Декъаза диалог - 4

     Декъаза диалог - 4

     - Ма дихка, йо1, эрна ахча х1ун ю а ца хуучу х1уманех, - хьехара дина марнанас несана.
     - Ой, - цецъяьлла нус, - сан-м цу туьканашкахь болчаьрца а ма ю яхь. Со муха йог1ур ю туькана а яхана, бепиган булка а, шекаран кила а эцна, кхи х1умма а ца оьцуш?
     Ша кхид1а дийцича а эрна дуй а хиъна, марнана 1адда 1ийна.

     Цхьана хенахь шозлаг1а к1ант а зуда яло тохавелла.
     - Муьлха ялайо вай хьан к1антана? – забарна санна хаьттина нене.
     - Муьлхха а ялае, шайна лаахь Африкера негр а, туьканахь болчаьрца яхь лелош иза ца хилчахьанна, - бохура боху нанас.

    ***

    С-Х. Нунуев
    с. Махкеты


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →