Цициган к1орни

                ЦИЦИГ К1ОРНИ. ( Дийцар )
-М1ау! М1ау!...- хезира  цунна 1аьржачу бодана юккъехула. Мелла а цхьана серлонах тера бес-бесара б1арлаг1аш-м дара б1аьргашна хьалха хаза самукъане ловзуш. Амма кхунна мичара  хаан дезара иза ц1ен, можа, баьццара самукъне х1озаш дуйла, х1ара-м  х1инцца дуьнена чу яьлла жима цициган к1орни ярий. Селхана йина елахь а х1инца а б1аьргаш беллаза яра цициган к1орни, цунна ца хаахь а, иза кхин а масех дийнахь б1аьргаш ца боьллуш 1ен дезаш а яра. «М1аьу!.. Мур-р! Мур-р!» - хезира юха а цициган к1орнина. Иза шеца сел хаза-мерза къамел дийриг а мила ву ца хаара к1орнина, амма иза дара дерриг а дуьненчохь а угаре самукъне аз, кхунна девзачарех. Цу озана дуьхьала шега х1инца а дикка дола ца далуш болу корта а айбина дуткъачу озаца  сихонца “Маьу!” аьлла жоп делира к1орнино. Цунна хаьара, х1инца шена, б1агор боуьйтуш мерза йолу, шура хира юйла. Кестта цуьнан жимчу коьртах а, букъах а бовха, т1уьна мотт хьекхабалан буьйлира. Ч1ог1а самукъадаьлла к1орни ша а юьйлира шен шелбелла меран буьхьиг уллохь аг1ора яьллачу ненан довхачу гайх 1иттан. Эххаре а цунна карийра шена кху дуьненачохь евзина уггаре а мерза х1ума – шура! Ма самукъане меттиг ю-кх х1ара со кхаьчнарг! – ойла хьийзара цициган к1орнин жимачу коьрта чу. Шурех ша 1аьбча, иза  ненан гайна бухахь йовхачу ц1окана юккъехь хьульелла хьаьрччина д1айижира.”Мур-рр!”- бохуш шен бовха шога мотт хьоькхуш нанас хьоьстура ирсен жима к1орни.Г1енаха а цициг к1орнина дуьхьала туьссура горгийн ц1ен, можан, сийнан басахь долу гуонаш, уьш самукъне ловзура вовшашца.Жима сира уьйриг санна ненан гайн бухахь 1уьллу цициган к1орнин. Наггахьа ког тохабаларх хаалора иза г1енаха бес-бесара х1озашца ловзуш хилар.
Х1инца а б1аьргаш белла хан т1е ца кхаьчначу цициган к1орнина кхин гина х1умма а ма дацара, иза шена дуьхьала туьйсун бес-бесара х1озаш бен. Делахь а иза дара уггаре а ирсен х1окха доккхачу дуьнена чохь.
  Ткъа хан-зама сихонца д1айоьдура, к1орни а мерза шура сатталца яарна а, ненан безам а бахьана а сихха йоккха хуьлура. Цунна-м ца оьшура кхин х1окха дуьненачохь кхин х1умма а, иза иштта а яра ша ирсен лоруш. Амма цхьана дийнахь цициган к1орни мерза шура а йиина набарна тевжинчуьра самаяьлча цунна кхин ца гира шен х1инццалца самукъадоккхуш долу бес-бесара х1озаш. Иза ц1еххьана хиллачух ч1ог1а кхераелла йисира, 1адийча санна. Цуьнан б1аьргашна хьалха гуш яра ах сахьаельеллачу инзаре йоккхачу багахь мог1а бина йолу ира яккхийра цергаш.
“ К-х-х! “- аьлла букъ а саттийна, шен жимачу ц1оганах х1оз бина, дуьхьала тасаялан дагахь, кечьелира цициган к1орни. Амма оцу цергашна юккъехула ц1еххьана арабеанчу ц1ен басахь бовхачу матто кхуьнан б1аьргаш т1ехула хьакхалуш дуьне серладаьккхира. “Мур-р-р!”-аьлла хьастаро кхераяларна чуьрадаьлла са юха меттадалийра.”Х1ара х1ун ду суна гуш дериг, стенга дахана сан бес-бесара гуонаш? – цец деина йисинера цициган к1орни. Амма сиха дицделира цунна шен х1озаш, гонаха хьаьжича. Х1ара хьоьстуш бара ненан баьццара хаза ши б1аьрг, доккхачу корехула чухьожуш бара т1ехь б1аьрг ца сацалуш хаза можа боккха гуо-малх а. Йоккхачу паднарна т1етесина 1уьллучу йоккхачу к1едачу гоьна т1ехь шорта меттиг бара ловзан а. “Х1ара дуьне-м цхьана гуонех лаьтташ ма ца хилла!”- самукъаделира цициган к1орнин. Уггаре а хьалха ненаца ловзан дуьйлира иза, амма кестта и ловзар а дитина доладелира иза шена гонаха гуш долу доккха дуьне довзан, иза 1амон. Юьхьанца-м паднар бен яцара цуьнга таллалура йолуш, амма кестта, цхьажимма йоккха хилчхьана тешна дара, иза кхин а гена йериг хилар – малхо серладаьккхинчу доккхачу дуьнене. 
2004шо               


Рецензии