Шовдана йистехь

                Шовдана йисттехь.
Дакъалоцурш
1-ра йо1.
2-г1а йо1.
К1ант.
 
Шовдана йистте вог1у жима стаг, схьахетарехь, цхьа йо1 хазъелла ву и, иза гаре сатесина. Шовдана т1ейог1уш гучуйолу йо1. Т1еюьйхина г1абли ю, коьрта тиллина йовлакх дац, лергех йохкуш наушникаш ю, бага йоккха г1аттош 1уьйшуш сег1аз ду, басарш хьекхна беснеш а, балдех хьекхна басарш дикка къаьсташ ду. Йо1ан цхьана буйнахь лаьттахула текхош к1удал ю, вукху буйнахь йоллуш телефон ю. Болар хелхаяларан кеп х1иттош, сетташ ду. К1ант дикка хьожуш ву йо1е, цецваьлла. Шовдана йистте кхаьчча йо1а шен буйнара к1удал лаьтта йожайо, сетташ д1ахутту шовдана йистте.

К1ант.  (Ша шега) Эх1, ма хаза йо1 ю и! Ас дера деза цуьнга захло д1акъадо! (Йо1е вистхуьлу) Хьажахь, хаза йо1! Оцу Башламан буьххьехь д1асадаржийна ло санна к1айн бос болуш хаза ю-кх хьо! Оцу сийначу хьаннийн санна сийна бос болуш… (ша дуьйцург нийса доций кхеташ вуху, т1аккха шен дешнаш нисдеш олу) … хаза! хаза бос болуш! хаза бос болуш ю-кх хьо! Хьоьга цхьа ши дош ала пурба лой ахьа суна?
1-ра йо1. (Лергах йохку наушникаша ца хозийту, ца кхеташ куьйгашца хоьтту, к1ант шега х1ун ала г1ерта.)
К1ант.  Аса-м хаза… хаза ю бахара вайн аренаш, лаьмнаш!
1-ра йо1. (Ца хеза кеп х1оттош, ц1еххьана кхета шен лергах йохкурш бахьанехь шена ца хезий. Уьш катухий схьайоху цо лергахара.) Х1а! Чё! Эт ты мне! Х1у бохура ахьа? Соьга луьйш вуй хьо? Х1аъ! Со-м реза ю!Соьца захло дийца веъний хьо? Я согласная! Схьадийцал захло! Хаза дийцалахь, а то ты мне чё-то не нравишься! Деревня деревней!
К1ант. (Хазахеташ вовшах куьйгаш хьакхош) Эх1! Ма хаза дешнаш ду ахьа сан лергашна хозийтурш! Кхин цкъа а алахь уьш! Эшаран мукъам санна хаза дешнаш ду-кх уьш! Ахьа т1аьххьара аьллачух дешнех ца кхийтира со-м.
1-ра йо1. Х1а-а-а! Эшарий? Эшар-м дера локхийтур яра аса хьуна! (Шен наушникаш т1ера схьайохуш телефоне к1антана эшар локхийту ч1огг1а. Хеза «тяжелый рок». Йо1 оцу эшаран мукъамехь сетта йолало)
К1ант. (Вухий д1аса хьожу. Т1аккха йо1ах 1ехалой цунах тарвала г1ерташ, шена ца хуу хелхаран кеп х1отто г1ерта. Амма цуьнан хелхар ледаро хуьлу. Соцуш йо1е хьоьжу самукъадолуш.)
1-ра йо1. (К1ант шега хьежарах йоккха еш кхин а ч1ог1а сетта йолало, к1анте наггахь б1аьрг а т1а1ош)

Сценин йисттехь гучуйолу хаза куц долуш 2-г1а йо1, белш т1ехь хила ма еззара д1анисйина к1удал а ю, коьрта тиллина шипон а ю, т1еюьйхина г1абли ю. Ц1еххьана шовдана йисттехь йо1 а, к1ант а гой цецйолуш соцунг1а а хуьлий лаьтта цхьана йоццачу ханна. Амма д1аса хьожу, шовдане хьожу, шена хи дезаш хилар гойтуш. Хелха сетташ долу к1ант а, йо1 а х1ара гучохь ца хуьлу.  2-г1а йо1 эхь хеташ йистехьа а те1аш шовдана улло йог1уш охьалахлуш «Бисмиллах1иррохьманирохьийм!» олуш шовданах шен к1удал хьалаюза х1утту. Хелха валар ца нислуш лаьттачу к1ентан б1аьрг кхета 2-г1ачу йо1ах. И цуьнга хьожу, амма 1-ра йо1-м яц уьш гуш. И-м шен хелхар деш ю. К1ант 2-г1ачу йо1ана улло воьду. И цуьнга дикка хьожу, т1аккха хелхайуьйлуш лаьттачу убаре хьоьжу. Корта ластабо цецволуш. Оцу хенахь 2-г1а йо1 шен к1удал хинах хьалаюзий и белшна т1е а х1оттош д1айолало. К1ант цунна т1ехьа хьожуш лаьтт, 1-рчу йо1е хьожу кхин цкъа а. Кхин цкъа а корта а ластош, 2-г1ачу йо1ана т1ехьа кхуьуш цуьнца д1авоьду.
1-ра йо1 ц1еххьана самаяьлча санна йоьхна т1ехьахьоьжуш лаьтта.


Рецензии