Цергъяккхар

                Берийн дийцар. Цергъяккхар.
- Хьажал! И кхела хилла меттиг гой хьуна? Муха ца го, оццул доккха ор ца гойла дац! Дикка хьовсал! – шен бага дехьий-сехьий ши п1елг а боьллина д1аса ийзайора Чодас.
Дикка хан яра иза накъосташца Шидиций, Айдиций шен селхана лоьро кхела д1аяьккхина меттиг гойтуш волу.
- Ма дийцахь хабарш, хьо-м тхо ледан г1ерта! Кхела д1аяьккхина меттиг-м дикка гуш хилан еза! – ца тешара Чодех Айда.
- Кхин цкъа а хьажийтахь, Чода, - дийхира Шидас.
- Ца хьожийту! Аша-м сох аьшпийн лежиг ма йина! – шен, х1инццалца доккха ков санна йиллина хилла бага, дог1а тоьхча санна, къевлира Чодас.
- Ас-м ца вина хьох аьшпийн к1ур, и Айда ву-кх хьох ца тешарг! Со хьажийтахь, Айда а ца хьожийтуш, - доьхура Шидас.
- Со-м аша шиммо а хьажа бохуш дехарш дича а вац цуьнан аьшпашка ладог1ан реза, - шечунна т1ера ца волура Айда.
- Гой хьуна! – резавоцуш шен цхьа куьг Айда волчу аг1ора хьежадора Чодас, шолг1аниг-м бетана т1едиллина дара цуьнан.
- Хьайна хьажа ца лаахь, хьажа лууш волчунна новкъарло ма ехьа, Айда! – дегабаам бен сурт х1оттийра х1инца Шидас а.
- Хьайна лаахь, сарралца а хьежахь! Амма кхела яьккхина ор-м карор дац хьуна оцу аьшпан лежигна багахь! – олуш букъберзийна д1аволавелира Айда.
- Хьо а г1о оцунна т1аьхьа! Суна кхин шуьца доттаг1алла лелон а ца лаьа! – кхин а оьг1азвахара Чода.
- Ой, аса х1ун дина хьуна? Со юьхьанца дуь1на ма ву хьох тешаш. Х1инца суна сайна мукъана а гайтахь, Чода! – дийхира к1анта.
- Дика ду делахь! Хьажал! – олуш хьалхачул а доккха схьадиллира шен бага олуш долу ков Чодас.
Ткъа Шидина хинца а билгала ца йолура, багара кхелаяьккхина меттиг. Дукха к1орга 1аьржачохь яьккхина хила езара и кхела.
- Схьабал хьайн п1елг! – Шидина х1инца а ца гича, чуьравелира Чода.
Шидин п1елг шен буйна а лаьцна та11ийна шен бага бахийтира цо. Шидина-м х1инца билгала хааделира шен п1елгана буьхьиг кхелад1аяьккхинчу жимачу оьрна чутасалуш. Ор-м жима делахь аШидин п1елга юьхьиг татталой чу-м йоьдура цига.
- Дуй ор! – хаьттира Чодас.
- Ду! Ду! – хазахетарца т1етодира Шидас.
Айда дикка гена ваьллехь а, бунчохь х1оъа кардича санна, хазахеттачу Шидин аз ца хаззал гена ца ваьллера. Иза чкъа хьалха сецира ког тасабелча санна а хилла, цуьна-м кхин бала а бацара Чодин лоьро д1аяьккхинчу кхелаца. Ц1а верзан ца лаьар-кха цунна сел хьалха. Х1инца а дехха де дара хьалха, ткъа ц1ахь х1окхуьнца ловза стагга а вацара. Муха делахь а, Шидиций, Чодиций самукъне дара. И д1аяьккхина-цаяьккхина кхела а йитина оцу шина накъоста ловзарш доладахьара. Айда х1инца ворта ши к1ант волчу аг1ора а озийна ша вериг а лерг хилча санна лодуг1уш вара. Шина к1анта шега мохь тохаре сатесина вара иза. Цундела ч1ог1а хаза хийтира Айдина Шадас шега мохь тоьхча:
- Айда! Ва, Айда! Чода бакъ луьйш хилла хьуна! Цо аьшпаш буьттуш ца хилла! – урамехула д1аса воьдург шаверг а 1адавеш мохь олуш.
- Бакъ дацара иза-м! – куьг ластийна ша д1аволало кеп х1оттийна Айдас юха а.
- Схьавола хьажа, хьо ца тешахь! – аьлча а Айда вуха ца вирзича, ца веша кеп х1оттийра Шидас. – Кхеравелла хьо?
Шидас т1аьххьара аьллачу дешнаша, ц1аьххьана шед тоьхна говра санна, вухахахкавалийтира Айда. Иза сихачу боларца т1евеира накъосташна:
- Мила кхеравелла? Хьанах? – чуг1оьртира иза.
- Аьшпаш буьттург хьо хиларна кхеравелла-кх! – дуьхьала вирзира Шида а.
- Со х1унда ву аьшпаш буьттуш, - цецваьллачу кепе велира Айда.
- Чодин кхела боккъала а лоьро д1аьяьккхина хиларна буьтту-кх ахьа аьшпаш, иза бакъ вац бохуш. Хьажал х1инца, хьо ца тешахь! Чу п1елг 1оттал д1о йоллачу кхелана т1ехьа, - шен йолуш санна Чодин бага п1елгашца д1асаозийна чу хьаьжира Шида.
- 1а-1а-1а-а! – бен кхин дош алан аьтто боцуш къамелан юкъа ца г1орталора Чода.
Айдас ца тешаш ч1ечкъар юьхт1ера ца дойуш, Шидина ша доккха г1уллакх деш санна, геннара чукховдира шен хьажориг п1елг. Латта охкуш ц1аьххьана гучубаьлла стомма н1аьна санна п1елг д1асахьийзош дикка ваьллира к1ант. Цхьа хан яьлча, Айда къежира, цуьнан п1елга юьхьиг кхела д1аяьккхинчохь дисинчу жимачу орна чу 1оттабелира.
- Хьажахь, дан а ма ду ор! – хазахетарца къевладаьккхира к1анта шен къарвалар. Машарен т1ег1ана т1е а доккхуш, кхечу аг1ора дерзийра Айдас къамел.
- Чода, лозийрий хьо и кхела лоьро д1айоккхуш? – хаьттира Айдас, х1инца а шен п1елг Чодин багахь хилар тергал ца деш.
- 1-1а-1! – элира дуьхьала жоп луш Чодас.
- Цо х1ун боху? – ца кхийтира Шида.
Т1аккха Айдин, Шидин куьйгаш д1атеттина халла к1елхьара велира Чода.
 - Ой, аша х1ун до, чермина чохь хичудоьхкина кхораш лоьхуш санна, шайн куьгаш сан бага а доьхкина! – накъостийн карара а ваьлла ч1ог1 хьаькхира Чодас.
- Чода, лозийри хьо, боккъал а? Алахьа! – шозлага а дийхира Айдас, накъоста дуьйцург шена ца хезаш санна.
- Лозийра дера, лоза муха ца во, хьан багара оззийна орамашца цхьана кхела д1айоккхуш, - х1инца а и кхела шен йоккхуш санна лозавен юьхь йира Чодас.
- Муха йоккху лоьро кхела д1а? – шен кхела йоккхуш санна, Чода санна шен юьхь лозаваран ч1еч1къашка а хьош, хаьттира Шидас а.
Муха йоккху? – х1инцца аша шайн п1елгаш санна, бага и нана боккха морзаг1 а буллий озайой-озайой йоккху-кх! – х1инца-м накъосташна хьалха турпал вара Чода.
Ши к1ант ван а вара Чодига хьоьжуш, цо йоккха турпалалла шегара гайтича санна.
- Хьостамий дохуш болу морзаг1 бара лоьро хьан кхела д1аяьккхинарг? – ца кхеташ хоьттура Шидас.
- Хьераваьлла хьо? – къежира Чода. Цергийн лоьра-м леррина шен морзаг1ий ду, цергашйохуш доккха къегина аьчган хедарна чохь цуьнан йоцуш х1ума яц. Тайп-тайпана морзаг1ий, мехий, ю санна ира цхьацца кхин а аьчгаш.
- Чода, маха х1унда оьшу цергйоккхучу лоьрана? Цомгуш хилча бен ма цат уху маха? – х1умахууш волчу стаге санна хьоьжура Чодига Шида.
- Цкъа хьалха маха туху лоьро цергана улло доьланах, церг йоккхуш ч1ог1а ца лозавайта! Кхийтарий хьо? – везавеш элира Чодас.
Ч1ог1а реза вара и х1инца ша шен накъостел а коьртаниг хеташ. Ша шех дозалла дарна, вуса а вела вара иза борг1ал санна. Иштта а верстинуо волу и, х1инца-м беснеш юьйсина гуттара а верстина хетара.
- Маха тухуш санна ч1ог1а-м лоа а ма вийр вац, ткъа ца лозавайта муха тухур бу маха? – цецвуьйлура Шида.
- Иза маха тоьхча-м цо ерриге а бесни а техь г1орийча санна йо, мелл ч1ог1а т1е х1ума тоьхча а хаалура доцуш, - велакъежира чода.
- Буй тоьхча а хаалур дацара? – ца тешара х1инца Айда а.
- Хьайна ца лаахь ма теша, хьайн церг йоккхуш хуур ду хьуна, - реза вацара Чода ша аьллачуьнга дуьхьалонаш а ца еш ла ца дуог1арна.
- Сайниг х1унда йоккхуш ю и? Аса-м 1уьйрана самаваьлча а, д1авижале хьалха а цергаш дикка юьлуш ц1анйо, кариес ца хуьлийтачу цергийн пастица! – шен к1айн хьалхара цергаш д1ауьйхьира цо накъосташна.
- Аса а ц1анйора, - шех тешна воцуш элира Чодас.
- Ц1анъеш елахьара кхелаш д1аяхан дезара дацара! – ца вешаш бохура Айдас.
Шида оцу т1аьххьара Айдас аьллачунна г1айг1ане вахана лаьттара. Ши накъост-м х1ара тергалвечохь вацара, уьш х1инца а къийсалуш бара.
- Аса-м ц1анйо цергаш! – чуьраваьллера Чода.
- Цергаш ц1аньяр х1ун пайда бу, хьо мерзаниг дага а йоьг1на вала воллуш хилча! Бакъ ца лоь со? – хаьттира цо Шидига, цунах шен г1оьнча веш.
- Айда, суьйрана а ц1анъян еза тка цергаш? Х1унда? – шега дуьйцург ца хезаш хоьттура Шидас.
- Буьйса еха йолундела! 1овдал! Цергаш-м х1ора х1ума йиъна ваьлча ц1аньян еза! – шена дукха хаарна везавера х1инца Айда.
И къамел хилла цхьа бутт хан а д1аелира. Шидина дицлуш дацара иза къамел. И ч1ог1а т1евирзина цергаш ц1анъеш, хьожура куьзгана чохь, п1елгашца балдаш д1аса а ийзош, шен цергашка. И Чодас бийцина морзаг1 а, коьртаниг лоьро тоьхна маха а бара к1антана дагахь боллург. И ира маха тухитийла ма дацара доьлех!
Амма цхьана 1уьйрана цергаш а ц1анйина куьзгана хьалха цо хьалхара цергаш п1елгаца хьанйича, иза воьхна хьаьвзира. Нийсса хьалхара цхьаъ церг мела а малъялар гуш дара! Ца тешаш кхин а, кхин а хьайира к1анта и церг, билгала и мела яра! «Х1инца х1ун хира ду? Лор! Маха! Морзаг1!» - и инзаре х1уманаш б1аьрхьалха х1уьттура к1антана.
Х1инццалца 1уьйрана араиэккхий делкъана мацвелча бен чу ца вог1уш кхин берашца ловзуш лелаш хуьлура Шида. Ткъа тахана-м чуьра ара а ца велира.
Нанас цкъа-шозза хаьттира:
- Ва, к1ант, хьо цомгуш-м ца хилла? Хьо чу а воьлла 1аш ма ву?
Амма Шидас дере ца дира шена хилларг. Дере муха до, нанас оцу сохьта вадийна лоьрана т1е вуьгура ма вара иза. Ткъа лоьро ден дерг-м хууш ма дарий. Морзаг1аш, мехий хьалха а дехкина 1аш ма вуй иза-м!
Шог1ачу дийнахь селханчул а ч1ог1а цергаш а ц1анйина кьузгана хьалха вахара иза. Церг кхин а чо1га малъеллера! К1ант гуттар а ч1ог1а воьхна хьаьвзира, чу волуш, араволуш лелара иза, шена меттиг ца карош. «Лор! Морзаг1! Маха!» - хьийзара к1ентан коьрта.
Кхозлаг1чу дийнахь кхин а ч1ог1а малъеллера церг!
Раг1ун т1ехьа велхха воллуш лаьттачу к1антана ца гуш улло еира кхуьнан ден нана.
- Бабийнарг, хьо х1ун деш лаьтта, кхузахь? Хьуна х1ун хилла? – хаьттира цо.
- Х1умма а…, - сецира к1ант.
- Ой, и бохург х1ун ду? Хьо-м велхха воллуш ма ву, цхьаммо халахетар дина хьуна? – духеюьйлура баба.
Бага йиллина цергана т1е п1елг 1уттуш, иза меттахъяьккхира Шидас.
- Эшшай! И бахьанехь воьхна хьийзаш ву хьо, бабийнарг? – хьаьстира деннанас к1ант.
- Нанина д1ахаахь, цо лоьрана т1е вуьгура ву со! Цунна ма хаийталахь, - дийхира к1анта.
- Вигича х1ун ду? – ца кхийтира баба.
- Лоьрехь инзаре боккха морзаг1 бу… Кхин а, цо лозош маха а туху боху.
- Ой, и хьайниг санна церг йоккхуш цхьа а маха а ца оьшу! Хьан цергаш хийцалуш яй! И церг охьайоьжначохь цигахь хьуна кхинарг ера ма ю! Хьан хенахь массера а хийцалуш яй цергаш-м! – елакъежира баба, къена йоллушехь цуьнан багахь-м шайолу цергаш дийна яра.
- Баба, хьан цергаш ийгарий, хьо жима йолуш? – хаьттира к1анта.
- Дера ийгира!
- Хьо йигарий лоьрана т1е?
- Оцу хенахь-м лоьраш к1езага бара.
- Ткъа цергаш муха йохура д1а?
- Х1оккхузахь собардел сунна. Бабас х1инцца гойтура ду хьуна, - баба раг1уна к1ела яхара.
Жимма хан яьлча, буйнахь стомма к1айн тай а долуш, к1антана улло еира иза.
- Схьайтал! – олуш к1ентан цергах тай дихкира цо. Шозлаг1а тайн юьхьиг к1ентан когара к1арх а баьккхина йоцца цуьнан нанап1елгах йихкира.
- Баба, хьо х1ун деш ю? – к1ант охьатаь1на лаьттара, тай доцца тесина хиларна, шен церг лараеш.
Амма бабас т1ехьаша т1е а еъна ц1аьххьана гилдгаш дехира к1антана. Велавелла к1ант, шен церг а, шадерг а дицделла ирх кхоссавелира.
- Ай! – аьлла висира иза ц1аьххьана.
Х1окхуьнан коган нанапелгах тесначу тайна буьххьехь шурула к1айн х1окхуьнан церг яра.
- Со жима йолуш иштта йоккху-кх церг! – х1иллане елакъежира баба.
К1анта шен хьалхара церг охьайоьжначу метте п1елган буьхьиг 1оьттира – цигахь жима ор дара.
                2005 шо.


Рецензии