Ц1еран алу

Ас гаре сатесна езар,
Цкъамукъне хьажахьа соьга,
Сан даг т1ера г1ура д1аякха
Суна-м хьан б1аргийн нур оьшу.
Хила тар ло хьуна кхи везаш
Ца воллу цуьнца хьо къийса.
Ас хьоьга дукха ца доьху
Цкъамукъне хьажахьа соьга,
Цкъа хьаьжна латийна алу
Валлалца ягийта воллу.

Тарло хьан дог маьрша хила,
Безам а бовзанза шена,
Делахь а, хьоьга сатуьйсийла яц сан,
Оццул ирс долуш вац со.
Хьоьга сайн т1и ерзар доьхуш 
Ца воллу хьан некъаш хедо.
Ас хьоьга дукха ца доьху
Цкъамукъане хьажахь соьга
Ахь хьаьжна латийна алу
Валлалца ягийта воллу.
 
Октябрь 2011 шо.


Рецензии