Рамзан школе вахар

                Рамзан школе вахар.  Дийцар.             
Кхана 1уьйрана дуьххьара хьалхарчу классе деша вахан везаш вара жима к1ант Рамзан. Селхана базаран дийнахь шен бабийца школе воьдуш хилан дезаш долу духар а, книгаш а, т1аьрсиган ц1ена хаза хьожа а йог1уш болу дешархочун т1оьрмиг а эцнера к1антана. Мелла ч1ог1а шех дозалла дора к1анта шен ги тесина т1оьрмиг а болуш, бабина хьалха а ваьлла ц1а вог1уш. Массо а нах шега цхьаннега хьоьжуш бу моьттура Рамзанна. Ткъа ц1а а веъна шен школан духар т1е а дуьйхина пенаха кхозучу доккхачу куьзгана чухьаьжича-м к1антана х1инцца школе д1ахьада лиънера.
   Тахана 1уьйренца, дуьххьара малахан з1аьнаршца г1аьттина школе вахан кечам беш хьийзаш вара к1ант. Ма ч1ог1а меллаша г1оттура-кх и малх тахана хьала. Х1инццалца зевне аьзнашца бес-бесара тобанашца школе оьхуш долу бераш а тахана къаьсттина хьеделлера.
   - Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина, - ела къежаш бегашца синтеме кхойкхура бабас к1ант.
   Амма к1ант бабас дуьйцург хезачохь-м вацара.
   Эххар а хезира к1антана школе дахан новкъа девллачу берийн аьзнаш.
   - Баба! Баба! Хан хиллахьуна, сиха лелалахь! Вайшиъ школе дахан т1аьхьадуьсу хьуна! - мохь белира к1ентан.
   - Дика ду, сан диканиг! Х1инцца котамашна хьаьжк1аш а тесина кечло со, - жоп делира бабас.
   Шурин бос лепа к1айн коч, 1аьржа хечий, гихь дешархочун т1оьрмиг, буйнахь зезагаш! Мел хаза 1уьйре яра-кх х1ара жимчу Рамзанна. К1ант бабина хьалха а ваьлла шуьйра ког а боккхуш вог1ура. И кест-кестта д1аса а хьожура. «Со гуш мукъна а вуй техьа нахана!» - дегна гилдгаш доху дог-ойла яра к1ентан коьртахь.
   - Рамзан ишколе вуьгуш ву хьан, Реб1ат? - аьлла лулахо йоккха стаг йист хилча-м к1антана ша х1аваэ айвелла моьттура.
   Урам хьалабуьззина дара бес-бесара зезагаш, бераш, берийн дай, наной. Массо а аг1ора хезаш эшарш, беларш, самукъне берийн аьзнаш дара. Цхьана доккхачу эчиган кевна хьалхахь дижина 1уьллуш дара цхьа нана-доккха к1айн месала ж1аьла. Дешархой бераш-м цунах д1адоьлла ду аьлла хеталора. Х1унда аьлча уьш ж1аьлина уллохула т1ех дуьйлура цхьа цуьрг а цунах ийза а ца луш, и ж1аьла инзаре доккха делахь а. Ж1аьло наггахь бераш шена гуттарен а улло нисделча шен доккха ц1ога ловзош меттаха доккхура, шена цхьаъ йоьхуш санна ц1евзара и. Цхьадолчу бераша ж1аьла шайна хьалха дуьйна девзаш хилар хоийтуш:
   - Борз! Борзик! - олий хьостура ж1аьла.
   Ж1аьло а корта ойбуш ц1ога а ластош дуьхьала маршалла схьаоьцуш жоп лора. Рамзан а вуьйлира ша ж1аьлийна улло нисвелча ж1ала хьаста, амма ж1аьлана к1ант вевзаш вацара. Цундела ж1аьла к1ант волчу аг1ора корта ца берзош, деккъа ц1ена б1аьргашца схьа а хьаьжина 1ийра.
   Школехь-м 1аламат ч1ог1а хаза дара! Йоккхачу динамик чухула ч1ог1а хезаш яра дешархойн ишколана лерина эшарш. Бераша шайн-шайн хьехархошна зезагаш лора. Хьехархоша а бераш мара а дуьхкуш хьостура. Гуш дара берийн а, хьехархойн а ехачу каникулашкахь вовшен сагатделла хилар.
   Жима Рамзан а, цуьнан хенара цхьадолу бераш дисинера, шаьш х1ун дан деза а ца хууш. Амма уьш а дукха ца лаьттира тиладелла дайна бераш санна гонаха а хоьжуш. Елаелла-екхна жима зуда-хьехархо т1ееира царна. Рамзанина дагаеира ша ишколе д1аязван шайга еъна хилла зуда.
   - Шу сан классехь хир ду. Схьадуьйла кхузза д1ах1итта, - аьлла массо а бераш д1ах1иттинчу юккъе цхьа мог1а бина д1ах1иттийра цо Рамзан а, цуьнан хенара хьалхарчу классера бераш а. Х1инца дуьйна Рамзан вуьззина хьалхарчу классера дешархо вара! Иза дара-кх ирс!
   Шолг1ачу дийнахь 1уьйрана Рамзан селхана санна сиха хилар гуш дацахь а, амма к1ентан дог-ойла х1инцале а школехь яра. Селхана шен йоь1ан к1ант Рамзан ишколера мукъаваллалц хьоьжуш а 1ийна цуьнца цхьана ц1а еънера Реб1ат. Тахана а кечлуш яра и Рамзанца школе яхан, амма йоь1ан к1анта дегбаам бен кеп х1оттийра:
   - Баба, сох-м классера бераш доьлура ду-й! Со х1инца жима ма вац, куьг а лаьцна лелон! Йоь1ак1анта цхьажимма кхин а х1илла х1оттош дехарш дича, юхаялан дийзира Реб1атан. Делахь а к1ентан т1оьрмигна чу бепиг-м диллира цо нехчан стомма цастар юккъехь а долуш.
   Воккха къонах санна шайн кевнах ара а ваьлла ишколехьа волавелира Рамзан. Х1инца шех дозалла дойла а дара цуьнан. И тахана шен дахарехь дуьххара ша ара а ваьлла шен г1уллакхе воьдуш вара. Баккхийчара санна д1а схьа а ца хьоьжуш, нисвелла шуьйра ког а боккхуш урамехула вог1ура жима Рамзан. К1ант мелла а хьалхехьуо араваьлла хилар бахьна долуш, урамехь к1езига бара нах. Жимма хан яьлча Рамзан т1екхечира кевна хьалха дижина 1уьллучу доккхачу ж1аьлина. К1ант ц1аьххьана ж1аьла шена уллохь ничделча д1аса хьаьжира, амма оцу хенахь урамехь стагга а вацара. Рамзан воьхна ж1алега хьаьжира, ж1аьло ц1аьххьана шен нана боккха корта айбина к1антехьа берзийра. Рамзан вог1авелла висира. Ткъа ж1аьла к1антана т1е б1аьргаш а боьг1на хьала а г1аьттина цунна улло хилира. Ира х1оьттича ж1аьла к1антал а лекха дара. Иштта ж1аьлий к1антий дехха лаьттира. Эххар а ков а диллина, сирлачу месех к1айн банташ а дихкина йолу, Рамзанан классера цхьа йо1 араелира ж1аьла долчу кертара.
   - К1ант, ма кхера, цо х1ума дийр дац хьуна. Борзик, д1адала нах кхера а ца беш, массаьрга а саг1адеха к1орда ца дина хьуна, - элира йо1а, хаза елан къежаш, т1аккха ж1алийна хьажъюккъе куьг хаькхира цо.
   - С-со-м ца кхоьру, - къарцавалан г1оьртира Рамзан.
   - Борзик дукха дег1ана доккха ду, мелла дукха елча а яах1ума ца тоьу цунна. Цундела т1ехдовлучу бераша даима а цхьацца яах1ума ялан 1амийна ж1аьлийна. Хьо а шена цхьа х1ума яхьаш веъна моьттуш хилла цунна. Хьан ц1е муха ю? Хьо тхан классехь ма ву, вуй? Со Зараъ ю, - элира йо1а, к1анта бохург кхин башха тергал а ца деш.
   - Сан ц1е Рамзан ю. Со-м вац цунах кхоьруш, - майраволуш, кхин цкъа а элира к1анта ж1алегахьа корта а ластош.
   - Хьо ишколе вог1уш вуй? - аьлла хаттар а деш, Зараъ ишколехьа д1айолаелира.
   - Х1аъ, ву, - сихвелира Рамзан йо1ана т1ехьа.
   Амма ц1аьххьана сецина т1оьрмигчуьра целофан пакетан чуьра юккъехь стомма нехча йолуш долу, бабас шена делла бепиг Борзана д1аделира цо. К1ант а, ж1аьла а ч1ог1а реза дара оцу г1уллакхана.
   Оцу 1уьйрана дуьйна х1ора дийнахь цхьана школе доьдура йо1 а, к1ант а. Борз а ч1ог1а даккхийдора Рамзан шена гушшехь. К1анта х1ора 1уьйранна шена бабас безамца кечдеш долу бепиган дакъа дахьара ж1аьлийна. Баба а яра к1антана ч1ог1а реза. Бехк а бацара, Рамзанас ша доьхуш схьаоьцура х1инццалца ца дууш хилла бепиг.
   «Ишколехь мацлучух тера ду-кх сан жима Рамзан», - ойла йора Реб1ата, х1ора 1уьйрана к1антана т1аьхьа а хьоьжуш, корта а лестош.
                2004шо.


Рецензии