Безаман теш
З1аьнарийн дашо нур хьуна т1е хьоьрсура…
Ахь х1унда лоьхура безаман теш?
Бай хьоькхучу махо г1ийла аз далош,
Цу кхорийн баьццара г1аш лестадора…
Ахь х1унда лоьхура безаман теш?
Х1орданна т1екхача сихделчу шовдано,
Шен мукъам ца хадош, олура илли…
Ахь х1унда лоьхура безаман теш?
Замано, сихъелла, шен хенаш хийцира,
Со чехка хьийзарах, сол хьалха елира,
Шен ницкъан ч1аг1аллех со х1оттош теш.
1а доьлча, ца кхеташ, малх а д1алечкъи,
Къегина и з1аьнарш чиркх хилла егира…
Ахь нийса лехнера безаман теш.
Эсала хьесталуш хьекхна и г1ийла мох,
Т1ех чехкабаьлла, кхорийн г1аш легийра…
Ахь нийса лехнера безаман теш.
Хелхаран кеп х1иттош, чехка ч1уг етташ,
Деана и шовда шан бухахь дисира…
Ахь нийса лехнера безаман теш.
Свидетельство о публикации №213071100689