Дахаре дехар
Хьо г1ерта д1акъовла сан деган пхенаш,
Сан ойла д1аяьхьна къардайна г1емаш,
Сан массо некъ боьхкуш, тийсина з1енаш.
Г1айг1анех дуьзна ду гушдолу г1енаш,
Я гуш дац маршонан лечанан т1емаш,
Харцоно бакъонна етташ ю ж1аьвнаш,
Дахар, хьо хилла дац халонах 1ебаш.
Къийсамехь д1адевлла шераш ду б1еннаш,
Урамаш ширделла, д1аихна хенаш,
Аренаш шайн дола йохуш ду кешнаш,
Сан къоман теш хилла йиснарш ю б1аьвнаш.
Адмалла йохка, адмаш ду 1емаш,
Бералла яйна кхуьуш ду бераш,
Т1аьххьара сатийсам сан лаьтта хедаш,
Доьху хьоь, д1адаха ахь тоьхна ленаш.
Свидетельство о публикации №213071801291