Ца доьвза хьал
Со сайна ца воьвзуш ойлано лаьцна
Тамаше хьал ду и, аьлла дош а доцуш,
Ахь хьайха хьарчийна сан массо ойла.
Цкъа хьожий елалой, со вокхуш т1ома.
Цкъа йоьрзий, букътухуш, вожавеш чехка,
Ког а ца хьебеш лаьттачохь сецна,
Йьоду хьо, мерза са хьайцанна аьцна.
25 май 2013 шо.
Свидетельство о публикации №213071100711