Дилхира Де. Нохчийн къам махкаха даькхина де
«Заманан йохаллехь цкъа бен ца дог1ур ша,
Нахана ирс дохьуш, дан лиъна дара ша,
Керчи ша, херци ша, г1айг1ано леци,
Шийлачу 1ай деъна, кийра а бахьий шен»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Шел хьалхарчу заманан денош дара тайна,
Къоманан парг1ато шайна ва яйна,
Сол хьалха, цхьа-ши де дара шекдаьлла,
Суна чохь парг1ато, бух буцуш яйра»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Лайха хьаьрчаш, шийла мох шена чохь г1аьттира,
Нохчийн къам махкаха даккха ма кечдира,
Шена чохь 1уьйре ма йоьхна хилира,
Мискачу къомана дуьне а дуьйхира»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Хирдацкха, бохамна кхоьллина,
Суьйренга далале тодала хьажа деза»,-
Бохуш, г1аддайна дахделира де,
Амма кхи хийцам шена чохь боцуш,
Йишйоьхна, мохь-аьлла дилхира де.
«Ша дахделча, нах шеха ца кхийтира,
Къизалла совяккха дахделла хитира,
Ша бехке ца хилар, кхета ца тигира,
Дикане сатесна дахделла дара ша»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Диц ца ло дицлур дац, зама мел яларх,
Де доьхна хьаьвзинчу адамийн аматаш,
Зударийн белхар а, и берийн аьзнаш а,
Г1орийна куьйгаш а, шелделла дог1маш а»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Аса-м и ирча хан йицйойтур ярий,
Цкъа а и дуьненчохь ца хилча санна,
Цу хенахь 1овжина хиллачу дегнийн,
Цайоьрзу чевнаш ю бух боцуш, к1орга»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Шел т1аьхьа денош а, дацара тоьлла,
Сибрех1ан арахь, даьссачу лаьттахь,
Мацалло г1елдина, беха некъ бина,
Нохчийн къам доссийра хийрачу махка»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Цу эрна арахь, дийца каш доцуш,
Станцешкахь дуьтура беллачийн декъий,
Хиланийн да-нана 1ожало даьхьира,
Дан амал доцуш, доьзалаш бисира»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Цул таьхьа кхойтта шо хан-зама елира,
Нохчийн къам шеен махка юха ц1а дирзира,
Цу дийнахь баьхначий, я баьхнарш байначийн,
Цу дийнан къизаллийн лар а ю йисна»,-
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.
«Вайн къоман исторехь балин де аьлла,
Т1ейог1учу т1аьхьенна диц ца далийта,
Биначу сацамо сатийсар кхачий,
Шен хьал а диллина дахаран кхеле,
Г1елделла, мохь-аьлла дилхира де.
Свидетельство о публикации №213071801303