Маьрша безам

1уьйре ю сирла  малхаца къегина,
Къовсахь и ю алий баданах кхоьлина.
Ша лехна доцчунна ирс а ца карийна,
И бакъ ма дац алий къовсахьа соьца.
Муьлхачу хаттарца къовсахьа соьца,
Амма сан безамца  къовса ма г1ерта!

Маьрша бу сан безам х1аваэхь хьийза,
Маьрша бу сан безам шен т1емаш хеца.
Ц1ена бу сан безам беран дог санна.
Йиш йай са-м х1инца мохьтоьхна ала,
Соьга а кхечнарг ю безаман зама,
Ма къийса, ма къийса ахьа сан безамца.

Мерза бу сан безам бешар стом санна,
Майра бу сан безам ц1оькъалом санна,
Сирла бу сан безам маьлхаца къовсал,
Йиш йай са-м х1инца мохьтоьхна ала,
Соьга а кхечнарг ю безаман зама,
Ма къийса, ма къийса ахьа сан безамца.


Рецензии