метафораш  карайо  вайна  поэтан байташкахь деккъа  цхьана иллех  лаьцна а. Массо  а  классически поэтийн коьртачех  тема  хилла   ю  илли а, цуьнан  башхаллаш  йовзийтар  а. Ткъа  Юсупов 1илманан  ИЛЛИ - иза   Даймахкана лерина  назма ю,  ширачу  нохчийн  кхерчара  дуьйна  схьадог1уш долу  дедайн  мукъамийн  аьзнаш. Цаьрца  карладолу  бакъдолу  Дахар, нохчийн  къоман д1а мел дахнарг а. Иштта, цара кхетамна хиндолчуьнан битамаш къедош санна а хета.

Шатайпа  яьстина  поэто  и  тема  х1окху  стихотворенехь:

«Шаьлтанан  дитт  ду  - сан  дахаран  илли,
Сан  Даймохк, ткъа  шаьлта  хьан  пхьалг1ахь  йина.
Сох цуьнан  мукъ  а  бай, хьайн  буйна  виллий,
Хилийта  сан  хьуьнарш - буобераш къинан.

Шен  Даймахкана муьт1ахь ву поэтан  лирически  турпалхо, оьшшучохь  цунна орцахвала а, хьега  дезачохь  хьуьнаре къахьега  а, и хазбар 1алашо лаьцна.

Юсупов 1илманан илли  даим  а  нийсо а, бакъо  къуьйсуш  хилар  гойту   цуьнан цхьамог1а  байташа. Шен  къоман  дахар  маьрша  хила  лаар  цуьнан кхетамехь шашах  кхолладелла х1ума дац.  Историн 1илманан корматалла йолчу  поэтана дика  го дахаран харцйолу а, бакъйолу а аг1онаш. Харцонна, т1амна, ямартлонна   дуьхьала хилла ву  иза  даим  а. Цуьнан байташ ешча къеггина го цунна цкъа а т1еман къизаллаш езна ца хилар. Иза т1емашна  дуьхьал  хилар,  цунна машар безар, цуьнан дог къинхетаме хилар  гойту  дуккха  а зама  хьалха  язйинчу  поэтан байташа: «Т1еман  ветеранашка», «1941  шеран  22  июнь  дагалоцуш», «Хиросима», «Со  виц  ма  велахь»  кхин  д1а  а кхечара а…

Къаьсттина  т1е1аткъаме  хийтира  суна  «Хиросиме» ц1е йолу стихотворени. Х1окху  стихотворенехь  поэто  1орадоккху  1945  шеран 6-чу  августехь  Японерачу  Хиросима г1алахь 1амеркахоша зарратан бомба а эккхийтина,  х1оттийна  ирча  къематде.

«Ойлано  вуьгу  со  деллачу  1индаг1ийн
Тийналло  туьйсинчу  хьаьтта…
1индаг1ийн  йозано  варкъаца  кхелина,
Хьан  х1ора  т1улг, Хиросима», - иштта  д1аволало  шен стихотворенехь цу  ирчачу  суьртех  дош  ала  сацам бина волу  нохчийн  поэт.

И дицлун доцу  1азап  ша  поэзин  мог1анашка  дерзош, 1илман  дуьхьал  вара  муьлхачу  а  т1амна, харцонна. Сино  хьоьхурий-те  цунна  шен  жимачу  махкахь  х1отта кечлуш  дерг? Орцанан  мохь  барий-те  цуьнан  синпхенашкара  буьйлург?

Дера  бара. Вуьшта хуьлийла а ма дацара,  шен  ойланаш   ц1ена а, сирла  а  йолучу  поэтан карзахечу синкхетамехь. Цундела  цуьнан  лирически  турпалхо  а  ву ч1ог1а сатесна маьршачу машаречу  дахаре.

«1941 шеран   22  июнь  дагалоцуш» ц1е йолчу стихотворенин байташкахь вайна  хеза  аз  таханлерачу  дийне  бетташ болу  мохь  болуш  санна  хета:

«Вай  бен  кхин  хьан  бийр  бу экамчу  машаран  хама!
Лаьар-кха  накхаршка  дерзочул  шокъалийн  вай,
Тийналлин  лергара  потт  эккхаш, довлучул  сама,
И къора  йолччуьра  дуьненна  т1ехь  хехь  латта  вай...»

Дукха  хан  яц и  т1еман  г1овг1а  вайн  махкахь  тийна, цундела шашах карлаевли сан кхетамехь  поэто  оцу  темина  лерина  байташ  а…

Мел дийцарх, яздарх  кхачор  дац   нохчийн  бакъволчу  поэтан   кхоллараллех  олуш долу  дош... Делахь  а,  суна къаьсттина хьахо лаьа «Заманан мазлаг1а» гуларан  дог  хилла  лаьтташ долу коьрта  илли. «Заманан  мазлаг1а» - и  эпитет  цхьаммо  а ялийна  яц. Оцу  цхьана  стихотворенино  гойту  поэтана  дуьне тамашийна  гар. Лирически  турпалхочун  дахаран  некъ  а, некъахочун  лар  а, дахаран  жам1  а  чулаьцна  оцу  цхьаьна стихотворенино. Юьхьанца аса хьаха ма-дара,  философаллин  чулацам  болуш  ю  и ерриг  стихотворени. Адамийн  ойланаш  хаддаза  дузуш  ю  дахаран  никх.
Х1ора  адам  а  ду  къахьоьгуш,  шен-шен  никх  дуза  г1ерташ, шена  чохь  «1а1ош  балоз а, моз  а».

Поэтан лирически турпалхочо  ечу  ойланашна  т1аьххье  д1авуьгу  дуьххьара  ешча  чолххе  хеталучу  байтийн  мог1анаша:

«Заманан мазлагIа хаддаза екайо адамийн ойланийн вено.
ХIоккхузахь сан оьмар-никх а ду шена чохь ас IаIош балоз а, моз а.
Оьшшучу барамехь дургалца кхачоян дуй биъна къоналлин хено:
Коьртера цо хIора гIаттийна ойла ю – хьуьнаре накхаран моза» - боху поэто.

Адамийн   ойланаш токхе  йийриш ду, поэтана  ма-гарра, «ша-тайпа  зезагаш»:

«Ял такха кечделла шатайпа зезагаш къедош ю Даймехкан аре:
Адамах Доглазар, Къинхетам, Дикалла, Сатийсам, Сий, Оьздангалла…
Башхачу хьожанца геннара схьакъесташ дахаран чолхечу ярех,
Уьш ду сан ойланийн юнашла хийлазза йиллинарш шайн синхазалла», - боху цо кхин д1а а.

Ткъа  ма-хуьллу  ларвала  везарш  а ду, юха  а  поэтан говзачу  маттаца  аьлча:

«Амма ду кхиндерш а, цIуналахь дахкалуш, серлонна тIекъерзаш гома:
Гамо, ХьагI, Питана – иштта дIа кхин а ю оцеран и цIераш дукха…»

Цу  т1аьххьара  хьахийначу  сакхташна  дуьхьало  ян  ницкъ  луш ерг  юха  а  ю  Даймахках  поэто  еш  йолу  еза  ойла. Юха  а  Даймахке  болу бовха безам  т1ехула  буьйлу  массо  а  экамчу  ойланна, поэтан  догдикалла  а хаало  исбаьхьчу дешнашкахь:

«Баркалла ,Даймохк,ахь  кхиорна  хьайн  арахь
Зезагаш  уггар  сан  хьоме.
Г1енийн    к1ур   бетташ,  ас  улхара  моз  оьцу
Хьоь  болчу  безаман  1айгахь…
Чудуьйла,адамаш! Ас  шуна  даьккхина
Деган  моз, хьовсийша  чоме,
Аша-ъ ца  вуьтий  со, синойн и улхан моз
Жимма  а ца  диъча  шайгахь…»

Заманан мазлаг1а тахана «к1еж туьйсуш», шен  болар  ца  лахдеш,  ека, диканаш а,  вонаш а  луьстуш: Дика – Бакъо, Вон - Харцо…
Заманан  йохаллехь  дуьсу  дерг Бакъдерг  ду, бакъдолчух  йолу  ойланаш бен яц  лензаллехь  юьсу  ерш а. Иза ду-кха  йийцаре ечу стихотворенин коьрта  маь1на, суна хетарехь. Со тешна ю, х1окху  иллин  мог1анаш  а  санна, заманан йохаллехь яха  юьсур ю бакъволчу  нохчийн илланчин  Юсупов 1илманан  ц1е, таханлерачу дийнахь шен Даймахкахь  мелла  а  вицвинчарех иза велахь а.

Дош дерзош, суна кхин цкъа  а  билгалдаккха лаьа: нохчийн  литературни  некъ геннара къагош,  лепош богун болчех  бу поэтан   кхоллараллин  б1аьрла  седа…

Эрна  аьлла  ца  хилла  цуьнах  х1ара  дешнаш  вевзаш  волчу  нохчийн  поэто Зайнди Байхаджиевс, цуьнан  «Заманан мазлаг1а» ара  ма-яьллинехь:

«Поэзин стигалахь цIеххьана къага а къегий, поэзи езархойн шайна тIе тидам а бохуьйтий, хийлазза, дахкарлахь седарчий санна, дIаяйна нохчийн поэзехь дукха цIераш. Амма 1991-чу шарахь араелира Юсупов Iилманан дуьххьарлера стихийн гулар «Заманан мазлагIа». ТIаккха кхоччуш хиира суна вайн нохчийн поэзе бакъволу поэт веана хилар».

Цхьа  а шеко  яц,  тахана и  дешнаш  бакъ хилла хиларан.

               


Рецензии