Малх лацар

                Малх  лацар.  (Берашна дийцар)
 
  Гобаьккхина лаьттачу лаьмнашна юккъехь 1уьллуш яра цхьа жима юрт. 1уьренца лекхачу ломана т1ехьара къежаш гучу а болий стигаланан лакхене болура дашон малх. Ткъа суьйренга г1оьртича, стиглара охьалахлой, ломана дукъна т1ехиича санна соцунг1а а хуьлий, т1аккха буьйсана сада1ан д1акъайлаболура хаза малх.
Эвлайисттехь, юьртан бажа ц1абог1учу хенахь шайн-шайн бежнашна наноша дуьхьала ваийтина ялх шераш хир долуш кхоъ к1ант вара. Уьш-м цхьа х1ума къуьйсуш бохкура гуо а бина, гена боццуш ц1абог1у бажа а ца гуш. Чубузун ц1ийбеллачу малхе куьг а луьйцуш сихвелла жимачу Халидас бохура:
 -Тхан ненан муьша галина чу-м дера хуура бара иза.
 -Вайга кхаанге хьала ма айбалура бу иза, - т1етайра, дег1ана накъостел ондо волу Сайхан.
Ткъа кхаанех массарел а лоха а горга а волу Ризван цкъа цхьанге хьожуш, т1аккха вукхуьнга хьожуш, ша х1ун аьлча нийса хир ду ца хууш лаьттара. Амма накъосташа х1уъу а дахь, царна т1аьхьах1отта кийча-м вара иза а.
 - Етт-эсий нанига 1алашдайта керта а лаьллина со ведда схьавог1у делахь. Тхайн доккха муьша гали а дахьа аса сайца, - элира Халидас, юххе кхаьчна бог1уш бажа а гина. Иза а аьлла ша д1ахьаьдда воьдушшехь накъосташка мохь туьйхира цо:
 - Кхуззахь вовшаха кхетара ду вай, малх ломана дукъна т1е охьалахбалале!
Кхоъ к1ант сихвелира бажана юккъера шайн-шайн бежане б1аьрг тохан, уьш тила а делла кхечанхьа д1а ца дахийта.
 Малх а бара к1енташца къовсаме баьлча санна сихбелла ломана т1е охьахаан г1ерташ. Юьртана йисттехула декаш дог1учу шовда санна сирлачу татолана дехьа а иккхина бешана юккъе тилира кхо к1ант дукха хан ялале. Иштта нийсса ах некъ бацбора цара шайна, малх т1ехаан сихбеллачу лома боьдучу некъана т1екхача.
 -Аша шимма маьштин гали бухалаьцчахьана аса теттина чукхуссур бу шуна – сихваларна хедачу озаца алан кхиира Халид.
Амма оцу минотехь к1енташна гира 1ожан диттана т1ехьара схьаваьлча санна ц1аьххьана гучуваьлла стоьмийн беш ларош волу хехо, воккъха стаг Садо. Кхо к1ант 1ежийн беша волуш нислора наггахь, хехочуьна б1аьрг т1ера тилича. Бераша доккха зе ца дора бешана, амма, Садос генара г1аж ойбура бераш къахкош. Бераш-м д1адовдура сихонца, и г1аж шайна кхетта яьлла тарлой.
 Тахана суьренца хьарчийна доккха гали а дохьуш бешана юккъехула вог1уш волу кхо жима к1ант цакхоьруш вог1ура воккхачу стагана дуьхьала. Садо ша а ваьллера цец оцу г1уллакхах.
 - Аша х1ун леладо бешахь, кегийра нах, суьйре т1е а г1ортийтина? – буьрса хаьттира хехочо берашка.
 - Малх охьахиина балале д1о ломана т1едовлан дохку-кх тхо, - майрра жоп делира Халидас, массеран а метта.
 - И гали-м 1ежашна кечдина ду моьтту суна шун, - х1иллане къежира Садо.
 - Ваша,1ежаш-м оха чета а духкий лачкъадо, ткъа гали малх чуболлан кечдина ду тхан, - дозалла дарца жоп делира Халидас.
1асана меттана лелош йолчу г1ожана т1е а тевжина лаьтташ волу Садо къежачуьра сецира. Дукха буйнахь лелийна шаръелла г1аж аьтту куьйга а лоцуш цец деина висира иза.
 - И бохург х1ун ду? Х1ун малх? – эххар а хаьттира Садос берашка.
Шаьш ч1ог1а сиха делахь а, воккхачу стагера пурба доцуш д1адахан ца товра бераш, цундела цара сихо йира воккха стаг кхетаван г1уртуш. Шай, шай ала г1оьртина шен ши накъост саца а веш, юха а Халидас элира:
 - Малх ломана т1е нисбелича оха иза гали чу а боьллина схьабохьура бу, вайн юьртахь даима а сирла хилийта.
Воккхачу стага корта ластийра. Иза х1инца кхийтира бераша ара баьккхинчу некъах. К1ентийн майраллех цец а ваьллера иза.
 -Шу-м делахь сиха хира ду. Делахь а цкъа аса олучуьнга ладог1а таро хир ярий техьа шун? – хаьттира Садос, стоьмех доьттина лаьттачу 1ожан диттана бухахь сийначу бецан т1е охьа а лахлуш.
 - Х1аъ... хир ю дера, - цадевлла реза хилира бераш.
- Малх-м аша галийна чу а боьллина вайна схьабохьура бу. Вайн жимачу юьртахь даима а сирла, а йовха а хир ю. Вайгахь ловзар хир ду, ткъа доккхачу дуьнена чохь эзарнаш адамаш а, акхарой а, хьозий а боданехь дахан дезара ду-кх. Шуна боккъалла а лаьий такъа, шайна малх тайна аьлла, вуьйш массо а боданехь а, шелонгахь а бита? Х1инца аса кхи хьен ца до шу делахь. Шайн г1уллакхе хьовса шу, - олуш парг1ато елира хьекъален воккхачу стага шен къамел чекхдоккхуш.
Бераш ц1еххьана кхийтира шайгара 1аламат онда г1алат даьлла хиларх. Мегара дуй ткъа шайн ойла а еш, нахана бала бан, - ойла хьийзара к1ентийн х1инца а дукха къоначу кортошка.
 - Ваша, оха-м дера хьабийра бац и хаза малх! Тхо-м дохко девлла тхаьш дан г1оьртинчунна! – элира массеран а метта хьекъален Халидас.
 - Мегара ду! Дукха дика хир ду! Нийса сацам бин аша, - хазахетарца т1етайра к1енташна воккха стаг.
 - Ваша, хьан т1ейог1у буьйса декъала хуьлда, тхо ц1а доьрзу делахь,- вовшен хийца а луш элира бераша.
Кхо к1ант суьйрено дашо варкъ даьккхинчу дитташа хьулъйинчу шайн юрт йолучу аг1ора д1аволавелира. Бехке бахана охкийна бара берийн кортош а.
 - Цкъа собар дел цхьа жимма, кегий нах, - олуш сацийра воккхачу стага бераш. Шу майра хиларал совнаха, дика к1ентий а хилла. Цундела аса шуна бакъо ло шайна баан 1аж-кхор а баккхан, - пурба делира хехочо берашна.
Хазахетаран мехьарий а довлуш хаз-хаза 1аж а, кхор а харжан дуьйлира бераш дитташна т1ехь. Цулла т1аьхьа дикачу воккхачу стагана баркалла а аьлла ц1авирзира кхо жимха. Амма юьртах шаьш дулуш юха хьаьжича царнна гира лома т1е садо1ан охьалахбелла ц1аьххьана боккха хилла болу дашон малх.
- Ма дика ду-кх вай и хаза малх галийна чу а боьллина хьийза ца бина, - элира дог к1едачу жимчу Ризванас, малхе а хьоьжуш.
 -  Дера ду-кх дукха дика-м, - олуш т1етайра Халиддий, Сайханний а.
Цу суьйрана ч1аг1о йира кхаа к1анта кхин шаьш-м х1етта а хьан ца бан и дашон малх, амма вон адамашна малхана зе дан дагадог1уш хилахь, цаьрга иза ца дайта а.


Рецензии