Юсупова Петимат, ученица СОШ 106
*** *** ***
Кху дуьненахь уггаре а
Мерза дош ду Нана!
Лууш ю со гутаренна ,
Цуьнан сийдан 1ама.
Къинхетаме дог ца кхоош,
Кхиабо цуо доьзал,
Сатийсамаш кхочуш хуьлуш,
Ехийла и г1оза.
*** *** ***
Стигал сирла ц1ена ю,
Малхо з1аьнарш етта.
Со сурт дилла 1емаш ю,
1аламах б1аьрг бетташ.
Аре сийна,шера ю,
Баьццара бос эцна.
1аламах сурт тера дан,
Ас басарш а эцна.
2013 шо
Свидетельство о публикации №213112101792
Мотт кхио лаахь,дуккха а нохчийн маттахь язйина литература еша.
Бицбан мегар бац нохчийн литературни меттан бухбиллархой:Са1ид Бадуев,Мохьмад Мамакаев,Мохьмад Дикаев,Мохьмад-Салахь Гадаев...кхин дуккха а цхьамог1а нохчийн классикаш.
Дала аьтто бойла кхоллараллин новкъахь.
Байташ схьаэцна "Стела1ад"-журналера.
Лерамца хьехархо,берийн яздархо
Петимат Абубакарова 30.11.2013 19:53 Заявить о нарушении