Заманан лай
Лера са ду сан сема, лергаш ас къуьйлу
Аз ду сан токкха, со вист ма ца хуьлу
Шорта дериг дийца, кийрахь ас хьул до …
«Со х1унда 1а ишта?»,сайга аса хоьтту…
«Хьо х1унда 1а ишта?» соьга ма ца хоьтту…
Т1аьхьене ас стенга хьовса ала?
Со а хилча баьргаш хьаббийн 1аш
Аса цаьрга ла хьаьнга дог1а ала?
Со а хилча лергаш къоьвлина 1аш
Ас х1ун ала?... Ас х1ун ала… кхана?
Со а хилча дош ца олуш 1аш.
Свидетельство о публикации №213071801318