Тайнигийн спектакль

Тайнигийн сценари. 
Хьуьнан да мила ву.
Тайнигаш:
Панда –
Ча –
Пхьагал –
Саьрмак –

Четарна т1ехьа схьагуш доккха дитт ду.  Гонаха хьун.

Панда. (Локхуш йиша а йолуш,гучуйолучетарнабухара) Пам-парам-парам-парам-па! Йолаеллалела со! Пам-парам-парам-парам-па! Дуьне толлушлела со!Пам-парам-парам-парам-па! Со ю жима, буьрсача! Пам-парам-парам-парам-па! Со ю, со ю хьуьнан да! (йишалокхучурасоцу. Д1аса хьожу) Сан йоккха хаза хьун! Хьол хаза х1ума а дуй техьа х1окху доккхачу дуьненчохь! Ма дика ду-кх хьо соьцакъовсаваьхьашстагга а воцуш! Сайналиъча байт1ехь керчаш 1уьллу со, лиъча зезагаш а ловзадо ас. Лиъчанакхармозийн бен чу а йолий, моз а дуусатталц… (четарна т1ехьа массара а накхармозийн г1овг1а йо. Мозийн г1овг1а а хезий тап олийсоцу Панда) Эх1, и-м ца аьллехь а х1умма а дацара аса. (д1аса хьожу, четарна т1ехьа д1алечкъа, кортий бен гуш х1ума а доцуш. Кхералушэгайо) Ва-а, мичхьа ду и ира юнаш йолу накхармозий? Ма г1уллакх дацар-кх сан оцу накхармозий ц1е яккха а. Селхана ц1аьххьана моздагадеъна, доккхачу пепан диттана т1ера хара чохь накхармозаша бинчу бенчу г1оьртинера со.  И Дела минот ца ели-кх цара сан ц1оканах палсбан! Ва, ца деза суна шунмоз, бохуш мохьхьекхча а, кхета а кхетий! З-з-з! Цкхап! Олий ю туху. И х1ун дара!Сайн ма-хуьллу дуьхьала т1амарш-м лестийра аса. И хиллера хьуна царнна уггар а ца дезаш дериг! Шай, шай бен ца туху а моьттушюнашйиттицара суна цул т1аьхьа. Х1инца а и дагадеъча дег1е зуз дог1у-кх.
(Ц1аьххьана йовхарш еш хеза)
Ча. (геннара) Ухьу! Ухьу!
Панда. Ва, орца дала! Дог1уш ду хьуна накхармозий!
Ча. (геннара) Ухьу! Ухьу!
Панда. Дог1уш ду хьуна, йовхарш а еш! (ц1аьххьана кхеташ) Собар! Собар! Накхармозашайовхарш еш хуьлий? И ма тамашена х1ума ду! Э-э! Дера дохку и х1илла долу накхармозий со лен а йина гучуяккха! Ч1и-ч1! И хьаха ду шуна г1енаха а ца гундериг! (Марий бен гуш боцуш д1алечкъа)
Ча. (гучуйолу, д1асайолало) Ухьу! Эх1, ма ч1ог1а йовхарш кхетта суна. (Ирх хьожуш) Деллахьа ма мозкхаьллича дика г1оле хир яр-кха суна!
Панда. Со лолда хьан! И дош кхин ма алалахьх1окху чохь!
Ча. (цецйолий д1асахьожу) Хьо мила ву? Хьуьнда-м вац хьо?
Панда. (гучу ца йолуш) Вац! Яц!Аьлча а, ю! Ву! Х1инццалца схьа-м яра со, суохьуьнан да хеташ.
Ча. Ткъа х1инца?
Панда. Х1инца, накхармозий ду аьлла ма хета суна-м, хьуьнан а, дуьненан а дай.
Ча. Хьо мичхьа ву? (д1асахьоьжу, ц1еххьана лечкъина 1енчу Пандин муц1ар го) Ой, со яла елла, и хьан муц1ар цхьаннах тера ма хета суна! Хьуьнден муц1арах тера-м яц итешна а.
Панда. Х1унда?
Ча. Аса алий хьоьга, х1унда?
Панда. (хьалайолучетарна т1ехьара)Алал, х1унда яц сан муц1ар Хьуьнден муц1арах тера?
Ча. Дера яц, бакъйолуХьуьнан да со йолудела! Вахь-хьа-хьа!
Панда. Собардел цкъа!
Ча. Вахь-хьа-хьа! (йоьлучура ца соцу)
Панда. Х1ей, тпру-у! Юхаоза хьайн алаша!
Ча. Ца узу ас! Вахь-хьа-хьа!
Панда. Х1ета д1ахехка хьайн говра. Суна-м тоьуш ду со ча хилар, со хьунхахь уггар ницкъала хилар!
Ча. (йоьлучуьра соцуш) И бохург х1ун ду? Собар, собар… (гуотосуш, дикка хьожуПандига). Хьой? Чай?
Панда. (Чана дьухьала йолуш) Сой! Чай!
Ча. Х1аъа! Чай. Индийски чай!
Панда. Ахьа х1ун индийски чай дуьйцу?
Ча. Ала дашна бохура аса чай-м. Деллахь ала, боккъал а хьайхча а хеташбохий техьа ахьа и?
Панда. (оьг1азе) Боху! Боху! Соьга ца бахийта-м ца йоллура хьо?
Ча. Цициган к1орнехча олуш делахь, хьох  а хир ю-кх ча.
Панда. Со х1унда ю цициган к1орни?
Ча. Дера ю, хьо  дег1ана цициган к1орнел бен йоцун дела.
Панда. Со х1унда яц цициган к1орнел бен! Дера ю-кх со-м и поп-дитта санна лекха, и лам санна онда, и ц1оькъа лом санна ницкъа болуш!
Ча. Х1а, д1алаца хьайна ц1акар-ц1укар, гуш лаьтташехь, х1окху цициган к1орнех ц1оькъа лом а хуьлуш лаьтта хьуна! Хьо ц1оькъа лом делахь, со-м т1аккха пила хила ма еза! Вахь-хьа-хьа!
Панда. Х1ан-х1а, хьох пила хуьлийла дац!
Ча. Х1унда?
Панда. ПиланашАфрикехь я Индехь бен хуьлуш дац!
Ча. Африкехь-м маймалаш а хуьлу! (чуг1уртуш) Со маймал а ду бохург-м дац хьан и?
Панда. (дикка хьожуш, Чана гуобоккхуш) Ца хаьа деллахь суна-м! Хьанна хаьа. Хьанна хаьа.
Ча. Собар дел цкъа, суна гунаш а ца туьйсуш, б1агор бог1ий а ца хаьа хьуна. Со-м маймалхуьлийтуравай, ткъа хьо х1ун экха ду?
Панда. (курра) Со дера ю хьуьнанакха, буьрса, оьг1азе ча! Кхийтирий хьо?
Ча. Ца кхийтира.
Панда. Х1унда?
Ча. Хьо муха ю ча? Со ю-кх ча!
Панда. Со ю!
Ча. Яц! Со ю!
Панда. Ахьа хьо маймал ду ца бохура? Африке д1аг1о хьо!
Ча. Ткъа хьо мичара ю?
Панда. Со Кийтайра ю-кх.
Ча. Хьо г1о хьо хьайн Китай д1а.
Панда. Ца йоьду со.
Ча. Х1унда?
Панда. Китайцашсхьаболор бу ас цулле а.
Ча. Хьо иштта майра ю?
Панда. Ю!
Ча. Ас бийр бу хьан болх!
(Накхармозийн «з-з-зу!» хеза)
Панда. (Кхералой диттана т1ехьа д1алечкъа)
Ча. Эх1, и са эцналелара хьо, суна чу кхийсалуш?
Панда. (диттан т1ехьара муц1ар а гойтуш) Х1инцца и ю тухургшсхьакхачахь, царагойтур ду хьуна и-м!
Ча. Со ца кхоьруцарах а, хьох а! Хьажал хьайна, аса церан бен чуьрамоз муха доккху! (диттан т1ейолу. Аг1онца, т1ехьаша ирх йоьдучу чана, корта бен бац гуш диттана т1ехьара) Ас гойтур ду хьуна! Ас гойтур…
(Накхармозийн г1овг1а хеза. Диттана гонаха хьийза дуьйлалонакхармозий.)
Ча. (мохьхьоькху) Ва! Орца! Орца дала! Со ма ейта х1окху саьрмикашка!
Панда. (эгаеш лечкъина 1аш ю)
Ча. Ва, со х1окху диттана т1ера чукхуссуш ю х1окху ж1алеша! Ва-а-а! («дап-п!» олий тата хеза, дитта т1ера чуйоьжначу чана. Ча, узарш а деш, Пандина улло йог1у).
(Четарна т1ехьара цхьа буьрса шок етташхеза.Накхармозий д1алевчкъа диттана т1ехьа. Четарна т1ехьара гучуболуСаьрмак)
Саьрмак. (йиша локхуш) Со бу буьрса дуьненчохь! Йо-хо-хо! Со бу майра дуьненчохь! Йо-хо-хо! Соьгахь санна ницкъа бац! Йо-хо-хо! Довдий к1елхьара довлалаш! Йо-хо-хо!
Ча. (шена хиллар а дицлой) Х1ара х1у экха ду? Лоькхуш йолу эшар-м, диканекхойкхуш яц х1окхуьна!
Панда. Схьайола х1оккхуза суна улло д1алачкъа.
(ший а муц1арш бен ца гуш д1алечкъа)
Саьрмак. Ас хир ду аьлларг, хилла ма даьлла! Ас хир дац аьлларг, ца хилла ма даьлла! Б1ов! (гонаха хьожуш) Х1ей! Схьагучудовлал! Мичхьа ду шу?
Ча. (ша лечкъина 1аччара, гучу а ца йолуш) Кхуз-з-захь! Х1унда бохура ахьа?
Саьрмак. Иштта д1а бохура аса-м. (шен буьрса хилар дагадог1ий. Буьрсачу озаца) И бо-о-хург х1ун ду? Схьагучудовлал! Аса «хьап-п!» аьлла д1акхоллур ду шу, т1е хи а ца молуш!
Ча. Х1ара генараеънахьаша ю хьуна, х1ара кхаллахь хьайна д1а, лаахь т1е хи молуш а!
Саьрмак. И мила ю, геннараеънахьаша?
Ча. Ца хаьа, Китайраеъна ша-м бохукхо.
Саьрмак. Схьаял делахь и хьаша суна! Цхьана церганакхаллал хир ярий техьа и!Б1ов!
Ча. Цхьа хаттар дара сан хьоьга.
Саьрмак. Х1ун хаттар?
Ча. И «б1ов!» бохург х1ун ду хьан?
Саьрмак. И-м иштта д1а олуш дара сан, гонаха мел вериг сайхкхерийта. Б1ов!
Панда. (ша лечкъина 1ачуьра гучу ца йолуш) Со-м кхин мерза а яц. Со-м цицигал бен кхин йоккха а яц! Х1ара чакхаллахь д1а. Х1ара шина церганакхаллал  хила мега хьуна.
Ча. Ма-ма-ма! Аса тахана х1ума а ца йиъна, со кхаьлличастагга а вузур а вац. Т1ехула т1е, со маймалал бен кхин башха йоккха а яц.
Саьрмак. (шен дагахь дагар до) Цхьана цергана цхьаъ, шина цергана важа – шиъ ца хуьлу и?
Ча. Шиъ ца хуьлу. Кхоъ хуьлу! Тхокхоъ ю хьуна! Оха тхаьшакхоллур бу хьо х1инцца д1а!
Саьрмак. Муха кхоъ?
Ча. Иштта. Цхьа церг, ши церг, кхоцерг!
Саьрмак. Хила а дера хуьлу. Там бара цара со д1акхалла.
Ча. (Пандига) Хезий хьуна? И вайшиннахкхерабелла хьуна. Вайшимма ц1аьххьана т1елетта эшабанбеза и.
Панда. Ца беза. Вайшиъ яда еза!
Ча. Ой, хьо-м ма яра: х1ара шайолу хьун а хьайн ю бохуш! Хьан майралластенгаяха х1инца?
Панда. Накхармозаша д1акхаьллира сан майралла!
Ча. Накхармозашнатоьхча т1ара а д1а ца кхета, ткъа х1ара Саьрмакбоккха ма бу. И кхера а бина метта х1оттон деза вайшиммаваьшшиннансий.
Панда. Ца деза. Яда еза вайшиъ!
Ча. Делахь, со летар ю саьрмиках. Шадолусий а сан хир ду.
Панда. Хьуна дуьту-кх аса и шадолусий.
Ча. Мегар делахь! (Ша лечкъина 1ачуьра схьаараэккхийсаьрмиканачухахкало)
Саьрмик. (шена чуеддача схьа а лоций, цунна етта х1утту)
Ча. (Пандига) Ва, сан китайски доттаг1, г1о де суна! Со юьйшлаьтта х1окху саьрмико!
Панда. Ца до. Хьекъаленхьехаре ладог1а дезаш хиллера.
Ча. Муьлхачухьехаре?
Панда. Хьайга яда аьлча, яда езаш хиллера. Со яда йоллу.
Ча. Ядарх к1елхьара ер яц хьо. Со эшайинабаьлча, хьо а кхунна кара г1ур ю. Г1о де суна цулла а.
Панда. Хьо 1ийра-м яцара цхьа дов ца даьккхича. Со т1ехьаша т1екхетахьуна, тасалолахь хьо а! 1а-а-а! (саьрмакахтасало)
(Саьрмак, Ча, Панда тийсалуш ду)

(Кхоътийсалововшаха. Диттана т1ехьара схьахьожу пхьагал. Улло йог1у.)
Пхьагал. Х1ей! Бехк ма биллалаш.
(Саьрмаккий, Чай, Пандийтасалуш ю, пхьагал тергал а ца еш).
Пхьагал. Х1ей! Аша бехк ца биллахь, шуьгахоттур дара аса!
(Саьрмаккий, Чай, Пандийтийсалучурасоций, пхьагалехьожу)
Ча. Х1у боху ахьа, «аг1ор ши б1аьрг»?
Панда. Суна т1ехтухуш-м дац ахьа и?
Ча. И х1унда ду хьуна т1ехтухуш?
Панда. Аг1ор ши б1аьрг ца элира ахьа суна? Со кийтайхо ю бохург-м дац хьан и?
Ча. Китайхойн б1аьргаш-м аг1ора дацара, хьан муц1ар ю-кх аг1ора!
Панда. Ахьа эр дара суна и!
Пхьагал. Бехк м-м-ма биллалаш, цхьа х1ума хатта мегар дарий?
Саьрмак. Оццул х1окху дуьненчохь массо х1уманах кхоьруш йолу, хьо х1ун хатта г1ерта тхоьга, доца ц1ога дериг?
Пхьагал. Геннарашуьгахьожушлаьтта дукха хан ю со. Шайн къовсам стенна т1ехула баьлла эр дацара аша?
Саьрмак. Со уггар а ницкъалха бу х1окху йоккхачу хьуьнхахь.
Ча. Хьо иштта ницкъа болуш хилча, тхойшиъэша а ца балуш ма боллу хьо. Черчий ю х1окху хьуьнхахь уггар майра а, ницкъаболуш а!
Саьрмак. Яц. Со бу!
Ча. Бац!
Панда. Суна-м ца хаьа, и накхармозийдацахьара аса а эра дара, сайх лаьцна цхьа-ши дош.
Пхьагал. Аса ала мегар дарий?
Саьрмак. Хьо а-м ца йоллутхоьцакъовсаяла?
Пхьагал. Ца йоллу. Амма шункъовсаманйистяккхайоллу со.
Ча. Муха?
Пхьагал. Со, шун г1овг1а а хезна, кхуза хьаьдда йог1уш, шун г1овг1ано самаваьккхина реза воцушХьундагира суна. И кхузасхьакхачале, к1елхьара довладеразара шу.
Ча. Муха? Мила? Хьунда?
Саьрмак. Цо х1ун до, к1езано санна ц1ийзаш? И мила ву Хьунда?
Пхьагал. И Дера ву 1аламат ондачу дег1ехь а волуш, накхана т1ехь диг санна ира ма1а а йолуш, ерриг а хьуьнан да. И шуна реза воцуш ву, аша хьуьнхахь яьккхинчу г1овг1ана.
Ча. Вайдевдича а к1елхьара довлалур дац х1инца. Шуна муха ца вевзаХьунда.
Саьрмак. Иштта инзаре ницкъа болуш ву и?
Панда. И цкъа гичи бен хуур дац и!
Саьрмак. Делахь со т1ема а баьллабадаболлу х1окху хьуьнхара. Со ворх1 ломал дехьа  а баьлла к1елхьара бала боллу. Аша шайна амалбеаша. (Диттана т1ехьа а болий, къевла болу)
Ча. Ткъа вай х1ун до т1аккха? (Гуонаха хьожу)
Панда. Ца хаьа суна-м.
Пхьагал. Аса ала мегар дарий?
Ча. Алал. Х1ун ала йоллу хьо?
Пхьагал. Аса бегаш бора. Хьуьндавижина 1уьллаш вара, со цуьнан ц1енна уллохула т1ехйолуш. Амма и меттах ца ваккхар бен дарба-м дац. И шуна а хаьа, суначул а дика.
Панда. Ткъа и вижинавуй муха хиира хьуна, ва Пхьагал?
Пхьагал. Ладог1ал аша дикка. Хезийшуна? «Хур-т1ур» деш.
Ча. Пхьагал, Дела реза хила хьуна, тханкочара и Саьрмакбаккхарна.
Панда. Тхан дов къасторна а Дела реза хила хьуна, пхьагал!
Пхьагал. Машарекхочуш х1ума дац х1окху йоккхачу хьуьнхахь а, дерриг дуьненчохь а! Маьрша 1ойла шу!
(Ча, Панда, Пхьагал берашка)
Маьрша 1ойла шу а, бераш! Машарларбелашаша а!
ЧАККХЕ


Рецензии