Нохчийн ломахь
Стигла кхевдина вайн лаьмнаш лаьтта,
Цу лаьмнийн и баххьаш къайла а даьхна,
Дохк даьржа, хьйкъина, дато бос эцна.
Са хуьлуш, са даьржаш, малх а схьа кхета,
Цу маьлхан з1аьнарша дохкан доьдойу,
Баьццара бос тобеш, бацо тхи хуьйдуш
Маршаллийн нур лепош де серла долу.
Шуьйрачу цу лаьмнийн готта некъ хедош,
Къегинчу цу малхо шаьлтан мукъ къегош,
Шен шедан шакаро сийна майда егош,
Дошлочо шен даьхни басет1е лоьхкуш.
Цу ломан туог1ешка сема б1аьрг бетташ
Т1амболучех майраниг ша цхьаъ ду бохуш,
Хичу доьжча техка и диттийн г1а санна
Ламана леча го х1аваэхь хьийзаш.
Суьйренца малх ломан дукът1ехьа болуш
Шайн зевне аьзнашца шира иллеш олуш,
Ц1ен-ц1еста к1удалш пхьарсех а кхозуш
Куц хаза мехкарий шовдане бог1у…
Цу стоьман бошмашкахь хьозарчий декаш
Ц1ена чу х1авао кийра ва 1абош
Зама д1аидарах шайн сурт ца хуьйцуш
Ма хаза лаьтта шу, дай баьхна лаьмнаш!
2011 шо
Свидетельство о публикации №213071100738