Нохчийчоь

Стигла д1акъийларах, дашо малх кхуолош,
Мархаша боданца хийцарах бос,
Деле ас дийхира, доьлху дог къуьйлуш,
Парг1ата яхийта, сан Нохчийчоь.

Сайн бералла хьаьшначохь со хелхаволу,
Хаийта дуьненна со къарцавеллий.
Сий дайъа г1аьттинарг сий дайна воьжна,
Хьан малх а къегина, сан Нохчийчоь.

Хьан йозалла йозанца соьга ца язло,
Хьоь болчу безамах дуьзна сан дог,
Хьан дикачу адамех сирла б1аьрг буьзна,
Теша со, кхане а ю ирсах юьзна.

Нохчийчоь, г1аьттина цкъа а ца йуожа,
Хаийта дуьненна дийна ша юйла,
Д1аэца к1ентан дош, ч1аг1о йо хьуна,
Мел деха нохчийн дог, яхийта хьо!


Рецензии
Сайн бералла хьаьшначохь со хелхаволу,
Хаийта дуьненна со къарцавеллий.
Сий дайъа г1аьттинарг сий дайна воьжна,
Хьан малх а къегина, сан Нохчийчоь.

КХИН Т1ЕТОХА Х1УМА ДОЦУШ ДИКА АЬЛЛА!!!
Ларамца,

Айза Барзанукаева   09.09.2020 16:45     Заявить о нарушении