Сайд1али

                Хаджимурадов Вахит
                Сайд1али. (дийцар)
 - Ва, баба, ма даккхий б1ог1амаш деъна вайна, тарахтор йоьттина! Хьажахь, араялахь! – чуиккхира диъ-пхиъ шо хир долуш волу жима к1ант Сайд1али.
 Лохачу паднара т1ехь урчакх хьийзош къежбина, мархийн тачанаш санна к1айн, шена уллохь хьалабоьттина т1арг1а хьовзош 1аш яра Сайд1алин ненан нана Реб1ат. Куьзганашна кагъбеллачу цхьана т1омана метта бихкинчу бедаршна тосучу к1айн пханан юткъачу асано коьрта тиллинчу къорзачу йовлакхна гуо баьккхинера йоккхачу стеган. Иштта ч1ог1а пхаца шен коьрта т1ехь д1анисдина куьзганаш схьадохийла а дацара, цундела Реби1ат стоммачу куьзганийн аьнлешна чухула шен юьхьт1ера ойла ца хуьйцуш хьаьжира жимчу к1анте. Сайд1алин-м собар ца тоьура горгачу аьнглешна чухула даккхий гуш долчу Бабин синпарг1атчу б1аьргашка хьежа. Сиха когашна т1ера лоха «казахийн» олуш йолу калош оьхьакхиссина лаьтта диллинчу къорза-мокхачу истангана т1ехула хьаьдда Бабин уллохь гулбина т1арг1а мохаца ойбуш паднарна т1екхоссавелира к1ант. Керла дина делахь а ц1ерадаьхначу хенахь Казахийн къизачу шелонийн аренгахь санна таханенна аьлла дича санна дуьйцина дина лоха жима ц1а дара кхеран. Тхевна т1етоьхна 1аьржа кехат дара, шатухуш дог1а деъча а, лула-куларчу бераша т1улг кхоьссича а 1аьржа 1уьрг а дуьсуш т1ехь. Жимма паднарал лекха долчу жимчу корах аравог1авелла шен жима хьажориг п1елг хьежабора Сайд1алис некъехьа:
 - Баба, ва, баба! Хьажахьа мел дукха б1ог1амаш! Мел нийса а ду уьш! Вайшиъ йоккхачу хьуьнха дахача, цигахь-м дацара иштта нийса цхьа дитт а! Хьажахьа, ва, баба!
 - Вайна б1ог1амаш дан стаг а ма вац. Вайн шаверг а боьрша стаг Казахстанехь мацалло, шелоно, цамгарша д1а ма эцна. Жимаха волу Шамсудди мукъна а дийна висинехьара. Хьо цхьаъ ву-кх х1окху ц1ийна т1ехь къонахех висинарг, - шен ойланаш йора Реб1ата, ц1еххьана йолучул а къанъеллачу юьхьт1ера лозам д1акъахкон г1ерташ санна.
 - Дера ду-кх вайн кет1ахь охьадассош дукха б1ог1амаш, - шен ненан нана ца тешар новкъадаьллера к1антана, б1аьрхи хьаддал ч1ог1а.
 Йоь1ан к1ант холчах1оттар хааделлачу Реб1ата эххар а юьстаха йиллира шен карара урчакх, кхин цкъа ехха хьовза а йина.
 - Х1ун б1ог1амаш дуьйцу техьа хьо к1анта? – олуш готтачу коре дерзийра йоккхачу стага шен мерат1ехь дог1аделла дохку стаммий б1аьргаш долу куьзганаш. Амма Реб1атна-м ца гора голашна т1е а х1оьттина кора б1аьргашна т1е б1аьрг а биллина цхьана инзарен х1умане санна арахьоьжуш волчу жимчу к1антана гуш дерг. К1антаца цхьана готтачу коре-м тарлучохь а дацара баба, цундела:
 - Вало, арадолу вайшиъ, охьахиъна 1ийна когаш лацабелла сан а, - олуш голашна т1е куьйгаш г1ортош хьалаайъелира Реб1ат.
 К1ант-м гуттар а хазахета ша воллучохь буьхьиг санна ирх кхоссалуш, ловзаволуш хьалаиккхира. Сиха паднарна т1ера чуиккхина ц1е санна сиха т1екхийтира и шен кегийрачу берийн калошна. Дукха сихваларна шина калошна цхьана когаш чуг1ортийна когауьйзира цо.
 - Ялол хьо! Суна т1аьхьах1оттал хьо! Ас гойтур ду хьуна ас хьо 1еха ца йойла! Хьо-м сох теша йоллуш а ма яций! – бабина хьалха чура араитилира к1ант.
 1уьйре т1ехъиккхинчу хенан аьхкенан бовхачу малхо нийсса не1арна дуьхьала боьрзуш эсала хьаьстира жима к1ант а, цунна т1ехьа араяьлла баба а, цуьнан буткъочу марана т1ехь 1охку кьуьзганийн б1аьргашна чохь ловза а болуш. Жимчу к1анта-м кхин тергал а ца бира къежина г1адбахна малх. И сихонца д1ахьаьдира лохачу ц1енон уьйченна доьг1начу дуккха а кегийра куьзганб1аьргаш долчу шина корана хьалха ц1енна дохала кет1арчу ринжина т1екхаччалц боьхкинчу жаг1ийн готтачу г1ашлойн некъана асийна т1ехула. Юьйцина йинчу кертана юккъехь кевна х1оттийначу деххачу з1арийна уллохь тишачу аннийн юьхигех динчу ринжех ара а хьаьдда кет1ахь сецира Сайд1али, баба сихха шена т1аьхьа едда схьа ца ярна цецволуш вуха а воьрзуш.
 Бабас-м маьлхан сий дира, шен хебаршка яхна юьхь йовхачу з1аьнаршка кховдийна йох а йойтуш. Жимма соцунг1а хуьлуш иштта лаьттина йолаелира и шен хене хьаьжича дукха каден кет1ахь шен йоь1ан к1ант собар кхачийна шега хьоьжуш лаьттачу метте.
 Кет1ахь-м дан а дара нийсса х1окхеран кевна хьалххахь тарахтарна т1аьхьатесинчу ехачу аьчган салазан т1ера охьадассош стаммийн, дукха нийса а, деха б1ог1амий. Б1ог1амий-м чкъурах ц1андина, шардина, т1ехула т1е онда мазот а хьаькхина ч1ог1а хаза кечдина дара.
 - Хьажал хьо! Гой хьуна? Хьо ца тешар, ас вайна б1ог1амий деъна аьлча а! – везавийра к1ант, х1инца-м улло еъна охьадассочу б1ог1амашка хьоьжуш лаьттачу шен ненан нанна.
 - Ой, уьш-м вайна деъна даций. Ма хьекха мохь, нахана а хозийтуш, - к1ант кхетон г1оьртира баба, шен мерана т1ера куьзганаш схьаэцна шен къорзачу зезагех юьззина йолчу шуьйрачу кучан кисана а духкуш.
 - Т1аккха, вайна деъна дацахь, уьш вайн кет1ахь х1унда дассош ду цара охьа! – халахетарца хьаьрчинера жимчу к1ентан юьхьанца хилла хазахетар.
 - Уьш пачхьалкхан б1ог1амий ду. Цхьана х1умана дассош ду уьш кхузахь. Цхьаъ ян доллу кхузахь 1едал, - кхетон г1ертара баба жима к1ант.
Амма Сайд1али-м х1инца гуттар а карзахваьллера. Карзаха муха ца волу, гуш лаьтташехь, х1окхунна шайна деъна моттаделла б1ог1амаш х1окхунна мила-х1ун ду а ца хууш долчу цхьана 1едало шена дассош хилча кхеран кет1ахь. К1анта-м тоххарехь шен ойланашкахь ша оцу б1ог1амех ден долу г1уллакхаш а лоьруш дара. Шегара шен б1ог1амий оцу 1едало д1адаьхча санна новкъадаьллера жимчу к1антана х1инца. «Эх1, и тарахтор санна воккха а, ницкъа болуш а велар-кха со! Ас гойтур дара хьуна т1аккха-м оцу 1едал бохучунна, сан кет1ара б1ог1амий хьедан мегар доций!» - ойла хьаьвзира к1ентан жимчу коьрте.
 - Де дика хуьлда хьан, Реб1ат! Ас, хьо гергарло долуш хиларна, х1окху шун к1ет1ахь дассадойту х1ара б1ог1амаш, - бабиний, к1антаний улло г1оьртира белхалойн духар дуьйхина шуьйрачу дег1ехь волу х1инцца жималла д1аиккхина волу цхьа стаг.
 - Ой, Ахьмад, хьо ву и? Диканца дукхавехийла хьо а. Х1умма а дацара и-м. Бехкен х1ума дац. 1едалан некъ ма бу х1ара. Ткъа хьо 1едалан стаг ву. Б1ог1амаш охьадассийна ваьлча чувола, хьайн накъостий а балош. Ас х1инцца кхехкон чай т1ех1оттор ду, кхалла х1ума а кечйийр ю, - г1иллакхе елира Реб1ат.
 - Х1ан-х1а, Реб1ат, тхан болх х1инцце бен бола а ца белла. Чудаьхкина 1ийр дац тхо. Г1оза юург-мерг хуьлда. Тхо сихо дохкуш ду, ахьа пурба лахь, сайн накъосташна г1одан г1ур ву со, - дийхира Ахьмада.
 - Г1о хьо, амма шаьш мукъадевлича чу ца дог1уш д1а ма г1о-кх, - хьеший атта к1елхьарбовлийтур боций д1ахаийтира Реб1атас.
 - Мегар ду йиш хилахь чудог1ур тхо, - олуш д1аволавелира Ахьмад, амма соцуш вухавоьрзуш кхаъ боккхуш санна сирла велакъежира. Кестта радиога ладог1ан йиш хир ю шун. Б1ог1амаш лаьттах а доьг1на царнна т1ехула серий тосура долуш ду оха, радио схьаялон.
Ахьмад д1аволавелла ца ваьллера, Сайд1алис Бабин кучаюх ийзош. Шена т1е тидам баг1ийта г1ерташ.
 - Ба, баба, ва, баба! Ба! – сихвеллера и.
 - Х1ун боху ахь? Ой, иштта собар доцуш хилан мегар ма дац, к1ант. Наха г1иллакх доцуш ву эр ма ду хьуна.
 - Мегар ду, кхин хир вац со сиха! Ба, баба, радиву х1ун ю? И х1ун ю? Хьуна хаьий радиву х1ун ю? – х1инцца делла дош дицдеш сихвелира жима к1ант.
 - Радиу? Радиу ю-кх, - жоп делира Реб1атас.
 - Муха радиу? И бохург х1ун ду? – ца кхеташ Бабина т1евог1авелира к1ант.
 - Радиу иштта жима яьшка ю-кх, чохь адамаша хабарш а дуьйцуш, эшарш а локхуш.
 - Баба и ахьа х1инца дуьйцург туьйра дуй? – ца кхийтира к1ант.
 - Дац дера иза-м туьйра, х1унда ду и туьйра? Туьйранаш ас хьуна буьйсана д1авуьжуш бен ма ца дуьйцу.
 - Яьшкано хабар муха дуьйцур ду туьйранахь санна? – ойла йора к1анта.
 - Вайн эвлаюккъехь боккха кад санна радиу ю, буьйса юккъе яххалца цу чухула хабарш дуьйцу, эшарш а лоькху. Кестта вайн юртахь массеран а чохь хир ю шайн радиуш, - бегаш бечух тера дацара бабас.
Амма химчу к1антана цкъа а гина яцара радиу. Цунна-м бабас ша 1ехаво моьттура. Бабас-м кест-кестта бегашена хьовзавора жима Сайд1али, цхьацца забарш еш.
 - Ба, ахьа со 1ехаво яьшкано, кедо хабарш муха дуьйцур ду? Ахьа-м цара эшарш а лоькху боху. Хаза-м хир ю яьшкий, кадий эшарш а лоькхуш хелха довлуш вовшенца, - г1адвахна воьлура к1ант.
 - Хелха-м ца йовла а мега уьш. Амма х1ума хуъчу наха аьлла-м ду т1аьхьарчу хенахь яьшкана чохь суьрташ гойтуш хир ду, аьлла. Дера ду х1ара 1едал ч1ог1а говза а, ницкъ болуш а, - к1ентан самукъадаларх елакъежаш элира Реб1ата.
 - Баба, баба, мила ву и «1едал». И ахьа туьйранахь вийцина дожал-м вац и? – хаьттира к1анта ц1аьххьана шегара оцу 1едало д1адаьхна б1ог1амаш дагадаьхкина ойлане а хуьлуш.
 - Дера ю и ч1ог1а х1ума «1едал», «Советан 1едал»! Амма оцу 1едална х1инцалца коьртехь хилларг-м 1аьржа дожал хилла а ца 1ара. Делан мостаг1, саьрмак хиллера и.
 - И х1ун саьрмак бу, баба? – буьйсана шена бабас инзарен туьйра дуьйцуш санна хебира жима к1ант.
 - Дера ву и дожал вайниг санна кегийра къаьмнаш х1аллакдина, къизаллехь латтийна и шен чуьра са д1адаллалц. Хьан ненада а воккха хилла итт-шийтта шо хир долуш хьан шиъ ненаваша а д1акхаьллира цо, - б1аьргех къорзачу йовлакхан т1ам хьаькхира йоккхачу стага.
К1антана дуьххьара хезаш дацара бабас шаьш ц1ера арадаьхначу хенахь дерриг а къамо лайна 1азап, къизалла. Амма х1инцца бен ца аьллера бабас оцу 1азапна куьг бехкенарг «Советан 1едал» а цунна коьртехь лаьттина дожал а вуй. Бабех къахетта цуьнан куьгаюххе таь1ина ша хьалакхоччу меттиг маракъевлира к1анта:
 - Баба, и тарахтар санна со воккха хилчхьана, аса кхин бойтура бац оцу дожале нахана кхин цкъа а ницкъа. Ас бийр бу хьуна оцу дожалан болх-м! – шен жима буй гайтира жимчу к1анта буьрсачу тарахтарна а, оцу мог1абинна 1охкучу б1ог1амашна а.
Х1инца к1ентан мостаг1алла дара оцу тарахторца а, оцу б1ог1амашца а. Уьш-м оцу къизачу «Советан 1едало» хьовсийна хилла кхуза.
 - Х1умма а дац, сан к1ант, х1инца оцу 1едална коьртахь лаьтташ берш вайн къоман т1ехь 1азап латтош бац. Оцу 1едало-м вайна радиу а ю д1атосуш. Кестта и 1охку б1ог1амаш мог1абинна д1ах1уьттур ду ураман бохалла. Царнна т1етосур ду аьчган серий, царнна чухула радиуна чу къамелаш, эшарш схьакхочура ю. Дала мукълахь кхин 1азап кхочур дац вайн къоме а, кхин долчу къаьмнашка а.
 - Баба, вайна чуялор юй и радиу? Ма ч1ог1а лаьар-кх сунна цуьнга хьажа, - бабина уллора сехьа а ваьлла, ураме лаха а, хьала а хьаьжира к1ант и б1ог1амаш урамехь лаьтташ муха хир ду хьожуш сана.
 - Вайна-м тешна а чутосург хир ю и радиу, и х1инцца т1евеъна хилла Ахьмад вайн нуц ма ву. Сан йишийн йо1 Байсари ю цуьнгахь марехь, - кхетийра бабас к1ант.
 - Сихха бовлахьара уьш б1ог1амаш д1ах1иттийна, - сатосуш ойлане велира к1ант.
 - Суна-м вайна кестта ток а чуялор ю бохуш хезна. Токачиркхаш чутасахь ма серла а ер ю вайн юрт, - элира ойлане Реб1ата.
 - Баба, и х1ун ю? Ток? – цецвелира Сайд1али, шена цкъа а ца хезна дош олуш.
 - Ток а ю-кх б1ог1амашна т1ехула серашца схьайог1уш. И серий ц1енона чутосу. Ткъа оцу серашна т1е токачиркх тосу. Ма сирла а хуьлу и! Сунна Кустанайхь, ц1ера арадаьхна вай 1ийначу меттехь гина иштта токачиркхаш догуш, - х1инца-м баба а яра к1антал а ч1ог1а ойланашка яхана, юьхь серлаяьлла.
 - Баба, и «1едал» бохуш верг ву и вайна ток а, радиу а д1атосург? – хаьттира к1анта.
 - Х1аъ, «1едал ву». Х1инца и 1едал керахь дерг дика стаг хилан везаш ву, цо вайна диканиг деш делахь, - кхетавора к1ант бабас.
 Цул т1аьхьа масех де а делира, Сайд1алис шайн кет1а дехкина б1ог1амаш ларош. Лулахойн бераш а царнна улло дахача ца мегара и. Амма кхоалг1а, деалг1ачу дийнахь луларчу берашца цхьаьна оцу б1ог1амашна т1ехула д1асауьдуш ловзан велира Сайд1али а. И б1ог1амаш «1едална» дицделла моьттура берашна, уьш-м шайна т1ехь ловза деъна долуш санна хетара царнна. Амма цхьа к1ира хан яьлча урамна лахааг1ора б1ог1амаш д1адуг1уш хьалабог1уш белхалой хаабелира берашна. Тай тоьхча санна нийса д1ах1иттадора цара б1ог1амаш. Х1инца-м Сайд1алиг1еран кет1ара б1ог1амаш а д1асахьош д1ах1иттийра белхалоша. Оцу белхалойх х1ун олу а 1емира берашна. «монтоьраш» олуш хиллера царах-м.
Кестта ураман лакхааг1ора къевлабелира д1ах1иттийначу б1ог1амийн нийса мог1а. Сайд1алис-м шен садуура кхин д1а ураман лакхахь х1ун деш бу «монтоьраш» ца хууш. Тарахторна т1аьхьатесничу стаммийн аьчган бирг1анех йинчу салазна т1ехь дечиг санна т1еботтабелла «монтоьраш» некъана хьалааг1ора боьлхура шайн б1ог1амаш д1адуг1учу метте. Дикка лакхахь некъо голатухучохь къевлайолура салаз, «монтоьраш» а хуьлура тарахторан г1овг1нал а ч1ог1а алан г1ерташ мохь туххуш къамелаш деш, самукъне боьлуш, салаз а, тарахтор а къевлаяьлча а схьахезаш. Сайд1али салазна улло а эккхий т1аьхьауьдура некъо голатуххучу кхаччалца. Амма жима к1ант кхин гена вала ца ваьхьара шайн ц1енна. Бабас дов дан а тарлора, нагахь цунна д1атусалахь. Цундела г1ийла генадолучу т1улгашна т1ехула текхаш салазн г1оша дечу, ц1ийзарна т1аьхьавада сак1амделла ла а дуг1уш вухавирзира жима Сайд1али.
 - Х1ей, Сайд1али, радиву юьллуш йолу салаз стенга яхара? – мохь туьйхира лулара берашна хьалхаваьлла ведда вог1учу Ибрах1имас.
 - Гирий хьуна? – хаьттира, шел даккхийнчу берашна т1аьхьакхиа г1ерташ едда еъна х1инца хьехаш садоь1уш лаьттачу Ибрах1иман жимчу йишас 1айшата а.
 - Гира суна-м, - шена хууш дерг берашна ца хаарна мела а шех дозал деш жоп делира Сайд1алис, шен болар ца сацош.
 - Сайд1али, стенга яхара салаз? Ахьа схьаалахь, аса 1аж лур бу хьуна, - шен четарчу богнаш хилла коч совсийна дохкучу 1ешашна т1е куьг туьйхира Ибрах1имас.
 - Масс 1аж ло ахьа? – х1иллане велира Сайд1али.
 - Цхьаъ…
 - Шиъ, - шена луург хаийтира х1илланчо.
 - Мегар ду. Алий валахь сиха. И салаз генаялахь, вай цунна т1аьхьа кхуьур дац, - элира Ибрах1имас.
 - Муха т1аьхьа… Шу цунна т1аьхьа даха г1ерташ ду ткъа?  Со а воуьйтур вуй аша шайца? – дийхира Сайд1алис.
 - Дика-м хаьа хьуна! Хьуна шиъ 1аж а белча, т1ехула т1е хьо тхайца а ваийтича! – реза вацара Ибрах1им.
 - Дика ду, делахь, хьайн 1ежаш хьайна дита, со шайца аша ваийтачхьана, - шен лаам бовзийтира Сайд1алис.
 - Валахь дийций, стенга яхара и салаз?
 - Ой, и стенга яхана-м соьга ца хаьттича а гуш ма ду. И салазан лара ца го шуна? Дуьло суна т1аьхьах1итта! – олуш д1атасавелира Сайд1али.
Бераш маьхьарий олуш т1аьхьахьаьвдира. Х1инца-м дицделлера к1антана шена бабас ден долу дов а. Салаз стенга яхана хаар дара х1инца коьртаниг. Х1инца-м хуур дара оцу «монтоьраша» некъан бохалла кхин д1а а б1ог1амаш муха х1иттийна. Уггар коьртаниг, х1инца кхунна хуур дара, кхин дукха бисаний б1ог1амаш д1абог1ан. Хууш ма дарий, б1ог1амаш д1адоьг1на девлича, радиу эшарш лекхан а, халхаялан а йолалург хилар. Бераш ловзадевлла хахкаделла доьлхура, кестта генахь гучуелира тарахторна т1аьхьатесина ц1ога хьийзош йоьду салаз а. Сайд1алел мелла а воккха волу Ибрах1им х1инца хьалхаваьлла воьдура, шена х1инца новкъадаьлла четара 1ежаш шен ма доггу шина а куьйга сеца а деш. Амма дукха сиха воьдуш эххар а охьахьаьдира цуьнан четара 1ежаш. Берашна цхьана ханна дицделира шаьш стенга хахкаделла доьлху, уьш т1едеттаделира охьаэгначу 1ежашна. Сайд1алина а кхечира масех 1аж. 1ежаш-м х1инца а хилла довлаза дара, амма берашна ч1ог1а чомехь хетара уьш, сим санна муьста делахь а. Х1инца-м бераш х1оранна карахь шиъ-кхоъ 1аж а болуш д1адевдира салазна т1аьхьа. Мох санна девдда доьлху бераш кестта т1аьхьакхиира салазна, т1аьхьакхиъна а ца 1аш, уьш-м цунна хьалха а лилхира. Тарахторан онда г1овг1анал а ч1ог1а декара берийн зевне аьзнаш. Бераш-м х1инца тарахторна довдий хьалха лелхаш, т1аккха духадоьрзий цунна гуо тосуш хьийзара, шаьш цхьа боккха болх беш санна. Салазна т1ера «монтоьраш» а бара цхьана ханна шайн хабарш дицделла берех самукъадаьлла, куьйгаш а лестош цаьрга цхьаъ-м дуьйцуш бегаш беш. И йоккха г1овг1а а хьош д1акхечира уьш ураман чаккхенга а. Т1аьххьара б1ог1амаш хиллера «монтоьраша» тахана д1адуг1ун дерш. Цхьа иттех б1ог1ам бен ца бисинера церан д1абог1ан.
 - Бераш, шайн да-наношка д1аалалаш: тахна тхо б1ог1амаш д1адоьг1на девлла, кхана серий д1атасан дуьйлалур ду. Кестта шу массеран а чохь радио хир ю екаш, хабарш дуьйцуш, эшарш лоькхуш! – хаам бира Ахьмада берашка, тарахтор дисина б1ог1амаш схьадан дехьаяьлла г1овг1а лахъелча.
 - Ваша, радиуна хелхаяла хаьий? – ц1аьххьана дагахь доцу хаттар дира Сайд1алис.
 - Радиуна-м хелхаяла хаахь тамаша бу… Хабарш-м дуьйцур ду цо аша «тоийта» аллалц. Делахь а кестта вайна юкъаер йолуш ю тилвизорш! Цу чохь-м го боху адмаш хелхадовлуш а. Хелха девлла а ца 1аш, дерриг а дуьне а гойтур ду цу чохь-м. Европехь, 1амарк-континентехь, Африкехь массо а маь11ехь дерг хаан а, ган а йиш хир ю вайн кестта, - шен к1орггера хаарш гайтира Ахьмадас.
 - Ткъа маца йог1ур юй вайга и тилизар? – хаьттира Ибрах1има.
 - Ца хаьа… Кестта, кестта! Шу даккхий хилале кхочур ю и тилвизор а вай долчу! Ткъа х1инца, бераш, шу когашна бухахь а ца лелаш, шайн-шайн ц1а г1о. Х1ара к1ира чекхдалале шун чохь радио екан йолалур ю шуна! – элира Ахьмадас.
Дог ца дог1уш, духахьоьжуш ц1ехьадуьйладелира бераш. Д1адоьлхуш боца хетта болу некъ, х1инца духадог1учу берашна ч1ог1а бахбеллера. Шаьш 1аш долчу юккъе схьакхачан кхин цхьа юкъ йиснера царнна, ц1аьххьана цхьана аг1онцарчу некъара дуккха а берийн орданга схьахьодуш. Бераш мелла а даккхий дара, уггар воккха волчу Ибрах1имал а, кхин берш ца бийцича а. Уьш-м дукха а бара масийттаза.
 - Х1а-а-а! Х1инца керадаьхкарий шу! Х1инца оха бийр бу шун болх! – олуш чухахкаделира хийра бераш.
Даима а санна, Ибрах1им хьалха а волуш д1атасаделира, салазна т1аьхьадахна дог1у масех бер. Хьоькхуш маьхьарий а долуш т1аьхьакхиъина дог1ура хийра бераш а. Эххар а уггар а жимаха йолу йо1 1айшат церан кераяхара.
 - Эх1! Оха нускал лаьцна! Оха тхайна д1адуьгур ду нускал! – маьхьарий хьекхан девлира хийра бераш, 1айшатна гуонаш а туьйсуш.
Х1инца-м сецира Ибрах1им а, цуьнца долу бераш а. Буйна некъана дехьа-сехьа 1охкуш долу т1улгаш а эцна, оьг1азен маьхьарий а аьлла чухахкаделира уьш «мостаг1ашна». Улло кхочушехь массара а цхьатерра т1улгаш туьйхира, кхин а, кхин а!
 - Д1ахеца, сан йиша! – ц1ог1а хьоькхура Ибрах1има 1адийча санна.
«Мостаг1ий» цец а бевлла цкъа севцира. «Х1ара 1овдалаш бегашах х1унда ца кхета?!» - хаттар дара церан къаьрзинчу б1аьргашна чохь. Амма цхьанна т1улг кхетта, цо велхаран мохь аьлча, шаверг а цхьамма омра дича санна д1абевдира, шаьш лаьцна «нускал» а дитина. Улло а вахна, шен йоьлхуш лаьттачу йишин куьг буйна а лаьцна ц1ехьаволавелира Ибрах1им. 1айшата-м юха а йирзина шен мотт а баьккхина «мостаг1ашна» гайтира. Дуьхьал вог1у Сайд1али цец а ваьлла Ибрах1име хьожуш вара. К1ентан б1аьргах хин т1адам буьйжира, цо и сихха къайлаха куьгхьаькхна д1а а баьккхира.
 Ахьмада ма аллара, б1ог1амашна т1ехула гезган мазош санна серий тесина, массеран а чу балийра шишша сара. Серий чудалорах тоьий, радиуш-м туькнара наха шайн эцан езаш хиллера. Ткъа уьш мел еза хиллера – 15 сом!
«Оццул дукха ахча а делла радиу оьцийла дац!» - олуш д1ахадийра бабас, Сайд1алин ч1ог1а дог а дохош.
Сайд1алина-м цкъа а гина а яцара и радиу, цуьнга ладог1ар-м дийца оьшуш а дацара. Амма кестта к1антана шен б1аьргашна гира радиу х1ун ю. Х1ан-х1а, бабас радиу-м ца ийцира туькнара, и эца-м цуьнгахь боккъал а ахча доцучух тера дара. Сайд1алин бабин кхин цхьа а баба яра, бабин нана яра иза. Цуьнан-м б1е шовзткъа шо ду олура бабас, Дату ц1е а яра цуьнан. Шен б1е шо делахь а, даима а кертахь цхьацца г1уллакхаш деш лелаш хуьлура и даима а. Амма ц1аьххьана и цомгуш хилира цхьа а бахьана а доцуш. К1анта йоккха баба олура цунах. Ткъа йоккха баба оцу хенахь баба йолучу схьа а ялийна метта охьайижийнера. Радиу т1е таса ц1ачу ялийна жима юккъехь ши 1уьрг а долуш горга 1аьржа х1ума яра пенах д1атоьхна, йоккха баба 1уьллучу паднарна т1ехула. Амма х1окхеран радиу яцара. Кестта Ахьмад веира йоккхачу бабин могашалла муха ю хьажа. Цо шеца еира цхьа тамашийна лергашна т1ехула т1е юхкуш цхьа х1уманаш. Йоккхачу бабин коьртах а юхкуш лергашна т1е йоьхкира Ахьмадас и х1уманаш, буьххьехь ши га долу м1ара санна х1ума йолу сара пенах йоллучу 1аьржачу х1умана чу а йоьллира цо. «Уьш х1ун ю, баба?» - хоьттура к1анта бабига. Амма баба ша а яра уьш шен коьртах йохкан сак1амделла, со тергал ца веш. Эххар а, со 1ен ца воллийла хиича, бабас к1анте меллаша цхьанна хазарна кхоьруш санна элира: «Радиу! Радиу ю и!» Сайд1али х1инца инзаре ваьлла, цецваьлла хьожуш вара радиуга. Бабас-м оцу радиус хабарш дуьйцу ма олура, эшарш а лоькху, амма х1ара радиу-м яцара хабарш дуьйцуш хезаш. Йоккха баба-м яра цхьана х1умане ладуг1уш, шена цхьамма бозбуанча дича санна, б1аьрга нег1арш а ца тухуш. Дикка 1ийра йоккха баба меттах д1а а ца йолуш, шен цамгар а, дерриг дуьне а дицделла. Т1аккха цо леррина лоцуш схьаехира шен лергашна т1ера радиунаш, уьш кховдийра цо бабига. Бабас шега схьа ма яллара, леррина шен коьртах а юхкуш, радиуш шен лергашна т1ехула т1ейоьхкира, лергаш къевла а дохуш. Х1инца баба а яра цхьана б1аьргашна ца гуш волчу бозбуанчан карахь. Б1аьргаш ца тухуш дикка 1ийра иза а ладуг1уш. Эххар а йоь1ак1антах б1аьрг кхийтира бабин. Цо даима а санна эсала елакъежаш шен коьртахара яьхна сан лергашна т1ехула т1ейоьхкира радиунаш. Сайд1алина дагахь а доцуш ц1аьххьана хезира адамаша дуьйцуш долу хабарш а, жимма хан яьлча лакхан болабира пондар а, лекха юьйлира эшарш а. Мел тамашийна х1ума дара и, оццул кегийрачу радиушна чухула оццул йоккха г1овг1а яра хезаш, екаш эшарш. Йоккхачу бабина к1ордадаллалц цуьнан лергашна т1ейоьхкина яьхкира радиунаш. Кест-кестта шен йоь1йоь1ан к1анте а ладуг1ийтара йоккхачу бабас. И хан т1екхачаре сатуьйсуш 1ара к1ант йоккхачу бабина улло а хиина, берашца ара ловза а ца воьдуш. Денош д1аоьхура, к1ант йоккхачу бабина уллохь вара даима а, вуьжуш а цуьнан когашкахь охьавуьжура и. Цхьана буса йоккхачу бабин когашкахь вижина 1уьллуш волу к1ант самаваьккхира бабас. Шен куьйгашна т1е хьала а айбина и кхечу чу вехьара, маьнги т1е охьавиллира. «Йоккха баба кхелхина вайн, хьо кхузахь д1авижа», - элира бабас к1ентан лерга. Сайд1али-м дикка самаваланза волуш бабас дуьйцург кхин тидаме эцан эс долуш а вацара. 1уьйрана к1ант самаваьлча, церан чохь а, арахь дукха адамаш дара, суркуйнаш а долуш баккхийн нах а бара, кортлиш а техкина белхарш деш цхьана чохь гулбелла кегийра а, баккхийн а зударий а бара. Ши-кхо де д1аделира кертара нах д1аса ца бухуш, амма ц1аьххьана уьш цхьа барт бича санна шайн-шайн ц1а д1асабахара. Сайд1али-м радиух х1ун хилла ца хууш ч1ог1а дог доьхна вара. Амма паднарна т1ехь шена и гича, х1ара дерриг а дуьне шен ду тарделла висинера и. Х1инца шена ма луъу цуьнга ладог1а йиш йолуш вара и. К1анте х1ума олуш стагга а вацара. Делахь а дукха гена ца делира к1ентан самукъадалар, Ахьмадас ши-кхо де даьлча веъна д1аехьира шен радиу. Шена балхат1ехь ч1ог1а оьшуш ю и бохура цо, бехказа волуш. Кхин а масех де даьлча, Сайд1али арахь берашца ловзуш воллуш геннахь ц1айог1уш шен нана гира цунна. Цуьнан карахь цхьана кехатан яьшки чохь цхьа х1ума а яра. К1ант берашца ловзар а дитина, шен нанна дуьхьала хьаьдира. Мара а иккхина, ненан куьг а лоцуш улло ваьлла схьаволавелира и. Амма цуьнан са ненан вукху куьйган т1емак1елахь йоллучу кехатан яьшкина т1ехь дара.
 - Нана, и х1ун ю? - хаьттира цо кхин собар а ца тоьъна.
 - Дера ю х1ара аса хьуний, бабиний туькнара эцна йохьуш радиу, - елалуш элира нанас.
 - Муха… радиу! Суна гайтахь, нана! – цецваларца дийхира к1анта.
 - Жимма собар де, х1инцца чукхочур ду вай, т1аккха хьайна ма луъу хьоьжур ву хьо, хьайна лаахь дийнахь сарралца а, - шен хазахетар къайла ца дахьалуш элира нанас.
Чохь кехатан яьшка нанас схьаяьстича оцу чохь 1уьллуш хаза дечиган гуо а болуш йоккха радиу яра. Сайд1алина гинчу лергашна т1еюхкуш йолчу радиушах тера а яцара и. Нанас сихха пенах йоллучу 1аьржачу х1умана чу йоьллира радиуна т1ера схьайог1у т1ийриг. Радиуна хьалха йоллу цхьа горга х1ума а хьовзийра. Чоь ерриг а серлайоккхуш санна хийтира к1антана, уьш массо а 1адон йоллуш санна ч1ог1а къамелаш дан елира радиу. Чохь вовшен дуьйцуш долу хабарш а ца къастадойтуш ч1ог1а хабарш дуьйцура радиус. Кестта хелхаран эшар а йолаелира цхьа безамехьа хаза. Баба 1ен а ца елла хелхаран гуо тасан юьйлира. Мел самукъне дара кхаьргахь х1инца.
 Чуьра шаверг а араваьлча, к1ант-м вара ч1ог1а шен садууш. Оццул жимчу радиуна чохь оццул дукха адамаш муха тарло, ца кхетара и. Шолг1ачу дийнахь массо а чуьра араваьллачу хенахь к1анта ч1аг1о йира радиуна чохь 1аш долу адамаш гучудаха. Уьш мел кегийра хилан дезара! Радиуна т1ехьа тоьхначу т1ехь 1уьргаш долчу унна чу хьийжира и шен ма хуьллу. Т1аккха 1ен а ца велла доккха урс буйна ийцира цо. Унна т1ехь даьхна 1уьргаш шордира, амма адамаш карош дацара радиуна чохь. Радиуна хьалха тоьхна горга к1адина а урсаца 1уьрг даьккхира к1анта, амма цу чохь а дийна дег1 а дацара. И ч1ог1а цецваьлла екаш йолчу радиуна хьалха а хиъна 1аш вара, нана чоьхьайолуш.
 - Ой, и х1ун ду ахьа динарг! – ч1ог1а оьг1аза яхара к1антана нана.
 - Нана, оцу чуьра адамаш сох д1алевчкъина-кх, - шен бала балхийра к1анта нене.
 - Э-э, хьо вала велла, цу чохь-м адамаш даций! Адамаш кхузара генахь ду, Соьлжа-г1алахь! Ткъа цара дуьйцург токан серашна чухула вайна схьахеза! Аса оццул хала эцна йолу радиу йоха ма йина ахьа, хьо х1ун дан г1ерта! – дов дора к1антана нанас, амма важа-м вацара кхетан дагахь а.
  И яра юьхьиг. Цул т1ехьа кестта токан стогарш а далийра чу. Кхин а массех шо даьлча дуьххьара телевизорш а гучуевлира нохчийн ярташкахь. Амма дуьххьара радиу шена гича санна самукъадаьлла ца хиллера Сайд1али цул хьалха а, цул т1ехьа а.


Рецензии