Тешам
Со цунна къера ву хьуна.
Хьо езарна со бехке хиллехь,
И бехк ас т1елоцу сайна.
Сайн даго хьо езар хьехча
Дахарехь аса-м хьо лехна.
Хьо лелачу некъа т1е ваьлла,
Хьо сацош дош ала хьаьжна.
Кураллин тукарца доруш
Хазаллин мехаца тоьгуш
Ирсана тайниг йо бохуш
Ма г1ерта сан собар зе.
Болатан з1енашца ехкарх
Дуй бууш ч1аг1онаш яхкарх
Лаьтташ яц шина деган уьйра
Тешамах ахь динехь туьйра.
Свидетельство о публикации №213071100704