Багаев Ризван, ученик гимназии 7, юный поэт
Даймехкан дог ,аьлла,
Шена ц1е а тиллина,
Хан –зама д1аяьлла,
Г1алахь маьждиг диллина.
Исбаьхьа и Делан х1усам,
Серлайолий лепа буса,
Воккхаве, со нохчо волуш,
Дехийла вай, иман долуш.
2012 шо
www.stihi.ru/2013/07/22/7391
Нана
Массарел хьомениг,
Массарел диканиг,
Массарел хазаниг-
Х1оранан нана ю!
Аганахь техкийнарг,
Халонаш лаьхкинарг,
Безамца кхиийнарг-
Догдика нана ю!
*** *** ***
23 февраль
23-г1а февраль,и ирча де!
Шийлачу 1уьйранна,
Набарха а дохуш,
Адамаш , баж санна ,
Ц1ера ара дохуш,
Доьлхура жил1алам
Лайн чимийн дог1анца.
Йоьлхура Дег1аста,
Дала доцуш орца.
23-г1а февраль.И къиза де…
Дицдала ца туьгу и ирча де.
*** *** ***
Гуьйре
Дашо месаш йолу гуьйре
Кхочу хазъеш массо 1уьйре,
Дукха стоьмаш бахьаш вайна,
Еъна иза ,аьхке тайна.
Марша я хьо,гуьйре,-олий,
1аламах самукъадолий,
Мела хьоькху шийла мох,
Малх а ца ло х1инца бох.
2012
Свидетельство о публикации №213112101765
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 11.05.2017 10:00 Заявить о нарушении
Литературный Клуб Даймохк 27.01.2018 23:57 Заявить о нарушении