Хьоьга ала
Со корехь 1ара хьан ойла еш хийла.
Х1аваэхь яьржинчу цу бамбийн мархаш,
Хетара ца 1ебаш беттан нур муьлуш.
Со 1ара кора т1е наггахь 1а тухий
Дакхийчу элпашца хьан яззош ц1е,
Хьоь болчу безамо дог ловза дог1уш,
Ягаеш г1уьттучу безаман ц1е.
Цамогуш хилла со, безам ца боьвзуш,
Боданаьхь хетало д1а яхна хан.
Сан дагна г1олий еш ахь дуьне къагий,
Дарбане хили хьан безаман дош.
Шийла 1а дарах, 1алам а г1орош,
Ца даша дилларах, вайн ломахь ло,
Безаман йовхоно д1айокхуш г1ура,
Г1оттор ду дегнашкахь аьхкенан тов.
Хьо гича хьоь ала безаман дешнаш
Сахиллалц гулдина ма дара сан,
Ткъа х1инца хьо гича хьоь хьежар тайна,
Лаьтта со сайн кийра уьш хьул дина.
Свидетельство о публикации №213071100707