Буьйса

Г1айг1ане буьйса, набаре буьйса,
Хьо суна сема ю, ма хила буьрса.
Ма хила хьо соьца сел ч1ог1а г1ийла,
Лаамаза висна со хьан б1аьра хьежа.
Набарна дижина 1алам д1атийна,
Хьо йист а ца хуьлу, со а ву тийна…
Х1етте а, вовшеха вай дика кхета,
Хьо цхьаъ ю соьх тешна йиснариг соьца.
Тховсалца хьан тийналлийн тидам ца бора,
Юьжу хьо, яз а лой, кху лаьттан мара
Ма хета хьо цхьалха, тера ду вайша…
Соъ ву хьо санна тиларо лаьцна,
Боданехь гуш боцу, некъ леха висна.
1уьйрено хьоьца парг1ато къовсу,
Дуьненан 1аламехь сирла са даржош,
Буьйса, хьо тешалахь со хир ву хьоьца...


Рецензии