Шело

Шело! Ахь шеконе воху.
Лаамаз хьайн мара воху
Когаш сан бахьош ма лаьтта
Кхоьру со уьш ловза лаьтта
Хета ло сайн ц1а цхьана ц1а чохь
Дуьне а гатталуш сайна
Дег1 тхьус доьлла, са гатта делла
Дег1ан чалх син гаттаелла
Са г1ерта маршоне, ара,
Цигахь цхьа некъ бевзаш санна.
Хьо суна тоълла тебна,
Тховса ахь леци со атта.
Ц1ийх йоьлла, хьо даге г1ерта
Т1аьххьара цунах ов тоха,
Дац иза йовхонах 1аьбна,
Цо тешам шена чохь кхаьбна
Дан г1ертарг дийцахь ма-дарра.
К1адвелла хьоьца са къийса…


Рецензии