Ч1ег1ардиган т1емаца ирс

                Дийцар.  Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс!
Б1аьстенан хаза денош кхин а самукъне деш хезара х1аваэхь зевне ч1ег1ардигийн аьзнаш. «Ч1иркъ! Ч1иркъ!» - аьлла нийсса хьан коьртат1ехула х1аваэхь т1ехъэкхашехь ч1ег1ардигаша аьлча, хьайна мел ца лаахь а, корта ирх ца берзийча ца 1алора. Ткъа б1аьсте йохьуш даьхкина хьеший-м б1ог1амашна юккъехь охкаделлачу токасерашна т1ехь мог1анаш бина 1аш хуьлура дехха. Царна улллохь нисвелча, ч1ег1ардигийн мог1анаша-м 1адавора шайн инзаре ч1ога зевнечу къийсамашца. Ша-ша говза алан г1ерташ, хаза алан г1ерташ хир дара токасерашна т1ера ч1ег1ардигийн къорза мог1анаш.
Со оцу хенахь пхиъ класс чекхъяьккхина волуш вар, к1еззига хан йисинера аьхкенан каникулаш т1екхача. Буйнахь ишколан т1оьрмиг а болуш, акъваьлла хьоьжуш, ч1ег1ардигийн къамелашка ладоьг1уш ц1ехьа г1ертара со. Дехьасехьа урамехь нехан кертахь а, кет1ахь а зазах охкаделла дитташ а дара, б1аьстенан де хаздан ч1ег1ардигашна г1одеш.
Со чукхаьчча, сайна юург луш йоллу тхан нана Зийна (ц1ера арадаьхначу хенахь Карагандахь жима йо1 йолуш, оьрсаша тиллина йисинера цуьнан иза ц1е). Аса а йоккхура цуьнан и ц1е дукха хьолах (бабех нана алан марзвелла хиларна жима волуш)
- Зийна-а, оцу ч1ег1ардигаша ма ч1ог1а къуьйсу токасерашна т1е а хевшина, цара х1ун къуьйсу? – хаьттира аса нене, цунна ч1ег1ардигийн мотт хууш санна.
Амма тхан нанна церан мотт ца хаахь а, цара х1ун къуьйсу-м хаьара.
- Нехан раг1ушна к1елахь шайн беннаш дан меттигаш йоькъуш ду уьш, - элира нанас шена хетарг.
Цуьна дешнаш бакъдеш санна, со х1ума кхоллуш 1ен лохачу раг1уна к1елахула хьаьвзира т1аьхьий-хьалхий ши ч1ег1ардиг.
Дика кегийра болчу сан вежарша Рамзанас, Ражапас цецбевлла маьхьарий элира. Х1инца мотт 1аман г1ертачу Ризванас а самукъне ц1ог1 туьйхира.
- Ма хьекха маьхьарий, хьерадевлича санна! Аша х1ун до! Уьш-м вайна ирс дохьуш къаьчна хьеший дай! Вайн раг1у к1елахь шайна бен бан меттиг ехан даьхаканий уьш-м! – жимма дов дарца кхетийра тхо нанас.
Х1инца а мотт 1амаза волу Ризван воцург к1ентий х1инца кхийтира ч1ег1ардигаш раг1ун к1ела х1унда хаьаьвзира. Амма ч1ег1ардигаш берийн маьхьарех къаьхкина сихонца къевладелира. Тхо массо а догдоьхна дисира. Мелла а хан елира тхо дош ца олуш 1аш. Ц1аьххьана «Ч1иркъ! Чиркъ!», «ч1и-ч1и! ч1и-ч1и! ч1иркъ!» - олуш, кхинарш делах а, тхо д1атерна реза хилла духадеъна хьалхалера шиъ делахь а, ч1ег1ардигаш юхадаьхкира.
Х1инца-м тхо массо а лергаш та11ийна тийна 1аш дара. Хиллачух ца кхеташ, мотт 1аманза волу, Ризван-м вара шен жима п1елг хьежош, ч1ег1ардигаш гойтуш, тхуна уьш ца го моьттуш. Ч1ег1ардигаш а кхеттачух тера дара Ризван х1инца а бера дуй. Цо хьежон п1елг «у-у! у-у!» - бохуш и алан г1ертарг-м ч1ег1ардигаша боккъал т1е а ца оьцура. Уьш-м х1инца кхетара шаьш хьеший дина оха т1еэцний.
Раг1ун к1елара биъса болу дукъо, т1ехь лила тоьхна кира хьаькхина дара. Оцу дукъна юккъехь лоцуш, тхевна бухахь шайн бен бан меттиг хаьржира ч1ег1ардигаша кестта. Кхин хьиэм ца беш и, къахьегарна т1иэра долу, ши ч1ег1ардиг дуь1лира шайна бен бан. Уьш-м ч1ог1а говза г1ишлоярхой хиллера. Ц1ено деш адмаша буьллу бух санна, ч1ег1ардигаша а раг1уна дукъан аг1онца ах горга, шайн кегийрачу з1окаршца кхоьхьуш поппар буттуш лард йиллира. Малх чубуззалца са ца до1уш, поппарца чамхалгаш а дуцуш, иэдеш шайн бен беш къахьийгира ч1ег1ардигаша. Кегийра Рамзанний, Ражапий раг1ун кхелахь сонехь д1атарлой к1адцалуш хьоьжура оцу ч1ег1ардигаша бечу балхе. Жима Ризван вара ца кхеташ - оха и хаза хьозанаш схьалаьцна, тайнигаш санна ловза х1унда ца до. Цо-м «у-у! у-у!» - олий кест-кестта шен жима п1елг хьажабора «шу х1ун деш 1а?» ала г1ерташ санна.
Х1ора дийнахь, со ишколера ц1а вог1уш Рамзанас, Ражапас суна дуьхьала хьовдий кхаъ боккхура: «Хьажахь, Дада, вайн ч1ег1ардигаша х1инцале а ах бен бина!» – хазахеташ цецваларца олура Рамзанас. Дикка шера мотт 1амаза волчу Ражапас а т1етадора: «Ч1ердаша бен бо!» - олуш.
Масех дийнахь къахьийгира ч1ег1ардигаша. Бен-м кестта кийча хилан безара. Юьхьанца буьйсана а ши ч1ег1ардиг, тхевна дукъан аг1онца тасалой, шаьш бан болийна бен ларбеш 1ара.
Кестта шаболу бен а кийча бара, чег1ардигаш а дара, чохь к1еда хилийта цунна чуяхкан, арахь лахьош, мас ядош, чамхалгаш идош хьийзаш. Адмаша шаьш динчу ц1ено чу х1иттош долу маьнгеш, г1анташ, истолаш санна, ч1ег1ардигаша а кечбора шайн бен.
Амма цхьана дийнахь делкъана со ишколера ц1авог1уш суна дуьхьала хьаьдира Рамзан а, Ражап а. Велхаволлуш вара сан жима ши ваша.
- Шуна х1ун хилла? Цхьаммо йиттина шуна? – хаьттира аса.
- Вайн ч1ег1ардигийн бен чубоьжна, - доьхначу озаца элира Рамазанас.
- Охьа… боьжна! – воьхнера Ражап а.
Со сихха уьйтт1а вахара, вежарийн куьйгаш а лаьцна, цаьрца цхьана.
Раг1ун к1елхьара дукъох лами а г1ортийна, Зийна яра цхьаъ-м деш йоллуш.
Тхоьга цхьаъ алан г1ерташ п1елг хьежош жима Ризван а вара ламина уллохь ц1енкъахь палсана т1ехь 1аш.
- Х1ун хилла, Зийна? – хаьттира аса сихлуш.
- Дукъуна т1ехьаькхинчу кирано т1е ца лаьцна ч1ег1ардигийн бен бина болу поппар. Деккъа ц1ена дечиган дукъо хиллехь-м лаьттара бара и бен, - кхетийра со нанас.
- Ткъа хьо х1ун деш ю оцу т1ехь? – хаьттира аса ненан буйнахь ж1ов а хааелла.
- К1ела даккхийра хьостамий а тоьхна царна т1ехь бен данисбеш ю-кх! Г1уллакх хилахь тамаша-м бу! Адамийн куьг кхеттий хаалахь, цара кхуссий буьту шайн бен! – ша-шега олуш санна. со кхетийра Зийнас, ша дан леринчух.
Сихо еш, ч1ег1ардигийн бен чухоьурболуш горга к1елатоьхначу беъа хьостамашна техь и д1а а нисбина, ламин т1ера чуйоьссира Зийна. Лами юьстаха а боккхуш, сихха шеца тхо а дуьгуш уьйт1а юьстаха елира и раг1уна к1елхьара. Геннара хьийса дуьйлира тхо массо а хиндолчуьнга. Х1инца-м мотт 1амаза волу жима Ризван а вара д1итийна, цхьа бохам хилларах кхетта. Дикка 1ийра тхо ч1ег1ардигаш шайн бенчу дерзаре сатуьйсуш, амма иза эрна дара.
- Кхин х1окху керта дог1учуьра девлла и ч1ег1ардигаш! – догдоьхна элира тхан нанас. Дан х1ума дац… Дала доьг1на хилла иза иштта. Дуьлуо, х1инца раг1ун к1елахь, шайна лаахь, хелха довла а мегар ду шуна, - догдилларца т1етуь1хира цо жимма 1ийча.
Раг1ун к1елахь х1ума кхоллуш 1аш, кест-кестта хьала хьожура со, ч1ег1ардигаша оццул къахьоьгуш бинчу бене. «Ирс дохьуш кхаьчна уьш вайн раг1ун к1ела!» - ненан дешнаш дагадаьхкира суна.
- Зийна, х1инца вай ирс доцуш дисина-кх? – хаьттира аса нене.
- Х1ун ирс? – ца кхийтира иза.
- Ахьа элир-кх, Ч1ег1ардигаш ирс дохьуш кхаьчна вайга, - дагадаийтира аса нанна шен дешнаш.
- Ирс а Дала доьг1нарг хир ду-кх! – г1айг1ане жоп делира цо сунна.
Суьйрана хьовсур вай кхин а. Буьйса яккха а доьрзур дац техьа уьш ц1а, - т1етуьйхира нанас.
Х1инццалца ненах лечкъий, водий ловза воьдуш хуьлуш волу со, а висира тахана суьйрана чохь 1ен. Кегийрнаш-м уьйт1ахь цхьацца ловзарш лелош бара. Амма суьйре т1ег1оьртича, кегийрнаш а г1овг1а ца йойтуш, д1атебира тхан нанас. Кегийрнаш д1абийшича а дикка 1ийра со раг1у к1елара токачиркх д1а а байъина, ч1ег1ардигийн бен болчу вуог1авелла. Амма ч1ег1ардигаш ца даьхкира шайн бенна улло, иза туобиний ца хуучух тера дара царна. «Вайна ирс дохьуш кхаьчна уьш!» - ненан аз дара сан лергашна хьалха хийзаш, сунна набкхеташ а.
1уьйрана ишколе ваг1ан со самаваьккхича, нана самукъадаьлла екхна яра. Со кхийтира, тхан ч1ег1ардигаш ц1адаьхкина! Со сихонца хьаьжира раг1унк1ела, амма со г1алатваьллера. Цигахь сунна ца гира тхайн ч1ег1ардигаш. Селхана хилла догдуохар керладелира сан х1инца а. Со вухавирзича т1ехьа лаьтташ яра Зийна. Цо х1иллане а хуьлуш п1елг хьажийра ч1ег1ардигийн бене. Б1аьргаш чу буйнаш хьовзийна, со кхин цкъа а хьаьжира бен болчу аг1ора. Х1инца-м со а къежира хазахетарца. Бен чохь д1атарделла, деккъа ц1ена шалха дуткъа деха ц1оганаш бен гуш кхин х1ума доцуш, 1аш тхан ч1ег1ардигаш дара. Буьйсана сахиллалц цхьанхьа даьлла лелла к1адделла хир дара и ши миска. Амма кестта дийкира цаьршиннан самукъане, зевне аьзнаш, тхан уьйт1е цхьа ша-тайпа серлайоккхуш. Уьш-м хьалха санна ийза ца луш мелла а парг1ата лелара тхуна уллохула х1аваэхула. Ч1ег1ардигаш кхеттачух тера дара, шаьш адмашна деина ирс адмаша шайца х1инца декънийла. Мел самукъадолура сан кегийрчу вежарийн Рамзанан, Ражапан, халла когавахан г1ертачу Ризванан а, ч1ег1ардигаш, шайх ца уозалуш, маса уллохула т1ехъиккхича. Тхан нана Зийна а хуьлура шен к1енташка санна, безамца хьоьжуш ч1ег1ардигийн кестта дуьненчуевллачу г1овг1ане к1орнешка а. И лоха, тиша раг1у оцу кертахь мел лаьтта, х1ора шарахь дог1ура и ч1ег1ардигаш а, церан берийн бераш а, шайн хьостамашца бух ч1аг1бина, кечбинчу меттиге керла бен бан. Шайн, малх санна лиэпачу т1емашца ирс дохьуш дог1ура уьш шайна адмаша кечдинчу ц1а!
                2005 шо.


Рецензии