Жимчу Халидан керла дахар

                Берашна дийцар.  Жимчу Халидан керла дахар.
Масех шо даьллера со тхайн ваша волучохь хиланза, геннарчу махкахь 1аш-вехаш хиларна, ц1ахь боьдуш боьха т1ом хиларна. Вешин бераш-м даккхий хиллера. Воккхаха волу к1ант Халид-м школехь хьалхара класс х1инца чекхъяьккхина ваьлла вара. К1ентан каникулаш яра оцу хенахь.
- Ваша, вайшиъ кхана г1алаюккъе воьдий? – хаттар дира Халидас суьйрана.
- Х1ун дийр дув ай цигахь? – ца кхийтира со.
- Фонтане а хьожуш, морожнеш юур ю-кх! – сиха кхетийра со вешинк1анта.
- Мегар ду делахь, - реза хилира со.
- Аьхкенан бовха малх мела а 1уьйренна т1ехъиккхинера тхойшиъ Кирован поселкехь «ПАЗ» автобусца г1алаюккъе вахан араволуш.
Ца дог1учу дагца воьдура Халид фонтан йолчу а, кхин морожнех а чам кхетачух тера дацара цуьнан. Со-м ца кхетара к1ант сел самукъане воцург х1ун бахьана ду. Амма оцунах-м со кестта кхийтира, тхойшиъ Кирован поселке йоьду автобус соцучу д1авоьдуш, к1анта со базаран юккъе уозийча. Базаран йисттехь мог1абина йохках1иттийна вилспеташ яра, малхо къагийна т1ехь б1аьрг ца соцуш лепаш.
Жима Халид ц1аьххьана юьхьт1ера хийцавелла-векхавелла т1ехьаьдира оцу мог1ана:
- Ваша! Хьажал, х1орш ю-кх уьш! – шен дагахь со а шеца уьш лоьхуш хиллачух тарделла элира к1анта соьга.
- Уьш лоьхуш вара хьо? – хаьттира аса.
- Ой, дера вара! – аса хетта а стена хоьтту и саннарг, цецдеира цуьнга.
Аса аьлла «и бохург х1ун ду?» тергал д1а а ца дира к1анта.
- Ваша, х1ара еза-кх сунна! – сиха хаьржира Халидас жимма шена йоккхуо йолу вилспет.
- Ой, иза хьуна йоккха ма ю! – бегашца к1елхьара валан г1оьртира со.
- Вай шуна еззарг хоржура ю вилспет-м! – Халидна орцахвелира вилспеташ юхкург.
- Х1ан-х1а, баркалла, т1аккхахула оьцур оха, - х1инца махбечунах к1елхьара валан г1оьртира со.
- Иэца-а сунна вилспет! – корзахвелира сан т1аьххьарчу дешнашна реза ца хилла Халид.
- Схьавало, вашас морожнеш иэцан бен ахча ца деъна шеца, - нахана ца хазийта г1ерташ к1ентан лерга улло таь1аш элира аса.
- Дера ду хьоьгахь-м ахча, сунна ца гира хьоьгахь, ахьа морожнеш оьцуш! – со нахала ваьккхира к1анта.
- Ой, иза тоьур дац1 Вилспетах дукха доьху! – к1ентан лерга элира аса юха а.
- Тоьур ду хьуна! – ца тийшира, дикка ахча ца девза жима к1ант.
Шена г1о лоьхуш кест-кестта махбечуьнга хьожий къинхетамен юьхь йора к1анта. Важа-м кийчча вара к1антана орцах валан:
- Иэцахь цунна сел ч1ог1а езаш хилча, и вилспет! – доьхура цо а.
- Иэца-а! – махбешверг сецца валале доьхура жимчу Халидас а.
- Бехк ма била… - махбечуьнга а олуш, к1ентан куьг лаьцна аса иза д1ауозийра.
Оцу шиннеца со цхьаъ ца ларалуора, уьш вовшех къастон безара. Юьстаха ваьлча халидин аз жимма лахделира, амма керла «герз» карийра цунна сунна дуьхьала даккха. Дог1адог1уш куоран аьнглит1ехула санна к1ентан беснешт1ехула охьадоладелира хин татолаш. Гуонахара адамаш а хьуьйсуш кхинхетамен г1ийла тийжа вуьйлира жима Халид.
Мела а тхойшиъ адмаш к1езигуо долчу кхаьчча со вуьйлира к1ант кхетон:
- Массо а меттехь кхерамен минаш ю вайн ц1ахь! Гуонаха х1инца а боьдуш т1ом бу. Некъашна т1ехула хоьхкуш т1еман техника ю. Хьуна цхьаъ хилахь оха х1ун дийр ду! Хьо-х иштта а вац вихкича а чохь сацалуш! – х1инца а тийжачуьра ца соцучу к1анте бохура аса.
- Ахьа-м ма бохура хьайгахь ахча дац! – шен аг1ора кхийтира к1ант сан къамелах.
Сан кхин дан х1ума дацара, сихха автобус йолучу д1ауозийра аса к1ант дехьахьуо из хааелла. Автобусана чу ваккха аса сайна хьалха айбинчу к1анта когаш автобусан т1ег1анах г1ортийра, шийла мохь а олуш:
- Иэца-а вилспет!
Делахь а сан ирсана тхойшиннан ницкъаш цхьатерра бацара. Халла хьалаваьлла сунна улло ца хууш дуьхьаларчу г1антан миндарна т1е охьалахвелира к1ант.
Оцу х1илланах со дукха хан ялале кхийтира. Сайн ирс ду моьттуш 1ехавелла со кхийтира автобус алссама нах гулбаллалца метах д1аериг ца хиларх. Автобусан салоначохь масех зуда а, цхьаъ ханъяьлла стаг а вара. Церан кхин меллаша доцу къамелаш ц1аьххьана совцийра «ах1и!» - аьлла доьлхучу беро.
- Иэца-а вилспет! – олуш соьца шен болу къовсам д1абуолийра Халидас.
Автобусна чуьра нах соьга хаьвсира, т1аккха б1аьрхиш татолаш 1еночу к1анте. Т1аккха массо а хьаьжира корах ара, гена йоццуш лепаш лаьтташ вилспеташ яра юхкуш.
Халидина уллохьуо нисъеллачу къинхетамен зудчо шен буйнара мерах хьокху йовлакх хьоькхуш д1ац1анйира к1ентан беснеш. Амма б1аьрхиш шовданара санна охьауьду татолаш санна ца совцура. Шаберш а зударий к1анта шегахьа бехира оцу мпнотехь. Оцу к1антаца цхьана боьлхуш, соьга дехарш дан кийча бара зударий. Со, г1о лохуш, тхоьгахьа схьавизинчу къонахе хьаьжира.
- Иэцахь цунна, сел ч1ог1а цунна и езаш хилча! – цхьа зуда ца 1енъелира ца аьлча.
«Ах1и!» - аьлла вилхира к1ант, шена орца кхочуш дуй тусаделла.
- Иэцахь! – х1инца ша-ша олуш т1аккха цхьана а дийхира зударша.
Со кхин цкъа а къонахе хьаьжира. И сох кхийтира.
- Д1адовлийша, аша х1ун дуьйцу! И к1ант х1инца а жима ву вилспет хахка 1аман! – орца кхечира сунна.
- Со-м вац… сунна-м хаьа вилспет хахка, - бехрана юкъъеша къурдаш деш, ша бакъ хиларан тешалла дира к1анта.
- Т1аккха-м ца хаьа сунна… - кхин алан х1ума ца карош, к1антехьа велира и стаг а.
К1ант х1инца кхийтира ша сол а туолан гергга вуй. Жимма кхин а б1аьрхин «берам» а баьккхина суна т1евирзира Халид. Автобусан чуьра зударий а, хене ваьлла къонаха а вара х1инца дехарен юьх йина соьга хьаьжинчохь соцунг1а а хилла.
- Ваша-а! Иэца вилспет! – белхарца цхьана мохь элира жимчу Халидас.
Амма, цхьажимма г1алат даьккхира цо шен къовсамехь.
- Ваша? Ой, хьан к1ант вац и? – хоттуш суна т1ебирзира зударий.
- Вац, сан вешин к1ант ву! – сиха кхетийра аса зударий.
К1ант-м ца кхийтира шегара даьллачу г1алатах. Воьлхучура соцуш гуонаха д1аса хаьжира иза.
- Ой, хайн дега иэцийта хьайна вилспет! Иэхь ду хьуна денвешига иштта дехарш дар! – шена т1еуозош маравоьллира жима к1ант уллорчу зудчо.
Кхин дукха ца хьиэнлуш д1айолаелира автобус. Амма «ах1и!» - аьлла ца велхахь а б1аьргаш дуьззина б1аьрхиш лаьттара жимчу Халидан тхойших ц1а кхаччалца. И к1ентан б1аьрхиш б1аьргашна хьалха лаьттира суна со шозлаг1а ц1а валлалца, генарчу махкахь со 1аш волуш. Амма со шозлаг1а тхайн ваша волчу хьошалг1а веъча, суна гира жимма воккха хилла Халид.
 Шолг1ачу дийнахь со вахара жима Халид а вуьгуш г1алаюккъе базара. Халидас хаьржира шена хазахеташ йолу вилспет. Охашимма иза циггахь ч1ургаш юьйсина, кечъйина к1анте хахкийтира. Ч1ог1а товш хетара жима к1ант оцу вилспетана т1ехь.
 Уггаре а коьртаниг, оцу хенахь т1ом мелла  лахбеллера. Салташа хьалха санна бен-башхалла доцуш герзаш ца кхуьйсура. БТРаш а яцара хьалха санна, хьерабевлича санна некъат1ехула хоьхкуш, «Жигулешна» т1е а етташ. Минаш-м яра х1инца кхин а ехха кхерамтуьйсур болуш аренашкахь луьрачу т1амо йитина. Делахь керла дахар дара Нохчийн махкахь долалуш. Жимчу Халидан и керла машарен дахар доладелира керлачу бослепачу вилспетаца!
                2005 шо.


Рецензии