Керла шо 2012 - 2023 шо

 
         Керлачу 2012 шеран сценари.             Хаджимурадов Вахит

(2012 шо – китайхойн зодиакаца хин саьрмикан шо лоруш) (Вукху шерашкахь т1етоха оцу шенан акхаро. 2023 шо (кроликан )пхьагалан шо лоруш ду)

Дакъалоцурш:

Тайнигаш. (тайнигаш ловзор гойту):
Хин-саьрмик (1аьржа) (2023 шарахь – 1аьржа пхьагал)
Хин-саьрмик (сийна)   (2023 шарахь – к1айн пхьагал)

Бераш. (актераша-бераша ролаш ловзор)
1аьржа саьрмик
Сийна саьрмик 

Ешап
Жер-баба 
Борз
Цхьогал 
Пхьагал
Жухаргаш:
1-ра жухарг
2-г1а жухарг
3-г1а жухарг
Бераш:
1-ра бер
2-г1а бер

                1 – ра сурт.

(Базалгана хьалха тайнигийн театран кирхьа.)

1аьржа саьрмик. (Кирхьана т1ехьара схьа) Э-х1ей! Х1ей, нах! Хезий шуна? (Кирхьана т1ехула гучуболу корта) Эх1! Шу лоьхуш лела со и боккха х1орд толлуш, ткъа шу шадерш а кхузахь хилла! Аша х1ун до? Ма ч1ог1а соьга хьовсуш ду шу! Саьрмик ца гина шуна цкъа а?
Сийна сармик. (Кирхьана т1ехьара схьагучуболуш) Ой, цецбевлача а бехк буй оцу нехан!  Хьо цкъа а куьзгана чу хьожу моьттуш а бац со.
1аьржа саьрмик. Ой, и бохург х1ун ду? Хазала вала воллуш к1ант ву-кх со, куьзгана чу хьаьжича а, ца хьаьжича а!
Сийна саьрмик. К1ант-м вара хьо…
1аьржа саьрмик. Т1аккха?
Сийна саьрмик. К1ант-м вара хьо, саьрмикан корта бацахьара.
1аьржа саьрмик. И бохург х1ун ду? Хилча х1ун ду со саьрмикан корта а болуш? Х1ара т1едог1уш долу шо ма ду со санна волчу жимачу, хазачу, 1аьржачу хин-саьрмикан шо! Бераш! Дала декъалдойла шу, т1едог1учу Керлачу шарахь! Ирсе, машаре, хаза хила шун Керла шо! 1аьржачу хин-саьрмикан шарца!
Сийна саьрмик. Керла шо-м со санна йолчу сийначу, хазачу, хин-саьрмикан шо а ду! Дала декъалдойла шу, бераш, Керлачу шарахь! Сийначу хин-саьрмикан шарца!
1аьржа саьрмик. Йало, сан сийна доттаг1, хелхаран ког шаршабе вайшимма, х1ара ловзар схьадоьллуш!
Сийна саьрмик. Со-м дьухьала йац! Вало делахь!
(Ши тайниг хелха а долуш къайладолу)

                2-г1а сурт.
(Базалгана т1ехьара схьагучудолу ши бер, сийначу а, 1аьржачу а саьрмикийн духарш а т1ехь, нохчийн хелхаран гуо боккху цара)

1аьржа саьрмик. Дала декъалдойла шу бераш! Керлачу шарца!
Сийна саьрмик.  Декъалхуьлда Керла шо! Керла Хин-саьрмикан шо!

(Цу шиннан халхар чекхдолуш, х1инцалера эшар йолало, массо а бераш хелхадовлу базалгана гонаха)

                3-г1а сурт.

Деза Де д1ахьош ерг. Бераш! Дала декъалдойла шу керлачу шарца! Оха тахана шуна кечдина Керла шо даздаран ловзар! Хелхаршца! Эшаршца! Байташца! Т1еоьцура ду вай Керла шо! Керла 2012 шо! Ирсе хуьлда шун массера а и Керла шо! Да-нана шух даккхий деш, аша дай-нанойн шайн дешарца, кхиамашца самукъадоккхуш, диканца дехийла шу Керлачу шарахь! Ткъа х1инца туьйра! (базалгана т1ехьа йолу)

                4-г1а сурт

 (Сцени т1ехь гучуйолу Ешап (Иснежни королева), Борз, Жер-Баба, Цхьогал)

Ешап. (Шен накъосташка) Хьовсал  соьга, сан тешаме доттаг1ий! Х1окху ловзарга ван новкъаваьлла ву Г1ур-Дада. Генарчу шийлачу махкара схьавог1уш ву и, кестта вайн хьуьнха кхочура ву. И доккха муьшан гали «т1анк!» аьлла дуьзина берашна совг1аташ а ду цо дохьуш.
Цхьогал. (Доккха садоккхуш) Эх1! Кхаьрзина котам! Ма, мерза хир йар-кх и! Йиша, ва, йиша, Г1ур-Дадин оцу «т1анк!» аьллачу гали чохь кхаьрзина котам хуьлий, хаьий хьуна?
Ешап. (Цхьогал човхош) Д1адала, ж1аьлийн к1еза, когаш бухара!
Цхьогал. (Кхералуш, гонаха хьожуш) Ж1аьлин к1еза-а-а! Мичхьа ду ж1аьлин к1еза?
Ешап. (Муьшка йеш) Тьфу! Дела наь1алт оцу хьан муц1арна! Д1адала ца боху ас хьога!
Цхьогал. (Йистаха эккхаш) Оцу хьайн хазчу муц1арца хийца сан муц1ар, хьо реза йацахь.
Жер-Баба. (Ешапна улло таь1аш) И совг1атех дуьзина муьшан гали мичхьа ду бохура ахьа? Ша и (цхьогална т1е п1елг хьажош) «ц1ениг» д1акхаллал мац ма йелла со-м!
Цхьогал. (Кхин а гена долуш) Баба-а! Ва, баба! Со озала дала доллуш ма ду! Со мел мерза дац хаьий хьуна? Ахьа со д1акхаллахь, сан даь1ахкаш легашка а х1оьттина, хьо йаларна кхерам ма бу. Къа ма ду хьан, иштта нах белабеш д1акъажа!
Жер-Баба. (Когаш тухуш, т1аьхьа йоду кеп йо цхьогална) У-у-у! Гаур йа1! Ас бийра бу хьан болх, вашшин вир!
Цхьогал. (Додий къевла а долий, Борз йухайоьрзушшехь, корта гучу а боккхуш) Х1ей! Сох цхьаъ къастадайша: со ж1аьлин к1еза йу, йа вир ду!
Ешап. Ой, ший а ду-кх! 1уьйрана ж1аьла ду, делкъал т1аьхьа вир хира ду хьо!
Цхьогал. (Делха х1утту) Ж1аьла а со ду, вир а со ду, цхьогал а со ду, амма суна кхаьрзина котам луш стагга а ма вац!
Жер-Баба. (Куьйг ластош Ешап долчу аг1ора) Т1аккха, Иснежни королева?
Ешап. Ой, хьуна ца хаьа, Г1ур-Дадас совг1атех дуьззина гали дохьийла берашна Керла шо даздаран ловзарга?
Борз. (Йуккъе г1уртуш) Зударий, и х1ун гали ду аша дуьйцург?
Ешап. Дера ду, мерза мел йериг чохь йолуш гали!
Борз. (Гайна т1е куьйг хьокхуш) Со-м, ц1аьххьана мац ма йела!
Ешап. Сан хьекъален коьрта цхьа хьекъален ойла кхоллайели!
Жер-Баба. Х1ун ойла?
Ешап. Вайн хьуьнхахь к1ело йан бухаховша деза вай оцу къеначу Г1ур-Дадина.
Борз. Ой, цуьна-м и нана йоккха 1аса ма йу! Стохка цо и 1аса букъан бохала тоьхна х1инца а к1амлуш ма йу сан и меттиг.
Ешап. Цуьна 1аса-м буьрса герз ма ду.
Цхьогал. (Геннара бераша классехь санна куьйг ойбуш) Аса ала мегар дарий цхьа ши дош, шуьнарг санна хьекъален дацахь а?
Борз. (Чу г1урту) У-у! Йовсар!
Жер-Баба. (Борз кач-белш а лоцуш йухаозош сацайо)
Ешап. Т1аккха, алал. Оцу хьан г1езан коьрта а ма йог1ий цхьацца йилбазан ойла!
Цхьогал. (Ойлане долу) Г1аз! Г1аз! Кхаьрзина г1аз!
Борз. (Цхьогална коьртах х1ума а тухий метта даладо) Хьо цхьаъ ала г1ерташ дар-кх, доттаг1, схьахетарехь!
Цхьогал. Ай! Цо х1ун до, х1ара сан корта неха болуш санна коьртах х1ума ма йетта ахьа!
Жер-Баба. Дала дийций, х1ун х1илла дара хьуна дагадеънарг?
Цхьогал. Вай Г1ур-Дадина дуьхьал даха деза. Аса цуьнан салазна хьалха охьа а дижина, со лозийна кеп х1оттор йу, цо со дарбана ц1а д1айуьгушехь, аша цуьнан чохь совг1аташ долу гали лачкъор ду! Мухха а иштта!
Ешап. Дика ду! Ч1ог1а дика хир ду! Дуьло, т1аьхьа х1итта суна! Вайга хьоьжуш ду совг1аташ чохь долу Г1ур-Дадин гали!

(Массо а Ешапна т1аьхьа а х1уьттий д1адоьлху)

                5 - сурт

(Гучуйолу 1-ра жухарг)

1-ра жухарг. Х1ей! Жухаргаш! Схьадуьйла, х1ара ду-кх вайна оьшуш дериг! Ловзар!

(Жухаргаш схьагулло) 

1-ра жухарг. Хьовсал, х1ара ловзарга гулделла хаза бераш! Мел хаза туьтм1аьштигаш йу церан! Мел хаза кечделла ду и бераш! Керла шо даздан гулделла х1ара бераш! Бераш Дала декъалдойла шу Керлачу 2012 шарахь! Ирс долуш хила шун Керла шо!

2-жухарг. Бераш, Керлачу шарца! Дала декъалдойла шу Керлачу шарахь!
3-жухарг. Керлачу шарца! Керлачу 2012 шарца!
 
1-ра жухарг. (2-г1ачу жухарге) Ахьа х1у до корта а оллабина? Керла шо т1екхочуш х1оттийначу ловзаргахь самукъане хила ма веза!
2-жухарг. Самукъа муха долу.
3-жухарг. Х1у хилла кхунна?
1-ра жухарг. Ца хаьа делахь, ч1ом а оллийна лаьтташ-м ву х1ара, массо а дезчу дийнахь самукъадаьлла лелаш волушехь. Х1унда ца долу хьан самукъа?
2-жухарг. Т1едог1уш долу шо Малхболучу къаьмнийн календарехь хьенан шо ду хаьий шуна?

(Гуона йуккъехь берашца лаьтташ болу ши саьрмик чу хьоду самукъане)

1аьржа саьрмик. Хаьа! Хаьа! Тхойшиннан шо ду-кх! Жухарг, кхоьруш-м вац хьо тхох?
2-жухарг. Кхоьруш-м вац, делахь а жима ларавалар новкъа ду моьттуш вац со.
Сийна саьрмик. Ма кхера, доттаг1! Тхо-м туьйранара шун ловзарга даьхкина дуй! Тхо шуна ирс дохьуш, Керлачу шарца шу декъалдан даьхкина. Цулла а ловза вай, хелха довла вай!
1-ра жухарг. Довла дера! Ловза а, берийн самукъадаккха а гулделла дац вай!

(Нохчийн хелхаран эшар лакха йолало, массо а жухаргаш, тайп-тайпана реп-хелхаран кепехь беламен хир долуш хелха бовлу)

Деза Де д1ахьош ерг. Бераш, шун самукъадолий вайн ловзаргах? Ткъа х1инца вайн ловзар кхин самукъане хир долуш вай схьакхайкхий Г1ура-Дадигий, Лайн-Аьзнигий?

                6-г1а сурт.

(Гучудолу Ешап, цунна гуобина цуьнан накъостий Жер-баба, Борз, т1е шаршу а кхоьллина цхьа адам а ду цаьрца т1ийригца дихкина. Т1ийриган цхьа йуьхьиг Ешапан карахь йу, цо шена т1аьхьа ийзадо шаршоно къевладаьккхина адам)
Ешап. Ца оьшу тхоьга кхайкха! Тхо тхаьш а дахкалур ду схьа! (гуотосуш) Хьовсал бераш! Со Лайн-Аьзни йу! Мел хаза йу со! Гой шуна! Ткъа х1орш сан накъостий бу! Х1ара Жер-баба…аьлча а Деши-бика йу, эцца хьуьнхахь хьонка боккхуш йоллучуьра схьайеъна х1ара а вайн ловзарга! (Барзана т1е куьйг хьажош) Ткъа х1ара…

(Дедда дог1уш гучудолу цхьогал)

Ешап. (цхьогална лерга т1е олу кеп х1оттош) Т1аккха тилвина д1авахийтарий ахьа и Г1ура-Дада?
Цхьогал. Дера вахийтира геннарчу хьуьнха-м аса и тила а вина. Ткъа со цунах лечкъина дедда, дедда схьадеара… аша шадолу совг1аташ д1акхаллале…
Ешап. (Реза доцуш) Ткъа х1ара…
Цхьогал (Хьалха эккха) Со Деши-бикин йо1 ду… аьлча а йу! Суна йъа х1умма а кечъйиний аша? Ма меца ду со, йу со! Х1инца аша кхаьрзина котам сунна йелча, цхьа даь1ахк а ца йуьтуш д1акхоллур йар-кх аса и!
Ешап. (Цхьогал човхадеш) Бехк ма биллалаш, х1ара х1ун экха ду ца хаьа суна, тхуна эцца новкъахь т1аьхьатасаделла х1ара. Бераш шуна а хаьий техьа х1ара х1ун экха ду?
Цхьогал. Дац дера со-м экха! Хазал йала йоллуш йо1 йу со-м!
Ешап. (Цхьоагал кхин цкъа а човхадеш, муьшка йеш) Д1адала, цхьогал аьлча а, ж1аьла! Вай гучудоху ахьа х1инцца!
Цхьогал. (Дуьхьала м1араш а тосуш йистаха эккха)
Ешап. Ткъа х1ара Борз!
Борз. Ахьа х1ун юьйцу, къена гужам! Со Г1ура-Дада ву ца бохура ахьа?
Ешап. Х1а-а-а! Бехк ма биллалаш суна. Ч1ог1а генара, шийлачу махкара схьайог1уш йу со, корта жимма хьаьвзина сан.
Борз. Жимма-м хьаьвзина 1ахь тамаша бу хьуна и.
Ешап. (Барзана т1е куьйг а хьажош) Х1ара Г1ура-Дада ву! Хьовсал шу цуьнан йоккха батт, йаккхий цергаш. И Г1ура-Дада вац ала ваьхьаш вериг гучувалал!
Пхьагал. (Базалгана т1ехьара гучу а йолуш, геннара) Вац!Вац! Аша Г1ур-Дадин йо1 лачкъийна! Ва, орца дала!
Ешап. (Когаш тухуш) Д1аяла цигара, аса х1инцца цхьогале д1акхоллийтур йу хьо Лергйаг1ар, аьлча Пхьагал!
Бераш. (Деза де д1ахьош йолучуьнга доьху) Йиша, хьажахь оцу Пхьагало х1ун боху. Тхуна хаза ца хета и Лайн-Аьзни.
Деза Де д1ахьош ерг. (Пхьагална улло йоьдуш, берашца) Ахьа х1ун боху? Оха х1ума дойтур дац хьуна!
Пхьагал. (йихкина лаьтташ йолчу Лайн-Аьзнина т1е п1елг а хьажош) И йу бакъ йолу Лайн-Аьзни! И цара лаьцна йалийна!
Деза Де д1ахьош ерг. (Берашца йихкина лаьтташ йолчунна улло йаха г1урту, амма Йешап дуьхьал долу, шен акхарошца) Шу бакъдолу Г1ура-Дадий, Лайн-Аьзний делахь, и мила ву аша тхох лечкъош вериг? Схьагайта тхуна и!
Жухаргаш. (Акхарошна гуонаха хьаьвзаш, ц1огарчий ийзадеш, бегаш беш хьийзабо)
Ешап. Ца гойту!
Борз. (Пхьагална дов деш) Со Г1ура-Дада йац-кх хьуна… Аса хьуна цхьа церг ца йоллахь!
Жера-Баба. Ма дайша дов! Вай ловзарга даьхкина дац ткъа! И-м эцца новкъахь тильелла лелаш цхьа йо1 йара. Оха тхайца ловзарга йог1ий хьо, аьлча, йог1у аьлла тхуна т1аьхьа а йаьлла схьеъна-кх и. Тхо х1ун бехке ду! Цулла а хелха довлий вай, Т1аккха цхьажимма Г1ура-Дадин совг1аташ а кхоллур вай.
(Барзаца хелха йала г1урту, амма Йешапас и д1а а тоттий ша йолу) (Цхьогал а ду хелха дала г1ерташ, амма Йешапас, хелха йолушехь, чехадо и а)
Жер-Баба. (Массо а хелха ваьлча, т1ейоьдуш Г1ура-Дадин гали схьадаста г1урту)
Пхьагал. И бакъволчу Г1ур-Дадин гали ду, цара лачкъадина и, Лайн-Аьзнигара схьадаьккхина цара и! Цхьогало Г1ур-Дада 1еха а вира, ша лозийна ду, ша дарбана ц1а д1акхетадахьара аьлла.
Деза Де д1ахьош ерг. Шу муц1аршна реза йац со. Схьагайта тхуна и шаьш лечкъош вериг мила ву!
Борз. Гойтур йац. Аса х1инцца д1акхоллур йу и!
Деза Де д1ахьош ерг. Ой, и ду хаза, хьо Г1ура-Дада вац? Ахьа муха кхоллу и д1а?
Борз. Ву Г1ура-Дада, делахь а мацвелла Г1ура-Дада ву со!
Цхьогал. Со а мацделла, мацъелла! (Жер-Бабина т1ехьа д1алечкъа)
Деза Де д1ахьош йерг. Схьагайта тхуна и шаьш лечкъош вериг!
Бераш. Схьагайта! Схьагайта! Схьагайта!
1-ра жухарг. Жухаргаш! Вай гойтура ду х1окху берзалошна, вай берзалой муха тасало!  (Жухаргаша чухахкалой, акхарошца таса а луш мукъайоккху Лайн-Аьзни)
Лайн-Аьзни. (Мукъайаьлла) Ва, орца!.. (гонаха а хьожий) Бераш, Дела реза хила шуна, со к1елхьара йаккхарна!
Деза Де д1ахьош йерг. Хьо мила йу?
Лайн-Аьзни. Со Лайн-Аьзни йу-кх! Г1ура-Дада новкъахь лозийна 1уьллуш долу цхьогална г1о дан вахана волуш, оцу Ешапо тешанбехк бира суна. Г1ура-Дадас берашна схьадоийтуш долу совг1аташ чохь долу гали а д1адаьккхира соьгара.
Ешап. Собардел цкъа! И х1у ду цо дуьйцург? Со йу бакъйолу Лайн-Аьзни! Ткъа хьо – харц Лайн-Аьзни!
Лайн-Аьзни. (йоьхна д1аса хьаьвза) Бераш, шуна ца го, со Лайн-Аьзни йуй?
Ешап. Бераш, схьахьовсал соьга! Со йу Лайн-Аьзни! Хьовсал, мел хаза йу со! Мел тайна йу со!
Борз. И ахьа т1аьххьара аьлларг-м эрна элира хьуна ахьа!
Лайн-Аьзни. Бераш, шаьш ле ма дайталаш оцу Ешапе!
Ешап. (Шен накъосташка) Схьадуьйлал, сан накъостий! Г1о дел суна! Вай хьаха йеза оцу йоь1ан бат д1асацо! И вай ца дахь, вайна Г1ура-Дадин совг1аташ кхочура ду бохург бакъ а ма дац! (Лайн-Аьзнина гуо бо)
Лайн-Аьзни. Бераш, орцах довла суна! Ва, орца дала!
Бераш. Ма лацийта цаьрга Лайн-Аьзни!
Бераш.  Орцах довла Лайн-Аьзнина!

(Жухаргаша гуо бо акхарошна, царнна гуонаха уьдуш, уьш ловзабоху ц1оганаш ийзош, ….)
(Бераш а, ши саьрмик а, пхьагал а вовшахкхетий, Лайн-Аьзни схьайоккху Ешапегара)

Лайн-Аьзни. Бераш, шу даима а хилалаш иштта майра а, нийсо йезаш а! Дала дукха дахадойла шу! Ткъа х1инца вай бакъволчу Г1ура-Дадига схьакхайкха веза! Алал суна т1аьхьара:

       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, вола тхоьга хьошалг1а!
       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, дохьуш вола шийла 1а!
       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, кийча ду тхо хьошал дан!
       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, вола берийн ловзарга!

Г1ура-Дада. (Геннара аз) Лайн-Аьзни! Ва, Лайн-Аьзни! Хьо стенга йахана? Х1е-Х1ей! Вог1уш ву со! (гучуволу) Лайн-Аьзни! Хьо йан а йайна, хьо лоьхуш лелаш ма ву со и йерриг а хьун толлуш! Ткъа хьо кхузахь хилла! Ой, ма дукха бераш гулделла кхузахь Керла шо даздан! Бераш аса декъалдо шу Керлачу 2012 шарца! Дала декъал дойла шу! Шуна мел лууш дериг кхочуш хуьлийла Керлачу шарахь! Ирс долуш машаре дахар лойла шуна а, шун дайшна-наношна а Везчу Дала Керлачу шарахь!
Лайн-Аьзни. Дада! Мел дика бераш ду хаьий хьуна х1орш! Х1окхара-м со к1елхьара йаьккхира! Дала декъала дойла шу Керлачу шарахь, тхан хьоме бераш!
Г1ура-Дада. (Ц1аьххьана тебина лаьтташ Ешап а цуьнан накъостий а гой) Х1орш муьлаш бу. Х1окхеран муц1арш цхьаннех-м тера хета суна!
Деза Де д1ахьош ерг. Дера бу х1орш, кхайкхаза баьхкина хьеший!
Лайн-Аьзни. Х1орш бу-кх со лаьцнарш, х1окхара соьгара берийн совг1аташ чохь долу гали а схьадаьккхинера.
Г1ура-Дада. (Шен буйнара 1аса т1ехьажош) Йовсарш йа1! Йовсарш йа1!Ас х1инцца ша-т1улг бо царах! И х1ун харцонаш йу цара лелош йерш!

(Ешап, цуьнан накъостий кхералой эгабеш лаьтта, Г1ура-Дадас шайна т1е 1аса хьажийча маьхьарий олуш, берашна т1ехьа д1алевчкъа. Берашна къахета царах)

Бераш. - Тхуна-м къахета царах!
Бераш. - Г1ур-Дада, ма бе царах ша-т1улг, уьш кхи вон лелар бац хьуна!
Бераш. - Г1ур-Дада, ма бе ша!
Г1ура-Дада. Мегар ду делахь, бераш, аша аларна бийр бац аса царах ша-т1улг. Амма уьш кхи вон лелаш хилахь, т1аккха 1енлур вац со. Хезарий шуна? Дош лол суна, сихха! Кхи вон лелар дац шаьш алий!
Ешап. Ахьа и хьайн буйнара 1аса схьа ца хьежийчхьана дош-м лур дара аса!
Цхьогал. (Массарна т1ехьа д1алечкъаш) Аса-м кхин нехан бун чуьра цкъа а котам хьура йац!
Борз. (Цхьогале) Хьоьга котамаш хьан йуьйцу! Дош лой дала сихха, оцу 1асано хьайн ц1оканах ша бале!
Цхьогал. Ло! Ло! Цхьаъ, шиъ, кхоъ… дош! Дашо-бика…аьлча а Жер-Баба, ахьа а ло сихха дош!
Жер-баба. Аса а ло дош, кхин цхьа стаг а, акхаро а д1акхоллур вац аьлла!
Борз. Аса а ло дош. Х1окху зударша тилавина веънера со кхуза! Къинт1ера валалахь, Г1ур-Дада!
Г1ур-Дада. Мегар ду делахь, т1аккха цхьа хелхаран бал баккха безар бу аша, вайн Керла шо даздаран ловзар самукъне хилийта!

(Хелхаршца чекхйолу сценка) (Массара а базалгана гонаха до х1инцалера хелхар) (Г1ур-Дадас Лайн-Аьзница нохчийн хелхар а деш чекхъдолу туьйра)

                Чаккхе.


Рецензии