Лачкъийна безам

Ас безам лачкъира, б1аьрг ца хилийта,
Стигла а баьккхича, седарчаша къагийра.
Ас царех бадийна юха лаьтта боссийра,
Шен з1аьнарш яьржийна, малхо и къагийра.
Т1улг хилла лаьттачу ломахь а лач1къира,
Т1улг боькъуш, шовданца и гучубелира.
Адам ца дехачу арахь ас битира,
И аре къагаеш, зезагаш девлира.

Бух боцчу къоргачу х1ордан чу лачкъира,
Цу чуьра дог1анца мархаш схьабеира.
Кхерамза меттиг цхьаъ бен ца карийра,
Цунах а тешна даг чохь ас сацийра.
Амма цуьнан йовхоно сан б1аьргаш къагийра,
Дахаре болу сан хьежам а хийцира.
Эццахь со кхийтира, бакъболу безам
Дуьненна гуо тийсарх, лачкъалур боцийла.


Рецензии