Шовда
Шур-шур деш, ламанан шовда а дог1у.
Ша цхьаннех къаьхкина, хьаьдда и дог1у те,
Я х1ордан Хи-нанна т1екхача г1ерта те?
Шуьйра а, готта а некъаш а дохкуш,
Таь1на ва йолучохь, боккха 1ам х1оттош,
Массо т1улг къагабеш, эсала лийчош,
Седа санна ша хьаар, хІун бахьна ду те?
Ша ч1ог1а шелделла, мерза чам эцна,
Я дезаниг и дарба шеца ва эцна,
Хьогах верг шех 1або д1акхача г1ерта те,
Бохуш, цу шовдане хьоьжуш со лаьтта.
Свидетельство о публикации №213071100732