Сценари Керла 2011 шо
Дакъалоцурш:
Ловзар лелориг (ведущая)
1-ра Жухарг –
2-г1а Жухарг –
3-г1а Жухарг –
4-г1а Жухарг –
Г1ур-Дада (Дед Мороз) –
Лайн-Аьзни (Снегурочка) –
Золушка (Овкъарш) –
Лайн-Баба -
Жер-Баба –
Борз –
Снежная Королева (Ешап) –
Ц1ен Цхьогал (Лисица-Сестрица) –
Ши-кхоъ (кролик) Лергяг1ар –
Бераш (подставные дети) –
(Ши Лергяг1ар в середине круга)
1 Лергяг1ар. Сан йиша, хьуна хаьий чекхдаьлла шо муьлхачу акхарошна лерина дара?
2 Лергяг1ар. Кхин акхарой аьлла х1ума а дацара уьш-м вайга, лергяг1аршка хаьжича!
1 Лергяг1ар. Ткъа х1ун экха ду и иштта ледарниг?
2 Лергяг1ар. А-а, и-м лом дара.
1-Лергяг1ар. (Елалуш) Дера х1ара х1инца т1екхаьчнирг-м ду дуьззина акхаройн деза де. Лергяг1арийн!
2-Лергяг1ар. Урр-а-а!
(Современная музыка. В кругу все танцуют современный танец. Привлекают зрителей. Вдруг звучит лезгинка и двое танцуют лезгинку) 2-3 мин.
Ведущая. Хьовсийша оцу лекхачу лаьмнашкахь 1уьллучу лайне, хьаннаш а лайх юьзина вайн, аренаш а ю лайх юьзина серлаяьлла. Т1екхечи сирла Деза де! Керла шо т1екхечи! Керла 2011 шо! Бераш, декъала хуьлда шу Керлачу 2011 шарахь! Ирсе дахар хуьлда шун т1екхаьчначу Керлачу шарахь!
Таханлера Керла шо даздаран туьйра-ловзар оха шун доьхьа х1оттийна!
Ешап. (Ч1ог1а ц1ог1 а хьокхуш гучуйолу базалгана т1ехьара схьа. Б1аьргаш а къарзабой, човхайой эккхайо ловзар лелориг (Марем). Марем елкина т1ехьа д1алечкъа.) Шу дохкура кхузахь ловзар х1отто! Шу дохкура сан махкахь туьйра х1отто! Бераш-кераш, аса бийр бу шун болх! Аса ша-т1улгаш дийра ду шух х1окху деласохьта! Со мила ю хаьий шуна?! Со дера ю Иснежни Королева! Со евзий шуна? (Берашна б1аьргаш а къарзош го тосу. Ведущий м1араш гойтуш кхерайой эккхайо)
Бераш. (Кхералуш хеба, маьхьарий олу. Вовшен т1ехьа д1алачкъа г1ерта)
(Ешапна т1ехьахула хичаш а еш йолало. Ц1еххьана Ешап сецча, цунна т1екхета. Ешап кхералуш мохь хьокху. Жима Жухарг а гой, метта йог1у. Жухаргана дов деш, шен м1араш гойту)
Ешап. Д1аяла суна т1аьхьара, Жухарг, аса дера бу хьох шан т1улг бийра!
4-г1а Жухарг. Айхьа и шан-т1улг сох беш иза цхьа маь1иг маха санна ира а болух белахь, Иснежни Королева аьлча а, Ешап!
Ешап. И бохург х1ун ду? Ира стенна беш бу аса хьох шан-т1улг?
4-г1а Жухарг. Дера бо соьга хьайна 1оттийта!
Ешап. (Т1ейоду йо1 схьалацан дагахь, амма Жухарг каде ю. схьа ца лацало. Х1иллане йолуш т1е а йоьдий, машарен къамел до) Хьажахь жима йо1, ма г1ертахь суна новкъа! Аса шоколадаш, бананаш лур ю хьуна и къена гужам схьакхаьчча! Ма яккхахьа со гучу! Со хьох кхоьру моьттура ду оцу берашна!
4-г1а Жухарг. Аса гучу ца яьккхича а берашна ца го моьтту хьуна хьайн муц1ар! Хьо куьзгана чу хьожу моьттуш а яц со цкъа а! И-м и дара, собардехьа ц1къа, и къена гужам хьанах элира ахьа, ва Ешап?!
Ешап. (Ца ешаш) Оцу шун бераша Керла шо т1екхочушшехь даима а кхойкхуш волу воккха стаг вац.
4-г1а Жухарг. Г1ур-Дадех элира ахьа къена гужам! Ас бийра бу хьуна хьан болх-м!
(4-г1а Жухарга шок тухий (или позвать) схьакхойкху бисина жухаргаш. Массара а юкъахьовзайо вовшен куьйгаш а лоций юкъера ара ца йолийту. Ешап ша х1ун дийра ду ца хууш, хелха хьаьвза гона юккъехь. Жухаргаш т1араш тоха х1утту, Ешап оцу хенахь ка а долий базалгана т1ехьа къевлайолу. Жухаргаш цунна т1ехьа бовдий базалгана т1ехьа бовлу. Жимма хан яьлча гучубовлу (ведущая) ловзар лелориг а ялош ).
Ведущая. Бераш, х1окху жухаргаша к1елхьара яьккхи со-м! Кхин д1а а д1ахьо вай вайн ловзар?!
Бераш. Хьо! Хьо! Хьо!
Ведущая. Суна-м ч1ог1а сингаттаме хета вайн таханлера ловзар! Шуна хетий иштта. Вайн ловзар кхин д1а хаза хилийта вайна х1ун оьшу хаьий шуна?
Бераш. Хаьа! Хаьа!
Г1ур-Дада,
Лайн-Аьзний оьшу!
Совг1аташ а оьшу!
Ведущая. Делахь схьакхайкхий вай Г1ур-Дадига?
Бераш. Кхайкха! Кхайкха!
Ведущая. Алал делахь суна т1ехьара мохь тухуш: Г1ура-Дада, Г1ура-Дада!
Вола, тхоьга хьошалг1а!
Г1ура-Дада, Г1ура-Дада!
Кхойкху хьоьга ловзарга!
Бераш. (Цхьана жимчу йо1а ша мохь туху массо а ваьлча, хьалха а эккхаш) Ва, Г1ур-Дада, ва, Вокхха ваша! Волахьа хьошалг1а! Суна кампет а яхьаш!
Лайн-Баба. (Д1аса а хьоьжуш гучу йолу)
4-г1а Жухарг. (Цецйолий цуьнга хьожуш хуьлу, го тосуш. Т1аккха шен накъосташка жухаргашка хьожу цецйолий). Со хьера яьлла яцахь х1ара Г1ура-Дада-м вац! Амма со хьера яьллехь т1аккха-м ца хаьа суна!
(Лайн-Бабига) Х1ей, Бабаци! Ахьа х1ун леладо? Хьо мила ву?
Лайн-Баба. Деллахь ца хаьа суна-м! Со мила ву…ю… я ду!
4-г1а Жухарг. (Къахеташ т1ейоьдуш коьртах куьг хьокху) Эйт! Миска я1! Коьртана телхина ву моьтту сунна х1ара накъост-м!
Лайн-Баба. Аша цхьаннега кхойкхуш а хезина шун азана т1е веира…(д1аса а хьожий) еира со-м!
4-г1а Жухарг. Оха-м Г1ур-Дадига кхойкхура! Ткъа хьо хьуо мила ву, мила ю а ца хууш ма лела.
Лайн-Баба. И бохург х1ун ду? Суна х1унда ца хаьа со мила ву… ю…? Ю со-м…(ойла а йой) Ву… (Юхий д1аса хьожу. Елха озайо)
Жухаргаша. (Къахеташ коьртах куьг хьокху)
Лайн-Баба. (Кхин а ч1ог1а елха йолало.) Ва, мама, схьайола-а-а! Со хьайна давига-а-а! Йига-а-а!
4-г1а Жухарг. Собардел, накъостий! Суна хаьа х1окху дундукна муха г1о дан деза!
Жухаргаш. Муха!
Муха!
4-г1а Жухарг. Дера веза х1ара накъост хелха ваккха! Х1ара божарех хелха валахь, Хаза к1ант аьлла ц1е туьллур вай. Ткъа х1ара зударех хелха ялахь, хаза йо1 эра ду вай кхунах! Д1атохал вота, д1асаозаел и пондаран левси!
Лайн-Баба. (Божарех хелха ялан г1урту. Ког тасалой соцу. Юхий д1аса хьожу! Елакъежа. Зударех хелха ялан йолало)
1-ра Жухарг. Эйт! Маржа дуьне я1! Аса алий кхуьнга цхьа ши дош хелхаран маттахь? (Хелха волу Лайн-Бабица)
4-г1а Жухарг. Эх1! Х1ара-м Хаза йо1 хилла!
Бераш. Тхуна хаьа! Тхуна хаьа и мила ю! И Хаза йо1 яц! И Лайн-Баба ю! Оха арахь лайх йинера и вайнахана бертаг т1едаийта Керлачу шарахь!
Лайн-Баба!
Лайн-Баба!
Хаза-Баба!
Дика-Баба!
(Бераша Лайн-Баба шайна юккъе д1аюьгу куьйгаш а лоций).
(Оцу хенахь гучудолу Ешап, Жер-Баба, Борз, Цхьогал. Бандиташ санна чухула дуьйлало. Борз Г1ур-Дадин духар дуьйхина ву. Жер-Баба Лайн-Аьзнин духаран кеп йина ду. Т1еоьллина шипон, йовлакхо гойту и. Цхьогал-м цхьанница а бала болуш дац. И базалгана буха хьожа йохуш, шена х1умма а карайойла хьоьжуш ду.)
Ешап. Бераш-кераш! Со шуна ма-хаара Иснежни Королева ю!
4-г1а Жухарг. Иснежни Ешап ду-кх хьо, хьуо ма-дарра!
Ешап. (4-г1а Жухарге йишмаь1аш а еш) Ой, яц дера со-м ешап-кешап! Иснежни карсавиц… аьлча а, Королева ю-кх! Со-м шу кхойкхуш а хезна, шуна г1о дан еънера! Х1ара Г1ур-Дадий, Лайн-Аьзний… х1ара…(цхьогалах х1ун эр ду ца хууш лаьтта)
Жер-Баба. Х1ара сан йо1 цхьогал ду-кх! Аьлча а йо1 ю-кх!
Жухарг. Дера ахьа хьалха аьлларг нийса ду моьтту суна-м! И дан а ду хьуна… цхьогал аьлча а ж1аьла ша ма-дарра!
Жер-Баба. Ма алахь, сан диканиг, иштта!
Жухарг. Хьуна диканиг-м суна хаьара!
Жер-Баба. Х1ун ду суна диканиг? Алахь! Сиха! (Ойлане йолу) Жижг-галнаш, ч1епалгаш! (Куьзгана чу хьожуш санна кеп х1оттайо)
Жухарг. Хьуна диканиг дика хьокха бу-кх! Хьан букъ бохала буста дика хир бара и!
Жер-Баба. Хезий хьуна, х1ей Г1ура-Борз… Аьлча а, Г1ура-Дедушка! Хьайн Золушкина оцу мер1уьргано дуьйцург х1ун ду? Х1ун деш лаьтта хьо? Тоха цунна 1аса! Бе цунах ша-т1улг! (Ша-шега) Ахьа муха бо цунах ша, борз аьлча а къена палс, хьуо ма-барра.
Ешап. Ас-м йийр йу хьуна цунах х1инцца шан кесаг!
Борз. Бийр бац! Аса бийр бу! (Ойлане волу) Ша ца бахь а аса х1инцца цхьа церг-м юллур ю цунах! Схьалол соьга и! Ас х1иннца гойтур ду цунна! Со Г1ур-Борз… аьлча а, со Г1ур-Дедушка вац-кх хьуна аса и х1инцца кхаьллина д1а ца яхийтахь!
Жухарг. Стохка айхьа жухарг Макка д1акхаьллича хьайна хилларг дицделла хьуна, ва тентаг!
Борз. (Ойлане волу) Х1у хилира суна?
Жухарг. (Г1адяхана елалуш) Ой, и легашка а х1оьттина искори помощь а ялийна к1елхьара ца яккхира хьо, Г1ур-Дедушка-Борз аьлча а, ва палс!
Борз. Ва, сан Золушка-а!
Жер-Баба. Х1ун боху ахьа, сан хаза к1еза?
Борз. (Елха а ийзош) Оцу мер1уьрго суна бохург ца хеза хьуна? Дов дехьа цунна!
Жер-Баба. Ца до аса! Иза ша и медицински шприц санна ира мотт болуш ю! Айхьа де, хьо вац Г1ур-Дедушка а хилла 1аш.
Борз. Делахь, аса сайна кхин Золушка лохур ю-кх!
Жер-Баба. Хьуна мичара карор ю Золушка. Нохчийчохь хьуна карийча а цунах Овкъарш алан ма деза!
Борз. (Елха а озалуш) Золушка! Ва, Золушка-а-а!
Золушка. (Базалгана т1ехьара гучуйолу) Х1ей нах! Г1о дайша суна! Со тилъелла!
Борз. Эх1, ма хаза йо1 а ю. (Т1еводу) Йо1, хьо соьга йог1ур ярий? Аса и Жер-Баба йуьту хьуна тахханехь!
Жухарг. Йо1 хьо ма леяйталахь оцу ц1оганаш долучаьрга!
Золушка. Шу муьлш ду? Со мича кхаьчна!
Жухарг. Хьо Нохчийчу кхаьчна, туьйранера йогг1ушехь! Оха гойтур ду хьуна нохчийн хьошалла, нохчийн берашна дуьненюкъара туьйранаш дика хууш хилар а. (Берашка) Х1ара мила ю хаьий шуна, бераш?
Бераш. Хаьа! Хаьа! (Сказка автор) туьйранара ю-кх Золушка! Маьрша йог1ийла тхан ловзарга, Золушка! Тухлеш йиц ма елахь хьайн ц1а яхан новкъайолуш!
Ведущая. Бераш, х1ара махкара йоцу хьаша нохчийн маттахь хелха яла 1амон еза вай!
(Золушка хелха йоккху цхьана Жухарга)
Цхьогал. Шу-м шадерш а Золашкаш а хилла девли! Ткъа со мила ю ца хаьа шуна цхьанне а? Суна а дайша хьошалла, овкъарш юккъе хьакхадай а. Аса сайна уггар а мерза хеташ ерг д1аэр ю шуьга! (Мечтает) Суна уггар а хьалха кхаьрзинчу котаман г1ог1 кечделаш, т1аккха суна москалан, бедан, г1езан г1ог1…
Жухарг. Эмкалан, говран, виран г1ог1! Кхин х1умма а езий хьуна?
Ешап. Бераш, шуьга хьошалг1а Г1ура-Дедушка а веъна, Лайн-Аьзни-Маьзни а еъна. Царнна ма ца до аша хьошалла!
Жухарг. Дийр дац оха шуна хьошалла! Яхийта шайн алаша хьунха хьала!
Ведущая. (Жухарг сацош, б1аьцаш а еш) Дика ду делахь. Оха шуна хьошалла дийр ду, аша кхоъ хьуьнар шайгара гайтахь.
Ешап. И х1ун хьуьнарш ду?
Ведущая. Хьалхарниг – нохчийн маттахь хелха довлар.
(Музыка)(Жер-Бабий, Борзий, Цхьогаллий, Ешапий хазахеташ хелха довлу массо а цхьана)
(Групповой танец ненормированный, танцуют в кругу, привлекают зрителей-детей. Кружатся в кругу)
Ведущая. Шолг1аниг – тхан базалг хьалалатаяйта шайн Г1ур-Дедушкига.
Ешап. Иза-м аса х1инцца хьалалатор ю. (Сирникш а оьций чухьоду базалгана)
Ведущая. Ва орца дала! Бераш, сиха кхайкхалаш бакъволчу Г1ур-Дадига схьа!
(Массара а маьхьарий туху)
Г1ура-Дада, Г1ура-Дада!
Вола, вола сихха схьа!
Г1ура-Дада, Г1ура-Дада!
Орцахвалий волахьа!
Г1ура-Дада, Г1ура-Дада!
Луьра ешап даккха д1а!
Г1ура-Дада, Г1ура-Дада!
Вола тхоьга хьошалг1а!
Г1ура-Дада, Г1ура-Дада!
Къоьрур ду вай цхьана са!
(Г1ур-Дада, гучуволу шеца цхьана Лайн-Аьзни а йолуш. Вог1уш лаьтташехь берашна т1е воьду. Базалгах ц1елатон г1ерташ йоллу Ешап, Борз, Жер-Бабий, Цхьогаллий тергал а ца еш.)
Г1ур-Дада. Суьйре дика хуьлда шун, сан хьоме бераш! Дала диканца дукха дахадойла шу шайн дайшна а, наношна а! Ирсе дахар хуьлда шун Керлачу шарахь!
Лайн-Аьзни. Дика доьшуш, баккхийнчара бохург дика деш, оьзда г1иллакхаш долуш, машарен дехийла шу вайн сирлачу Нохчийн Махкахь!
Бераш. (Г1ур-Дадина го бо) (Жимчу беро олу) Ваша, ва, Вокхваша!
Г1ур-Дада. Х1ун боху ахьа, сан диканиг?
Жима йо1. Д1огара Иснежни Королева вайн базалгах ц1елатон йоллу хьуна. Цуьнга и зе ма дайта!
Г1ур-Дада. (Зуламхой а гой) Ой, уьш муьлш бу? Вайн базалгах ц1елатон г1ерташ ца бохку уьш! Ас бийр бу шун болх х1иннцца! (Шен 1асана т1ера согар хьала а латабой и хьажайо царнна т1е) Собарде аша! Ас х1инцца лалийна д1адохур ду шу! Аса ша бийр бу шух!
(Зуламхой шайна т1ехьажийна лазер а гой, бухий хьаьвза. Базалгана к1елахь д1алачкъа г1ерта)
Бераш. (Доьлуш самукъадаьлла лаьтта) (Къахета зуламхойх. Г1ур-Дадига доьху царнна гечдар)
Г1ур-Дада. Ойт! Йовсарш я1! Кхин зулам дийр дац шаьш алий ч1аг1о ел сиха! Дош лол суна а, х1окху берашна а!
(Ешап, Жер-Баба, Борз, Цхьогал дош луш, ч1аг1о еш к1елхьара долу)
Г1ур-Дада. Ткъа х1инца шаьш динчу зуламна дохко довлар гойтуш довлал хелха!
(Все танцуют групповой танец вместе со «злодеями»)
Свидетельство о публикации №213122000930