Ненан йовхо

Цхьан дашца тиллачохь ас йинехь чов
Ховхачу хьан дагна тухуьйтуш ов
Юьхь яц сан хьоьга гечдар деха
Кхетац со, сан амал ахь муха лов.

Хьайн ц1арах ахь суна йоьттина б1ов,
Йочанах ларвина тиллина тхов,
Дахаро сан некъаш даржорах генна,
Ахь суна даима диллина ков.

Бузучу малхаца дуьнен чиркх бов,
Хьо гуш а ца хилча деган нур дов,
Аьхкенан йовхоно кхехкорах дуьне,
Нана! Хьан йовхо ца хуьлу сов.



10 февраль 2013 шо


Рецензии