Ас хьо Деле ехна
Деле сайна ехна.
1уьйрено сирла са даржош,
Хьуна дуьне къаго.
Ас хьан суьйренах цхьа суьйре
Деле сайна ехна.
Беттан нур даьржинчу новкъахь
Хьуна седарчий лехьо!
Ас хьан ойланех цхьа ойла
Деле сайна ехна.
Цкъа хилла а, хьан ойланехь
Со хилла ву ала.
Ас хьан денойх цхьа де
Деле сайна дехна.
Хьан дахарехь хилла бохуш
Сайна синтем леха!
Свидетельство о публикации №213071100688