Пондар

Д1алакха, доттаг1а, вайнехан пондар,
Цуьнан аз ду тховса сан дагна дезнарг,
Цуьн озах тарбелла сан деган мукъам,
И цхьаъ бу бевзинарг сан деган 1ийжам.

Мацах цхьа къонаха пондар аз декош,
Шен деган чов ерзо и дарба хеташ,
Х1ар мукъам юх-юха ца к1ордош бекош,
1ара и доьхна дог синошца сецош.

Х1етахь со лаьттара цунах ца вешаш,
Ткъа тховса-м кхардамах сардам а хилла,
Ца кхеташ вийлинчух даггара кхетта,
Пондаран мукъамца дог тедан г1ерта.

Д1алакха, доттаг1а, вайнехан пондар,
Цуьнан аз ду тховса сан дагна дезнарг,
Т1аьххьара аьлла дош сан кийрахь даьгна,
Цу ц1аро чов йина ховха дог лаьцна.


Рецензии